Аль-Мульк сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Мульк сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (30 Аят — مكية). Аль-Мульк ЛадоргӀа, Аль-Мульк Гочдар, Аль-Мульк mp3, Аль-Мульк pdf.

Аль-Мульк сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
تَبَارَكَ الَّذِي بِيَدِهِ الْمُلْكُ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу.
الَّذِي خَلَقَ الْمَوْتَ وَالْحَيَاةَ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْغَفُورُ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вунō диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ т1ех гечдийриг а.
الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا ۖ مَّا تَرَىٰ فِي خَلْقِ الرَّحْمَٰنِ مِن تَفَاوُتٍ ۖ فَارْجِعِ الْبَصَرَ هَلْ تَرَىٰ مِن فُطُورٍ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна /х1ай адам/ гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гой хьуна цхьа а яьдда меттиг?
ثُمَّ ارْجِعِ الْبَصَرَ كَرَّتَيْنِ يَنقَلِبْ إِلَيْكَ الْبَصَرُ خَاسِئًا وَهُوَ حَسِيرٌ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг – хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ ша гIелделла долуш (Дала кхоьллинчу х1уманашкахь цхьа а цхьаьнацадар ца карош).
وَلَقَدْ زَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَجَعَلْنَاهَا رُجُومًا لِّلشَّيَاطِينِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابَ السَّعِيرِ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Оха хазйина дуьненан стигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш . Оха кечдина царна (шайтIанашна) егачу цIеран Iазап.
وَلِلَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Шаьш Кхиош-Кхобучух (Делах) цатешначарна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
إِذَا أُلْقُوا فِيهَا سَمِعُوا لَهَا شَهِيقًا وَهِيَ تَفُورُ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Шаьш цу чу кхиссича, царна хезар ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш,
تَكَادُ تَمَيَّزُ مِنَ الْغَيْظِ ۖ كُلَّمَا أُلْقِيَ فِيهَا فَوْجٌ سَأَلَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَذِيرٌ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош диначеран/ толгIа (тоба) моссаза кхоьссича а, цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: "Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?" – аьлла.
قَالُوا بَلَىٰ قَدْ جَاءَنَا نَذِيرٌ فَكَذَّبْنَا وَقُلْنَا مَا نَزَّلَ اللَّهُ مِن شَيْءٍ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ كَبِيرٍ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Цара эр ду: "ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча – оха иза харцвира‚ оха элира: "Дала хIумма а ца доссора‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь".
وَقَالُوا لَوْ كُنَّا نَسْمَعُ أَوْ نَعْقِلُ مَا كُنَّا فِي أَصْحَابِ السَّعِيرِ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Цара эр ду: "Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла йеш а – тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь".
فَاعْتَرَفُوا بِذَنبِهِمْ فَسُحْقًا لِّأَصْحَابِ السَّعِيرِ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай!
إِنَّ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُم بِالْغَيْبِ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Баккъалла а, шайна гуш воццушехь, шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш – царна ду гечдар а‚ йоккха ял.
وَأَسِرُّوا قَوْلَكُمْ أَوِ اجْهَرُوا بِهِ ۖ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Къайладаккха шайн дош, я гучудаккха иза – баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
أَلَا يَعْلَمُ مَنْ خَلَقَ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Ткъа ца хаьа Цунна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов дика кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а.
هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ ذَلُولًا فَامْشُوا فِي مَنَاكِبِهَا وَكُلُوا مِن رِّزْقِهِ ۖ وَإِلَيْهِ النُّشُورُ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Иза ву шуна латта кIеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хIай нах/ цуьнан агIонашкахула, даа цуьнан рицкъанах (Дала лаьттахь делла ниIматаш хьанал къахьегарца). – Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовттар.
أَأَمِنتُم مَّن فِي السَّمَاءِ أَن يَخْسِفَ بِكُمُ الْأَرْضَ فَإِذَا هِيَ تَمُورُ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Шу тешна дуй /хIай Далла инкарло йеш берш/ стигалахь Волчух, Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла, т1аккха и /латта/ детталуш?
أَمْ أَمِنتُم مَّن فِي السَّمَاءِ أَن يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ كَيْفَ نَذِيرِ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Я шу тешна дуй стигалахь Волчух, Цо шайна боуьйтур бац аьлла тIулгех /буьзна/ чIогIа мох? ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муха бу Сан кхерам.
وَلَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Харц ма бира /элчанаш/ царал хьалха хиллачара а – муха хилира /царна/ Сан инкарло! (Ма ирча хилира Сан Iазап!).
أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ فَوْقَهُمْ صَافَّاتٍ وَيَقْبِضْنَ ۚ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا الرَّحْمَٰنُ ۚ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ بَصِيرٌ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Царна ца гира олхазарш , шайна тIехула лелаш долу – /шайн тIемаш/ даржадеш‚ тIаккха тIегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо а хIума гуш верг.
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ جُندٌ لَّكُمْ يَنصُرُكُم مِّن دُونِ الرَّحْمَٰنِ ۚ إِنِ الْكَافِرُونَ إِلَّا فِي غُرُورٍ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Мила ву, и шуна бIо хилла, гIо дийр дерг ша сов къинхетаме волчу Делан Iазап духатоха? Цатешнарш ма бац Iехабаларгахь бен.
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي يَرْزُقُكُمْ إِنْ أَمْسَكَ رِزْقَهُ ۚ بَل لَّجُّوا فِي عُتُوٍّ وَنُفُورٍ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Мила ву иза шуна рицкъ лун дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХIетте а‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ генабевлла уьш!
أَفَمَن يَمْشِي مُكِبًّا عَلَىٰ وَجْهِهِ أَهْدَىٰ أَمَّن يَمْشِي سَوِيًّا عَلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Ткъа шен юьхьа тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву?
قُلْ هُوَ الَّذِي أَنشَأَكُمْ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۖ قَلِيلًا مَّا تَشْكُرُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Иза ву шу кхиийнарг а‚ шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!"
قُلْ هُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Ахь āла: "Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу".
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Цара олу: "Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?"
قُلْ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِندَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُّبِينٌ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Ахь āла /х1ай элча/: "Iилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу кхерамча ву".
فَلَمَّا رَأَوْهُ زُلْفَةً سِيئَتْ وُجُوهُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَقِيلَ هَٰذَا الَّذِي كُنتُم بِهِ تَدَّعُونَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Иза шайна гича гергахь‚ цатешначеран яххьаш эрчаевлира‚ /цаьрга/ элира /маликаша, бехк боккхуш/: "ХIара ду иза аш /дуьненахь долуш/ ша лоьхуш хилларг!"
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَهْلَكَنِيَ اللَّهُ وَمَن مَّعِيَ أَوْ رَحِمَنَا فَمَن يُجِيرُ الْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Ахь āла: "Гой шуна‚ со Дала хIаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхох къинхетам бича‚ хьан кIелхьарбохур бу цатешнарш лазош долчу Iазапах?"
قُلْ هُوَ الرَّحْمَٰنُ آمَنَّا بِهِ وَعَلَيْهِ تَوَكَّلْنَا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Ахь āла: "Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга ийман диллина оха‚ Цунна тIе а тевжина. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву ган а гуш долчу тиларчохь".
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَصْبَحَ مَاؤُكُمْ غَوْرًا فَمَن يَأْتِيكُم بِمَاءٍ مَّعِينٍ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Ахь āла: "Гой шуна‚ и шун хи 1уьйренца лекъча‚ хьан лур ду шуна оьхуш долу хьастан хи?"
← 66 Аль-Мульк (67/114) 68 →
Деша Аль-Мульк сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

67الملك Al-Mulk 📚 30 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers