Аль-Аъла сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Аъла сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (19 Аят — مكية). Аль-Аъла ЛадоргӀа, Аль-Аъла Гочдар, Аль-Аъла mp3, Аль-Аъла pdf.

Аль-Аъла сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
سَبِّحِ اسْمَ رَبِّكَ الْأَعْلَى ۝١
📖 Гочдар Аят 1
/Массо а Шеца хила там боцчу вочу сибатех/ ц1анъе хьан вунō лекха волчу Кхиош-Кхобучун цIе !
الَّذِي خَلَقَ فَسَوَّىٰ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо а хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚
وَالَّذِي قَدَّرَ فَهَدَىٰ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
ишттаниг а ву Иза, Ша /массо а х1уманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚
وَالَّذِي أَخْرَجَ الْمَرْعَىٰ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
ишттаниг а ву Иза, Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу.
فَجَعَلَهُ غُثَاءً أَحْوَىٰ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Цо хилийтина царах /сенъеллачул тIаьхьа/ якъаелла, Iаржъелла яраш.
سَنُقْرِئُكَ فَلَا تَنسَىٰ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /Къуръан/‚ хьуна дицлур дац иза
إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ وَمَا يَخْفَىٰ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучохь дерг а‚ къайлахь дерг а.
وَنُيَسِّرُكَ لِلْيُسْرَىٰ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Оха атта дийр ду хьуна аттадолчунна /тIаьхьахIотта хьо/.
فَذَكِّرْ إِن نَّفَعَتِ الذِّكْرَىٰ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Хьехам бе /Къуръанца/‚ хьехамо пайда бахь / бийр бу аьлла хьайна хетачунна/!
سَيَذَّكَّرُ مَن يَخْشَىٰ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Т1елоцур бу хьуна /и хьан хьехам - Къуръан/ /Делах/ кхоьруш волчо.
وَيَتَجَنَّبُهَا الْأَشْقَى ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Цунах хийрвер ву хьуна т1ех дакъазаваьлларг.
الَّذِي يَصْلَى النَّارَ الْكُبْرَىٰ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Иза ву хьуна вогур волуш йоккхачу цIергахь.
ثُمَّ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَىٰ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
ТIаккха иза лийр а вац цигахь /1азапах парг1ат а волуш/, вехар а вац /ирсечу дахарехь/.
قَدْ أَفْلَحَ مَن تَزَكَّىٰ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚
وَذَكَرَ اسْمَ رَبِّهِ فَصَلَّىٰ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
ша Кхиош-Кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз динарг.
بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
ХIетте а, аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/!
وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара!
إِنَّ هَٰذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚
صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а.
← 86 Аль-Аъла (87/114) 88 →
Деша Аль-Аъла сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

87الأعلى Al-A'la 📚 19 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers