Ад-Духан сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Ад-Духан сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (59 Аят — مكية). Ад-Духан ЛадоргӀа, Ад-Духан Гочдар, Ад-Духан mp3, Ад-Духан pdf.Ад-Духан сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
/Хьарам-хьанал/ билгалдоккхучу жайних (Къуръанах) дуй боу Ас.
إِنَّا أَنزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةٍ مُّبَارَكَةٍ ۚ إِنَّا كُنَّا مُنذِرِينَ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Баккъалла а, Оха доссийна иза беркате йолчу буса . Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/.
فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Цу чохь (цу беркате буса) къастадо массо а шеца хьекъалалла долу гIуллакх.
أَمْرًا مِّنْ عِندِنَا ۚ إِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Тхан агIорхьара /деза мел долу/ г1уллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш/Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/,
رَحْمَةً مِّن رَّبِّكَ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Къинхетам а хилла хьан Кхиош-Кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِن كُنتُم مُّوقِنِينَ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /ч1ог1а/ тешаш хиллехь.
لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-Кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-Кхобург ву Иза.
فَارْتَقِبْ يَوْمَ تَأْتِي السَّمَاءُ بِدُخَانٍ مُّبِينٍ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Ахь тергалде стигло билгала кIур бахьар болу де.
يَغْشَى النَّاسَ ۖ هَٰذَا عَذَابٌ أَلِيمٌ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Нах д1ахьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду".
رَّبَّنَا اكْشِفْ عَنَّا الْعَذَابَ إِنَّا مُؤْمِنُونَ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
"Тхан Кхиош-Кхобург‚ айдехьа тхуна тIера хIара Iазап, /т1аккха/ баккъалла а, оха ийман дуьллур ду-кх /Хьан элчане/".
أَنَّىٰ لَهُمُ الذِّكْرَىٰ وَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مُّبِينٌ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Муха хир бу царна хьехам ? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча /Мухьаммад/.
ثُمَّ تَوَلَّوْا عَنْهُ وَقَالُوا مُعَلَّمٌ مَّجْنُونٌ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Iамийнарг ву /хIара Мухьаммад /".
إِنَّا كَاشِفُو الْعَذَابِ قَلِيلًا ۚ إِنَّكُمْ عَائِدُونَ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна т1ера/ Iазап кIеззиг – /гур шуна:/ шу юха а тIедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/.
يَوْمَ نَبْطِشُ الْبَطْشَةَ الْكُبْرَىٰ إِنَّا مُنتَقِمُونَ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур долчу дийнахь – баккъалла а, Оха чIир оьцур ю.
۞ وَلَقَدْ فَتَنَّا قَبْلَهُمْ قَوْمَ فِرْعَوْنَ وَجَاءَهُمْ رَسُولٌ كَرِيمٌ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам – цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса).
أَنْ أَدُّوا إِلَيَّ عِبَادَ اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
"ДIало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
وَأَن لَّا تَعْلُوا عَلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي آتِيكُم بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Хьаладовла (курадовла) ма гIерта Далла‚ баккъалла а, ас лур ду шуна билгала долу делил.
وَإِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ أَن تَرْجُمُونِ ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-Кхобучуьнца‚ шун Кхиош-Кхобучуьнца аш суна тIулгаш деттарх (аш со верах).
وَإِن لَّمْ تُؤْمِنُوا لِي فَاعْتَزِلُونِ ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Шу сох ца тешахь‚ со вита /бохам ца беш/".
فَدَعَا رَبَّهُ أَنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ مُّجْرِمُونَ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
/ТIаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-Кхобучуьнга кхийкхира: "ХIара къам къинош деш ма ду"‚ /аьлла/.
فَأَسْرِ بِعِبَادِي لَيْلًا إِنَّكُم مُّتَّبَعُونَ ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
/ТIаккха элира Дала/: "ДIагIо сан лешца (Исраилан кIенташца) буса‚ баккъалла а, шуна т1аьхьабевр бу хьуна /Фир1авн а, цуьнан эскар а/.
وَاتْرُكِ الْبَحْرَ رَهْوًا ۖ إِنَّهُمْ جُندٌ مُّغْرَقُونَ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
ХIорд бекъабеллачохь бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ бухагIур долу эскар ма ду".
كَمْ تَرَكُوا مِن جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚
وَنَعْمَةٍ كَانُوا فِيهَا فَاكِهِينَ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а!
كَذَٰلِكَ ۖ وَأَوْرَثْنَاهَا قَوْمًا آخَرِينَ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Иштта /хилира церан чаккхе/. Оха уьш ирсана дIаделира кхечу къомана.
فَمَا بَكَتْ عَلَيْهِمُ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ وَمَا كَانُوا مُنظَرِينَ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца теттира уьш /Iазапах/.
وَلَقَدْ نَجَّيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنَ الْعَذَابِ الْمُهِينِ ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
Оха кIелхьарбехира Исраилан кIентий сийсазчу Iазапах‚
مِن فِرْعَوْنَ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَالِيًا مِّنَ الْمُسْرِفِينَ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарах.
وَلَقَدِ اخْتَرْنَاهُمْ عَلَىٰ عِلْمٍ عَلَى الْعَالَمِينَ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Оха уьш (Исраилан кIентий) хаьржира Iилманца /массо а/ Iаламел.
وَآتَيْنَاهُم مِّنَ الْآيَاتِ مَا فِيهِ بَلَاءٌ مُّبِينٌ ٣٣
📖 Гочдар
Аят 33
Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а.
إِنْ هِيَ إِلَّا مَوْتَتُنَا الْأُولَىٰ وَمَا نَحْنُ بِمُنشَرِينَ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
"вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гIиттор дац /деллачул тIаьхьа/.
فَأْتُوا بِآبَائِنَا إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь".
أَهُمْ خَيْرٌ أَمْ قَوْمُ تُبَّعٍ وَالَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ أَهْلَكْنَاهُمْ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا مُجْرِمِينَ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Уьш дика бу, я ТуббаIан къам а‚ царал хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира.
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Оха ловзуш /долчу хьолехь/ ца кхоьллина стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а.
مَا خَلَقْنَاهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ مِيقَاتُهُمْ أَجْمَعِينَ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Баккъалла а, къасторан де – царна массарна а хан тоьхна ма ду.
يَوْمَ لَا يُغْنِي مَوْلًى عَن مَّوْلًى شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Оцу дийнахь гергарчо духатухур дац гергарчух /1азапах/ хIумма а‚ царна гIо дийр ма дац
إِلَّا مَن رَّحِمَ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Дала шех къинхетам биначунна бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
كَالْمُهْلِ يَغْلِي فِي الْبُطُونِ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь ‚
خُذُوهُ فَاعْتِلُوهُ إِلَىٰ سَوَاءِ الْجَحِيمِ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
/Мохь хир бу/: "Схьалаца иза ‚ дIакхосса иза жоьжахатина юккъе.
ثُمَّ صُبُّوا فَوْقَ رَأْسِهِ مِنْ عَذَابِ الْحَمِيمِ ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
ДIадотта цуьнан коьртана тIехула ц1ийдинчу хин Iазап".
ذُقْ إِنَّكَ أَنتَ الْعَزِيزُ الْكَرِيمُ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
"Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/.
إِنَّ هَٰذَا مَا كُنتُم بِهِ تَمْتَرُونَ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Баккъалла а, хIара ду аш шегахь шеко йеш хилларг" .
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي مَقَامٍ أَمِينٍ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – тешамечу меттигехь хир бу.
يَلْبَسُونَ مِن سُندُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُّتَقَابِلِينَ ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуьттуш.
كَذَٰلِكَ وَزَوَّجْنَاهُم بِحُورٍ عِينٍ ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
Иштта Оха бāлор бу царна хаза бIаьргаш берш.
يَدْعُونَ فِيهَا بِكُلِّ فَاكِهَةٍ آمِنِينَ ٥٥
📖 Гочдар
Аят 55
Кхойкхур ду цара хIора стоьме , /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш.
لَا يَذُوقُونَ فِيهَا الْمَوْتَ إِلَّا الْمَوْتَةَ الْأُولَىٰ ۖ وَوَقَاهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ ٥٦
📖 Гочдар
Аят 56
Цу чохь валар Iовшур дац цара дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург – Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах
فَضْلًا مِّن رَّبِّكَ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ ٥٧
📖 Гочдар
Аят 57
Хьан Кхиош – Кхобучуьнгара комаьршаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам.
فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ ٥٨
📖 Гочдар
Аят 58
Баккъалла а, Оха атта дина иза /Къуръан/ – хьан маттахь а долуш – уьш кхетар бацаре те.
فَارْتَقِبْ إِنَّهُم مُّرْتَقِبُونَ ٥٩
📖 Гочдар
Аят 59
Хьо хьажа /хIай Мухьаммад, царах хIун кхиар ду/, уьш а хьовсуш бу /хьо хIаллакхиларе - тIаьхьа хуур ду, хьан хир ду гIо дуьненахь а эхартахь а/.
Деша Ад-Духан сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

