Ан-Нисаъ сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Ан-Нисаъ сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (176 Аят — مدنية). Ан-Нисаъ ЛадоргӀа, Ан-Нисаъ Гочдар, Ан-Нисаъ mp3, Ан-Нисаъ pdf.Ан-Нисаъ сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن نَّفْسٍ وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالًا كَثِيرًا وَنِسَاءً ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي تَسَاءَلُونَ بِهِ وَالْأَرْحَامَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبًا ١
📖 Гочдар
Аят 1
ХIай нах! Шу кхера шаьш цхьана синах (Āдамах) кхоьллина волчу шу Кхиош-Кхобучух. Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ цаьршиннах Цо баржийра дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аш Шеца вовшашка дехарш деш волчу. Гергарлонашкахь а /кхера Делах/. Баккъалла а, и Дела хилла шуна тIехь тергамхо.
وَآتُوا الْيَتَامَىٰ أَمْوَالَهُمْ ۖ وَلَا تَتَبَدَّلُوا الْخَبِيثَ بِالطَّيِّبِ ۖ وَلَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَهُمْ إِلَىٰ أَمْوَالِكُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ حُوبًا كَبِيرًا ٢
📖 Гочдар
Аят 2
ДIало боберашна церан даьхни /уьш баккхий хилча/. Ма хийца боьханиг цIенчуьнца , ма даа церан даьхни‚ шайчух тохий. И хилла доккха къа (иза даккхийчу къинойх ду).
وَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا تُقْسِطُوا فِي الْيَتَامَىٰ فَانكِحُوا مَا طَابَ لَكُم مِّنَ النِّسَاءِ مَثْنَىٰ وَثُلَاثَ وَرُبَاعَ ۖ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا تَعْدِلُوا فَوَاحِدَةً أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَلَّا تَعُولُوا ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Шу кхоьруш делахь боберашкахь нийсо цаярх ‚ аш балабе шайна дика хетта болу зударий: шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ . Шаьш нийсо цаярх кхерахь – цхьаъ‚ я шайн аьтту куьйгаша доладинарг (ялае). И герга ду аш харцо цаярна (я шу пекъар цахиларна (дукха доьзалш хилла).
وَآتُوا النِّسَاءَ صَدُقَاتِهِنَّ نِحْلَةً ۚ فَإِن طِبْنَ لَكُمْ عَن شَيْءٍ مِّنْهُ نَفْسًا فَكُلُوهُ هَنِيئًا مَّرِيئًا ٤
📖 Гочдар
Аят 4
ДIало /шаьш балош болчу/ зударшна церан урдо совгIатана . Цара шуна цунах хIума ц1енчу даггара юхалахь‚ гIоза доийла и аш.
وَلَا تُؤْتُوا السُّفَهَاءَ أَمْوَالَكُمُ الَّتِي جَعَلَ اللَّهُ لَكُمْ قِيَامًا وَارْزُقُوهُمْ فِيهَا وَاكْسُوهُمْ وَقُولُوا لَهُمْ قَوْلًا مَّعْرُوفًا ٥
📖 Гочдар
Аят 5
ДIа ма ло тIалам бан цахуучаьрга шайн даьхни‚ Дала шун дахаран бух бина долу. Цунах даа а‚ тIе духа а ло царна (боберашна)‚ цаьрга хаза дош а āла.
وَابْتَلُوا الْيَتَامَىٰ حَتَّىٰ إِذَا بَلَغُوا النِّكَاحَ فَإِنْ آنَسْتُم مِّنْهُمْ رُشْدًا فَادْفَعُوا إِلَيْهِمْ أَمْوَالَهُمْ ۖ وَلَا تَأْكُلُوهَا إِسْرَافًا وَبِدَارًا أَن يَكْبَرُوا ۚ وَمَن كَانَ غَنِيًّا فَلْيَسْتَعْفِفْ ۖ وَمَن كَانَ فَقِيرًا فَلْيَأْكُلْ بِالْمَعْرُوفِ ۚ فَإِذَا دَفَعْتُمْ إِلَيْهِمْ أَمْوَالَهُمْ فَأَشْهِدُوا عَلَيْهِمْ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ حَسِيبًا ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Зиэ (1алашде) бобераш зуда ялориг хиллалц. Уьш кхиъна буйла шайна хааделча‚ дIало цаьрга церан даьхни. Аш ма даа и кхоам ца беш а‚ тIалам боцуш а, уьш баккхий хилале. Хьал долуш верг озалойла /оцу боберийн даьхни даарх/‚ мисканиг – цо жимма доийла. Шаьш цаьрга церан даьхни дIалуш‚ цу тIехь тешалла хIоттаде. Дала кхачо йина хьесапца.
لِّلرِّجَالِ نَصِيبٌ مِّمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ وَلِلنِّسَاءِ نَصِيبٌ مِّمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ مِمَّا قَلَّ مِنْهُ أَوْ كَثُرَ ۚ نَصِيبًا مَّفْرُوضًا ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Божаршна дāкъа ду дас-нанас а‚ гергарчара а /шаьш дIакхелхина/ бухадитинчух‚ зударшна а ду дāкъа дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух‚ кIеззиг делахь а и‚ дуккха делахь а – дāкъа ду парз хилла .
وَإِذَا حَضَرَ الْقِسْمَةَ أُولُو الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينُ فَارْزُقُوهُم مِّنْهُ وَقُولُوا لَهُمْ قَوْلًا مَّعْرُوفًا ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Ирс доькъучохь хилахь пекъарш а, /шайна цунах ирс ца кхочу/ гергарнаш а‚ бобераш а‚ мисканаш а хилахь – рицкъ ло царна цунах‚ хаза дош āла цаьрга.
وَلْيَخْشَ الَّذِينَ لَوْ تَرَكُوا مِنْ خَلْفِهِمْ ذُرِّيَّةً ضِعَافًا خَافُوا عَلَيْهِمْ فَلْيَتَّقُوا اللَّهَ وَلْيَقُولُوا قَوْلًا سَدِيدًا ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Кхоьрийла уьш , шаьш шайл тIаьхьа шайн заь1апе доьзал битча, (уьш г1елонехь бисарна) кхоьруш ма хилла. Уьш кхоьрийла Делах /шен доьзална я боберашна эшам хиларх/‚ цара олийла нийса дош /вала герга ваханчуьнга весет нийса де, олий/.
إِنَّ الَّذِينَ يَأْكُلُونَ أَمْوَالَ الْيَتَامَىٰ ظُلْمًا إِنَّمَا يَأْكُلُونَ فِي بُطُونِهِمْ نَارًا ۖ وَسَيَصْلَوْنَ سَعِيرًا ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Баккъалла а, зуламца боберийн даьхни дууш берш – уьш ма бу шайн гайш чохь цIе юуш‚ уьш гIур ма бу /жоьжахатин/ ц1ерга .
يُوصِيكُمُ اللَّهُ فِي أَوْلَادِكُمْ ۖ لِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنثَيَيْنِ ۚ فَإِن كُنَّ نِسَاءً فَوْقَ اثْنَتَيْنِ فَلَهُنَّ ثُلُثَا مَا تَرَكَ ۖ وَإِن كَانَتْ وَاحِدَةً فَلَهَا النِّصْفُ ۚ وَلِأَبَوَيْهِ لِكُلِّ وَاحِدٍ مِّنْهُمَا السُّدُسُ مِمَّا تَرَكَ إِن كَانَ لَهُ وَلَدٌ ۚ فَإِن لَّمْ يَكُن لَّهُ وَلَدٌ وَوَرِثَهُ أَبَوَاهُ فَلِأُمِّهِ الثُّلُثُ ۚ فَإِن كَانَ لَهُ إِخْوَةٌ فَلِأُمِّهِ السُّدُسُ ۚ مِن بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِي بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۗ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَاؤُكُمْ لَا تَدْرُونَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ لَكُمْ نَفْعًا ۚ فَرِيضَةً مِّنَ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Дала весет до шуьга шайн доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): цхьана божаберана ло шинна зудаберана кхочу дāкъа. Нагахь санна зударий белахь /шиъ а/ шиннал сов а, царна бухадитина долчух кхо дāкъа дича, ши дāкъа ду (цунах цхьабосса доькъур ду царна). Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна /бухадисинчух/ ах ду. Дена-нанна – царах хIоранна – ялхалгIа дāкъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дāкъа дича, цхьа дāкъа (дисинарг дāс схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дāкъа дича, цхьа дāкъа ду‚ /хьакъболчарна ирс доькъур ду/ цо дина весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий – шуна ца хаьа царах мила ву шуна герга пайдехь. Делера парз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла Ша хууш а‚ хьукма /нийса/ деш а
۞ وَلَكُمْ نِصْفُ مَا تَرَكَ أَزْوَاجُكُمْ إِن لَّمْ يَكُن لَّهُنَّ وَلَدٌ ۚ فَإِن كَانَ لَهُنَّ وَلَدٌ فَلَكُمُ الرُّبُعُ مِمَّا تَرَكْنَ ۚ مِن بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِينَ بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۚ وَلَهُنَّ الرُّبُعُ مِمَّا تَرَكْتُمْ إِن لَّمْ يَكُن لَّكُمْ وَلَدٌ ۚ فَإِن كَانَ لَكُمْ وَلَدٌ فَلَهُنَّ الثُّمُنُ مِمَّا تَرَكْتُم ۚ مِّن بَعْدِ وَصِيَّةٍ تُوصُونَ بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۗ وَإِن كَانَ رَجُلٌ يُورَثُ كَلَالَةً أَوِ امْرَأَةٌ وَلَهُ أَخٌ أَوْ أُخْتٌ فَلِكُلِّ وَاحِدٍ مِّنْهُمَا السُّدُسُ ۚ فَإِن كَانُوا أَكْثَرَ مِن ذَٰلِكَ فَهُمْ شُرَكَاءُ فِي الثُّلُثِ ۚ مِن بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصَىٰ بِهَا أَوْ دَيْنٍ غَيْرَ مُضَارٍّ ۚ وَصِيَّةً مِّنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَلِيمٌ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Шуна а кхочу ах шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь – шуна цара бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу церан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Царна (шу делла, бухабисина болу шун зударшна) – аш бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь – царна аш бухадитинчух, борхIалг1а дāкъа кхочу, шун весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь – цуьнан ваша‚ я йиша елахь – цу шиннах хIоранна а, йолхалг1а дāкъа лур ду. Нагахь уьш царал алсам белахь – уьш декъашхой хир бу кхоалг1ачу декъан‚ цуьнан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа‚ ша зен ца деш (цхьанна совдоккхуш‚ вукхунна эшош). Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ собаре а (дуьненахь сиха таIзар ца деш къинош динчарна).
تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۚ وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – и вохуьйтур ву Цо ялсамане‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу‚ цу чохь уьш гуттар а хир бу. И сийлахь-боккха толам бу-кх.
وَمَن يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَتَعَدَّ حُدُودَهُ يُدْخِلْهُ نَارًا خَالِدًا فِيهَا وَلَهُ عَذَابٌ مُّهِينٌ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
Далла а, Цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вохийтур ву Цо /жоьжахатин/ цIерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Iазап ду.
وَاللَّاتِي يَأْتِينَ الْفَاحِشَةَ مِن نِّسَائِكُمْ فَاسْتَشْهِدُوا عَلَيْهِنَّ أَرْبَعَةً مِّنكُمْ ۖ فَإِن شَهِدُوا فَأَمْسِكُوهُنَّ فِي الْبُيُوتِ حَتَّىٰ يَتَوَفَّاهُنَّ الْمَوْتُ أَوْ يَجْعَلَ اللَّهُ لَهُنَّ سَبِيلًا ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Шун зударех боьханиг динарг – шух веаммо тешалла дойла цунна тIехь. Цара тешалла дахь – цIахь сацабе уьш баллалц ‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц.
وَاللَّذَانِ يَأْتِيَانِهَا مِنكُمْ فَآذُوهُمَا ۖ فَإِن تَابَا وَأَصْلَحَا فَأَعْرِضُوا عَنْهُمَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ تَوَّابًا رَّحِيمًا ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Шух шиммо дахь и (боьханиг – зина) – та1зар де царна (човхорца а, бехк баккхарца а, иэхь хетийтарца а, мача тохарца а). Цара шиммо а тōба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовла царах. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а
إِنَّمَا التَّوْبَةُ عَلَى اللَّهِ لِلَّذِينَ يَعْمَلُونَ السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ يَتُوبُونَ مِن قَرِيبٍ فَأُولَٰئِكَ يَتُوبُ اللَّهُ عَلَيْهِمْ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Баккъалла а, тōба къобалдар ду Далла т1ехь, шаьш ца хууш вōнаш а деш, т1аккха сихонца тōба деш болчарна. Баккъалла а, церан тōба къобалдийр ду Дала. И Дела хилла хууш верг а‚ хьикмате верг а.
وَلَيْسَتِ التَّوْبَةُ لِلَّذِينَ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ حَتَّىٰ إِذَا حَضَرَ أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ إِنِّي تُبْتُ الْآنَ وَلَا الَّذِينَ يَمُوتُونَ وَهُمْ كُفَّارٌ ۚ أُولَٰئِكَ أَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Тōба къобалдийр дац шаьш вониг дечарна, шаьш бала герга бахча олуш болчу: "ХIинца ас тōба ди"‚ шаьш ца тешаш а болуш, беллачарна а. Царна Оха кечдина лазош долу Iазап.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا يَحِلُّ لَكُمْ أَن تَرِثُوا النِّسَاءَ كَرْهًا ۖ وَلَا تَعْضُلُوهُنَّ لِتَذْهَبُوا بِبَعْضِ مَا آتَيْتُمُوهُنَّ إِلَّا أَن يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُّبَيِّنَةٍ ۚ وَعَاشِرُوهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ فَإِن كَرِهْتُمُوهُنَّ فَعَسَىٰ أَن تَكْرَهُوا شَيْئًا وَيَجْعَلَ اللَّهُ فِيهِ خَيْرًا كَثِيرًا ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
ХIай ийман диллинарш! Хьанал дац шуна аш зударий ницкъаца ирсе битар ‚ хало ма е царна шаьш царна деллачух (урдох) цхьадерг юхаэцархьама‚ нагахь санна билггала боьханиг цара тIедаийтина дацахь. Хаза дāха цаьрца. Шуна уьш безаш ца хилахь а /собаре хила цаьрца/. Шуна цхьа хIума ца еза тарло‚ Дала цу чохь дуккха диканаш хилийта тарло.
وَإِنْ أَرَدتُّمُ اسْتِبْدَالَ زَوْجٍ مَّكَانَ زَوْجٍ وَآتَيْتُمْ إِحْدَاهُنَّ قِنطَارًا فَلَا تَأْخُذُوا مِنْهُ شَيْئًا ۚ أَتَأْخُذُونَهُ بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُّبِينًا ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Шу лууш делахь зудчун метта зуда хийца‚ аш царах цхьанна дуккха даьхни делла делахь‚ цунах хIумма а юха ма эцалаш . Аш схьаоьцур ду иза ткъа доккха зулам а‚ билгала къа а деш?
وَكَيْفَ تَأْخُذُونَهُ وَقَدْ أَفْضَىٰ بَعْضُكُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ وَأَخَذْنَ مِنكُم مِّيثَاقًا غَلِيظًا ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Аш и схьа муха оьцу‚ шу (майра а‚ зуда а хилла) вовшашна юкъадахана ма хиллий? Шуьгара чIогIа ваIда эцна ма ярий цара.
وَلَا تَنكِحُوا مَا نَكَحَ آبَاؤُكُم مِّنَ النِّسَاءِ إِلَّا مَا قَدْ سَلَفَ ۚ إِنَّهُ كَانَ فَاحِشَةً وَمَقْتًا وَسَاءَ سَبِيلًا ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
Аш ма балабе шун дайша балийна хилла болу зударий‚ хьалха дIадаханарг доцург . И хилла боьханиг‚ чIогIа ирчаниг‚ вуно боьха Iадат а.
حُرِّمَتْ عَلَيْكُمْ أُمَّهَاتُكُمْ وَبَنَاتُكُمْ وَأَخَوَاتُكُمْ وَعَمَّاتُكُمْ وَخَالَاتُكُمْ وَبَنَاتُ الْأَخِ وَبَنَاتُ الْأُخْتِ وَأُمَّهَاتُكُمُ اللَّاتِي أَرْضَعْنَكُمْ وَأَخَوَاتُكُم مِّنَ الرَّضَاعَةِ وَأُمَّهَاتُ نِسَائِكُمْ وَرَبَائِبُكُمُ اللَّاتِي فِي حُجُورِكُم مِّن نِّسَائِكُمُ اللَّاتِي دَخَلْتُم بِهِنَّ فَإِن لَّمْ تَكُونُوا دَخَلْتُم بِهِنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ وَحَلَائِلُ أَبْنَائِكُمُ الَّذِينَ مِنْ أَصْلَابِكُمْ وَأَن تَجْمَعُوا بَيْنَ الْأُخْتَيْنِ إِلَّا مَا قَدْ سَلَفَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
Шуна (бāло) хьарам бина шун наной а‚ шун йо1арий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин йо1арий а‚ шун йишин йо1арий а‚ шу дакхийна хилла болу шун наной а‚ шун шурин йижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цIеношкахь Iеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь – къа дац шуна /церан мехкарий бало/. Шун чIурах схьабевлла болу шун кIентийн зударий а‚ ши йиша /иштта йо1 а, цуьнан ден йиша я ненан йиша а/ вовшахтоха (цхьаьна яло) а /хьарам ду шуна/‚ хьалха д1адахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
۞ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ النِّسَاءِ إِلَّا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۖ كِتَابَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ وَأُحِلَّ لَكُم مَّا وَرَاءَ ذَٰلِكُمْ أَن تَبْتَغُوا بِأَمْوَالِكُم مُّحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ ۚ فَمَا اسْتَمْتَعْتُم بِهِ مِنْهُنَّ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا تَرَاضَيْتُم بِهِ مِن بَعْدِ الْفَرِيضَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Зударех марехь берш (хьарам бина шуна бāло)‚ шун аьтту куьйгаша доладина боцурш ‚ и тIедиллина Дала шуна. Хьанал бина шуна цул дēхьахь берш‚ шайн бахамца аш лехча‚ шайн догIу урдо дIалуш‚ шарIаца бāлош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича – царна богIу мах дIало парз хилла болу. Парз кхочушдина (царна догIу урдо дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урдо юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьукма /нийса/ деш а.
وَمَن لَّمْ يَسْتَطِعْ مِنكُمْ طَوْلًا أَن يَنكِحَ الْمُحْصَنَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ فَمِن مَّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُم مِّن فَتَيَاتِكُمُ الْمُؤْمِنَاتِ ۚ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِكُم ۚ بَعْضُكُم مِّن بَعْضٍ ۚ فَانكِحُوهُنَّ بِإِذْنِ أَهْلِهِنَّ وَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ مُحْصَنَاتٍ غَيْرَ مُسَافِحَاتٍ وَلَا مُتَّخِذَاتِ أَخْدَانٍ ۚ فَإِذَا أُحْصِنَّ فَإِنْ أَتَيْنَ بِفَاحِشَةٍ فَعَلَيْهِنَّ نِصْفُ مَا عَلَى الْمُحْصَنَاتِ مِنَ الْعَذَابِ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَشِيَ الْعَنَتَ مِنكُمْ ۚ وَأَن تَصْبِرُوا خَيْرٌ لَّكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цIена болу муъма зударий бāло – шайн аьтту куьйгаша доладиначу шайн муъма мехкарех (лех) балабе. Далла дика хаьа шун ийман‚ шу вовшах /схьадевлла/ ду. Балабе уьш церан охIлан пурбанца‚ дIало церан мах диканца‚ цIена хилла болу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагI лаьцна боцуш болу – (зударий). ТIаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догIучух ах Iазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аш собар дахь (и зуда ца ялош) – и шуна дика ду. И Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
يُرِيدُ اللَّهُ لِيُبَيِّنَ لَكُمْ وَيَهْدِيَكُمْ سُنَنَ الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ وَيَتُوبَ عَلَيْكُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нисдан‚ шун тōба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукма /нийса/ деш а ву.
وَاللَّهُ يُرِيدُ أَن يَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَيُرِيدُ الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الشَّهَوَاتِ أَن تَمِيلُوا مَيْلًا عَظِيمًا ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Цу Далла лаьа шун тōба къобалдан. /Шайн/ дезаршна тIаьхьахIуьттуш болчарна лаьа шу /цIенчух/ дуккха генадовла.
يُرِيدُ اللَّهُ أَن يُخَفِّفَ عَنكُمْ ۚ وَخُلِقَ الْإِنسَانُ ضَعِيفًا ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Шуна тIера /халонаш/ яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьIап.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَكُم بَيْنَكُم بِالْبَاطِلِ إِلَّا أَن تَكُونَ تِجَارَةً عَن تَرَاضٍ مِّنكُمْ ۚ وَلَا تَقْتُلُوا أَنفُسَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
ХIай ийман диллинарш! Вовшийн даьхни ма даалаш харцонца ‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа . Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме.
وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ عُدْوَانًا وَظُلْمًا فَسَوْفَ نُصْلِيهِ نَارًا ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
МостагIаллица‚ зуламца и динарг‚ т1аьхьа Оха чуверзор ву цIерга. И хилла Далла атта (и Далла атта ду).
إِن تَجْتَنِبُوا كَبَائِرَ مَا تُنْهَوْنَ عَنْهُ نُكَفِّرْ عَنكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَنُدْخِلْكُم مُّدْخَلًا كَرِيمًا ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Шайна нехIа дина долу даккхий къинош аш юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудохуьйтур ду шу сийлахьчу чугIойлина (ялсамане).
وَلَا تَتَمَنَّوْا مَا فَضَّلَ اللَّهُ بِهِ بَعْضَكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ لِّلرِّجَالِ نَصِيبٌ مِّمَّا اكْتَسَبُوا ۖ وَلِلنِّسَاءِ نَصِيبٌ مِّمَّا اكْتَسَبْنَ ۚ وَاسْأَلُوا اللَّهَ مِن فَضْلِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Шуна ма дезийла Дала шух цхьаболчарна вукхарал базбина делларг. Божаршна дāкъа ду шайна карадеъначух‚ зударшна а дāкъа ду царна шайна карадеъначух. Аш Деле деха Цуьнан комаьршаллах. И Дела хилла (ву) массо а хIума Ша хууш.
وَلِكُلٍّ جَعَلْنَا مَوَالِيَ مِمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ ۚ وَالَّذِينَ عَقَدَتْ أَيْمَانُكُمْ فَآتُوهُمْ نَصِيبَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا ٣٣
📖 Гочдар
Аят 33
ХIоранна Оха хилийтина дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух ирсоьцург . Шун дуйнаша чIагIбиначарна (хьалха аш шайна ирс лур ду, аьлла, ваIда йина хилла болу доттагIий), – дIало царна церан дāкъа . Баккъалла а, и Дела хилла массо а хIуманна т1ехь теш.
الرِّجَالُ قَوَّامُونَ عَلَى النِّسَاءِ بِمَا فَضَّلَ اللَّهُ بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ وَبِمَا أَنفَقُوا مِنْ أَمْوَالِهِمْ ۚ فَالصَّالِحَاتُ قَانِتَاتٌ حَافِظَاتٌ لِّلْغَيْبِ بِمَا حَفِظَ اللَّهُ ۚ وَاللَّاتِي تَخَافُونَ نُشُوزَهُنَّ فَعِظُوهُنَّ وَاهْجُرُوهُنَّ فِي الْمَضَاجِعِ وَاضْرِبُوهُنَّ ۖ فَإِنْ أَطَعْنَكُمْ فَلَا تَبْغُوا عَلَيْهِنَّ سَبِيلًا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيًّا كَبِيرًا ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
Божарий тIехIиттина бу зударшна, Дала цхьаберш вукхарал базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу – / Далла а, шайн марошна а/ муьтIахь берш‚ шаьш лардеш берш /марошна/ гучахь доцург Дала ларде аларна . Шу – церан Iесаллех кхоьруш дерш – хьехам бе царна‚ /цунах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь ‚ /цунах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТIаккха уьш шуна муьтIахь хилахь – некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха верг а‚ воккха верг а
وَإِنْ خِفْتُمْ شِقَاقَ بَيْنِهِمَا فَابْعَثُوا حَكَمًا مِّنْ أَهْلِهِ وَحَكَمًا مِّنْ أَهْلِهَا إِن يُرِيدَا إِصْلَاحًا يُوَفِّقِ اللَّهُ بَيْنَهُمَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا خَبِيرًا ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
Шу кхерахь (маран (майрачун) а‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (маран) нахана юккъера а‚ зудчун нахана юккъера а. Маслахьат лууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу царна юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо а хIума) хууш верг а‚ /къайлаха дерг/ дика хууш верг а.
۞ وَاعْبُدُوا اللَّهَ وَلَا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَبِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَالْجَارِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَالْجَارِ الْجُنُبِ وَالصَّاحِبِ بِالْجَنبِ وَابْنِ السَّبِيلِ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ مَن كَانَ مُخْتَالًا فَخُورًا ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Далла Iибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хIуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ гергара волчу лулахочунна а, гергара воцчу (хийрачу) лулахочунна а‚ аг1ор накъостана а‚ некъан накъостана а‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а /дика хила/. Баккъалла а, Далла ца веза деккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а.
الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ وَيَكْتُمُونَ مَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِن فَضْلِهِ ۗ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُّهِينًا ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Пис берш а, нахана пис хила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллах хьулдеш берш а /ца беза Далла/ – Оха кечдина цатешачарна сийсаза долу Iазап.
وَالَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ رِئَاءَ النَّاسِ وَلَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَلَا بِالْيَوْمِ الْآخِرِ ۗ وَمَن يَكُنِ الشَّيْطَانُ لَهُ قَرِينًا فَسَاءَ قَرِينًا ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Шайн даьхни нахана гайтархьама сагIина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш боцуш /ца беза Далла/, шена шайтIа доттагI хилларг – вон доттагI хилла цунах.
وَمَاذَا عَلَيْهِمْ لَوْ آمَنُوا بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَأَنفَقُوا مِمَّا رَزَقَهُمُ اللَّهُ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِهِمْ عَلِيمًا ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
ХIун дара царна Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъанах сагIа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла.
إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ ۖ وَإِن تَكُ حَسَنَةً يُضَاعِفْهَا وَيُؤْتِ مِن لَّدُنْهُ أَجْرًا عَظِيمًا ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и т1етт1а алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло.
فَكَيْفَ إِذَا جِئْنَا مِن كُلِّ أُمَّةٍ بِشَهِيدٍ وَجِئْنَا بِكَ عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ شَهِيدًا ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Муха хир ду Оха массо а умматах /цхьацца/ теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча?
يَوْمَئِذٍ يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَعَصَوُا الرَّسُولَ لَوْ تُسَوَّىٰ بِهِمُ الْأَرْضُ وَلَا يَكْتُمُونَ اللَّهَ حَدِيثًا ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду латта шаьшца нисдалар. Хьулдийр дац цара Делах /цхьажимма а дуьненахь шаьшца/ хилларг.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْرَبُوا الصَّلَاةَ وَأَنتُمْ سُكَارَىٰ حَتَّىٰ تَعْلَمُوا مَا تَقُولُونَ وَلَا جُنُبًا إِلَّا عَابِرِي سَبِيلٍ حَتَّىٰ تَغْتَسِلُوا ۚ وَإِن كُنتُم مَّرْضَىٰ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَاءَ أَحَدٌ مِّنكُم مِّنَ الْغَائِطِ أَوْ لَامَسْتُمُ النِّسَاءَ فَلَمْ تَجِدُوا مَاءً فَتَيَمَّمُوا صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُوا بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا غَفُورًا ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
ХIай ийман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахь а – ца луьйчуш, шаьш новкъахула /хи доцучухула/ лелаш дацахь, я /маьждига чохь ца совцуш/ чекхдовлуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хьаштаг1анера (хинарара) веана велахь‚ я шу зударех хьакхаделла делахь – тIаккха шуна хи ца карадахь – тема де цIеначу лаьттаца /я гIамарца/. Шайн яххьех а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а.
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِّنَ الْكِتَابِ يَشْتَرُونَ الضَّلَالَةَ وَيُرِيدُونَ أَن تَضِلُّوا السَّبِيلَ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Хьуна ца го и шайна жайних /цхьа/ дāкъа делларш? Шаьш тиладалар оьцу цара‚ шу а некъах тиладала лаьа царна.
وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِأَعْدَائِكُمْ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَلِيًّا وَكَفَىٰ بِاللَّهِ نَصِيرًا ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Далла дика бевза шун мостагIий. Дала кхачо йина /шун/ вали хиларца, Дала кхачо йина /шун/ гIоьнча хиларца.
مِّنَ الَّذِينَ هَادُوا يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَن مَّوَاضِعِهِ وَيَقُولُونَ سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَاسْمَعْ غَيْرَ مُسْمَعٍ وَرَاعِنَا لَيًّا بِأَلْسِنَتِهِمْ وَطَعْنًا فِي الدِّينِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ قَالُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا وَاسْمَعْ وَانظُرْنَا لَكَانَ خَيْرًا لَّهُمْ وَأَقْوَمَ وَلَٰكِن لَّعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا ٤٦
📖 Гочдар
Аят 46
Жуьгтийн динехь хиллачарах бу шаьш дош шен меттигера дIадоккхуш берш. Цара олу: "Хезна тхуна /хьан дош/‚ Iеса ду тхо /хьан омрана/", "ЛадогIа ахь – хозуьйтур дац хьуна /вониг/", "РаIина" маттаца к1еда олуш, /ислам/ динна 1иттарш еш. Цара аьллехьара: "Хезна тхуна‚ муьтIахь хилла тхо‚ ладогIа‚ хьажа тхоьга (тхан гIайгIа бе)"- царна дика хир дара‚ чIогIа а /хир дара/. Мухха делахь а, Дала неIалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кIеззиг (берш) бен.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ آمِنُوا بِمَا نَزَّلْنَا مُصَدِّقًا لِّمَا مَعَكُم مِّن قَبْلِ أَن نَّطْمِسَ وُجُوهًا فَنَرُدَّهَا عَلَىٰ أَدْبَارِهَا أَوْ نَلْعَنَهُمْ كَمَا لَعَنَّا أَصْحَابَ السَّبْتِ ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
ХIай шайга жайна делларш ! Шу теша Оха доссош хиллачух (Къуръанах)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Таврат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нисйина тIехьа ерзаяле‚ я неIалт алале‚ шоьтан дийнан дайшна ма-аллара. Делан гIуллакх кхочушхилла.
إِنَّ اللَّهَ لَا يَغْفِرُ أَن يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَٰلِكَ لِمَن يَشَاءُ ۚ وَمَن يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدِ افْتَرَىٰ إِثْمًا عَظِيمًا ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
Баккъалла а, Дала геч ца до Шеца накъост лацарна ‚ Цо геч ма до и доцург Шена луъчунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш – деза-доккха къа кхоьллина (дина) цо.
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُزَكُّونَ أَنفُسَهُم ۚ بَلِ اللَّهُ يُزَكِّي مَن يَشَاءُ وَلَا يُظْلَمُونَ فَتِيلًا ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
Хьуна ца го и шаьш цIанбеш берш ? Дала цIанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна.
انظُرْ كَيْفَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۖ وَكَفَىٰ بِهِ إِثْمًا مُّبِينًا ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тIехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца.
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِّنَ الْكِتَابِ يُؤْمِنُونَ بِالْجِبْتِ وَالطَّاغُوتِ وَيَقُولُونَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا هَٰؤُلَاءِ أَهْدَىٰ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا سَبِيلًا ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Хьуна ца го шайна жайних дāкъа делларш – уьш тешаш бу джибтех а‚ тIагIутах а‚ цара олу цатешачаьрга: "Шу ду нийсачу новкъахь /Мухьаммадан Деле/ ийман диллинчарал."
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَعَنَهُمُ اللَّهُ ۖ وَمَن يَلْعَنِ اللَّهُ فَلَن تَجِدَ لَهُ نَصِيرًا ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
Уьш ма бу Дала шайна неIалт аьлларш. Дала неIалт аьллачунна хьуна цкъа а карор ма вац гIоьнча.
أَمْ لَهُمْ نَصِيبٌ مِّنَ الْمُلْكِ فَإِذًا لَّا يُؤْتُونَ النَّاسَ نَقِيرًا ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
Я шайна мулках дāкъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана чамхалг а.
أَمْ يَحْسُدُونَ النَّاسَ عَلَىٰ مَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِن فَضْلِهِ ۖ فَقَدْ آتَيْنَا آلَ إِبْرَاهِيمَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَآتَيْنَاهُم مُّلْكًا عَظِيمًا ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
Я нахана хьагI йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллах деллачунна тIехь? Оха делира ИбрахIиман доьзална жайна а‚ хьекъалалла а. Деза-доккха мулк деллера Оха царна.
فَمِنْهُم مَّنْ آمَنَ بِهِ وَمِنْهُم مَّن صَدَّ عَنْهُ ۚ وَكَفَىٰ بِجَهَنَّمَ سَعِيرًا ٥٥
📖 Гочдар
Аят 55
Царах (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах – Къуръанах) тешнарг а ву. Царах цунна дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица /уьш бāго/ цIе хилар.
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا سَوْفَ نُصْلِيهِمْ نَارًا كُلَّمَا نَضِجَتْ جُلُودُهُم بَدَّلْنَاهُمْ جُلُودًا غَيْرَهَا لِيَذُوقُوا الْعَذَابَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَزِيزًا حَكِيمًا ٥٦
📖 Гочдар
Аят 56
Баккъалла а, и Тхан аятех цатешарш – тIаккха бохуьйтур бу Оха уьш цIерга. Церан чкъоьрнаш даьгна мел дели Оха уьш хийцор ду кхечу чкъоьрнашца цаьрга Iазап Iовшийтархьама. Баккъалла а, и Дела хилла нуьцкъала а‚ хьукма /нийса / деш а.
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ لَّهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُّطَهَّرَةٌ ۖ وَنُدْخِلُهُمْ ظِلًّا ظَلِيلًا ٥٧
📖 Гочдар
Аят 57
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – тIаккха уьш чубохуьйтур бу Оха бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Цу чохь царна цIена зударий хир бу. Оха чубохуьйтур бу уьш дуькъачу IиндагIе.
۞ إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَن تُؤَدُّوا الْأَمَانَاتِ إِلَىٰ أَهْلِهَا وَإِذَا حَكَمْتُم بَيْنَ النَّاسِ أَن تَحْكُمُوا بِالْعَدْلِ ۚ إِنَّ اللَّهَ نِعِمَّا يَعِظُكُم بِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ سَمِيعًا بَصِيرًا ٥٨
📖 Гочдар
Аят 58
Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хIуманаш дIаерзор шайн дайшка ‚ нахана юккъехь шаьш хьукма деш, и хьукма дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела – ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш верг а, гуш верг а.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ وَأُولِي الْأَمْرِ مِنكُمْ ۖ فَإِن تَنَازَعْتُمْ فِي شَيْءٍ فَرُدُّوهُ إِلَى اللَّهِ وَالرَّسُولِ إِن كُنتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلًا ٥٩
📖 Гочдар
Аят 59
ХIай ийман диллинарш! Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна а‚ шух гIуллакх карахь долчарна а. Цхьана хIуманна тIехь шун къийсам хилахь‚ аш и д1адерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду.
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يَزْعُمُونَ أَنَّهُمْ آمَنُوا بِمَا أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ يُرِيدُونَ أَن يَتَحَاكَمُوا إِلَى الطَّاغُوتِ وَقَدْ أُمِرُوا أَن يَكْفُرُوا بِهِ وَيُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَن يُضِلَّهُمْ ضَلَالًا بَعِيدًا ٦٠
📖 Гочдар
Аят 60
Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукма дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا إِلَىٰ مَا أَنزَلَ اللَّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ رَأَيْتَ الْمُنَافِقِينَ يَصُدُّونَ عَنكَ صُدُودًا ٦١
📖 Гочдар
Аят 61
Цаьрга аьлча: "ТIедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчанна а (схьадуьйла‚ хьукма дойту вай Къуръане а‚ элчане а)"‚ хьуна ма го и мунепикъаш дIабоьрзуш хьо волчура /сихачу/ берзарца.
فَكَيْفَ إِذَا أَصَابَتْهُم مُّصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ثُمَّ جَاءُوكَ يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ إِنْ أَرَدْنَا إِلَّا إِحْسَانًا وَتَوْفِيقًا ٦٢
📖 Гочдар
Аят 62
Муха хир ду царна тIе цхьа бāла беъча‚ шайн куьйгаша кечбина болу‚ т1аккха уьш хьуна тIе баьхкича‚ шаьш Делах дуйнаш бууш: "Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен"‚ – олуш?
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يَعْلَمُ اللَّهُ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَعِظْهُمْ وَقُل لَّهُمْ فِي أَنفُسِهِمْ قَوْلًا بَلِيغًا ٦٣
📖 Гочдар
Аят 63
Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царах‚ хьехам бе царна‚ āла цаьрга /уьш/ к1оргга кхетош долу дош.
وَمَا أَرْسَلْنَا مِن رَّسُولٍ إِلَّا لِيُطَاعَ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ إِذ ظَّلَمُوا أَنفُسَهُمْ جَاءُوكَ فَاسْتَغْفَرُوا اللَّهَ وَاسْتَغْفَرَ لَهُمُ الرَّسُولُ لَوَجَدُوا اللَّهَ تَوَّابًا رَّحِيمًا ٦٤
📖 Гочдар
Аят 64
Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна /нах/ муьтIахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича , хьуна тIе богIуш, т1аккха Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайн тōба къобалдийриг а, къинхетаме верг а.
فَلَا وَرَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ حَتَّىٰ يُحَكِّمُوكَ فِيمَا شَجَرَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ لَا يَجِدُوا فِي أَنفُسِهِمْ حَرَجًا مِّمَّا قَضَيْتَ وَيُسَلِّمُوا تَسْلِيمًا ٦٥
📖 Гочдар
Аят 65
Хьан кхиош-кхобуш волчу (Делора) ма бац уьш /Делах/ тешаш шайна юкъадоьжначунна тIера хьукма хьоьга дойтуш бацахь‚ тIаккха а ахь йинчу кхиэлана шайгахь хIумма новкъарло ца карош‚ шаьш цунна муьтIахь хуьлуш бацахь .
وَلَوْ أَنَّا كَتَبْنَا عَلَيْهِمْ أَنِ اقْتُلُوا أَنفُسَكُمْ أَوِ اخْرُجُوا مِن دِيَارِكُم مَّا فَعَلُوهُ إِلَّا قَلِيلٌ مِّنْهُمْ ۖ وَلَوْ أَنَّهُمْ فَعَلُوا مَا يُوعَظُونَ بِهِ لَكَانَ خَيْرًا لَّهُمْ وَأَشَدَّ تَثْبِيتًا ٦٦
📖 Гочдар
Аят 66
Оха царна тIедиллина хиллехьара, шаьш дайа аьлла я арадовла шайн цIеношкара аьлла‚ царах кIеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара – и дика а‚ делилца чIогIа а ма дара.
وَإِذًا لَّآتَيْنَاهُم مِّن لَّدُنَّا أَجْرًا عَظِيمًا ٦٧
📖 Гочдар
Аят 67
ТIаккха Тхайна гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха.
وَلَهَدَيْنَاهُمْ صِرَاطًا مُّسْتَقِيمًا ٦٨
📖 Гочдар
Аят 68
Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш.
وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَالرَّسُولَ فَأُولَٰئِكَ مَعَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِم مِّنَ النَّبِيِّينَ وَالصِّدِّيقِينَ وَالشُّهَدَاءِ وَالصَّالِحِينَ ۚ وَحَسُنَ أُولَٰئِكَ رَفِيقًا ٦٩
📖 Гочдар
Аят 69
Далла а‚ элчанна а муьтIахь берш – уьш хир бу Дала шайна ниIмат деллачаьрца цхьаьна: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гIазотехь беллачаьрца, дикачаьрца. Ма хаза хили уьш шайна накъост хиларца!
ذَٰلِكَ الْفَضْلُ مِنَ اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ عَلِيمًا ٧٠
📖 Гочдар
Аят 70
И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا خُذُوا حِذْرَكُمْ فَانفِرُوا ثُبَاتٍ أَوِ انفِرُوا جَمِيعًا ٧١
📖 Гочдар
Аят 71
ХIай ийман диллинарш! Ларлуш хилалаш‚ гIазотана арадовлалаш тобанашца а‚ я дерриге а.
وَإِنَّ مِنكُمْ لَمَن لَّيُبَطِّئَنَّ فَإِنْ أَصَابَتْكُم مُّصِيبَةٌ قَالَ قَدْ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيَّ إِذْ لَمْ أَكُن مَّعَهُمْ شَهِيدًا ٧٢
📖 Гочдар
Аят 72
Баккъалла а, шух ма ву ша /гIазотана/ тIаьхьавуьсуш верг. Шуна цхьа бохам хилча, олу цо: "Ма ниIмат делла суна Дала со царна юккъехь (гIазотехь) цахиларна" (хиллехьара, со лазийна я велла хир вара).
وَلَئِنْ أَصَابَكُمْ فَضْلٌ مِّنَ اللَّهِ لَيَقُولَنَّ كَأَن لَّمْ تَكُن بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُ مَوَدَّةٌ يَا لَيْتَنِي كُنتُ مَعَهُمْ فَأَفُوزَ فَوْزًا عَظِيمًا ٧٣
📖 Гочдар
Аят 73
Шуна Делера сийлалла хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: "Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со – беза - боккха толам ас а боккхур ма барий тIаккха ".
۞ فَلْيُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ الَّذِينَ يَشْرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا بِالْآخِرَةِ ۚ وَمَن يُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَيُقْتَلْ أَوْ يَغْلِبْ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا ٧٤
📖 Гочдар
Аят 74
Делан новкъахь тIом бойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара . Делан новкъахь тIом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а – тIаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял.
وَمَا لَكُمْ لَا تُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاءِ وَالْوِلْدَانِ الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ الظَّالِمِ أَهْلُهَا وَاجْعَل لَّنَا مِن لَّدُنكَ وَلِيًّا وَاجْعَل لَّنَا مِن لَّدُنكَ نَصِيرًا ٧٥
📖 Гочдар
Аят 75
Аш хIунда ца бо т1ом Делан новкъахь а, божарех а‚ зударех а‚ берех а заьIап болчу нехан дуьхьа а? Уьш ма буй олуш: "Тхан Кхиош-Кхобург! Арадаха тхо хIоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гIолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гIоьнча ваийтахьа тхуна"
الَّذِينَ آمَنُوا يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ الطَّاغُوتِ فَقَاتِلُوا أَوْلِيَاءَ الشَّيْطَانِ ۖ إِنَّ كَيْدَ الشَّيْطَانِ كَانَ ضَعِيفًا ٧٦
📖 Гочдар
Аят 76
Ийман диллинчара тIом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тIом бо тIагIутан (шайтIанан) новкъахь. ШайтIанан верасаш хIаллакбе. Баккъалла а, и шайтIанан мекарло ледара ма хилла.
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ قِيلَ لَهُمْ كُفُّوا أَيْدِيَكُمْ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ إِذَا فَرِيقٌ مِّنْهُمْ يَخْشَوْنَ النَّاسَ كَخَشْيَةِ اللَّهِ أَوْ أَشَدَّ خَشْيَةً ۚ وَقَالُوا رَبَّنَا لِمَ كَتَبْتَ عَلَيْنَا الْقِتَالَ لَوْلَا أَخَّرْتَنَا إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ ۗ قُلْ مَتَاعُ الدُّنْيَا قَلِيلٌ وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ لِّمَنِ اتَّقَىٰ وَلَا تُظْلَمُونَ فَتِيلًا ٧٧
📖 Гочдар
Аят 77
Хьуна ца го и шайга аьлларш : "Юхадаха шайн куьйгаш (тIамах: тIом бар ма деха хIинца а – цуьнан хан тIе ца кхаьчна)‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло"‚ шайна тIом бар тIедиллича‚ царах цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерарх санна‚ я кхин а чIогIа. Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ хIунда тIедиллина Ахь тхуна тIом бар. Цхьа гергара замане тIаьхьатаьттина хиллехьара Ахь тхо". Ахь āла: "Дуьненан хIума – кIеззиг хIума ю. Эхарт ду дика ша /Делах/ кхоьручунна. Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна".
أَيْنَمَا تَكُونُوا يُدْرِككُّمُ الْمَوْتُ وَلَوْ كُنتُمْ فِي بُرُوجٍ مُّشَيَّدَةٍ ۗ وَإِن تُصِبْهُمْ حَسَنَةٌ يَقُولُوا هَٰذِهِ مِنْ عِندِ اللَّهِ ۖ وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَقُولُوا هَٰذِهِ مِنْ عِندِكَ ۚ قُلْ كُلٌّ مِّنْ عِندِ اللَّهِ ۖ فَمَالِ هَٰؤُلَاءِ الْقَوْمِ لَا يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ حَدِيثًا ٧٨
📖 Гочдар
Аят 78
Шу миччахьа хилахь а, далар тIекхуьур ду шух‚ чIогIа хIиттийна бIаьвнаш чохь шу хилча а. Шайга диканиг деъча, цара олу: "ХIара Делера ду"‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: "ХIара хьоьгара ду / х1ай пайхамар, ахьа дуьйцу х1уманаш бахьанехь/". Ахь āла: "Массо а ду Делера". ХIун ду-те цу къомана? – Кхета ца туьгу-кх иза хуьлучух .
مَّا أَصَابَكَ مِنْ حَسَنَةٍ فَمِنَ اللَّهِ ۖ وَمَا أَصَابَكَ مِن سَيِّئَةٍ فَمِن نَّفْسِكَ ۚ وَأَرْسَلْنَاكَ لِلنَّاسِ رَسُولًا ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا ٧٩
📖 Гочдар
Аят 79
Хьуна тIедеана долу диканиг – Делера ду хьуна /хIай адам/‚ хьуна тIедеана долу вониг – хьоьгара ду хьуна /ахь деш долу вониг бахьанехь/. Оха вахийтина хьо /хIай Мухьаммад/ нахана тIе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар.
مَّن يُطِعِ الرَّسُولَ فَقَدْ أَطَاعَ اللَّهَ ۖ وَمَن تَوَلَّىٰ فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا ٨٠
📖 Гочдар
Аят 80
Элчанна муьтIахь хилларг – Далла муьтIахь хилла‚ юхаваьлларг – хьо ца вахийтина Оха царна тIехь терго еш верг хилла.
وَيَقُولُونَ طَاعَةٌ فَإِذَا بَرَزُوا مِنْ عِندِكَ بَيَّتَ طَائِفَةٌ مِّنْهُمْ غَيْرَ الَّذِي تَقُولُ ۖ وَاللَّهُ يَكْتُبُ مَا يُبَيِّتُونَ ۖ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا ٨١
📖 Гочдар
Аят 81
Олу цара: "МуьтIахь хир ду". Хьо волчуьра дIайирзича, царах цхьана тобано буса леладо ахь ма де аьлларг. И Дела д1аяздеш ма ву и цара буса лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царах)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна.
أَفَلَا يَتَدَبَّرُونَ الْقُرْآنَ ۚ وَلَوْ كَانَ مِنْ عِندِ غَيْرِ اللَّهِ لَوَجَدُوا فِيهِ اخْتِلَافًا كَثِيرًا ٨٢
📖 Гочдар
Аят 82
Къуръанах ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцчуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонаш карор ма ярий царна.
وَإِذَا جَاءَهُمْ أَمْرٌ مِّنَ الْأَمْنِ أَوِ الْخَوْفِ أَذَاعُوا بِهِ ۖ وَلَوْ رَدُّوهُ إِلَى الرَّسُولِ وَإِلَىٰ أُولِي الْأَمْرِ مِنْهُمْ لَعَلِمَهُ الَّذِينَ يَسْتَنبِطُونَهُ مِنْهُمْ ۗ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لَاتَّبَعْتُمُ الشَّيْطَانَ إِلَّا قَلِيلًا ٨٣
📖 Гочдар
Аят 83
Кхерамцахиларах а‚ я кхерамах а цхьа гIуллакх шайга деъча – и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гIуллакх карахь долчаьрга а – тIаккха царах цуьнан буха тIекхуьучарна хуур дара /бакъдерг/. Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кIеззиг берш боцурш шайтIанна тIехьахIуьттур ма дара шу.
فَقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ لَا تُكَلَّفُ إِلَّا نَفْسَكَ ۚ وَحَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ ۖ عَسَى اللَّهُ أَن يَكُفَّ بَأْسَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ وَاللَّهُ أَشَدُّ بَأْسًا وَأَشَدُّ تَنكِيلًا ٨٤
📖 Гочдар
Аят 84
ТIом бе /х1ай Мухьаммад/ Делан новкъахь. Ахь жоп лур дац деккъа хьайх а бен. Муъма нехан дегнаш айде /тIамна/‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чIогIа ма ву ницкъаца а‚ и чIогIа ма ву бекхамца а.
مَّن يَشْفَعْ شَفَاعَةً حَسَنَةً يَكُن لَّهُ نَصِيبٌ مِّنْهَا ۖ وَمَن يَشْفَعْ شَفَاعَةً سَيِّئَةً يَكُن لَّهُ كِفْلٌ مِّنْهَا ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ مُّقِيتًا ٨٥
📖 Гочдар
Аят 85
Хазачу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах дāкъа ду‚ вочу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш.
وَإِذَا حُيِّيتُم بِتَحِيَّةٍ فَحَيُّوا بِأَحْسَنَ مِنْهَا أَوْ رُدُّوهَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَسِيبًا ٨٦
📖 Гочдар
Аят 86
Шайга салам делча‚ цул хазчуьнца салам ло аш я юхадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо а хIуманна терго еш.
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۗ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ حَدِيثًا ٨٧
📖 Гочдар
Аят 87
АллахI цIе йолу цхьа Дела ву – кхин дела вац И бен. Цо дерриге а гулдийр ду шу къематдийнахь‚ цу чохь шеко яц. Мила ву ткъа Делал хабар бакъдуьйцуш?
۞ فَمَا لَكُمْ فِي الْمُنَافِقِينَ فِئَتَيْنِ وَاللَّهُ أَرْكَسَهُم بِمَا كَسَبُوا ۚ أَتُرِيدُونَ أَن تَهْدُوا مَنْ أَضَلَّ اللَّهُ ۖ وَمَن يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَن تَجِدَ لَهُ سَبِيلًا ٨٨
📖 Гочдар
Аят 88
ХIунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба ? Дала /шу шена т1ехь долчу бакъдолчух/ дIаберзина уьш шаьш динарг бахьанехь. Шу лууш ду нисван Дала тилавала витинарг? Дала тилавала витинарг – хьуна карор ма бац цунна некъ /и нисван/.
وَدُّوا لَوْ تَكْفُرُونَ كَمَا كَفَرُوا فَتَكُونُونَ سَوَاءً ۖ فَلَا تَتَّخِذُوا مِنْهُمْ أَوْلِيَاءَ حَتَّىٰ يُهَاجِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ فَإِن تَوَلَّوْا فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ وَجَدتُّمُوهُمْ ۖ وَلَا تَتَّخِذُوا مِنْهُمْ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا ٨٩
📖 Гочдар
Аят 89
Царна дийзира шу ийманах юхадовлар, шаьш юхадовларх терра‚ тIаккха шу хир дара цхьанийса. Ма леца царах доттагIий, уьш Делан новкъахь дIакхалххалц . Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь , схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царах доттагI а‚ гIоьнча а ма лаца.
إِلَّا الَّذِينَ يَصِلُونَ إِلَىٰ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ أَوْ جَاءُوكُمْ حَصِرَتْ صُدُورُهُمْ أَن يُقَاتِلُوكُمْ أَوْ يُقَاتِلُوا قَوْمَهُمْ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَسَلَّطَهُمْ عَلَيْكُمْ فَلَقَاتَلُوكُمْ ۚ فَإِنِ اعْتَزَلُوكُمْ فَلَمْ يُقَاتِلُوكُمْ وَأَلْقَوْا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ فَمَا جَعَلَ اللَّهُ لَكُمْ عَلَيْهِمْ سَبِيلًا ٩٠
📖 Гочдар
Аят 90
Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а, шайн дагахь доцуш шуьца я /шуна дуьхьал долчу шайн/ къомаца тIом бан г1ерташ боцурш а. /Шуьца а, шуна дуьхьал а боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш – цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь – цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (цаьрца т1ом бан бакъо яц шун).
سَتَجِدُونَ آخَرِينَ يُرِيدُونَ أَن يَأْمَنُوكُمْ وَيَأْمَنُوا قَوْمَهُمْ كُلَّ مَا رُدُّوا إِلَى الْفِتْنَةِ أُرْكِسُوا فِيهَا ۚ فَإِن لَّمْ يَعْتَزِلُوكُمْ وَيُلْقُوا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ وَيَكُفُّوا أَيْدِيَهُمْ فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ ۚ وَأُولَٰئِكُمْ جَعَلْنَا لَكُمْ عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا مُّبِينًا ٩١
📖 Гочдар
Аят 91
Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила а‚ шайн къомаца (керстанашца) тешаме хила а‚ шаьш питане ма-кхайккхина, цу чу булуш. Уьш шух дIа ца берзахь (шуьца т1ом ца беш)‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна /тIекхийдочух/ ца совцадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъ бина (цаьрца тIом бан мега шуна).
وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ أَن يَقْتُلَ مُؤْمِنًا إِلَّا خَطَأً ۚ وَمَن قَتَلَ مُؤْمِنًا خَطَأً فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ وَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ إِلَّا أَن يَصَّدَّقُوا ۚ فَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ عَدُوٍّ لَّكُمْ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ ۖ وَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ فَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ وَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ ۖ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ تَوْبَةً مِّنَ اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا ٩٢
📖 Гочдар
Аят 92
Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъма стагана муъма стаг вēр, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъма стаг вēхь, муъма лай а паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна д1алуш долу дият а лур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъма а волуш – муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах – д1алуш долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъма лай а паргIатвоккхур ву. Шегахь (парг1атваккха лай) вацахь (я и эца таро а) яцахь, - тIеттIа шина баттахь марханаш кхобур ду цо‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукма /нийса/ деш а хилла.
وَمَن يَقْتُلْ مُؤْمِنًا مُّتَعَمِّدًا فَجَزَاؤُهُ جَهَنَّمُ خَالِدًا فِيهَا وَغَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِ وَلَعَنَهُ وَأَعَدَّ لَهُ عَذَابًا عَظِيمًا ٩٣
📖 Гочдар
Аят 93
Цхьаммо, шена хуъушехь, муъма стаг вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а вахана цунна‚ неIалт а аьлла‚ Цо кечдина цунна деза-доккха Iазап.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا ضَرَبْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَتَبَيَّنُوا وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ أَلْقَىٰ إِلَيْكُمُ السَّلَامَ لَسْتَ مُؤْمِنًا تَبْتَغُونَ عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَعِندَ اللَّهِ مَغَانِمُ كَثِيرَةٌ ۚ كَذَٰلِكَ كُنتُم مِّن قَبْلُ فَمَنَّ اللَّهُ عَلَيْكُمْ فَتَبَيَّنُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا ٩٤
📖 Гочдар
Аят 94
ХIай ийман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аш билгалдаккха : шайга салам деллачуьнга ма āла: "Хьо муъма вац"‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш – Далла гергахь йоккха хIонс ю. Иштта хилла шу хьалха – Дала шуна ниIмат делла. Аш билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аш дийриг дика хууш.
لَّا يَسْتَوِي الْقَاعِدُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ غَيْرُ أُولِي الضَّرَرِ وَالْمُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ ۚ فَضَّلَ اللَّهُ الْمُجَاهِدِينَ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ عَلَى الْقَاعِدِينَ دَرَجَةً ۚ وَكُلًّا وَعَدَ اللَّهُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَفَضَّلَ اللَّهُ الْمُجَاهِدِينَ عَلَى الْقَاعِدِينَ أَجْرًا عَظِيمًا ٩٥
📖 Гочдар
Аят 95
Цхьатерра бац муъма нахах шаьш гIазотах цхьа а бахьана доцуш бухабуьсурш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гIазот деш берш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гIазот деш берш даржаца базбина Дала бухабуьсучарал. ХIоранна Дала ваIда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГIазот деш берш базбина Дала бухабуьсучарал сийлахь – йоккхачу йолаца (боккха мēла баларца).
دَرَجَاتٍ مِّنْهُ وَمَغْفِرَةً وَرَحْمَةً ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا ٩٦
📖 Гочдар
Аят 96
Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца /базбина Цо уьш/. Дела хилла Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
إِنَّ الَّذِينَ تَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ ظَالِمِي أَنفُسِهِمْ قَالُوا فِيمَ كُنتُمْ ۖ قَالُوا كُنَّا مُسْتَضْعَفِينَ فِي الْأَرْضِ ۚ قَالُوا أَلَمْ تَكُنْ أَرْضُ اللَّهِ وَاسِعَةً فَتُهَاجِرُوا فِيهَا ۚ فَأُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا ٩٧
📖 Гочдар
Аят 97
Баккъалла а, шайна зуламаш дина, маликаша дIаэцна болчаьрга эр ма ду : "Шу мичахь хиллера?" Цара эр ду: "Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тIехь ницкъ беш". Эр ду: "Ткъа Делан латта шортта дацара шу кхечухьа дIакхалха?" Уьш ма бу шайн чугIойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ кхоллам!
إِلَّا الْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاءِ وَالْوِلْدَانِ لَا يَسْتَطِيعُونَ حِيلَةً وَلَا يَهْتَدُونَ سَبِيلًا ٩٨
📖 Гочдар
Аят 98
Божарех а‚ зударех а‚ берех а шайна ницкъ хилла /дIабаха/, таро ца хилларш а‚ кIелхьарбовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала).
فَأُولَٰئِكَ عَسَى اللَّهُ أَن يَعْفُوَ عَنْهُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَفُوًّا غَفُورًا ٩٩
📖 Гочдар
Аят 99
Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш верг а.
۞ وَمَن يُهَاجِرْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يَجِدْ فِي الْأَرْضِ مُرَاغَمًا كَثِيرًا وَسَعَةً ۚ وَمَن يَخْرُجْ مِن بَيْتِهِ مُهَاجِرًا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ يُدْرِكْهُ الْمَوْتُ فَقَدْ وَقَعَ أَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا ١٠٠
📖 Гочдар
Аят 100
Делан дуьхьа дIакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетовжийлаш а‚ шорто а. Далла а‚ элчанна а дуьхьалвоьдуш шен цIера араваьлча, цунах валар хилча (и новкъахь велча) – цуьнан ял Далла тIейоьжна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а хилла.
وَإِذَا ضَرَبْتُمْ فِي الْأَرْضِ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَقْصُرُوا مِنَ الصَّلَاةِ إِنْ خِفْتُمْ أَن يَفْتِنَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ إِنَّ الْكَافِرِينَ كَانُوا لَكُمْ عَدُوًّا مُّبِينًا ١٠١
📖 Гочдар
Аят 101
Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аш ламаз доцца дича ‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тIелатарна). Баккъалла а, цатешарш хилла шуна билггала мостагIий.
وَإِذَا كُنتَ فِيهِمْ فَأَقَمْتَ لَهُمُ الصَّلَاةَ فَلْتَقُمْ طَائِفَةٌ مِّنْهُم مَّعَكَ وَلْيَأْخُذُوا أَسْلِحَتَهُمْ فَإِذَا سَجَدُوا فَلْيَكُونُوا مِن وَرَائِكُمْ وَلْتَأْتِ طَائِفَةٌ أُخْرَىٰ لَمْ يُصَلُّوا فَلْيُصَلُّوا مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا حِذْرَهُمْ وَأَسْلِحَتَهُمْ ۗ وَدَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ تَغْفُلُونَ عَنْ أَسْلِحَتِكُمْ وَأَمْتِعَتِكُمْ فَيَمِيلُونَ عَلَيْكُم مَّيْلَةً وَاحِدَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِن كَانَ بِكُمْ أَذًى مِّن مَّطَرٍ أَوْ كُنتُم مَّرْضَىٰ أَن تَضَعُوا أَسْلِحَتَكُمْ ۖ وَخُذُوا حِذْرَكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ أَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُّهِينًا ١٠٢
📖 Гочдар
Аят 102
Хьо (пайхамар) царна юккъехь (г1азотехь) волуш‚ царна ламазна хьалха хIоьттича‚ царах цхьа тоба хьоьца хIуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш сужуде бахча (церан ракаIат чекхдаьлча), шуна тIехьа кхиберш хIуьттийла. ТIаккха ламаз даза тоба йогIийла (хьуна тIехьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш лууш бара шу шайн герзах а, хIуманех гIопал (терго ца еш) хуьлийла – тIаккха уьш шуна тIекхуьур бара цхьа гIулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догIа бахьанехь, я шу цомгуш делахь, аш шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Iазап.
فَإِذَا قَضَيْتُمُ الصَّلَاةَ فَاذْكُرُوا اللَّهَ قِيَامًا وَقُعُودًا وَعَلَىٰ جُنُوبِكُمْ ۚ فَإِذَا اطْمَأْنَنتُمْ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ ۚ إِنَّ الصَّلَاةَ كَانَتْ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ كِتَابًا مَّوْقُوتًا ١٠٣
📖 Гочдар
Аят 103
Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агIошна тIетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хIоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъма нахана хан тоьхна тIедиллина .
وَلَا تَهِنُوا فِي ابْتِغَاءِ الْقَوْمِ ۖ إِن تَكُونُوا تَأْلَمُونَ فَإِنَّهُمْ يَأْلَمُونَ كَمَا تَأْلَمُونَ ۖ وَتَرْجُونَ مِنَ اللَّهِ مَا لَا يَرْجُونَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا ١٠٤
📖 Гочдар
Аят 104
Шу ледара ма хилалаш /шаьшца мостагIалла йолу/ нах лаха (гIазот дан). Шу лазош хиларх, уьш а лазош ма бу, шу лазош санна. Шу-м Делера цара дог ца дохучу хIумане догдохуш а ду. И Дела хилла Ша хууш верг а, хьукма /нийса/ деш верг а.
إِنَّا أَنزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِتَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ بِمَا أَرَاكَ اللَّهُ ۚ وَلَا تَكُن لِّلْخَائِنِينَ خَصِيمًا ١٠٥
📖 Гочдар
Аят 105
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна, бакъонца ахь нахана юккъехь хьукма дархьама Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь ямартхойн дуьхьа къуьйсуш .
وَاسْتَغْفِرِ اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا ١٠٦
📖 Гочдар
Аят 106
Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш верг а, къинхетаме верг а.
وَلَا تُجَادِلْ عَنِ الَّذِينَ يَخْتَانُونَ أَنفُسَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ مَن كَانَ خَوَّانًا أَثِيمًا ١٠٧
📖 Гочдар
Аят 107
Ахь ма къийсалахь шаьш ямартло еш болчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца ямартло еш верг.
يَسْتَخْفُونَ مِنَ النَّاسِ وَلَا يَسْتَخْفُونَ مِنَ اللَّهِ وَهُوَ مَعَهُمْ إِذْ يُبَيِّتُونَ مَا لَا يَرْضَىٰ مِنَ الْقَوْلِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطًا ١٠٨
📖 Гочдар
Аят 108
Уьш дIахьуллуш бу нахах, дIахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буса И реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара динчунна го лоцуш верг .
هَا أَنتُمْ هَٰؤُلَاءِ جَادَلْتُمْ عَنْهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَمَن يُجَادِلُ اللَّهَ عَنْهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَم مَّن يَكُونُ عَلَيْهِمْ وَكِيلًا ١٠٩
📖 Гочдар
Аят 109
ХIай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тIехь векал /церан г1аролхо/?
وَمَن يَعْمَلْ سُوءًا أَوْ يَظْلِمْ نَفْسَهُ ثُمَّ يَسْتَغْفِرِ اللَّهَ يَجِدِ اللَّهَ غَفُورًا رَّحِيمًا ١١٠
📖 Гочдар
Аят 110
Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тIаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а.
وَمَن يَكْسِبْ إِثْمًا فَإِنَّمَا يَكْسِبُهُ عَلَىٰ نَفْسِهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا ١١١
📖 Гочдар
Аят 111
Милла велахь а къа деш – и деш ду цо шена. Дела хилла хууш верг а‚ хьукма/нийса/ деш верг а.
وَمَن يَكْسِبْ خَطِيئَةً أَوْ إِثْمًا ثُمَّ يَرْمِ بِهِ بَرِيئًا فَقَدِ احْتَمَلَ بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُّبِينًا ١١٢
📖 Гочдар
Аят 112
Милла велахь а гIалат я къа деш, тIаккха и цIена волчунна тIетоьттуш – и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тIелоцуш.
وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكَ وَرَحْمَتُهُ لَهَمَّت طَّائِفَةٌ مِّنْهُمْ أَن يُضِلُّوكَ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّا أَنفُسَهُمْ ۖ وَمَا يَضُرُّونَكَ مِن شَيْءٍ ۚ وَأَنزَلَ اللَّهُ عَلَيْكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَكَ مَا لَمْ تَكُن تَعْلَمُ ۚ وَكَانَ فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكَ عَظِيمًا ١١٣
📖 Гочдар
Аят 113
Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара – царах цхьа тоба ма яра хьо тило лууш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хIумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъалалла а‚ Цо Iамийра хьуна хьуна ца хууш хилларг. Йоккха хилла хьуна т1ехь Делан комаьршалла.
۞ لَّا خَيْرَ فِي كَثِيرٍ مِّن نَّجْوَاهُمْ إِلَّا مَنْ أَمَرَ بِصَدَقَةٍ أَوْ مَعْرُوفٍ أَوْ إِصْلَاحٍ بَيْنَ النَّاسِ ۚ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا ١١٤
📖 Гочдар
Аят 114
Дукхадолчу церан къайлахчу къамелех пайда бац, нагахь санна саг1ица, диканиг дарца, нахана юккъехь барт барца омра деш уьш бацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш, тIаккха Оха цунна лур ма ю сийлахь- йоккха ял.
وَمَن يُشَاقِقِ الرَّسُولَ مِن بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُ الْهُدَىٰ وَيَتَّبِعْ غَيْرَ سَبِيلِ الْمُؤْمِنِينَ نُوَلِّهِ مَا تَوَلَّىٰ وَنُصْلِهِ جَهَنَّمَ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا ١١٥
📖 Гочдар
Аят 115
Милла велахь а, элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа, муъма боцу нехан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь, вохуьйтур ву жоьжахати чу. Ма вон хилла и цуьнан кхоллам!
إِنَّ اللَّهَ لَا يَغْفِرُ أَن يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَٰلِكَ لِمَن يَشَاءُ ۚ وَمَن يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا بَعِيدًا ١١٦
📖 Гочдар
Аят 116
Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар , гечдийр ду и доцург /кхин къинош/ Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш – тилавелла и генарчу тилаваларца.
إِن يَدْعُونَ مِن دُونِهِ إِلَّا إِنَاثًا وَإِن يَدْعُونَ إِلَّا شَيْطَانًا مَّرِيدًا ١١٧
📖 Гочдар
Аят 117
Иза (Дела) а витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хIуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачу шайтIане.
لَّعَنَهُ اللَّهُ ۘ وَقَالَ لَأَتَّخِذَنَّ مِنْ عِبَادِكَ نَصِيبًا مَّفْرُوضًا ١١٨
📖 Гочдар
Аят 118
Дала неIалт аьлла цунна . Цо (иблисо Деле) аьллера: "Хьан лех цхьа билггала дāкъа сайгахьа доккхур ду ас.
وَلَأُضِلَّنَّهُمْ وَلَأُمَنِّيَنَّهُمْ وَلَآمُرَنَّهُمْ فَلَيُبَتِّكُنَّ آذَانَ الْأَنْعَامِ وَلَآمُرَنَّهُمْ فَلَيُغَيِّرُنَّ خَلْقَ اللَّهِ ۚ وَمَن يَتَّخِذِ الشَّيْطَانَ وَلِيًّا مِّن دُونِ اللَّهِ فَقَدْ خَسِرَ خُسْرَانًا مُّبِينًا ١١٩
📖 Гочдар
Аят 119
Тилор ма бу ас уьш, ойбур ма бу ас церан /харц/ лаамаш, омра дийр ма ду ас царна – бежнийн лергаш хедор ма ду цара, омра дийр ма ду ас царна – хуьйцур ма ду цара Делан дин " (кхоллар). Дела а витина, и шайтIа шена доттагI лаьцнарг – эшна и къаьстинчу эшамца.
يَعِدُهُمْ وَيُمَنِّيهِمْ ۖ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلَّا غُرُورًا ١٢٠
📖 Гочдар
Аят 120
ВаIда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтIано царна ваIда еш ма яц харцдерг бен.
أُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَلَا يَجِدُونَ عَنْهَا مَحِيصًا ١٢١
📖 Гочдар
Аят 121
Уьш бу шайна чугIойла жоьжахати хир ерш‚ карор дац царна цунах кIелхьардовлар.
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ قِيلًا ١٢٢
📖 Гочдар
Аят 122
Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш /ялсаманин/ бошмашка, шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Цигахь уьш гуттар хир бу – Делан ваIда бакъ хиларца. Ткъа мила ву Делал дош бакъ олуш? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?) - /цхьа а вац/.
لَّيْسَ بِأَمَانِيِّكُمْ وَلَا أَمَانِيِّ أَهْلِ الْكِتَابِ ۗ مَن يَعْمَلْ سُوءًا يُجْزَ بِهِ وَلَا يَجِدْ لَهُ مِن دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا ١٢٣
📖 Гочдар
Аят 123
Шун лаамашца а‚ жайнин охIланан лаамашца а дац иза . Милла велахь а, вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас а, гIоьнча а.
وَمَن يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ مِن ذَكَرٍ أَوْ أُنثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ نَقِيرًا ١٢٤
📖 Гочдар
Аят 124
Милла велахь а, дика Iамалш еш, боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а, ша муъма (ийман диллинарг) волуш – уьш чу гIур бу /ялсаманин/ беша. Цхьа- цуьрриг зулам дийр дац царна!
وَمَنْ أَحْسَنُ دِينًا مِّمَّنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ وَاتَّبَعَ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۗ وَاتَّخَذَ اللَّهُ إِبْرَاهِيمَ خَلِيلًا ١٢٥
📖 Гочдар
Аят 125
Мила ву хаза динца, ша дика 1амал а еш, шен юьхь Далла муьт1ахь а йина, ша бакъдолчунна тIетевжина хиллачу ИбрахIиман миллатана тIаьхьа хIоьттина хиллачул сов? Дала доттагI лецира ИбрахIим.
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُّحِيطًا ١٢٦
📖 Гочдар
Аят 126
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо а хIума чулоцуш /Шен 1илманца/.
وَيَسْتَفْتُونَكَ فِي النِّسَاءِ ۖ قُلِ اللَّهُ يُفْتِيكُمْ فِيهِنَّ وَمَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ فِي يَتَامَى النِّسَاءِ اللَّاتِي لَا تُؤْتُونَهُنَّ مَا كُتِبَ لَهُنَّ وَتَرْغَبُونَ أَن تَنكِحُوهُنَّ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الْوِلْدَانِ وَأَن تَقُومُوا لِلْيَتَامَىٰ بِالْقِسْطِ ۚ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِهِ عَلِيمًا ١٢٧
📖 Гочдар
Аят 127
Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударийн хьокъехь. Ахь āла: "Дала хьехам бийр бу шуна церан хьокъехь а‚ /довзийтур ду шуна/ зударий аш шайна ирсана кхачорах лаьцна, Къуръана чохь доьшуш дерг а, /иштта довзийтур ду шуна/ байлахь дисинчу зудаберех а, шу шайна уьш бāло лууш, царна догIу урдо кхоччуш дала ца лууш болчу, заьIап хилла кIелбисинчийн берийн хьокъехь а /хьехам бийр бу Дала/: аш нийсо латтае боберашкахь. Аш диканиг дахь – и Дела и хууш ву".
وَإِنِ امْرَأَةٌ خَافَتْ مِن بَعْلِهَا نُشُوزًا أَوْ إِعْرَاضًا فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا أَن يُصْلِحَا بَيْنَهُمَا صُلْحًا ۚ وَالصُّلْحُ خَيْرٌ ۗ وَأُحْضِرَتِ الْأَنفُسُ الشُّحَّ ۚ وَإِن تُحْسِنُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا ١٢٨
📖 Гочдар
Аят 128
Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь, майра шех хервала гIертарх‚ шега тидам цахиларх – царна шинна (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовший юккъехь маслахьат дарх‚ маслахьат тоьлуш ду. БIаьрмецигалла лаьтташ ю синошца . Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь – и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш (Цо дикачуьнца бекхам бийр бу шуна).
وَلَن تَسْتَطِيعُوا أَن تَعْدِلُوا بَيْنَ النِّسَاءِ وَلَوْ حَرَصْتُمْ ۖ فَلَا تَمِيلُوا كُلَّ الْمَيْلِ فَتَذَرُوهَا كَالْمُعَلَّقَةِ ۚ وَإِن تُصْلِحُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا ١٢٩
📖 Гочдар
Аят 129
Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударшна юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а. ДIа ма дерза /шайна ца езачу зудчух/ кхоччуш, аш и юьтуш /хIаваэхь/ кхазаелларг санна . Аш маслахьат дахь‚ шу Делах кхерахь – и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
وَإِن يَتَفَرَّقَا يُغْنِ اللَّهُ كُلًّا مِّن سَعَتِهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ وَاسِعًا حَكِيمًا ١٣٠
📖 Гочдар
Аят 130
И шиъ (мар а‚ зуда а) къастахь – Дала лур ду /царах/ хIоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниIмат) долуш а‚ хьукма /нийса/ деш а.
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ وَصَّيْنَا الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِن قَبْلِكُمْ وَإِيَّاكُمْ أَنِ اتَّقُوا اللَّهَ ۚ وَإِن تَكْفُرُوا فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَنِيًّا حَمِيدًا ١٣١
📖 Гочдар
Аят 131
Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аш керстадахь – цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена /массара а/ хастам беш верг а.
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا ١٣٢
📖 Гочдар
Аят 132
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла /Шен лайн Iамалш/ Iалаш еш верг хилар.
إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ أَيُّهَا النَّاسُ وَيَأْتِ بِآخَرِينَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ ذَٰلِكَ قَدِيرًا ١٣٣
📖 Гочдар
Аят 133
Шена лиъча‚ шу дIадōхур ду Цо‚ хIай нах‚ кхиберш бāлор бу. Хилла Дела цунна тIехь ницкъ болуш.
مَّن كَانَ يُرِيدُ ثَوَابَ الدُّنْيَا فَعِندَ اللَّهِ ثَوَابُ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ سَمِيعًا بَصِيرًا ١٣٤
📖 Гочдар
Аят 134
Дуьненан мēла безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан мēла а‚ эхартан мēла а. Дела хилла хезаш верг а‚ гуш верг а.
۞ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا قَوَّامِينَ بِالْقِسْطِ شُهَدَاءَ لِلَّهِ وَلَوْ عَلَىٰ أَنفُسِكُمْ أَوِ الْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ ۚ إِن يَكُنْ غَنِيًّا أَوْ فَقِيرًا فَاللَّهُ أَوْلَىٰ بِهِمَا ۖ فَلَا تَتَّبِعُوا الْهَوَىٰ أَن تَعْدِلُوا ۚ وَإِن تَلْوُوا أَوْ تُعْرِضُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا ١٣٥
📖 Гочдар
Аят 135
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш чIогIа дIахIиттина нийсонца тешалла деш Далла - шена тIехь делахь а, я шайн дена-нанна тIехь делахь а‚ я гергарчарна тIехь делахь а. И /шена т1ехь тешалла деш верг/ хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а – Дела ву цу шиннал /лерам бан/ хьакъ верг (дика хууш ву царна шинна пайдане дерг; уьш шиъ а Iалашбийриг Дела ву). Шу тIаьхьа ма хIитталаш деган дезаршна – шу /бакъдолчух/ дIатовжа кхерамна. Аш /тешалла/ хийцадахь я /и тешалла дан шу/ дуьхьал хилахь – баккъалла а, и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш .
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا آمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي نَزَّلَ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي أَنزَلَ مِن قَبْلُ ۚ وَمَن يَكْفُرْ بِاللَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا بَعِيدًا ١٣٦
📖 Гочдар
Аят 136
ХIай ийман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайних а‚ Цо хьалха доссийначу жайних а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТIаьхьарчу дийнах а цатешнарг – и тила ма велла генарчу (к1орггерачу) тиларца.
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا ثُمَّ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا ثُمَّ ازْدَادُوا كُفْرًا لَّمْ يَكُنِ اللَّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلَا لِيَهْدِيَهُمْ سَبِيلًا ١٣٧
📖 Гочдар
Аят 137
Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тIаккха керстадеш‚ юха а тешаш‚ юха а керстадеш‚ тIаккха керстадарца совбуьйлуш берш – Дела вац царна гечдийр долуш а‚ уьш нисбийр болуш а /нийсачу/ новкъа.
بَشِّرِ الْمُنَافِقِينَ بِأَنَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا ١٣٨
📖 Гочдар
Аят 138
Ахь кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Iазап хиларца.
الَّذِينَ يَتَّخِذُونَ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِن دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۚ أَيَبْتَغُونَ عِندَهُمُ الْعِزَّةَ فَإِنَّ الْعِزَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا ١٣٩
📖 Гочдар
Аят 139
Ишттанаш бу уьш, муъма нах битина, ца тешаш берш шайна доттагIий лийцинарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге а Делан ма ю!
وَقَدْ نَزَّلَ عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ أَنْ إِذَا سَمِعْتُمْ آيَاتِ اللَّهِ يُكْفَرُ بِهَا وَيُسْتَهْزَأُ بِهَا فَلَا تَقْعُدُوا مَعَهُمْ حَتَّىٰ يَخُوضُوا فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ ۚ إِنَّكُمْ إِذًا مِّثْلُهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ جَامِعُ الْمُنَافِقِينَ وَالْكَافِرِينَ فِي جَهَنَّمَ جَمِيعًا ١٤٠
📖 Гочдар
Аят 140
Цо (Дала) шуьга жайни чохь масийттаза доссош хилла: нагахь санна шуна Делан аяташ харцдеш а‚ сийсаздеш а хазахь‚ цаьрца охьа ма ховша‚ аьлла, – уьш кхечу хабарна тIеберззалц. Вуьшта , – шу, баккъалла а, уьш санна хир ду. Баккъалла а, цу Дала гулбийр болуш ма бу мунепикъаш а‚ цатешарш а жоьжахати чохь – берриге а.
الَّذِينَ يَتَرَبَّصُونَ بِكُمْ فَإِن كَانَ لَكُمْ فَتْحٌ مِّنَ اللَّهِ قَالُوا أَلَمْ نَكُن مَّعَكُمْ وَإِن كَانَ لِلْكَافِرِينَ نَصِيبٌ قَالُوا أَلَمْ نَسْتَحْوِذْ عَلَيْكُمْ وَنَمْنَعْكُم مِّنَ الْمُؤْمِنِينَ ۚ فَاللَّهُ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ وَلَن يَجْعَلَ اللَّهُ لِلْكَافِرِينَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ سَبِيلًا ١٤١
📖 Гочдар
Аят 141
Уьш бу шу тергалдеш Iаш. Шуна Делера толам хилча‚ цара олу: "Ткъа тхо а дацара шуьца?" Нагахь санна цатешачарна (толаман) дāкъа хилча‚ олу: "Тхо дацара шуна гIо дан гIерташ‚ шу Iалашдеш муъма нахах ?" Дала хьукма дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь. Цкъа а цатешачарна муъма нахана тIехь некъ лур бац Дала .
إِنَّ الْمُنَافِقِينَ يُخَادِعُونَ اللَّهَ وَهُوَ خَادِعُهُمْ وَإِذَا قَامُوا إِلَى الصَّلَاةِ قَامُوا كُسَالَىٰ يُرَاءُونَ النَّاسَ وَلَا يَذْكُرُونَ اللَّهَ إِلَّا قَلِيلًا ١٤٢
📖 Гочдар
Аят 142
Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Iехо гIерта. И ву уьш Iехош. Шаьш ламазна хIиттича‚ уьш хIуьтту маллой (ца лууш), нахана шаьш гайтархьама‚ кIеззиг бен Дела ца хьехаво цара.
مُّذَبْذَبِينَ بَيْنَ ذَٰلِكَ لَا إِلَىٰ هَٰؤُلَاءِ وَلَا إِلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَمَن يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَن تَجِدَ لَهُ سَبِيلًا ١٤٣
📖 Гочдар
Аят 143
Уьш лесташ (д1асахьийзаш) бу оцунна (ийманна а, керстаналлина а) юккъехь: хIокхарах а (муъма нахах а) ца кхета‚ вукхарах а (керстанех а) ца кхета. Ша Дала тилвала витинчунна хьуна карор ма бац /и нисван/ некъ.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِن دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۚ أَتُرِيدُونَ أَن تَجْعَلُوا لِلَّهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا مُّبِينًا ١٤٤
📖 Гочдар
Аят 144
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца цатешарш, доттагIий бай, муъма нах битий. Шу лууш ду Дала шайна тIехь билггала делил дан?
إِنَّ الْمُنَافِقِينَ فِي الدَّرْكِ الْأَسْفَلِ مِنَ النَّارِ وَلَن تَجِدَ لَهُمْ نَصِيرًا ١٤٥
📖 Гочдар
Аят 145
Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу /жоьжахатин/ цIеран уггар бухарчу т1ег1анна (г1ата) т1ехь‚ хьуна карор ма вац царна гIоьнча.
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا وَأَصْلَحُوا وَاعْتَصَمُوا بِاللَّهِ وَأَخْلَصُوا دِينَهُمْ لِلَّهِ فَأُولَٰئِكَ مَعَ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَسَوْفَ يُؤْتِ اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ أَجْرًا عَظِيمًا ١٤٦
📖 Гочдар
Аят 146
Шаьш тōба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чIагIбелла, шайн дин Далла цIандина берш боцурш. Уьш муъма нахаца бу. ТIаьхьа лур ю Дала муъма нахана сийлахь-йоккха ял.
مَّا يَفْعَلُ اللَّهُ بِعَذَابِكُمْ إِن شَكَرْتُمْ وَآمَنتُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ شَاكِرًا عَلِيمًا ١٤٧
📖 Гочдар
Аят 147
ХIун дийр ду Дала шуна Iазап дина, баркалла олуш а, тешаш а шу хилча? И Дела хилла баркалле верг а‚ хууш верг а.
۞ لَّا يُحِبُّ اللَّهُ الْجَهْرَ بِالسُّوءِ مِنَ الْقَوْلِ إِلَّا مَن ظُلِمَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ سَمِيعًا عَلِيمًا ١٤٨
📖 Гочдар
Аят 148
Далла ца деза вон хабарш даржадар ‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш верг а‚ хууш верг а.
إِن تُبْدُوا خَيْرًا أَوْ تُخْفُوهُ أَوْ تَعْفُوا عَن سُوءٍ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا قَدِيرًا ١٤٩
📖 Гочдар
Аят 149
Аш гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь /шена вон динчунна/ вониг, – /мела бу шуна/. Баккъалла а, и Дела Ша ма хилла гечдеш верг а‚ ницкъ кхочуш верг а.
إِنَّ الَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ وَيُرِيدُونَ أَن يُفَرِّقُوا بَيْنَ اللَّهِ وَرُسُلِهِ وَيَقُولُونَ نُؤْمِنُ بِبَعْضٍ وَنَكْفُرُ بِبَعْضٍ وَيُرِيدُونَ أَن يَتَّخِذُوا بَيْنَ ذَٰلِكَ سَبِيلًا ١٥٠
📖 Гочдар
Аят 150
Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш лууш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгIо‚ шаьш олуш берш: "Теша тхо цхьаболчарах‚ ца теша тхо вукхарах"‚ шаьш лууш берш цу юккъехь некъ лаца (карабан) –
أُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ حَقًّا ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُّهِينًا ١٥١
📖 Гочдар
Аят 151
Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаза долу Iазап.
وَالَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ وَلَمْ يُفَرِّقُوا بَيْنَ أَحَدٍ مِّنْهُمْ أُولَٰئِكَ سَوْفَ يُؤْتِيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا ١٥٢
📖 Гочдар
Аят 152
Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царах цхьа а ца къестош берш – уьш бу Оха шайна тIаьхьа ял лур ерш. И Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
يَسْأَلُكَ أَهْلُ الْكِتَابِ أَن تُنَزِّلَ عَلَيْهِمْ كِتَابًا مِّنَ السَّمَاءِ ۚ فَقَدْ سَأَلُوا مُوسَىٰ أَكْبَرَ مِن ذَٰلِكَ فَقَالُوا أَرِنَا اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ بِظُلْمِهِمْ ۚ ثُمَّ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ مِن بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ فَعَفَوْنَا عَن ذَٰلِكَ ۚ وَآتَيْنَا مُوسَىٰ سُلْطَانًا مُّبِينًا ١٥٣
📖 Гочдар
Аят 153
Хьоьга доьху жайнин охIлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: "Дела гайта тхоьга гуччахь". ТIаккха стиглара цIаро схьалецира уьш шайн зулам бахьанехь. ТIаккха эса схьалецира цара (1ибадат дан) шайга билгалонаш схьаеъначул тIаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билгала делил.
وَرَفَعْنَا فَوْقَهُمُ الطُّورَ بِمِيثَاقِهِمْ وَقُلْنَا لَهُمُ ادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا وَقُلْنَا لَهُمْ لَا تَعْدُوا فِي السَّبْتِ وَأَخَذْنَا مِنْهُم مِّيثَاقًا غَلِيظًا ١٥٤
📖 Гочдар
Аят 154
Церан тIехула лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тIелацийтархьама/‚ Оха элира цаьрга: "НеIарехула чоьхьадовла, сужуд деш". Элира Оха цаьрга: "/Делан/ дозанех ма довлалаш шоьтан дийнахь ". Цаьргара нуьцкъала ваIда ийцира Оха.
فَبِمَا نَقْضِهِم مِّيثَاقَهُمْ وَكُفْرِهِم بِآيَاتِ اللَّهِ وَقَتْلِهِمُ الْأَنبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَقَوْلِهِمْ قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ طَبَعَ اللَّهُ عَلَيْهَا بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا ١٥٥
📖 Гочдар
Аят 155
Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан "тхан дегнаш мужулт (хьарчийна) ду", аьлла, дош бахьанехь /Дала неIалт аьлла царна/. Дала мухIар тоьхна церан /дегнашна/ уьш цатешар бахьанехь. Цхьа Iеззиг берш бен /царах/ тешар болуш бац.
وَبِكُفْرِهِمْ وَقَوْلِهِمْ عَلَىٰ مَرْيَمَ بُهْتَانًا عَظِيمًا ١٥٦
📖 Гочдар
Аят 156
Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямах лаьцна аьлла долу дош – деза-доккха эладита бахьанехь /неIалт аьлла царна/.
وَقَوْلِهِمْ إِنَّا قَتَلْنَا الْمَسِيحَ عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ رَسُولَ اللَّهِ وَمَا قَتَلُوهُ وَمَا صَلَبُوهُ وَلَٰكِن شُبِّهَ لَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ لَفِي شَكٍّ مِّنْهُ ۚ مَا لَهُم بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِلَّا اتِّبَاعَ الظَّنِّ ۚ وَمَا قَتَلُوهُ يَقِينًا ١٥٧
📖 Гочдар
Аят 157
Церан: "Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кIант Делан элча 1ийса", – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тIаьхьахIоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а,
بَل رَّفَعَهُ اللَّهُ إِلَيْهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا ١٥٨
📖 Гочдар
Аят 158
Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
وَإِن مِّنْ أَهْلِ الْكِتَابِ إِلَّا لَيُؤْمِنَنَّ بِهِ قَبْلَ مَوْتِهِ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا ١٥٩
📖 Гочдар
Аят 159
Жайнин охIланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен и валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш.
فَبِظُلْمٍ مِّنَ الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ طَيِّبَاتٍ أُحِلَّتْ لَهُمْ وَبِصَدِّهِمْ عَن سَبِيلِ اللَّهِ كَثِيرًا ١٦٠
📖 Гочдар
Аят 160
Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а.
وَأَخْذِهِمُ الرِّبَا وَقَدْ نُهُوا عَنْهُ وَأَكْلِهِمْ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا ١٦١
📖 Гочдар
Аят 161
Цара риба эцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхни даар бахьанехь а. Царах керстанашна лазош долу Iазап кечдина Оха.
لَّٰكِنِ الرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ مِنْهُمْ وَالْمُؤْمِنُونَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ ۚ وَالْمُقِيمِينَ الصَّلَاةَ ۚ وَالْمُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالْمُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أُولَٰئِكَ سَنُؤْتِيهِمْ أَجْرًا عَظِيمًا ١٦٢
📖 Гочдар
Аят 162
Мухха делахь а, царах кIорга Iилма хууш берш а‚ муъманаш а ийман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (Къуръане)‚ хьол хьалха доьссинчуьнга а‚ ламаз х1оттош а болуш, луш бу закат‚ Делах а‚ эхар (т1аьххьарчу) дийнах а тешаш бу. Царна тIаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял.
۞ إِنَّا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ كَمَا أَوْحَيْنَا إِلَىٰ نُوحٍ وَالنَّبِيِّينَ مِن بَعْدِهِ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَعِيسَىٰ وَأَيُّوبَ وَيُونُسَ وَهَارُونَ وَسُلَيْمَانَ ۚ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا ١٦٣
📖 Гочдар
Аят 163
Баккъалла а, Оха ваьхьий даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тIаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Ваьхьий даийтира Оха ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ ЯIкъубе а‚ ЯIкъубан тIаьхьене а‚ Iийсага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур .
وَرُسُلًا قَدْ قَصَصْنَاهُمْ عَلَيْكَ مِن قَبْلُ وَرُسُلًا لَّمْ نَقْصُصْهُمْ عَلَيْكَ ۚ وَكَلَّمَ اللَّهُ مُوسَىٰ تَكْلِيمًا ١٦٤
📖 Гочдар
Аят 164
Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу а /элчанашка ваьхьий даийтира Оха/. Мусага хабар дийцира Дала /схьадиллинчу/ дийцарца.
رُّسُلًا مُّبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَى اللَّهِ حُجَّةٌ بَعْدَ الرُّسُلِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا ١٦٥
📖 Гочдар
Аят 165
Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ кхерам туьйсуш хилла болчу а /даийтира Оха ваьхьий/ нахана Далла тIехь делил цахилийтархьама элчанел тIаьхьа. Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
لَّٰكِنِ اللَّهُ يَشْهَدُ بِمَا أَنزَلَ إِلَيْكَ ۖ أَنزَلَهُ بِعِلْمِهِ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ يَشْهَدُونَ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا ١٦٦
📖 Гочдар
Аят 166
Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца – Цо доссийна и Шен Iилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш хилар.
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَن سَبِيلِ اللَّهِ قَدْ ضَلُّوا ضَلَالًا بَعِيدًا ١٦٧
📖 Гочдар
Аят 167
Баккъалла а, и цатешнарш‚ Делан новкъара /нах/ юьстахбохуш берш – уьш тилабелла генарчу тиларца.
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَظَلَمُوا لَمْ يَكُنِ اللَّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلَا لِيَهْدِيَهُمْ طَرِيقًا ١٦٨
📖 Гочдар
Аят 168
Баккъалла а, и цатешнарш‚ зулам динарш – ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан /воллуш нийсачу/ новкъа‚
إِلَّا طَرِيقَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا ١٦٩
📖 Гочдар
Аят 169
Жоьжахатин новкъа бен‚ уьш цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта.
يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُمُ الرَّسُولُ بِالْحَقِّ مِن رَّبِّكُمْ فَآمِنُوا خَيْرًا لَّكُمْ ۚ وَإِن تَكْفُرُوا فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا ١٧٠
📖 Гочдар
Аят 170
ХIай нах! Шуьга веана элча бакъонца шун Кхиош-Кхобучуьнгара‚ аш ийман дилла – иза дика ду шуна. Аш керстадахь – Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَا تَغْلُوا فِي دِينِكُمْ وَلَا تَقُولُوا عَلَى اللَّهِ إِلَّا الْحَقَّ ۚ إِنَّمَا الْمَسِيحُ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ رَسُولُ اللَّهِ وَكَلِمَتُهُ أَلْقَاهَا إِلَىٰ مَرْيَمَ وَرُوحٌ مِّنْهُ ۖ فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ ۖ وَلَا تَقُولُوا ثَلَاثَةٌ ۚ انتَهُوا خَيْرًا لَّكُمْ ۚ إِنَّمَا اللَّهُ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ سُبْحَانَهُ أَن يَكُونَ لَهُ وَلَدٌ ۘ لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا ١٧١
📖 Гочдар
Аят 171
ХIай жайнин охIла! Дукха тIех ма довла шайн динехь. Ма āла Далла тIехь бакъдерг бен. Баккъалла а, Масūхь , Марьяман кIант Iийса – Делан элча ву‚ Цуьнан дош ду‚ Цо ша делла хилла долу Марьяме‚ Цуьнгара са а ду – ийман дилла Деле а‚ Цуьнан элчанашка а. Аш ма āла: "Кхоъ ". Совца – шуна дика хир ду. АллахI – цхьа Дела ву‚ цIена ву и Шен доьзалхо хиларх. Цуьнан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кхачо хилла Делаца векал хилар.
لَّن يَسْتَنكِفَ الْمَسِيحُ أَن يَكُونَ عَبْدًا لِّلَّهِ وَلَا الْمَلَائِكَةُ الْمُقَرَّبُونَ ۚ وَمَن يَسْتَنكِفْ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيَسْتَكْبِرْ فَسَيَحْشُرُهُمْ إِلَيْهِ جَمِيعًا ١٧٢
📖 Гочдар
Аят 172
Куралла янне а йийр яцара Масūхьа Делан лай хила‚ герга долчу маликаша а йийр яцара. Цуьнан Iибадатна куралла йинарг, дозалла динарг – тIаккха Шена тIе гулвийр волуш ву Цо массо а.
فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدُهُم مِّن فَضْلِهِ ۖ وَأَمَّا الَّذِينَ اسْتَنكَفُوا وَاسْتَكْبَرُوا فَيُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَلَا يَجِدُونَ لَهُم مِّن دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا ١٧٣
📖 Гочдар
Аят 173
Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна бекхамна лур ю шайн ял‚ Шен комаьршаллица Цо совбохур бу уьш. Амма куралла йинарш а‚ дозалла динарш а – Iазап дийр ду царна лазош долчу Iазапца‚ царна карор вац Дела воцург доладийриг а‚ гIоьнча а.
يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُم بُرْهَانٌ مِّن رَّبِّكُمْ وَأَنزَلْنَا إِلَيْكُمْ نُورًا مُّبِينًا ١٧٤
📖 Гочдар
Аят 174
ХIай нах! Еана шуьга шун Кхиош-Кхобучунгара билгало. Къегина нур доссийна Оха шуьга.
فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَاعْتَصَمُوا بِهِ فَسَيُدْخِلُهُمْ فِي رَحْمَةٍ مِّنْهُ وَفَضْلٍ وَيَهْدِيهِمْ إِلَيْهِ صِرَاطًا مُّسْتَقِيمًا ١٧٥
📖 Гочдар
Аят 175
Деле ийман диллинарш‚ Цуьнца чIагIбелларш – тIаккха кхачор бу Цо уьш Шегара къинхетаме а‚ комаьршалле а‚ нисбийр бу Цо уьш Шена тIе нийсачу новкъа.
يَسْتَفْتُونَكَ قُلِ اللَّهُ يُفْتِيكُمْ فِي الْكَلَالَةِ ۚ إِنِ امْرُؤٌ هَلَكَ لَيْسَ لَهُ وَلَدٌ وَلَهُ أُخْتٌ فَلَهَا نِصْفُ مَا تَرَكَ ۚ وَهُوَ يَرِثُهَا إِن لَّمْ يَكُن لَّهَا وَلَدٌ ۚ فَإِن كَانَتَا اثْنَتَيْنِ فَلَهُمَا الثُّلُثَانِ مِمَّا تَرَكَ ۚ وَإِن كَانُوا إِخْوَةً رِّجَالًا وَنِسَاءً فَلِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنثَيَيْنِ ۗ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ أَن تَضِلُّوا ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ ١٧٦
📖 Гочдар
Аят 176
Хьоьга /х1ай Мухьаммад/ жоп доьхуш бу уьш цхьацца хаттаршна. Ахь āла: "Дала кхетор ду шу шен доьзалхо я да, буха а ца вуьсуш, веллачун хьокъехь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ бухавуьсуш шен доьзалхо а, /да а/ воцуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша – цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриг ирс‚ нагахь санна цуьнан (йишин) доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь – цу шинна, кхо дāкъа дина, ши дāкъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а – боьршачунна шина зудчунна кхочу дāкъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу тила цадалархьама. И Дела массо а хIума хууш ву.
Деша Ан-Нисаъ сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

