📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 262
Сура Аль-Хьижр

Сура Аль-Хьижр

15:1
الٓرۚ تِلۡكَ ءَايَٰتُ ٱلۡكِتَٰبِ وَقُرۡءَانٍ مُّبِينٍ ١
Алиф-лам-ра . Уьш /Делан/ жайнин а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду.
15:2
رُّبَمَا يَوَدُّ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ لَوۡ كَانُواْ مُسۡلِمِينَ ٢
Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла .
15:3
ذَرۡهُمۡ يَأۡكُلُواْ وَيَتَمَتَّعُواْ وَيُلۡهِهِمُ ٱلۡأَمَلُۖ فَسَوۡفَ يَعۡلَمُونَ ٣
Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТIаьхьа хуур ду царна.
15:4
وَمَآ أَهۡلَكۡنَا مِن قَرۡيَةٍ إِلَّا وَلَهَا كِتَابٌ مَّعۡلُومٌ ٤
Цхьа а юрт /хьалха а/ хIаллак ца йина Оха цунна /хIаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен.
15:5
مَّا تَسۡبِقُ مِنۡ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسۡتَـٔۡخِرُونَ ٥
Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тIаьхьадуьсур а ма дац.
15:6
وَقَالُواْ يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِي نُزِّلَ عَلَيۡهِ ٱلذِّكۡرُ إِنَّكَ لَمَجۡنُونٌ ٦
Цара элира: "ХIай хьайга дагадаийтар доссош хилларг ! Хьо жинех ма ву!
15:7
لَّوۡمَا تَأۡتِينَا بِٱلۡمَلَٰٓئِكَةِ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ ٧
Маликаш хIунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?"
15:8
مَا نُنَزِّلُ ٱلۡمَلَٰٓئِكَةَ إِلَّا بِٱلۡحَقِّ وَمَا كَانُوٓاْ إِذًا مُّنظَرِينَ ٨
Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /цатешаш берш Iазапах/ тIаьахьатеттинарш хир бац.
15:9
إِنَّا نَحۡنُ نَزَّلۡنَا ٱلذِّكۡرَ وَإِنَّا لَهُۥ لَحَٰفِظُونَ ٩
Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Iалашбийр а бу .
15:10
وَلَقَدۡ أَرۡسَلۡنَا مِن قَبۡلِكَ فِي شِيَعِ ٱلۡأَوَّلِينَ ١٠
Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.
15:11
وَمَا يَأۡتِيهِم مِّن رَّسُولٍ إِلَّا كَانُواْ بِهِۦ يَسۡتَهۡزِءُونَ ١١
Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен.
15:12
كَذَٰلِكَ نَسۡلُكُهُۥ فِي قُلُوبِ ٱلۡمُجۡرِمِينَ ١٢
Иштта дуьллу Оха иза къинош деш болчеран дегнашка.
15:13
لَا يُؤۡمِنُونَ بِهِۦ وَقَدۡ خَلَتۡ سُنَّةُ ٱلۡأَوَّلِينَ ١٣
Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.
15:14
وَلَوۡ فَتَحۡنَا عَلَيۡهِم بَابًا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ فَظَلُّواْ فِيهِ يَعۡرُجُونَ ١٤
Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш,
15:15
لَقَالُوٓاْ إِنَّمَا سُكِّرَتۡ أَبۡصَٰرُنَا بَلۡ نَحۡنُ قَوۡمٌ مَّسۡحُورُونَ ١٥
Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду".
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, August 25, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







