Йа Син сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Йа Син сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (83 Аят — مكية). Йа Син ЛадоргӀа, Йа Син Гочдар, Йа Син mp3, Йа Син pdf.

Йа Син сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
يس ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Йа сūн .
وَالْقُرْآنِ الْحَكِيمِ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Шена чохь /дерриг/ хьекъалалла долчу Къуръанах дуй боу Ас:
إِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
баккъалла а, хьо ма ву бахкийтинчарах (цхьа элча)
عَلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
нийсачу новкъахь.
تَنزِيلَ الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Ша веза а‚ къинхетаме а волчуьнгара доссийна ду иза (Къуръан)‚
لِتُنذِرَ قَوْمًا مَّا أُنذِرَ آبَاؤُهُمْ فَهُمْ غَافِلُونَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла – уьш тидамбоцуш хилла (Делан дин ца девзаш).
لَقَدْ حَقَّ الْقَوْلُ عَلَىٰ أَكْثَرِهِمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Царах дукхахболчарна тIехь дош бакъхилла – цара /ахь деъначуьнга, х1ай Мухьаммад/ ийман дуьллур дац.
إِنَّا جَعَلْنَا فِي أَعْنَاقِهِمْ أَغْلَالًا فَهِيَ إِلَى الْأَذْقَانِ فَهُم مُّقْمَحُونَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Церан логех Оха буржалш -г1оматаш тоьхна‚ уьш чIенигех кхаьчна, – церан кортош ирх айабелла .
وَجَعَلْنَا مِن بَيْنِ أَيْدِيهِمْ سَدًّا وَمِنْ خَلْفِهِمْ سَدًّا فَأَغْشَيْنَاهُمْ فَهُمْ لَا يُبْصِرُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргашна хьалха кирхьа диллина Оха – уьш гуш ма бац.
وَسَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَأَنذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Царна цхьатерра ду: ахь хьехам бича а‚ ца бича а – уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/.
إِنَّمَا تُنذِرُ مَنِ اتَّبَعَ الذِّكْرَ وَخَشِيَ الرَّحْمَٰنَ بِالْغَيْبِ ۖ فَبَشِّرْهُ بِمَغْفِرَةٍ وَأَجْرٍ كَرِيمٍ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Баккъалла а, ахь хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух (Делах) кхоьруш волчунна. Ахь цуьнга кхаъ баккха цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а.
إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي الْمَوْتَىٰ وَنَكْتُبُ مَا قَدَّمُوا وَآثَارَهُمْ ۚ وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ فِي إِمَامٍ مُّبِينٍ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIаяз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо а хIума дIанис ма дина Оха билгалчу жайни чохь.
وَاضْرِبْ لَهُم مَّثَلًا أَصْحَابَ الْقَرْيَةِ إِذْ جَاءَهَا الْمُرْسَلُونَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш.
إِذْ أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمُ اثْنَيْنِ فَكَذَّبُوهُمَا فَعَزَّزْنَا بِثَالِثٍ فَقَالُوا إِنَّا إِلَيْكُم مُّرْسَلُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Оха вахийтинера цаьрга шиъ – цара и шиъ ший а харцвира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду".
قَالُوا مَا أَنتُمْ إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُنَا وَمَا أَنزَلَ الرَّحْمَٰنُ مِن شَيْءٍ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا تَكْذِبُونَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Цара (юьртарчу наха) элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанна хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу – шу харцлуьйш ма ду".
قَالُوا رَبُّنَا يَعْلَمُ إِنَّا إِلَيْكُمْ لَمُرْسَلُونَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Цара (элчанаша) элира: "Вайн Кхиош-Кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга дахкийтина элчанаш дуйла.
وَمَا عَلَيْنَا إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Тхуна тIехь-м дац билгалдерг дIакхачор бен".
قَالُوا إِنَّا تَطَيَّرْنَا بِكُمْ ۖ لَئِن لَّمْ تَنتَهُوا لَنَرْجُمَنَّكُمْ وَلَيَمَسَّنَّكُم مِّنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Цара (юьртарчу наха) элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма ду шу".
قَالُوا طَائِرُكُم مَّعَكُمْ ۚ أَئِن ذُكِّرْتُم ۚ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ مُّسْرِفُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аш тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам (дуккха кIоргадахна шу къинош дарехь)".
وَجَاءَ مِنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ رَجُلٌ يَسْعَىٰ قَالَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُوا الْمُرْسَلِينَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
ГIалина йистера ведда цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна.
اتَّبِعُوا مَن لَّا يَسْأَلُكُمْ أَجْرًا وَهُم مُّهْتَدُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчарна – уьш нийсачу новкъахь ма бу.
وَمَا لِيَ لَا أَعْبُدُ الَّذِي فَطَرَنِي وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Ас хIунда ца до Iибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?
أَأَتَّخِذُ مِن دُونِهِ آلِهَةً إِن يُرِدْنِ الرَّحْمَٰنُ بِضُرٍّ لَّا تُغْنِ عَنِّي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا وَلَا يُنقِذُونِ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Иза а вуьтий‚ кхин деланаш тIелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьарвоккхур ма вацара /Делан Iазапах/.
إِنِّي إِذًا لَّفِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Ган а гуш долчу тиларчохь хир ма вара со тIаккха.
إِنِّي آمَنتُ بِرَبِّكُمْ فَاسْمَعُونِ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-Кхобучуьнга, соьга ладогIа…"
قِيلَ ادْخُلِ الْجَنَّةَ ۖ قَالَ يَا لَيْتَ قَوْمِي يَعْلَمُونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
/Маликаша/ элира: "Ялсамане гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх
بِمَا غَفَرَ لِي رَبِّي وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُكْرَمِينَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
суна сайн Кхиош-Кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахь болчарах хилийтар а".
۞ وَمَا أَنزَلْنَا عَلَىٰ قَوْمِهِ مِن بَعْدِهِ مِن جُندٍ مِّنَ السَّمَاءِ وَمَا كُنَّا مُنزِلِينَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Цул тIаьхьа цуьнан къомана тIе стигалара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьйтурш ца хилира Тхо .
إِن كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ خَامِدُونَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира – уьш /чим хилла/ дIатийна бисира.
يَا حَسْرَةً عَلَى الْعِبَادِ ۚ مَا يَأْتِيهِم مِّن رَّسُولٍ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веана-кх цаьрга, и цара хьийзавеш бен.
أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّنَ الْقُرُونِ أَنَّهُمْ إِلَيْهِمْ لَا يَرْجِعُونَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Царна ца гина техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ уьш царна тIе юхабоьрзур ма бац.
وَإِن كُلٌّ لَّمَّا جَمِيعٌ لَّدَيْنَا مُحْضَرُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Массо а цхьаьна Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу.
وَآيَةٌ لَّهُمُ الْأَرْضُ الْمَيْتَةُ أَحْيَيْنَاهَا وَأَخْرَجْنَا مِنْهَا حَبًّا فَمِنْهُ يَأْكُلُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Билгала делил ма дуй царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цунах Оха буьртигаш а схьадаьхна – царах цара кхача боу.
وَجَعَلْنَا فِيهَا جَنَّاتٍ مِّن نَّخِيلٍ وَأَعْنَابٍ وَفَجَّرْنَا فِيهَا مِنَ الْعُيُونِ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Цунна тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттийна. Цунах Оха шовданаш а даьхна –
لِيَأْكُلُوا مِن ثَمَرِهِ وَمَا عَمِلَتْهُ أَيْدِيهِمْ ۖ أَفَلَا يَشْكُرُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
цаьрга цуьнан стоьмаш баийта – церан куьйгаша ца дина иза. Баркалла хIунда ца олу цара?
سُبْحَانَ الَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا مِمَّا تُنبِتُ الْأَرْضُ وَمِنْ أَنفُسِهِمْ وَمِمَّا لَا يَعْلَمُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Ц1ена ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Ша массо а хIума боьрша а‚ стен а кхоьллина волу: лаьтто схьадолуьйтуш дерг а‚ уьш шаьш а‚ царна цахуург а.
وَآيَةٌ لَّهُمُ اللَّيْلُ نَسْلَخُ مِنْهُ النَّهَارَ فَإِذَا هُم مُّظْلِمُونَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Билгала делил ду царна буьйса: цунах де схьадоккху Оха‚ т1аккха уьш боданехь буьсуш.
وَالشَّمْسُ تَجْرِي لِمُسْتَقَرٍّ لَّهَا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Малх а дIалела шена хIоттийначу меттиге – Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза.
وَالْقَمَرَ قَدَّرْنَاهُ مَنَازِلَ حَتَّىٰ عَادَ كَالْعُرْجُونِ الْقَدِيمِ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь – дIабоьрзуш хурманан ширчу гаьннах тарлой.
لَا الشَّمْسُ يَنبَغِي لَهَا أَن تُدْرِكَ الْقَمَرَ وَلَا اللَّيْلُ سَابِقُ النَّهَارِ ۚ وَكُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу – массо а шен-шен меттехь нека деш ю .
وَآيَةٌ لَّهُمْ أَنَّا حَمَلْنَا ذُرِّيَّتَهُمْ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу /Нухьан/ кеманна тIехь д1асалелийна хилар .
وَخَلَقْنَا لَهُم مِّن مِّثْلِهِ مَا يَرْكَبُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Цунах тера кхоьллира Оха царна тIехаа хIуманаш а.
وَإِن نَّشَأْ نُغْرِقْهُمْ فَلَا صَرِيخَ لَهُمْ وَلَا هُمْ يُنقَذُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ – ма хир дацара царна орца‚ ма кIелхьарбохур бацара уьш
إِلَّا رَحْمَةً مِّنَّا وَمَتَاعًا إِلَىٰ حِينٍ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّقُوا مَا بَيْنَ أَيْدِيكُمْ وَمَا خَلْفَكُمْ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Цаьрга аьлча: "Шу кхералаш шул хьалха хиллачух а‚ шул тIаьхьа хир долчух а – шух къинхетам бан там бара" /уьш дIабоьрзу/.
وَمَا تَأْتِيهِم مِّنْ آيَةٍ مِّنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Делан аятех цхьа а аят ца догIу цаьрга‚ уьш цунах /ца тешаш/ дIабоьрзуш бен.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ أَنفِقُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنُطْعِمُ مَن لَّوْ يَشَاءُ اللَّهُ أَطْعَمَهُ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Цаьрга аьлча: "Саг1а ло /мискачарна / Дала шайна деллачу рицкъанах," цатешачара олу ийман диллинчарах: "Оха хIунда кхобу уьш? Дала, Шена лаахь, Ша кхобур бу‚ ган а гуш тиларчохь ду-кх шу" .
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
/ТIаккха/ цара олу: "Маца хир ду аш дуьйцург, шу бакълуьйш хиллехь?"
مَا يَنظُرُونَ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً تَأْخُذُهُمْ وَهُمْ يَخِصِّمُونَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Хьоьжуш лаьттар бац уьш – беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоцур бу уьш, шаьш лаьтташехь къуьйсуш.
فَلَا يَسْتَطِيعُونَ تَوْصِيَةً وَلَا إِلَىٰ أَهْلِهِمْ يَرْجِعُونَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Весет дан а ницкъ кхочур бац церан‚ шайн нахана тIе юхабоьрзур а бац уьш.
وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَإِذَا هُم مِّنَ الْأَجْدَاثِ إِلَىٰ رَبِّهِمْ يَنسِلُونَ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Сур локхур ю – уьш кешнашкара шайн Кхиош-Кхобучунна тIе сихлур бу.
