📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 558
Сура Ат-Талакъ

Сура Ат-Талакъ

65:1
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِيُّ إِذَا طَلَّقۡتُمُ ٱلنِّسَآءَ فَطَلِّقُوهُنَّ لِعِدَّتِهِنَّ وَأَحۡصُواْ ٱلۡعِدَّةَۖ وَٱتَّقُواْ ٱللَّهَ رَبَّكُمۡۖ لَا تُخۡرِجُوهُنَّ مِنۢ بُيُوتِهِنَّ وَلَا يَخۡرُجۡنَ إِلَّآ أَن يَأۡتِينَ بِفَٰحِشَةٍ مُّبَيِّنَةٍۚ وَتِلۡكَ حُدُودُ ٱللَّهِۚ وَمَن يَتَعَدَّ حُدُودَ ٱللَّهِ فَقَدۡ ظَلَمَ نَفۡسَهُۥۚ لَا تَدۡرِي لَعَلَّ ٱللَّهَ يُحۡدِثُ بَعۡدَ ذَٰلِكَ أَمۡرًا ١
ХIай пайхамар! Шаьш зударий буьтуш, уьш бита Iиддатана . Аш дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах – шаьш Кхиош-Кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекхдалаза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара, цхьа билгала ирчаниг шаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гIуллакх хилийта тарло цул тIаьхьа.
65:2
فَإِذَا بَلَغۡنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمۡسِكُوهُنَّ بِمَعۡرُوفٍ أَوۡ فَارِقُوهُنَّ بِمَعۡرُوفٍ وَأَشۡهِدُواْ ذَوَيۡ عَدۡلٍ مِّنكُمۡ وَأَقِيمُواْ ٱلشَّهَٰدَةَ لِلَّهِۚ ذَٰلِكُمۡ يُوعَظُ بِهِۦ مَن كَانَ يُؤۡمِنُ بِٱللَّهِ وَٱلۡيَوۡمِ ٱلۡأٓخِرِۚ وَمَن يَتَّقِ ٱللَّهَ يَجۡعَل لَّهُۥ مَخۡرَجًا ٢
Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазачу гIиллакхца /шаьш цхьаьна даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазачу гIиллакхца /шайна, цхьаьна даха тарлур дац аьлла, хеталахь/. Аш шиъ теш хIоттаве /цхьаьнакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балех хьалхавала/,
65:3
وَيَرۡزُقۡهُ مِنۡ حَيۡثُ لَا يَحۡتَسِبُۚ وَمَن يَتَوَكَّلۡ عَلَى ٱللَّهِ فَهُوَ حَسۡبُهُۥٓۚ إِنَّ ٱللَّهَ بَٰلِغُ أَمۡرِهِۦۚ قَدۡ جَعَلَ ٱللَّهُ لِكُلِّ شَيۡءٍ قَدۡرًا ٣
Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг – иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо а хIуманна барам.
65:4
وَٱلَّٰٓـِٔي يَئِسۡنَ مِنَ ٱلۡمَحِيضِ مِن نِّسَآئِكُمۡ إِنِ ٱرۡتَبۡتُمۡ فَعِدَّتُهُنَّ ثَلَٰثَةُ أَشۡهُرٍ وَٱلَّٰٓـِٔي لَمۡ يَحِضۡنَۚ وَأُوْلَٰتُ ٱلۡأَحۡمَالِ أَجَلُهُنَّ أَن يَضَعۡنَ حَمۡلَهُنَّۚ وَمَن يَتَّقِ ٱللَّهَ يَجۡعَل لَّهُۥ مِنۡ أَمۡرِهِۦ يُسۡرًا ٤
Шун зударех шайн цIий дарах дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу ‚ и цIий дар хIинца а ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /1иддатан/ хан – бер дар ду. (Бер дича, чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь а, – Цо цунна шен гIуллакхах атталла хуьлуьйтур ю (цуьнан г1уллакх атта хуьлуьйтур ду).
65:5
ذَٰلِكَ أَمۡرُ ٱللَّهِ أَنزَلَهُۥٓ إِلَيۡكُمۡۚ وَمَن يَتَّقِ ٱللَّهَ يُكَفِّرۡ عَنۡهُ سَيِّـَٔاتِهِۦ وَيُعۡظِمۡ لَهُۥٓ أَجۡرًا ٥
ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссийна долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Monday, August 31, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







