Аль-Хьуджурат сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Аль-Хьуджурат сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (18 Аят — مدنية). Аль-Хьуджурат ЛадоргӀа, Аль-Хьуджурат Гочдар, Аль-Хьуджурат mp3, Аль-Хьуджурат pdf.Аль-Хьуджурат сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيِ اللَّهِ وَرَسُولِهِ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ ١
📖 Гочдар
Аят 1
ХIай ийман диллинарш! Хьалха ма гIерта Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ Делах кхера! Баккъалла а, Дела хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَرْفَعُوا أَصْوَاتَكُمْ فَوْقَ صَوْتِ النَّبِيِّ وَلَا تَجْهَرُوا لَهُ بِالْقَوْلِ كَجَهْرِ بَعْضِكُمْ لِبَعْضٍ أَن تَحْبَطَ أَعْمَالُكُمْ وَأَنتُمْ لَا تَشْعُرُونَ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
ХIай ийман диллинарш! Шайн аьзнаш ай ма де пайхамаран озал сов‚ чIогIа а ма āла цуьнга дош, шун цхьаболчара вовшашка чIогIа āларх тера шун Iамалш ца яйа, шуна хаа ца луш.
إِنَّ الَّذِينَ يَغُضُّونَ أَصْوَاتَهُمْ عِندَ رَسُولِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ امْتَحَنَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ لِلتَّقْوَىٰ ۚ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ عَظِيمٌ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Баккъалла а, шайн аьзнаш гIелдеш берш Делан элча волчохь – уьш бу Дала шайн дегнаш /Делах/ кхерарна т1ехь зийна берш. Царна гечдар а ду‚ сийлахь-йоккха ял а ю.
إِنَّ الَّذِينَ يُنَادُونَكَ مِن وَرَاءِ الْحُجُرَاتِ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Баккъалла а, и хьоьга /х1ай Мухьаммад/ кхойкхуш берш цIенойн чоьнийн дехьахьара – царах дукхахберш ца кхеташ бу.
وَلَوْ أَنَّهُمْ صَبَرُوا حَتَّىٰ تَخْرُجَ إِلَيْهِمْ لَكَانَ خَيْرًا لَّهُمْ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Цара собар дахьара хьо шайна тIе араваллалц, царна дика хир ма дара. Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِن جَاءَكُمْ فَاسِقٌ بِنَبَإٍ فَتَبَيَّنُوا أَن تُصِيبُوا قَوْمًا بِجَهَالَةٍ فَتُصْبِحُوا عَلَىٰ مَا فَعَلْتُمْ نَادِمِينَ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
ХIай ийман диллинарш! Шуьга цхьа песикъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан – тIаккха шу шаьш динчунна тIехь дохкодевлла хир ду .
وَاعْلَمُوا أَنَّ فِيكُمْ رَسُولَ اللَّهِ ۚ لَوْ يُطِيعُكُمْ فِي كَثِيرٍ مِّنَ الْأَمْرِ لَعَنِتُّمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ حَبَّبَ إِلَيْكُمُ الْإِيمَانَ وَزَيَّنَهُ فِي قُلُوبِكُمْ وَكَرَّهَ إِلَيْكُمُ الْكُفْرَ وَالْفُسُوقَ وَالْعِصْيَانَ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الرَّاشِدُونَ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Шуна хаалаш шуна юккъехь Делан элча вуйла. Дукха долчу гIуллакхашкахь и шуьга ладуг1уш велхьара – шуна шайна хала хир дара. Делахь а‚ Дала дезийтина шуна ийман‚ Цо хаздина и шун дегнашкахь‚ ца дезийтина шуна керстаналла а‚ песакъалла а‚ Iесалла а. Изаш (и сибаташ шайгахь дерш) – уьш бу нийса леларш
فَضْلًا مِّنَ اللَّهِ وَنِعْمَةً ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Делера къинхетамца а, ниIматаца а. И Дела хууш верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
وَإِن طَائِفَتَانِ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ اقْتَتَلُوا فَأَصْلِحُوا بَيْنَهُمَا ۖ فَإِن بَغَتْ إِحْدَاهُمَا عَلَى الْأُخْرَىٰ فَقَاتِلُوا الَّتِي تَبْغِي حَتَّىٰ تَفِيءَ إِلَىٰ أَمْرِ اللَّهِ ۚ فَإِن فَاءَتْ فَأَصْلِحُوا بَيْنَهُمَا بِالْعَدْلِ وَأَقْسِطُوا ۖ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Муъма нахах ши тоба летача‚ царна юккъехь маслахьат де. Цу шиннах цхьаъ вукханах летачах ца сацахь – тIом бе /аш массара а/ оцу летачуьнца и Делан омранна (ШарIана) тIеялц. Иза тIеягIахь /Делан омранна/‚ – маслахьат де цу шиннан юккъехь нийсонца. Аш нийсо йēлаш. Баккъалла а, Далла беза нийсо йеш берш.
إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ إِخْوَةٌ فَأَصْلِحُوا بَيْنَ أَخَوَيْكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Баккъалла а, муъма нах – вежарий бу. Маслахьат де шайн шина /довдечу/ вешина юккъехь. Делах кхера‚ шух къинхетам бан мегара.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا يَسْخَرْ قَوْمٌ مِّن قَوْمٍ عَسَىٰ أَن يَكُونُوا خَيْرًا مِّنْهُمْ وَلَا نِسَاءٌ مِّن نِّسَاءٍ عَسَىٰ أَن يَكُنَّ خَيْرًا مِّنْهُنَّ ۖ وَلَا تَلْمِزُوا أَنفُسَكُمْ وَلَا تَنَابَزُوا بِالْأَلْقَابِ ۖ بِئْسَ الِاسْمُ الْفُسُوقُ بَعْدَ الْإِيمَانِ ۚ وَمَن لَّمْ يَتُبْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
ХIай ийман диллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ца бēшаш ма хуьлийла‚ уьш царал дика хила а мега‚ зударий а ма хуьлийла кхечу зударех ца бēшаш‚ уьш царал дика хила а мега‚ вовшийн кхачамбацарш (сакхташ) ма лēхалаш‚ вовшашна /ца еза/ цIерш а ма техкалаш. Вон цIе ю песакъалла ийманал тIаьхьа. /Цул тIаьхьа/ тōба ца динарш – уьш зуламхой бу.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اجْتَنِبُوا كَثِيرًا مِّنَ الظَّنِّ إِنَّ بَعْضَ الظَّنِّ إِثْمٌ ۖ وَلَا تَجَسَّسُوا وَلَا يَغْتَب بَّعْضُكُم بَعْضًا ۚ أَيُحِبُّ أَحَدُكُمْ أَن يَأْكُلَ لَحْمَ أَخِيهِ مَيْتًا فَكَرِهْتُمُوهُ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ تَوَّابٌ رَّحِيمٌ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
ХIай ийман диллинарш! Генадовла дукха долчу, мотталучу (дагадогIучу) хIуманех. Цхьадолу мотталу хIуманаш къа ду. Вовшашна ма теIалаш /къайлаха хIума хаа гIерташ/‚ шух цхьаберш вукхарех тIехьашха ма лēлаш‚ шух цхьанна а дезий шен вешин жижиг даа, и велча? – шуна иза ца дийзи. Делах кхералаш! Баккъалла а, Дела тōба дукха къобал дийриг а ву‚ /дукха/ къинхетаме верг а ву /дохковаьлла Шега тōба диначунна/.
يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّا خَلَقْنَاكُم مِّن ذَكَرٍ وَأُنثَىٰ وَجَعَلْنَاكُمْ شُعُوبًا وَقَبَائِلَ لِتَعَارَفُوا ۚ إِنَّ أَكْرَمَكُمْ عِندَ اللَّهِ أَتْقَاكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ خَبِيرٌ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
ХIай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а ‚ хилийтина шух халкъаш а‚ тайпанаш а шу вовшашна довзийта. Баккъалла а, шух Далла гергахь уггар сийлахь верг – шух уггар /Делах/ кхоьруш верг ву-кх. Баккъалла а, Дела /шу/ девзаш ву‚ сов дика хууш ву.
۞ قَالَتِ الْأَعْرَابُ آمَنَّا ۖ قُل لَّمْ تُؤْمِنُوا وَلَٰكِن قُولُوا أَسْلَمْنَا وَلَمَّا يَدْخُلِ الْإِيمَانُ فِي قُلُوبِكُمْ ۖ وَإِن تُطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ لَا يَلِتْكُم مِّنْ أَعْمَالِكُمْ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
Кхелхаш лелачу Iаьрбаша элира: "Ийман диллина Оха". Ахь āла /х1ай Мухьаммад, цаьрга/: "Ийман ца диллина аш‚ делахь а аш āлалаш: "МуьтIахь хили тхо". ХIинца а ийман ца дахна шун дегнашка. Шу Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилахь, – шун Iамалех хIумма а эшор ма яц Цо. Баккъалла а, Дела тIеттIа гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву.
إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ لَمْ يَرْتَابُوا وَجَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Баккъалла а, муъма нах бу шаьш ийман диллинарш Деле а‚ Цуьнан элчане а‚ тIаккха шеко ца йеш‚ шайн бахамца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь къахьегнарш . Уьш бу бакълуьйш берш.
قُلْ أَتُعَلِّمُونَ اللَّهَ بِدِينِكُمْ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Ахь āла /х1ай элча, цу кхелхаш лелачу 1аьрбашка/: "Шу хаийта г1ерта Деле шайн дегнашкахь дин /хилар/? Дела хууш ма ву стигалшкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Дела массо а хIума хууш верг ма ву".
يَمُنُّونَ عَلَيْكَ أَنْ أَسْلَمُوا ۖ قُل لَّا تَمُنُّوا عَلَيَّ إِسْلَامَكُم ۖ بَلِ اللَّهُ يَمُنُّ عَلَيْكُمْ أَنْ هَدَاكُمْ لِلْإِيمَانِ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Хьуна баккхийбоь бу уьш шаьш бусалба хиларна. Ахь āла: "Суна даккхий ма доь шаьш бусалба дин т1елацарна". ХIаъ‚ Дела къинхетам беш ву шух – шу нисдина ийманна тIе‚ шу бакълуьйш хиллехь.
إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Баккъалла а, Далла хаьа стигалийн а‚ лаьттан а хьуламехь дерг. Дела гуш ма ву аш дийриг.
Деша Аль-Хьуджурат сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