قَالُوا يَا وَيْلَنَا مَن بَعَثَنَا مِن مَّرْقَدِنَا ۜ ۗ هَٰذَا مَا وَعَدَ الرَّحْمَٰنُ وَصَدَقَ الْمُرْسَلُونَ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Цара аьр ду : "Ма боккха бала беана вайна! Хьан гIовттийна те вай‚ дийшина Iохкучуьра?!" /Маликаша я муъма наха эр ду/: "ХIара ду шуна Къинхетам болчо хир ду аьлларг. Бакълийна элчанаш".
إِن كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ جَمِيعٌ لَّدَيْنَا مُحْضَرُونَ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла – уьш берриге а Тхуна хьалха дIатарбелла.
فَالْيَوْمَ لَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا وَلَا تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
Тахана синна цхьанна а хIуманца зулам дийр ма дац‚ аш йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац.
إِنَّ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ الْيَوْمَ فِي شُغُلٍ فَاكِهُونَ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу.
هُمْ وَأَزْوَاجُهُمْ فِي ظِلَالٍ عَلَى الْأَرَائِكِ مُتَّكِئُونَ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Уьш а‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна т1ехь д1атевжина хир ма бу.
لَهُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ وَلَهُم مَّا يَدَّعُونَ ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю.
سَلَامٌ قَوْلًا مِّن رَّبٍّ رَّحِيمٍ ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
"Салам!" – олуш, маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера.
وَامْتَازُوا الْيَوْمَ أَيُّهَا الْمُجْرِمُونَ ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!
۞ أَلَمْ أَعْهَدْ إِلَيْكُمْ يَا بَنِي آدَمَ أَن لَّا تَعْبُدُوا الشَّيْطَانَ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
Ас шуьга ца аьллера ткъа: "ХIай Āдаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш – иза шуна билгала мостагI ма дуй?
وَأَنِ اعْبُدُونِي ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
Суна Iибадат дейша – хIара бу нийса некъ!"
وَلَقَدْ أَضَلَّ مِنكُمْ جِبِلًّا كَثِيرًا ۖ أَفَلَمْ تَكُونُوا تَعْقِلُونَ ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
Шух йоккха тоба тилийна даьлла и! – Шу ца хили-кх хьекъале?!
هَٰذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي كُنتُمْ تُوعَدُونَ ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна аьлла, хьехийнарг!
اصْلَوْهَا الْيَوْمَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
Iовша цуьнан йовхо тахана – шаьш ца тешаш хиларна!
الْيَوْمَ نَخْتِمُ عَلَىٰ أَفْوَاهِهِمْ وَتُكَلِّمُنَا أَيْدِيهِمْ وَتَشْهَدُ أَرْجُلُهُم بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
Тахана Оха церан баганашна мухIар тухур ма ду ‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ цара /дуьненахь/ карадеш хиллачунна когаша тешалла дийр ма ду.
وَلَوْ نَشَاءُ لَطَمَسْنَا عَلَىٰ أَعْيُنِهِمْ فَاسْتَبَقُوا الصِّرَاطَ فَأَنَّىٰ يُبْصِرُونَ ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
Тхуна лиънехьара, бIаьрса дехьна уьш буьтур бара‚ новкъах тилла бисинчу, царна мичара гур дара?
وَلَوْ نَشَاءُ لَمَسَخْنَاهُمْ عَلَىٰ مَكَانَتِهِمْ فَمَا اسْتَطَاعُوا مُضِيًّا وَلَا يَرْجِعُونَ ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
Я Тхуна лиънехьара, шайн меттигехь куьцаш хуьйцур ма дара церан – дIабахалур ма бацара уьш‚ юхабоьрзур а ма бацара уьш.
وَمَن نُّعَمِّرْهُ نُنَكِّسْهُ فِي الْخَلْقِ ۖ أَفَلَا يَعْقِلُونَ ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
Оха вāха витинарг къаналле д1аверзаво, уьш хьекъале ца хуьлу те?!
وَمَا عَلَّمْنَاهُ الشِّعْرَ وَمَا يَنبَغِي لَهُ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ وَقُرْآنٌ مُّبِينٌ ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
Ца Iамийна Оха цунна (Мухьаммад-пайхамарна) байташ – и дан цо там а ма бацара: иза хьехам а, /хIуманаш/ билгалдоху Къуръан а ма ду‚
لِّيُنذِرَ مَن كَانَ حَيًّا وَيَحِقَّ الْقَوْلُ عَلَى الْكَافِرِينَ ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначарна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта.
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا خَلَقْنَا لَهُم مِّمَّا عَمِلَتْ أَيْدِينَا أَنْعَامًا فَهُمْ لَهَا مَالِكُونَ ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Царна ца гина техьа Оха шайна Тхан куьйгаша динчух даьхни кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина?
وَذَلَّلْنَاهَا لَهُمْ فَمِنْهَا رَكُوبُهُمْ وَمِنْهَا يَأْكُلُونَ ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
Оха уьш царна муьтIахь дина : царах уьш тIехуьйшурш а ду‚ царах цара даа а доу.
وَلَهُمْ فِيهَا مَنَافِعُ وَمَشَارِبُ ۖ أَفَلَا يَشْكُرُونَ ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
Царна цаьргахь пайданаш а‚ маларш а ду – баркалла хIунда ца олу цара?!
وَاتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لَّعَلَّهُمْ يُنصَرُونَ ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
АллахI-Дела а витина, кхин деланаш лаьцна – шайна гIо хир ду моьттуш.
لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَهُمْ وَهُمْ لَهُمْ جُندٌ مُّحْضَرُونَ ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
Хир дац царна цаьргахула гIо – ма бу уьш царна дIахIоттийна бIо !
فَلَا يَحْزُنكَ قَوْلُهُمْ ۘ إِنَّا نَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Церан дашо сингаттаме ма войла хьо. Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а.
أَوَلَمْ يَرَ الْإِنسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِن نُّطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُّبِينٌ ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Адамна ца гина те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах ? – билгала мостагI хили-кх цунах !
وَضَرَبَ لَنَا مَثَلًا وَنَسِيَ خَلْقَهُ ۖ قَالَ مَن يُحْيِي الْعِظَامَ وَهِيَ رَمِيمٌ ۝٧٨
📖 Гочдар Аят 78
Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: "Хьан денйийр ю даьIахкаш, уьш яхкаелча?"
قُلْ يُحْيِيهَا الَّذِي أَنشَأَهَا أَوَّلَ مَرَّةٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ خَلْقٍ عَلِيمٌ ۝٧٩
📖 Гочдар Аят 79
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Денйийр ю уьш шаьш дуьххьара кхоьллинчо – Иза массо а хIума кхолла Ша хууш ма ву.
الَّذِي جَعَلَ لَكُم مِّنَ الشَّجَرِ الْأَخْضَرِ نَارًا فَإِذَا أَنتُم مِّنْهُ تُوقِدُونَ ۝٨٠
📖 Гочдар Аят 80
Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ аш цунах лата а йеш".
أَوَلَيْسَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَن يَخْلُقَ مِثْلَهُم ۚ بَلَىٰ وَهُوَ الْخَلَّاقُ الْعَلِيمُ ۝٨١
📖 Гочдар Аят 81
Ткъа стигалш а‚ латта а Ша кхоллинчунна ницкъ ца кхочу и саннарг юхакхолла?! Кхочу!!! И ша хууш волу сов дика Кхоллархо ма ву!
إِنَّمَا أَمْرُهُ إِذَا أَرَادَ شَيْئًا أَن يَقُولَ لَهُ كُن فَيَكُونُ ۝٨٢
📖 Гочдар Аят 82
Цуьнан гIуллакх ду, Шена цхьа хIума лиъча, цуьнга "Хила!" āлар – т1аккха иза хуьлу.
فَسُبْحَانَ الَّذِي بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ۝٨٣
📖 Гочдар Аят 83
Ц1ена ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена тIе дIадерзор долу.
← 35 Йа Син (36/114) 37 →
Деша Йа Син сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

36يس Yasin 📚 83 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers