Ан-Набаъ сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Ан-Набаъ сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (40 Аят — مكية). Ан-Набаъ ЛадоргӀа, Ан-Набаъ Гочдар, Ан-Набаъ mp3, Ан-Набаъ pdf.

Ан-Набаъ сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
عَمَّ يَتَسَاءَلُونَ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?
عَنِ النَّبَإِ الْعَظِيمِ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Сийлахь-доккхачу хабарх!
الَّذِي هُمْ فِيهِ مُخْتَلِفُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу.
كَلَّا سَيَعْلَمُونَ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
ثُمَّ كَلَّا سَيَعْلَمُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ مِهَادًا ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Оха ца дина латта, мотт хилла ?
وَالْجِبَالَ أَوْتَادًا ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Лаьмнаш, хьостамий хилла?
وَخَلَقْنَاكُمْ أَزْوَاجًا ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Оха кхоьллина шу шишша (боьрша а‚ стен а).
وَجَعَلْنَا نَوْمَكُمْ سُبَاتًا ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Оха хилийтина шун наб, садаIар хилла.
وَجَعَلْنَا اللَّيْلَ لِبَاسًا ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Оха хилийтина буьйса, духар хилла.
وَجَعَلْنَا النَّهَارَ مَعَاشًا ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Оха хилийтина де, дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/
وَبَنَيْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعًا شِدَادًا ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Оха йоьг1на шуна тIехула ворхI чIогIа /стигал/‚
وَجَعَلْنَا سِرَاجًا وَهَّاجًا ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Оха бина т1ех лепаш чиркх (малх).
وَأَنزَلْنَا مِنَ الْمُعْصِرَاتِ مَاءً ثَجَّاجًا ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Оха даийтина Iаьвдаш йолчу мархашна юккъера дуттуш долу хи (догIа).
لِّنُخْرِجَ بِهِ حَبًّا وَنَبَاتًا ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚
وَجَنَّاتٍ أَلْفَافًا ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
луьста бошмаш а.
إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ كَانَ مِيقَاتًا ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.
يَوْمَ يُنفَخُ فِي الصُّورِ فَتَأْتُونَ أَفْوَاجًا ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Оцу дийнахь сур (Исрафил-малико зурма) локхур ю – шу догIур ду тобанашца.
وَفُتِحَتِ السَّمَاءُ فَكَانَتْ أَبْوَابًا ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
ДIаеллира стигал – цунах хилира неIарш.
وَسُيِّرَتِ الْجِبَالُ فَكَانَتْ سَرَابًا ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
ДIадихьира лаьмнаш – /царах/ дисира шаьш хилла сурт .
إِنَّ جَهَنَّمَ كَانَتْ مِرْصَادًا ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Баккъалла а, жоьжахати хилира кIелонна йоьгIна (керстанаш чубахкаре хьоьжуш)‚
لِّلطَّاغِينَ مَآبًا ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
/Делан дозанех/ тIехбевллачарна чугIойла хилла.
لَّابِثِينَ فِيهَا أَحْقَابًا ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха а хенашкахь.
لَّا يَذُوقُونَ فِيهَا بَرْدًا وَلَا شَرَابًا ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Iовшур дац цара цу чохь, шело а‚ малар а,
إِلَّا حَمِيمًا وَغَسَّاقًا ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
лалийна хи а‚ наткъарш бен.
جَزَاءً وِفَاقًا ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
/Царна/ нийсса богIуш бекхам бу /иза/.
إِنَّهُمْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ حِسَابًا ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш диначун/ хьесапе.
وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كِذَّابًا ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Цара харцдора Тхан аяташ т1ех харцдарца.
وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ كِتَابًا ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Массо а хIума дIатергалдина Оха жайница !
فَذُوقُوا فَلَن نَّزِيدَكُمْ إِلَّا عَذَابًا ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Iовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Iазап бен.
إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ مَفَازًا ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.
حَدَائِقَ وَأَعْنَابًا ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.
وَكَوَاعِبَ أَتْرَابًا ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
/Царна/ накхош горга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.
وَكَأْسًا دِهَاقًا ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.
لَّا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا كِذَّابًا ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Царна хезар дац цу чохь даьсса хабар а‚ харцдерг а.
جَزَاءً مِّن رَّبِّكَ عَطَاءً حِسَابًا ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-Кхобучуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла,
رَّبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الرَّحْمَٰنِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِنْهُ خِطَابًا ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Стигалийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара. Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара.
يَوْمَ يَقُومُ الرُّوحُ وَالْمَلَائِكَةُ صَفًّا ۖ لَّا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَٰنُ وَقَالَ صَوَابًا ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Оцу дийнахь д1ахIуттур ду Са а‚ маликаш а могIарехь. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен – цо а эр ду бакъдерг.
ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الْحَقُّ ۖ فَمَن شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ مَآبًا ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
40. Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Iазапца – оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга ‚ эр ду керстано : "Эх1! Сох хилла белхьара поппар /-ан чан/! "
إِنَّا أَنذَرْنَاكُمْ عَذَابًا قَرِيبًا يَوْمَ يَنظُرُ الْمَرْءُ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ وَيَقُولُ الْكَافِرُ يَا لَيْتَنِي كُنتُ تُرَابًا ۝٤٠
← 77 Ан-Набаъ (78/114) 79 →
Деша Ан-Набаъ сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

78النبأ An-Naba 📚 40 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers