Аль-Анъам сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Анъам сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (165 Аят — مكية). Аль-Анъам ЛадоргӀа, Аль-Анъам Гочдар, Аль-Анъам mp3, Аль-Анъам pdf.

Аль-Анъам сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَجَعَلَ الظُّلُمَاتِ وَالنُّورَ ۖ ثُمَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Хастам бу Далла‚ Ша стигалш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша боданаш а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-Кхобучуьнца нисбо /кхиберш/ .
هُوَ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن طِينٍ ثُمَّ قَضَىٰ أَجَلًا ۖ وَأَجَلٌ مُّسَمًّى عِندَهُ ۖ ثُمَّ أَنتُمْ تَمْتَرُونَ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
И ву шу кхоьллинарг поппарх ‚ тIаккха 1ожалла хIоттийна /шуна дала/. /Кхин/ 1ожалла ю хан тоьхна Цунна гергахь /шу гIовто/. ТIаккха а шу шеко еш ду.
وَهُوَ اللَّهُ فِي السَّمَاوَاتِ وَفِي الْأَرْضِ ۖ يَعْلَمُ سِرَّكُمْ وَجَهْرَكُمْ وَيَعْلَمُ مَا تَكْسِبُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
И – АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) ву‚ Ша стигалшкахь а ву‚ лаьттахь а ву . Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гуш дерг а. Цунна хаьа аш карадеш дерг а.
وَمَا تَأْتِيهِم مِّنْ آيَةٍ مِّنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Шайн Кхиош-Кхобучун аятех цхьа а аят ца деана цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен.
فَقَدْ كَذَّبُوا بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ فَسَوْفَ يَأْتِيهِمْ أَنبَاءُ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх ца бешаш хилла долу.
أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّن قَرْنٍ مَّكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ مَا لَمْ نُمَكِّن لَّكُمْ وَأَرْسَلْنَا السَّمَاءَ عَلَيْهِم مِّدْرَارًا وَجَعَلْنَا الْأَنْهَارَ تَجْرِي مِن تَحْتِهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُم بِذُنُوبِهِمْ وَأَنشَأْنَا مِن بَعْدِهِمْ قَرْنًا آخَرِينَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Царна ца го-техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигал йоссийра Оха царна тIе догIица ‚ церан бухахула лелаш хиш хилийтира Оха ‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царал тIаьхьа кхечаран т1аьхье кхиийра Оха.
وَلَوْ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ كِتَابًا فِي قِرْطَاسٍ فَلَمَسُوهُ بِأَيْدِيهِمْ لَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُّبِينٌ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Оха доссош делхьара жайна (Къуръан) хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: "Билггала бозбуунчалла ду-кх хIара".
وَقَالُوا لَوْلَا أُنزِلَ عَلَيْهِ مَلَكٌ ۖ وَلَوْ أَنزَلْنَا مَلَكًا لَّقُضِيَ الْأَمْرُ ثُمَّ لَا يُنظَرُونَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Ма элира цара: "Малик доссийна хиллехьара цунна тIе". Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара .
وَلَوْ جَعَلْنَاهُ مَلَكًا لَّجَعَلْنَاهُ رَجُلًا وَلَلَبَسْنَا عَلَيْهِم مَّا يَلْبِسُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Оха и хилийтинехьара малик – и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тIехь а кегари (хало) йийр яра Оха царна, цара шаьш еш ерг.
وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِّن قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Хьол хьалха а элчанаш сийсазбина. Царах ца бешаш болчарах хьакха ма делира цара ша сийсаздеш хилларг.
قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ ثُمَّ انظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Ахь āла: "ДIасаида лаьттахула‚ тIаккха хьовсал шу‚ муха хилла /дин/ харцдечаран тIаьхье".
قُل لِّمَن مَّا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ قُل لِّلَّهِ ۚ كَتَبَ عَلَىٰ نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ ۚ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۚ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنفُسَهُمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Ахь āлал: "Хьенан ду стигалшкахь а‚ лаьттахь а дерг?" Ахь āла: "Делан ду (аш шаьш а ма бохху, цундела Цунна 1ибадат де)". Шена тIедиллина Цо къинхетам бар . Гулдийр ма ду Цо шу къематдийне ‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшам бинарш – цара ийман дуьллур дац.
۞ وَلَهُ مَا سَكَنَ فِي اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я лелаш) хилларг. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَتَّخِذُ وَلِيًّا فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَهُوَ يُطْعِمُ وَلَا يُطْعَمُ ۗ قُلْ إِنِّي أُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَسْلَمَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Ахь āла: "Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу ткъа ас доладийриг ? И ву рицкъ луш‚ Цунна ца ло рицкъ". Ахь āла: "Суна омра дина со хила /Далла/ муьт1ахь хиллачарах хьалхарниг, аьлла‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикех "‚ аьлла .
قُلْ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Ахь āла: "Со кхоьру сайн Кхиош-Кхобучунна со Iеса хилахь деза-доккхачу дийнан Iазапах".
مَّن يُصْرَفْ عَنْهُ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمَهُ ۚ وَذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг – Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх.
وَإِن يَمْسَسْكَ اللَّهُ بِضُرٍّ فَلَا كَاشِفَ لَهُ إِلَّا هُوَ ۖ وَإِن يَمْسَسْكَ بِخَيْرٍ فَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Дала хьо цхьана зене лацахь – вац хьуна и т1ерадоккхуверг И ша бен. Цо хьо цхьана дикане лацахь – И массо а хIуманна ницкъ кхочуш ву.
وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
И ницкъ болуш ву Шен лешна тIехь. И ша хьукма /нийса/ деш верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
قُلْ أَيُّ شَيْءٍ أَكْبَرُ شَهَادَةً ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ شَهِيدٌ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۚ وَأُوحِيَ إِلَيَّ هَٰذَا الْقُرْآنُ لِأُنذِرَكُم بِهِ وَمَن بَلَغَ ۚ أَئِنَّكُمْ لَتَشْهَدُونَ أَنَّ مَعَ اللَّهِ آلِهَةً أُخْرَىٰ ۚ قُل لَّا أَشْهَدُ ۚ قُلْ إِنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ وَإِنَّنِي بَرِيءٌ مِّمَّا تُشْرِكُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Āлал /хIай Мухьаммад/: "ХIун ду уггар доккха х1ума тешалла дарца?" Āла: "Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьица даийтина хIара Къуръан‚ ас шеца кхерам тасархьама шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин деланаш бу, бохуш?" Āла: "Ас тешалла дац". Āла: "Баккъалла а, и – цхьа Дела ву‚ со цIена ву аш Делаца накъост лацарх".
الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءَهُمُ ۘ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنفُسَهُمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Оха шайна жайна деллачарна вевза и ‚ шайн кIентий бовзаре терра, шайна иэшам бинарш – уьш бу ца тешаш ‚
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ ۗ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Мила ву зуламе Далла тIе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул? Баккъалла а, бакхийбийр ма бац зуламхой.
وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُوا أَيْنَ شُرَكَاؤُكُمُ الَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо а‚ тIаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: "Мичахь бу шун накъостий‚ шуна шаьш /деланаш бу / моьттуш хилла болу?"
ثُمَّ لَمْ تَكُن فِتْنَتُهُمْ إِلَّا أَن قَالُوا وَاللَّهِ رَبِّنَا مَا كُنَّا مُشْرِكِينَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
ТIаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: "ВаллахIи‚ тхан Кхиош-Кхобучух дуй ма боу оха: тхо ма ца хилира /Делаца/ накъост лоцурш ".
انظُرْ كَيْفَ كَذَبُوا عَلَىٰ أَنفُسِهِمْ ۚ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Хьажал! Муха харцлийна уьш шаьш шайна тIехь! ДIатилира царах шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг.
وَمِنْهُم مَّن يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ ۖ وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَن يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۚ وَإِن يَرَوْا كُلَّ آيَةٍ لَّا يُؤْمِنُوا بِهَا ۚ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوكَ يُجَادِلُونَكَ يَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Царах хьоьга ладугIуш верг ву. Церан дегнашка кирхьа диллина Оха, уьш цунах ца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо а делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу баьхкича а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: "Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".
وَهُمْ يَنْهَوْنَ عَنْهُ وَيَنْأَوْنَ عَنْهُ ۖ وَإِن يُهْلِكُونَ إِلَّا أَنفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Уьш оцунах /нах/ духатухуш бу‚ шаьш а генабовлуш бу цунах . Цара хIаллакдеш-м дац шайн догIмаш бен. Ца хаало-кх царна.
وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ وُقِفُوا عَلَى النَّارِ فَقَالُوا يَا لَيْتَنَا نُرَدُّ وَلَا نُكَذِّبَ بِآيَاتِ رَبِّنَا وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Хьуна гича уьш жоьжахатина тIехIиттийна‚ цара олуш: "Ма декъаза хили тхо! Юхадахийтахьара тхо – ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-Кхобучун аяташ‚ тешачарах хир дара тхо".
بَلْ بَدَا لَهُم مَّا كَانُوا يُخْفُونَ مِن قَبْلُ ۖ وَلَوْ رُدُّوا لَعَادُوا لِمَا نُهُوا عَنْهُ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Х1аъ, гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а, шайга ма де аьллачунна тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.
وَقَالُوا إِنْ هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Цара ма олура: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац".
وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ وُقِفُوا عَلَىٰ رَبِّهِمْ ۚ قَالَ أَلَيْسَ هَٰذَا بِالْحَقِّ ۚ قَالُوا بَلَىٰ وَرَبِّنَا ۚ قَالَ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Хьуна уьш гича шайн Кхиош-Кхобучун хьалха хIиттийна! Цо олуш: "Бакъ дац ткъа хIара?" Цара олуш: "ХIаъ‚ ду тхо кхиош-кхобучу Делора". Цо олуш: "Iовша Iазап шайна, шаьш ца тешаш хиларна!"
قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِلِقَاءِ اللَّهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءَتْهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً قَالُوا يَا حَسْرَتَنَا عَلَىٰ مَا فَرَّطْنَا فِيهَا وَهُمْ يَحْمِلُونَ أَوْزَارَهُمْ عَلَىٰ ظُهُورِهِمْ ۚ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш – цIеххьана шайна сахьт хIоьттича, элира цара: "Ма бала бу-кх вайна вай ша тергал ца динарг бахьанехь ". Цара дIахьур ду шайн къинош шайн баккъаш тIехь. Ма вон хIума ду-кх цара шайна мохь бинарг!
وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَعِبٌ وَلَهْوٌ ۖ وَلَلدَّارُ الْآخِرَةُ خَيْرٌ لِّلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Дуьненан дахар ма дац ловзар а, эрна хан яйар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа (дахар) дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?
قَدْ نَعْلَمُ إِنَّهُ لَيَحْزُنُكَ الَّذِي يَقُولُونَ ۖ فَإِنَّهُمْ لَا يُكَذِّبُونَكَ وَلَٰكِنَّ الظَّالِمِينَ بِآيَاتِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а сингаттаме ма во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш – шаьш зуламхой бу, Делан аяташ керстадеш.
وَلَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِّن قَبْلِكَ فَصَبَرُوا عَلَىٰ مَا كُذِّبُوا وَأُوذُوا حَتَّىٰ أَتَاهُمْ نَصْرُنَا ۚ وَلَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِ اللَّهِ ۚ وَلَقَدْ جَاءَكَ مِن نَّبَإِ الْمُرْسَلِينَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Хьол хьалха а харцбина элчанаш – собар дира цара шаьш харцдинчунна тIехь‚ шаьш лазорна тIехь шайга Тхан гIо кхаччалц. Делан дешнаш хийца цхьа а вац. Хьоьга ма деъна элчанийн хабар.
وَإِن كَانَ كَبُرَ عَلَيْكَ إِعْرَاضُهُمْ فَإِنِ اسْتَطَعْتَ أَن تَبْتَغِيَ نَفَقًا فِي الْأَرْضِ أَوْ سُلَّمًا فِي السَّمَاءِ فَتَأْتِيَهُم بِآيَةٍ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَمَعَهُمْ عَلَى الْهُدَىٰ ۚ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْجَاهِلِينَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Уьш дIаберзар хьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь хералла‚ я стигла вала лами каро, тIаккха ахь дахьар дара цаьрга цхьа аят (делил). Далла лиънехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу новкъа. Хьо хиланне а ма хилалахь жехIалчу нахах.
۞ إِنَّمَا يَسْتَجِيبُ الَّذِينَ يَسْمَعُونَ ۘ وَالْمَوْتَىٰ يَبْعَثُهُمُ اللَّهُ ثُمَّ إِلَيْهِ يُرْجَعُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
/Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду, баккъалла а, хезаш болчара. Ткъа белларш – Дала денбийр бу уьш‚ тIаккха Цуьнга дIаберзор бу.
وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِّن رَّبِّهِ ۚ قُلْ إِنَّ اللَّهَ قَادِرٌ عَلَىٰ أَن يُنَزِّلَ آيَةً وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Цара элира: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара аят доссош хиллехьара цуьнга". Ахь āла: "Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу".
وَمَا مِن دَابَّةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا طَائِرٍ يَطِيرُ بِجَنَاحَيْهِ إِلَّا أُمَمٌ أَمْثَالُكُم ۚ مَّا فَرَّطْنَا فِي الْكِتَابِ مِن شَيْءٍ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّهِمْ يُحْشَرُونَ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тIема долуш шен тIемашца – шаьш шу санна умматаш долуш бен. ХIумма а диц ца дина Оха кху жайни чохь. ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучуьнга уьш дIагулбийр бу.
وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا صُمٌّ وَبُكْمٌ فِي الظُّلُمَاتِ ۗ مَن يَشَإِ اللَّهُ يُضْلِلْهُ وَمَن يَشَأْ يَجْعَلْهُ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Iохкуш. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу Цо.
قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللَّهِ أَوْ أَتَتْكُمُ السَّاعَةُ أَغَيْرَ اللَّهِ تَدْعُونَ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Ахь āла: "Шуна гой! Ткъа Делан Iазап шайга деъча‚ я сахьт шайна тIехIоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара Аш, шу хиллехь бакълуьйш?"
بَلْ إِيَّاهُ تَدْعُونَ فَيَكْشِفُ مَا تَدْعُونَ إِلَيْهِ إِن شَاءَ وَتَنسَوْنَ مَا تُشْرِكُونَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аш. Айдийр дара Цо аш шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аш дицдийр дара шаьш /Делаца/ накъост лацар.
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِّن قَبْلِكَ فَأَخَذْنَاهُم بِالْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ لَعَلَّهُمْ يَتَضَرَّعُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Хьол хьалха а бахкийтира Оха халкъашка /элчанаш/‚ и халкъаш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамгаршца) схьалийцира Оха‚ уьш /Тхоьга/ хьасталур бацара-те?
فَلَوْلَا إِذْ جَاءَهُم بَأْسُنَا تَضَرَّعُوا وَلَٰكِن قَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Тхан ницкъ шайга беъча, хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а, къиза хилира церан дегнаш. Хаздора царна шайтIано шаьш деш хилларг.
فَلَمَّا نَسُوا مَا ذُكِّرُوا بِهِ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ أَبْوَابَ كُلِّ شَيْءٍ حَتَّىٰ إِذَا فَرِحُوا بِمَا أُوتُوا أَخَذْنَاهُم بَغْتَةً فَإِذَا هُم مُّبْلِسُونَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо а /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбеш болуш шайга деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара дог диллира массо а диканах.
فَقُطِعَ دَابِرُ الْقَوْمِ الَّذِينَ ظَلَمُوا ۚ وَالْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена.
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَخَذَ اللَّهُ سَمْعَكُمْ وَأَبْصَارَكُمْ وَخَتَمَ عَلَىٰ قُلُوبِكُم مَّنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُم بِهِ ۗ انظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ ثُمَّ هُمْ يَصْدِفُونَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бIаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухIар тоьхча‚ АллахI воцчу муьлхачу дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ – тIаккха а уьш /бакъдолчух/ дIабоьрзу".
قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللَّهِ بَغْتَةً أَوْ جَهْرَةً هَلْ يُهْلَكُ إِلَّا الْقَوْمُ الظَّالِمُونَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Ахь āла: "Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Iазап шайга цIеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хIаллакьхир дуй?"
وَمَا نُرْسِلُ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا مُبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ ۖ فَمَنْ آمَنَ وَأَصْلَحَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Iамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Iамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Ийман диллинарг а‚ диканиг динарг а – /эхартахь/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь бухадуьсачух/.
وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا يَمَسُّهُمُ الْعَذَابُ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Тхан аяташ харцдинарш – царах хьакхалур ду Iазап уьш песакъ хиларна.
قُل لَّا أَقُولُ لَكُمْ عِندِي خَزَائِنُ اللَّهِ وَلَا أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلَا أَقُولُ لَكُمْ إِنِّي مَلَكٌ ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ ۚ أَفَلَا تَتَفَكَّرُونَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Ахь āла: "Ас ца боху шуьга: "Сан гергахь Делан хазнаш ду"‚ суна ца хаьа къайле а‚ ас ца боху шуьга: "Со малик ду". Со тIаьхьахIуттуш ву сайга луш долчу ваьхьашна". Ахь āла: "Ткъа цхьабосса вуй-те бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а. Аш ойла ца йо-те?"
وَأَنذِرْ بِهِ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَن يُحْشَرُوا إِلَىٰ رَبِّهِمْ ۙ لَيْسَ لَهُم مِّن دُونِهِ وَلِيٌّ وَلَا شَفِيعٌ لَّعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Ахь цуьнца хьехамбе шаьш шайн Кхиош-Кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гIодаккхархо а – уьш хила мегара кхоьруш.
وَلَا تَطْرُدِ الَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُم بِالْغَدَاةِ وَالْعَشِيِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُ ۖ مَا عَلَيْكَ مِنْ حِسَابِهِم مِّن شَيْءٍ وَمَا مِنْ حِسَابِكَ عَلَيْهِم مِّن شَيْءٍ فَتَطْرُدَهُمْ فَتَكُونَ مِنَ الظَّالِمِينَ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Ахь (х1ай Мухьаммад) дIа ма лелхабе Iуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш /миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хIуманца хьуна тIехь дац‚ хьан хьесапан хIумма а царна тIехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а – хьо бахьанехь). Ахь уьш дIалелхабой – хьо зуламхойх хуьлу.
وَكَذَٰلِكَ فَتَنَّا بَعْضَهُم بِبَعْضٍ لِّيَقُولُوا أَهَٰؤُلَاءِ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْهِم مِّن بَيْنِنَا ۗ أَلَيْسَ اللَّهُ بِأَعْلَمَ بِالشَّاكِرِينَ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: "ХIорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш?". Ткъа Дела вац дика бевзаш шукур дийраш (баркалла олурш)?
وَإِذَا جَاءَكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِنَا فَقُلْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ ۖ كَتَبَ رَبُّكُمْ عَلَىٰ نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ ۖ أَنَّهُ مَنْ عَمِلَ مِنكُمْ سُوءًا بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابَ مِن بَعْدِهِ وَأَصْلَحَ فَأَنَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахь āла: "Маьршо ю шуна" . Шун Кхиош-Кхобучо Ша Шена тIедиллина /шен халкъах/ къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахь ца хууш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба дахь‚ дика Iамал яхь – баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
وَكَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ وَلِتَسْتَبِينَ سَبِيلُ الْمُجْرِمِينَ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Иштта ма-дарра дIадуьйцу Оха аяташ‚ къинош леточеран некъ билгалбалийтархьама а.
قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ ۚ قُل لَّا أَتَّبِعُ أَهْوَاءَكُمْ ۙ قَدْ ضَلَلْتُ إِذًا وَمَا أَنَا مِنَ الْمُهْتَدِينَ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Ахь āла: "Суна ца магийна Iибадан дан Дела воцчу аш шега кхойкхучуьнга". Āла: "Со тIаьхьах1уттур ма вац шун дезаршна, /х1оьттинехь/ - со тиллавелла хир ма вара т1аккха‚ нийсачу новкъахь болчарах хир ма вацара со".
قُلْ إِنِّي عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّي وَكَذَّبْتُم بِهِ ۚ مَا عِندِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ ۚ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۖ يَقُصُّ الْحَقَّ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الْفَاصِلِينَ ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
Ахь āла: "Баккъалла а, со сан Кхиош-Кхобучун билгалонна тIехь ву‚ аш и харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг ‚ хьукма Делан бен дац – Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву".
قُل لَّوْ أَنَّ عِندِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ لَقُضِيَ الْأَمْرُ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِالظَّالِمِينَ ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
Ахь āла: "Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚– сан а‚ шун а юккъера гIуллакх (къовсам) чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой".
۞ وَعِندَهُ مَفَاتِحُ الْغَيْبِ لَا يَعْلَمُهَا إِلَّا هُوَ ۚ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۚ وَمَا تَسْقُطُ مِن وَرَقَةٍ إِلَّا يَعْلَمُهَا وَلَا حَبَّةٍ فِي ظُلُمَاتِ الْأَرْضِ وَلَا رَطْبٍ وَلَا يَابِسٍ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُّبِينٍ ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
Цуьнгахь ду-кх къайленан /хазнийн/ догIанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хIорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гIа охьа- дужур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тIуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайни чохь йолуш бен.
وَهُوَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُم بِاللَّيْلِ وَيَعْلَمُ مَا جَرَحْتُم بِالنَّهَارِ ثُمَّ يَبْعَثُكُمْ فِيهِ لِيُقْضَىٰ أَجَلٌ مُّسَمًّى ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ ثُمَّ يُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
Шу буса долуьйтург ву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тIаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цIе тоьхна йолу хан кхочушхилийтархьама. Цунна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш лелош хилларг.
وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ ۖ وَيُرْسِلُ عَلَيْكُمْ حَفَظَةً حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ تَوَفَّتْهُ رُسُلُنَا وَهُمْ لَا يُفَرِّطُونَ ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тIехь. Шуна тIе боуьйту Цо хехой . Шух цхьанна тIе валар деъча – Тхан элчанаш (маликаш) кхочушдо и – цара ледарло ца йолуьйту .
ثُمَّ رُدُّوا إِلَى اللَّهِ مَوْلَاهُمُ الْحَقِّ ۚ أَلَا لَهُ الْحُكْمُ وَهُوَ أَسْرَعُ الْحَاسِبِينَ ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
ТIаккха берзабо уьш Далла тIе‚ церан бакъ Доладийриг волчу.Ткъа хьукма Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь.
قُلْ مَن يُنَجِّيكُم مِّن ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ تَدْعُونَهُ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً لَّئِنْ أَنجَانَا مِنْ هَٰذِهِ لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
Ахь āла: "Мила ву и шу аренан а‚ хIордан а боданах ларден верг‚ аш Шега хьастаделла а‚ къайлаха а кхойкхуш верг: "ХIокхунах Цо тхо кIелхьардахахь‚ тхо хир ма ду баркалла олучарах!?" /олуш/.
قُلِ اللَّهُ يُنَجِّيكُم مِّنْهَا وَمِن كُلِّ كَرْبٍ ثُمَّ أَنتُمْ تُشْرِكُونَ ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
Ахь āла: "Дала кIелхьардохур ду шу цунах а‚ массо а балех а – тIаккха а аш Цуьнца накъост ма лоцу".
قُلْ هُوَ الْقَادِرُ عَلَىٰ أَن يَبْعَثَ عَلَيْكُمْ عَذَابًا مِّن فَوْقِكُمْ أَوْ مِن تَحْتِ أَرْجُلِكُمْ أَوْ يَلْبِسَكُمْ شِيَعًا وَيُذِيقَ بَعْضَكُم بَأْسَ بَعْضٍ ۗ انظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَفْقَهُونَ ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
Āла: "Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тIехула а‚ шун когий бухахула а шуна Iазап доссо‚ я шу тобанашка декъа ‚ цхьаболчара вукхаьрга бала хьегабайта а". Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилийта кхеташ.
وَكَذَّبَ بِهِ قَوْمُكَ وَهُوَ الْحَقُّ ۚ قُل لَّسْتُ عَلَيْكُم بِوَكِيلٍ ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
Харцдина хьан къомо и (Къуръан), и бакъдерг доллушехь. Ахь āла: "Со ца хили шуна тIехь векал" (шун гIуллакхаш кхочушдан).
لِّكُلِّ نَبَإٍ مُّسْتَقَرٌّ ۚ وَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
ХIор /Делера/ хабаран шен хан ю /и т1ех1оьттича, и кхочушхир долуш/ – тIаьхьа хуур ду шуна.
وَإِذَا رَأَيْتَ الَّذِينَ يَخُوضُونَ فِي آيَاتِنَا فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ حَتَّىٰ يَخُوضُوا فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ ۚ وَإِمَّا يُنسِيَنَّكَ الشَّيْطَانُ فَلَا تَقْعُدْ بَعْدَ الذِّكْرَىٰ مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
Хьуна гича, Тхан аяташ, сийсаз а деш, хьехош берш – генавала царах‚ уьш кхечу хабарна тIебовллалц. Я хьо вицволуьйтур ма ву шайтIано – тIаккха дагадеъначул тIаьхьа кхин зулам дечу нахаца охьа ма хаалахь.
وَمَا عَلَى الَّذِينَ يَتَّقُونَ مِنْ حِسَابِهِم مِّن شَيْءٍ وَلَٰكِن ذِكْرَىٰ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
/Делах/ кхоьруш болчарна церан (Делан аяташ сийсаза деш болчеран) хьесапах хIумма хир дац‚ делахь а, хьехам бар ду-кх /царна тIехь/ – уьш кхоьруш хир бацара-те ?
وَذَرِ الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَهُمْ لَعِبًا وَلَهْوًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ وَذَكِّرْ بِهِ أَن تُبْسَلَ نَفْسٌ بِمَا كَسَبَتْ لَيْسَ لَهَا مِن دُونِ اللَّهِ وَلِيٌّ وَلَا شَفِيعٌ وَإِن تَعْدِلْ كُلَّ عَدْلٍ لَّا يُؤْخَذْ مِنْهَا ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ أُبْسِلُوا بِمَا كَسَبُوا ۖ لَهُمْ شَرَابٌ مِّنْ حَمِيمٍ وَعَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
Бита и шайн дин ловзаре а‚ эрна хан яйаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Ахь хьехам бе /нахана/ цуьнца (Къуръанца) адам ша карадаийтинчо хIаллак цадайтархьама – вац цунна Дела воцург доладийриг а‚ гIолоцург а. Мелла а /жоьжахатина/ дуьхьал мах белча а – оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хIаллакхилларш‚ царна ду цIийдина хинан малар а‚ лазош долу Iазап а - уьш хиларна ца тешаш.
قُلْ أَنَدْعُو مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنفَعُنَا وَلَا يَضُرُّنَا وَنُرَدُّ عَلَىٰ أَعْقَابِنَا بَعْدَ إِذْ هَدَانَا اللَّهُ كَالَّذِي اسْتَهْوَتْهُ الشَّيَاطِينُ فِي الْأَرْضِ حَيْرَانَ لَهُ أَصْحَابٌ يَدْعُونَهُ إِلَى الْهُدَى ائْتِنَا ۗ قُلْ إِنَّ هُدَى اللَّهِ هُوَ الْهُدَىٰ ۖ وَأُمِرْنَا لِنُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Ахь āла: "Вай кхойкху ткъа, Дела а вуьтий, ваьшна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай юхадерзина хир ма ду (керстаналле) Дала вай нисдинчул тIаьхьа‚ лаьттахь шайтIано ша Iехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: "Схьавола тхуна тIе"‚ бохуш. Ахь āла: "Делан нийса некъ – и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хила,
وَأَنْ أَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَاتَّقُوهُ ۚ وَهُوَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
ламаз хIоттаде‚ Цунах (Делах) кхера"‚– аьлла. И ву шу Шена тIе дIагулдийр дерг.
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۖ وَيَوْمَ يَقُولُ كُن فَيَكُونُ ۚ قَوْلُهُ الْحَقُّ ۚ وَلَهُ الْمُلْكُ يَوْمَ يُنفَخُ فِي الصُّورِ ۚ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо "Хила!" аьллачу дийнахь – хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Ма1а (зурма) локхучу дийнахь паччахьлла Цуьнан ду‚ къайлахь дерг‚ гушдерг хуург И ву. И Шегахь хьекъалалла дерг ву‚ сов дика хууш верг ву.
۞ وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ آزَرَ أَتَتَّخِذُ أَصْنَامًا آلِهَةً ۖ إِنِّي أَرَاكَ وَقَوْمَكَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
ИбрахIима аьллера шен дега Āзаре : "Ахь цIунаш лоьцу деланаш бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тилар чохь гуш ву-кх со".
وَكَذَٰلِكَ نُرِي إِبْرَاهِيمَ مَلَكُوتَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلِيَكُونَ مِنَ الْمُوقِنِينَ ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
Иштта гойту Оха ИбрахIимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ ч1ог1а тешачарах.
فَلَمَّا جَنَّ عَلَيْهِ اللَّيْلُ رَأَىٰ كَوْكَبًا ۖ قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَا أُحِبُّ الْآفِلِينَ ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Шена тIе буьйса йоьлча‚ цунна (ИбрахIимна) гира седа. Цо элира: "И ву сан Дела". И дIатилча, цо элира: "Суна ца беза дIатуьлуш берш".
فَلَمَّا رَأَى الْقَمَرَ بَازِغًا قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَئِن لَّمْ يَهْدِنِي رَبِّي لَأَكُونَنَّ مِنَ الْقَوْمِ الضَّالِّينَ ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: "И ву сан Дела". Иза а дIабуьзча‚ цо элира: "Сан Кхиош-Кхобучо со ца нисвахь‚ со билггала хир ма ву тилабеллачу нахах".
فَلَمَّا رَأَى الشَّمْسَ بَازِغَةً قَالَ هَٰذَا رَبِّي هَٰذَا أَكْبَرُ ۖ فَلَمَّا أَفَلَتْ قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي بَرِيءٌ مِّمَّا تُشْرِكُونَ ۝٧٨
📖 Гочдар Аят 78
Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: "Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву". Иза а дIабуьзча‚ цо элира: "ХIай сан къам‚ со цIена ву-кх аш /Делаца/ накъост лацарх.
إِنِّي وَجَّهْتُ وَجْهِيَ لِلَّذِي فَطَرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ حَنِيفًا ۖ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۝٧٩
📖 Гочдар Аят 79
Ас д1аерзи сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнга‚ доггах /массо а харцдинах бакъдолчу динна / тIе а вирзина‚ со вац мушрикех ".
وَحَاجَّهُ قَوْمُهُ ۚ قَالَ أَتُحَاجُّونِّي فِي اللَّهِ وَقَدْ هَدَانِ ۚ وَلَا أَخَافُ مَا تُشْرِكُونَ بِهِ إِلَّا أَن يَشَاءَ رَبِّي شَيْئًا ۗ وَسِعَ رَبِّي كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا ۗ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ ۝٨٠
📖 Гочдар Аят 80
Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: "Соьца къуьйсу аш Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма ваьккхина. Со ца кхоьру аш шеца ширк дечух‚ сан Кхиош-Кхобучунна лууш долчу хIуманах бен. Массо а хIума чулаьцна сан Кхиош-Кхобучо Iилманца. Аш ойла ца йо?
وَكَيْفَ أَخَافُ مَا أَشْرَكْتُمْ وَلَا تَخَافُونَ أَنَّكُمْ أَشْرَكْتُم بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا ۚ فَأَيُّ الْفَرِيقَيْنِ أَحَقُّ بِالْأَمْنِ ۖ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ ۝٨١
📖 Гочдар Аят 81
Со муха кхоьру аш ширк динчух? Шу а ма ца кхоьру шаьш Делаца накъост лаьцна хиларх‚ шеца шуьга доссош хилла цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шинна тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?"
الَّذِينَ آمَنُوا وَلَمْ يَلْبِسُوا إِيمَانَهُم بِظُلْمٍ أُولَٰئِكَ لَهُمُ الْأَمْنُ وَهُم مُّهْتَدُونَ ۝٨٢
📖 Гочдар Аят 82
Ийман диллинарш‚ шайн ийман зуламех ца эдинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь.
وَتِلْكَ حُجَّتُنَا آتَيْنَاهَا إِبْرَاهِيمَ عَلَىٰ قَوْمِهِ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَّن نَّشَاءُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ ۝٨٣
📖 Гочдар Аят 83
И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахIимна шен къомана дуьхьал. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ма ву Шегахь хьекъалалла дерг а‚ хууш верг а.
وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۚ كُلًّا هَدَيْنَا ۚ وَنُوحًا هَدَيْنَا مِن قَبْلُ ۖ وَمِن ذُرِّيَّتِهِ دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ وَأَيُّوبَ وَيُوسُفَ وَمُوسَىٰ وَهَارُونَ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ ۝٨٤
📖 Гочдар Аят 84
Оха цунна совгIатна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а. Берриге а нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царал/ хьалха. Цуьнан (ИбрахIиман) зуьрретах ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна.
وَزَكَرِيَّا وَيَحْيَىٰ وَعِيسَىٰ وَإِلْيَاسَ ۖ كُلٌّ مِّنَ الصَّالِحِينَ ۝٨٥
📖 Гочдар Аят 85
Закария а‚ Яхьъя а‚ Iийса а‚ Ильяс а – массо а дикачарах ву.
وَإِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَيُونُسَ وَلُوطًا ۚ وَكُلًّا فَضَّلْنَا عَلَى الْعَالَمِينَ ۝٨٦
📖 Гочдар Аят 86
ТIаккха ИсмаIил а‚ Ал-ЯсаI а‚ Юнус а‚ ЛутI а – массо а вазвина Оха Iаламел.
وَمِنْ آبَائِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ وَإِخْوَانِهِمْ ۖ وَاجْتَبَيْنَاهُمْ وَهَدَيْنَاهُمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ۝٨٧
📖 Гочдар Аят 87
Церан дайх а‚ церан т1аьхьенех а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниIмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа.
ذَٰلِكَ هُدَى اللَّهِ يَهْدِي بِهِ مَن يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۚ وَلَوْ أَشْرَكُوا لَحَبِطَ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝٨٨
📖 Гочдар Аят 88
Иза – Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара ширк динехьара, цара йина хилла Iамалш йовр ма яра.
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ ۚ فَإِن يَكْفُرْ بِهَا هَٰؤُلَاءِ فَقَدْ وَكَّلْنَا بِهَا قَوْمًا لَّيْسُوا بِهَا بِكَافِرِينَ ۝٨٩
📖 Гочдар Аят 89
Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делларш. ХIорш цунах ца тешахь – Оха иза т1едуьллур ду /кхечу/ къомана ‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долчу.
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ هَدَى اللَّهُ ۖ فَبِهُدَاهُمُ اقْتَدِهْ ۗ قُل لَّا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا ۖ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْعَالَمِينَ ۝٩٠
📖 Гочдар Аят 90
Уьш бу Дала нисбинарш. Церан нийсачу новкъа тIаьхьахIотта хьо. Ахь āла: "Ас шуьгара мах ца боьху цунах. И ма бац Iаламашна хьехам бен".
وَمَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ إِذْ قَالُوا مَا أَنزَلَ اللَّهُ عَلَىٰ بَشَرٍ مِّن شَيْءٍ ۗ قُلْ مَنْ أَنزَلَ الْكِتَابَ الَّذِي جَاءَ بِهِ مُوسَىٰ نُورًا وَهُدًى لِّلنَّاسِ ۖ تَجْعَلُونَهُ قَرَاطِيسَ تُبْدُونَهَا وَتُخْفُونَ كَثِيرًا ۖ وَعُلِّمْتُم مَّا لَمْ تَعْلَمُوا أَنتُمْ وَلَا آبَاؤُكُمْ ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ ثُمَّ ذَرْهُمْ فِي خَوْضِهِمْ يَلْعَبُونَ ۝٩١
📖 Гочдар Аят 91
Далла хьакъ болу мах ца хадийра цара, шаьш олуш: "Дала ца доссийна стаге хIумма а" . Ахь āла: "Хьан доссийна жайна‚ шеца Муса веана волу‚ нур а нийса некъ хилла долу нахана? Аш цунна тептарш до: цхьадерг гуча а доккхуш‚ дукхадерг хьул а деш. Шуна Iамийна ма ду шуна а‚ шун дайшна а цахуург". Ахь āла: "Дала " /доссийна/ ТIаккха бита уьш шайн тиларчохь ловзуш.
وَهَٰذَا كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ مُّصَدِّقُ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَلِتُنذِرَ أُمَّ الْقُرَىٰ وَمَنْ حَوْلَهَا ۚ وَالَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَهُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ ۝٩٢
📖 Гочдар Аят 92
ХIара жайна а‚ Оха доссийна и‚ ша беркате а долуш‚ шел хьалхарниг бакъдеш долуш ‚ яртийн нанна а‚ цунна гонаха долчунна а кхерам таса. Эхартах тешаш берш теша цунах (Къуръанах). Уьш шайн ламазаш Iалашдеш бу.
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ قَالَ أُوحِيَ إِلَيَّ وَلَمْ يُوحَ إِلَيْهِ شَيْءٌ وَمَن قَالَ سَأُنزِلُ مِثْلَ مَا أَنزَلَ اللَّهُ ۗ وَلَوْ تَرَىٰ إِذِ الظَّالِمُونَ فِي غَمَرَاتِ الْمَوْتِ وَالْمَلَائِكَةُ بَاسِطُو أَيْدِيهِمْ أَخْرِجُوا أَنفُسَكُمُ ۖ الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ عَذَابَ الْهُونِ بِمَا كُنتُمْ تَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ غَيْرَ الْحَقِّ وَكُنتُمْ عَنْ آيَاتِهِ تَسْتَكْبِرُونَ ۝٩٣
📖 Гочдар Аят 93
Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе? Я аьллачул: "Шега ваьхьий деана"‚ ваьхьех хIумма а ца деана цуьнга, аьллачул а: "Аса а доссор ду Дала доссийначух тераниг ". Хьуна гича и зуламхой сауьйзуш ‚ маликаш церан куьйгаш даржош /олуш/: "Арадаха шайн синош‚ тахана сийсазаллин Iазапца бекхам бу шуна аш Далла тIехь бакъдоцург олуш хиларна‚ шу Цуьнан аятех курадовлуш хиларна”.
وَلَقَدْ جِئْتُمُونَا فُرَادَىٰ كَمَا خَلَقْنَاكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَتَرَكْتُم مَّا خَوَّلْنَاكُمْ وَرَاءَ ظُهُورِكُمْ ۖ وَمَا نَرَىٰ مَعَكُمْ شُفَعَاءَكُمُ الَّذِينَ زَعَمْتُمْ أَنَّهُمْ فِيكُمْ شُرَكَاءُ ۚ لَقَد تَّقَطَّعَ بَيْنَكُمْ وَضَلَّ عَنكُم مَّا كُنتُمْ تَزْعُمُونَ ۝٩٤
📖 Гочдар Аят 94
Шу даьхкина Тхуна тIе цхьацца, Оха шу дуьххьара ма кхоллара. Аш дитира Оха шайна делларг шайн тIēхьахь. Тхуна-м ца го шуьца шун гIодаккхархой‚ шуна моьттуш хилла болу шаьш шун накъостий бу. ДIахедира шун юкъ ‚ дIатилира шух шуна моьттуш хилларг.
۞ إِنَّ اللَّهَ فَالِقُ الْحَبِّ وَالنَّوَىٰ ۖ يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَمُخْرِجُ الْمَيِّتِ مِنَ الْحَيِّ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ ۝٩٥
📖 Гочдар Аят 95
Баккъалла а, Дела ву хIу а‚ лаг а схьадоьллуш верг. Дийнадерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела – шу муха Iехош ду /харцдолчо/!?
فَالِقُ الْإِصْبَاحِ وَجَعَلَ اللَّيْلَ سَكَنًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ حُسْبَانًا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ ۝٩٦
📖 Гочдар Аят 96
Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина /ханна-заманна лерина/ хьесапна. И бу Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам.
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ النُّجُومَ لِتَهْتَدُوا بِهَا فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ ۝٩٧
📖 Гочдар Аят 97
И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хIордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу нахана.
وَهُوَ الَّذِي أَنشَأَكُم مِّن نَّفْسٍ وَاحِدَةٍ فَمُسْتَقَرٌّ وَمُسْتَوْدَعٌ ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَفْقَهُونَ ۝٩٨
📖 Гочдар Аят 98
И ву шу кхиийна цхьана сих (Āдамах)‚ т1аккха /шена/ чIагIдалар а‚ 1алашдалар а хуьлуш . Билгалдина Оха аяташ ойла ечу нахана.
وَهُوَ الَّذِي أَنزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ نَبَاتَ كُلِّ شَيْءٍ فَأَخْرَجْنَا مِنْهُ خَضِرًا نُّخْرِجُ مِنْهُ حَبًّا مُّتَرَاكِبًا وَمِنَ النَّخْلِ مِن طَلْعِهَا قِنْوَانٌ دَانِيَةٌ وَجَنَّاتٍ مِّنْ أَعْنَابٍ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُشْتَبِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۗ انظُرُوا إِلَىٰ ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَيَنْعِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكُمْ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ ۝٩٩
📖 Гочдар Аят 99
И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца ккхиира Оха массо а тайпа орамат‚ цунах хасстоьмаш а къастийра Оха‚ кхиадо цунах буьртигаш тIеттIа. Хурманан дитта т1ехь кхуьу хурманан кенаш‚ /хуьлуьйту Цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийн а бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ хуьлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш болчу нахана.
وَجَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ الْجِنَّ وَخَلَقَهُمْ ۖ وَخَرَقُوا لَهُ بَنِينَ وَبَنَاتٍ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يَصِفُونَ ۝١٠٠
📖 Гочдар Аят 100
Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара (тешаш боцчу наха) цхьа а Iилма доцуш харцо кхоьллира Цунна – кIентий а‚ мехкарий /бу Цуьнан, аьлла/. ЦIена ву И вонах‚ лакхавели И цара дечу (харц) сибатех.
بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ وَلَدٌ وَلَمْ تَكُن لَّهُ صَاحِبَةٌ ۖ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ ۝١٠١
📖 Гочдар Аят 101
Стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархо, мичара хир ву Цуьнан доьзалхо? Цуьнан зуда ма ца хилла. Цо Ша ма кхоьллина массо а хIума. Массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза.
ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ فَاعْبُدُوهُ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ ۝١٠٢
📖 Гочдар Аят 102
И ву шун Дела – шу Кхиош-Кхобург – кхин дела вац И воцург‚ массо а хIума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Iибадат дейша! И ма ву массо а хIуманна тIехь векал.
لَّا تُدْرِكُهُ الْأَبْصَارُ وَهُوَ يُدْرِكُ الْأَبْصَارَ ۖ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ ۝١٠٣
📖 Гочдар Аят 103
БIаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бIаьрсанах. И тIех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву.
قَدْ جَاءَكُم بَصَائِرُ مِن رَّبِّكُمْ ۖ فَمَنْ أَبْصَرَ فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ عَمِيَ فَعَلَيْهَا ۚ وَمَا أَنَا عَلَيْكُم بِحَفِيظٍ ۝١٠٤
📖 Гочдар Аят 104
Шуьга еана бIаьрсерлонаш шун Кхиош-Кхобучуьнгара. БIаьрг биллинчунна – цунна шена ду‚ бIаьрг хьаббинчунна – цунна шена ду ‚ /ахь āла‚ Мухьаммад/: "Со ма вац шуна тIехь хехо ".
وَكَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ وَلِيَقُولُوا دَرَسْتَ وَلِنُبَيِّنَهُ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ ۝١٠٥
📖 Гочдар Аят 105
Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара āла тарло дела: "Ахь Iамийна "‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш болчу нахана.
اتَّبِعْ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ ۝١٠٦
📖 Гочдар Аят 106
Хьо хьайн Кхиош-Кхобучуьнгара хьайн даг чу дуьллучунна тIаьхьахIотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ д1аверза мушрикех /хьан дог царца бала болуш ма хилийта/.
وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا أَشْرَكُوا ۗ وَمَا جَعَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا ۖ وَمَا أَنتَ عَلَيْهِم بِوَكِيلٍ ۝١٠٧
📖 Гочдар Аят 107
Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тIехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тIехь векал а вац хьо.
وَلَا تَسُبُّوا الَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ فَيَسُبُّوا اللَّهَ عَدْوًا بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ كَذَٰلِكَ زَيَّنَّا لِكُلِّ أُمَّةٍ عَمَلَهُمْ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّهِم مَّرْجِعُهُمْ فَيُنَبِّئُهُم بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝١٠٨
📖 Гочдар Аят 108
Аш сийсаза ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш (ц1уш) – тIаккха цара мостагIаллица‚ цхьа а Iилма доцуш, Дела а сийсазвийр ву. Иштта хазйина Оха хIор умматана шен Iамал‚ тIаккха шайн Кхиош-Кхобучуьнга ду церан дIадерзар‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг.
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِن جَاءَتْهُمْ آيَةٌ لَّيُؤْمِنُنَّ بِهَا ۚ قُلْ إِنَّمَا الْآيَاتُ عِندَ اللَّهِ ۖ وَمَا يُشْعِرُكُمْ أَنَّهَا إِذَا جَاءَتْ لَا يُؤْمِنُونَ ۝١٠٩
📖 Гочдар Аят 109
Делах чIогIа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешанне а тешаза Iийр ма дац шаьш‚ аьлла. Ахь āла: "Делилаш Далла гергахь ду"‚ стен хоуьйту шуьга? – уьш деъча а, цара ийман дуьллур дац.
وَنُقَلِّبُ أَفْئِدَتَهُمْ وَأَبْصَارَهُمْ كَمَا لَمْ يُؤْمِنُوا بِهِ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَنَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ ۝١١٠
📖 Гочдар Аят 110
Церан дегнаш а‚ церан бIаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах (Къуръанах) юьхьанца ца тешаш ма хилла‚ буьту уьш шайн тиларчохь дIасауьйдуш.
۞ وَلَوْ أَنَّنَا نَزَّلْنَا إِلَيْهِمُ الْمَلَائِكَةَ وَكَلَّمَهُمُ الْمَوْتَىٰ وَحَشَرْنَا عَلَيْهِمْ كُلَّ شَيْءٍ قُبُلًا مَّا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا إِلَّا أَن يَشَاءَ اللَّهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ يَجْهَلُونَ ۝١١١
📖 Гочдар Аят 111
Оха цаьрга маликаш доссош хиллехьара а‚ беллачара цаьрга къамел деш хиллехьара а‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргаш хьалха гулйина хиллехьара а – тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча а бен. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу.
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا شَيَاطِينَ الْإِنسِ وَالْجِنِّ يُوحِي بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ زُخْرُفَ الْقَوْلِ غُرُورًا ۚ وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ ۝١١٢
📖 Гочдар Аят 112
Иштта массо а пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш, уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-Кхобучунна лиъна хиллехьара, и дина хир дацара цара. Бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а.
وَلِتَصْغَىٰ إِلَيْهِ أَفْئِدَةُ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَلِيَرْضَوْهُ وَلِيَقْتَرِفُوا مَا هُم مُّقْتَرِفُونَ ۝١١٣
📖 Гочдар Аят 113
Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/.
أَفَغَيْرَ اللَّهِ أَبْتَغِي حَكَمًا وَهُوَ الَّذِي أَنزَلَ إِلَيْكُمُ الْكِتَابَ مُفَصَّلًا ۚ وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْلَمُونَ أَنَّهُ مُنَزَّلٌ مِّن رَّبِّكَ بِالْحَقِّ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ ۝١١٤
📖 Гочдар Аят 114
/Ахь āла/: "Дела воцчуьнгара лоьху ткъа ас хьукма? И ма ву шуьга къастош долу жайна доссийнарг". Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъонца доссош хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко еш болчарах.
وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ صِدْقًا وَعَدْلًا ۚ لَّا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِهِ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ۝١١٥
📖 Гочдар Аят 115
Кхочушхилла хьан Кхиош-Кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца цхьа а вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
وَإِن تُطِعْ أَكْثَرَ مَن فِي الْأَرْضِ يُضِلُّوكَ عَن سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِن يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ ۝١١٦
📖 Гочдар Аят 116
Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарах дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш ма бац харцлуьйш бен.
إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ مَن يَضِلُّ عَن سَبِيلِهِ ۖ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ ۝١١٧
📖 Гочдар Аят 117
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ма ву дика хууш (вевзаш) Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш (бевзаш) ма ву нийсачу новкъахь берш.
فَكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ إِن كُنتُم بِآيَاتِهِ مُؤْمِنِينَ ۝١١٨
📖 Гочдар Аят 118
Аш даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхучу хенахь/ Делан цIе яьккхинчух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь.
وَمَا لَكُمْ أَلَّا تَأْكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَقَدْ فَصَّلَ لَكُم مَّا حَرَّمَ عَلَيْكُمْ إِلَّا مَا اضْطُرِرْتُمْ إِلَيْهِ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا لَّيُضِلُّونَ بِأَهْوَائِهِم بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِالْمُعْتَدِينَ ۝١١٩
📖 Гочдар Аят 119
Аш хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе яьккхичух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург . Баккъалла а, дукхаберш /нах/ нийсачу некъах тилош ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанех бевлларш.
وَذَرُوا ظَاهِرَ الْإِثْمِ وَبَاطِنَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَكْسِبُونَ الْإِثْمَ سَيُجْزَوْنَ بِمَا كَانُوا يَقْتَرِفُونَ ۝١٢٠
📖 Гочдар Аят 120
Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш деш хиллачуьнца.
وَلَا تَأْكُلُوا مِمَّا لَمْ يُذْكَرِ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَإِنَّهُ لَفِسْقٌ ۗ وَإِنَّ الشَّيَاطِينَ لَيُوحُونَ إِلَىٰ أَوْلِيَائِهِمْ لِيُجَادِلُوكُمْ ۖ وَإِنْ أَطَعْتُمُوهُمْ إِنَّكُمْ لَمُشْرِكُونَ ۝١٢١
📖 Гочдар Аят 121
Аш ма даалаш Делан цIе шена тIехь ца яьккхинчух. Иза, баккъалла а, песакъалла ю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь – /т1аккха/ шу хир ма ду мушрикаш.
أَوَمَن كَانَ مَيْتًا فَأَحْيَيْنَاهُ وَجَعَلْنَا لَهُ نُورًا يَمْشِي بِهِ فِي النَّاسِ كَمَن مَّثَلُهُ فِي الظُّلُمَاتِ لَيْسَ بِخَارِجٍ مِّنْهَا ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْكَافِرِينَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝١٢٢
📖 Гочдар Аят 122
Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг.
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ أَكَابِرَ مُجْرِمِيهَا لِيَمْكُرُوا فِيهَا ۖ وَمَا يَمْكُرُونَ إِلَّا بِأَنفُسِهِمْ وَمَا يَشْعُرُونَ ۝١٢٣
📖 Гочдар Аят 123
Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта. Цара-м мекарло ца йо шайна а бен‚ царна хаа ца ло-кх.
وَإِذَا جَاءَتْهُمْ آيَةٌ قَالُوا لَن نُّؤْمِنَ حَتَّىٰ نُؤْتَىٰ مِثْلَ مَا أُوتِيَ رُسُلُ اللَّهِ ۘ اللَّهُ أَعْلَمُ حَيْثُ يَجْعَلُ رِسَالَتَهُ ۗ سَيُصِيبُ الَّذِينَ أَجْرَمُوا صَغَارٌ عِندَ اللَّهِ وَعَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا كَانُوا يَمْكُرُونَ ۝١٢٤
📖 Гочдар Аят 124
Шайга делил (аят) деъча‚ цара олу: "Тхо тешар ма дац, Делан элчанашка деънарг саннарг тхайга ца дагIахь". Далла дика хаьа Ша элчаналла дала хьакъ верг. Къинош диначарах сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхуьур ду/ шаьш хиларна мекарло еш.
فَمَن يُرِدِ اللَّهُ أَن يَهْدِيَهُ يَشْرَحْ صَدْرَهُ لِلْإِسْلَامِ ۖ وَمَن يُرِدْ أَن يُضِلَّهُ يَجْعَلْ صَدْرَهُ ضَيِّقًا حَرَجًا كَأَنَّمَا يَصَّعَّدُ فِي السَّمَاءِ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْعَلُ اللَّهُ الرِّجْسَ عَلَى الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ ۝١٢٥
📖 Гочдар Аят 125
Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккху исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижс цатешачарна тIехь.
وَهَٰذَا صِرَاطُ رَبِّكَ مُسْتَقِيمًا ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ ۝١٢٦
📖 Гочдар Аят 126
ХIара бу хьан Кхиош-Кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу нахана.
۞ لَهُمْ دَارُ السَّلَامِ عِندَ رَبِّهِمْ ۖ وَهُوَ وَلِيُّهُم بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝١٢٧
📖 Гочдар Аят 127
Царна машаран цIа ду шайн Кхиош-Кхобучун гергахь. И ву церан доттагI уьш хиларна /дика/ Iамалш еш.
وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ قَدِ اسْتَكْثَرْتُم مِّنَ الْإِنسِ ۖ وَقَالَ أَوْلِيَاؤُهُم مِّنَ الْإِنسِ رَبَّنَا اسْتَمْتَعَ بَعْضُنَا بِبَعْضٍ وَبَلَغْنَا أَجَلَنَا الَّذِي أَجَّلْتَ لَنَا ۚ قَالَ النَّارُ مَثْوَاكُمْ خَالِدِينَ فِيهَا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ ۝١٢٨
📖 Гочдар Аят 128
/Хьахаде:/ уьш берриге а гулбечу дийнахь /кхойкхур ду/: "ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дāкъа схьалаьцна аш (дуккха адамаш тилийна аш)". Адамех церан доттагIаша эр ду: "Тхо кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира ‚ Ахь тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира". Цо (Дала) элира: "/Жоьжахатин/ цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь дуьсуш‚ Далла ма лиъна". Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ма ву Ша хьукма /нийса/ деш верг а‚ хууш верг а.
وَكَذَٰلِكَ نُوَلِّي بَعْضَ الظَّالِمِينَ بَعْضًا بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ ۝١٢٩
📖 Гочдар Аят 129
Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран доладойту Оха цара карадеш хилла долчуьнца .
يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِّنكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي وَيُنذِرُونَكُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا شَهِدْنَا عَلَىٰ أَنفُسِنَا ۖ وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَشَهِدُوا عَلَىٰ أَنفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُوا كَافِرِينَ ۝١٣٠
📖 Гочдар Аят 130
"ХIай жинийн а‚ адамийн а тоба! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юккъера‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху шун денна дуьхьалкхетар?" Цара аьр: "Тхайна тIехь тешалла дина оха". Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш ца тешаш хилла, аьлла.
ذَٰلِكَ أَن لَّمْ يَكُن رَّبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَىٰ بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا غَافِلُونَ ۝١٣١
📖 Гочдар Аят 131
Иштта (элчанаш бохуьйтура Оха) хьан Кхиош-Кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш, церан охIланна а ца хууш .
وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِّمَّا عَمِلُوا ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ ۝١٣٢
📖 Гочдар Аят 132
ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-Кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг.
وَرَبُّكَ الْغَنِيُّ ذُو الرَّحْمَةِ ۚ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَسْتَخْلِفْ مِن بَعْدِكُم مَّا يَشَاءُ كَمَا أَنشَأَكُم مِّن ذُرِّيَّةِ قَوْمٍ آخَرِينَ ۝١٣٣
📖 Гочдар Аят 133
Хьан Кхиош-Кхобург ву /цхьаннех/ ца возуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилча а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь, шу х1аллакдийр ду Цо. Шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьрретах.
إِنَّ مَا تُوعَدُونَ لَآتٍ ۖ وَمَا أَنتُم بِمُعْجِزِينَ ۝١٣٤
📖 Гочдар Аят 134
Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и гIелдан (и духатоха).
قُلْ يَا قَوْمِ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَن تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ ۗ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ ۝١٣٥
📖 Гочдар Аят 135
Ахь āла: "ХIай сан къам! Шайн Iамал йе аш шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье (эхарт). Баккъалла а‚ баккхийбийр ма бац зуламхой".
وَجَعَلُوا لِلَّهِ مِمَّا ذَرَأَ مِنَ الْحَرْثِ وَالْأَنْعَامِ نَصِيبًا فَقَالُوا هَٰذَا لِلَّهِ بِزَعْمِهِمْ وَهَٰذَا لِشُرَكَائِنَا ۖ فَمَا كَانَ لِشُرَكَائِهِمْ فَلَا يَصِلُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَمَا كَانَ لِلَّهِ فَهُوَ يَصِلُ إِلَىٰ شُرَكَائِهِمْ ۗ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ ۝١٣٦
📖 Гочдар Аят 136
Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дāкъа‚ элира (цара) "ХIара Далла ду" – царна моттарехь – "хIара вайн накъосташна ду". Церан накъосташна хилларг Дēле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукма.
وَكَذَٰلِكَ زَيَّنَ لِكَثِيرٍ مِّنَ الْمُشْرِكِينَ قَتْلَ أَوْلَادِهِمْ شُرَكَاؤُهُمْ لِيُرْدُوهُمْ وَلِيَلْبِسُوا عَلَيْهِمْ دِينَهُمْ ۖ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ ۝١٣٧
📖 Гочдар Аят 137
Иштта хаздира дукхаболчу мушрикашна церан накъосташа – жинаша шайн бераш дайар (зудабераш, дийна долуш, лаьттах дохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохадайтархьама а. Далла лиъна хиллехьара, и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара /харц/ кхуллург а.
وَقَالُوا هَٰذِهِ أَنْعَامٌ وَحَرْثٌ حِجْرٌ لَّا يَطْعَمُهَا إِلَّا مَن نَّشَاءُ بِزَعْمِهِمْ وَأَنْعَامٌ حُرِّمَتْ ظُهُورُهَا وَأَنْعَامٌ لَّا يَذْكُرُونَ اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا افْتِرَاءً عَلَيْهِ ۚ سَيَجْزِيهِم بِمَا كَانُوا يَفْتَرُونَ ۝١٣٨
📖 Гочдар Аят 138
/Мушрикаша/ элира: "ХIара даьхни а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луъчо бен"‚ – иштта довдора цара‚ даьхни ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхни ду цара шайна тIехь Делан цIе ца йоккхуш Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна.
وَقَالُوا مَا فِي بُطُونِ هَٰذِهِ الْأَنْعَامِ خَالِصَةٌ لِّذُكُورِنَا وَمُحَرَّمٌ عَلَىٰ أَزْوَاجِنَا ۖ وَإِن يَكُن مَّيْتَةً فَهُمْ فِيهِ شُرَكَاءُ ۚ سَيَجْزِيهِمْ وَصْفَهُمْ ۚ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ ۝١٣٩
📖 Гочдар Аят 139
Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дерг цIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна елла дуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо (Дала) бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И Шегахь хьекъалалла дерг а ву‚ девзаш а ву /Шен халкъ/.
قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ قَتَلُوا أَوْلَادَهُمْ سَفَهًا بِغَيْرِ عِلْمٍ وَحَرَّمُوا مَا رَزَقَهُمُ اللَّهُ افْتِرَاءً عَلَى اللَّهِ ۚ قَدْ ضَلُّوا وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ ۝١٤٠
📖 Гочдар Аят 140
Эшаллехь биси Iовдаллалица‚ хууш хIума а доцуш‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъ шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.
۞ وَهُوَ الَّذِي أَنشَأَ جَنَّاتٍ مَّعْرُوشَاتٍ وَغَيْرَ مَعْرُوشَاتٍ وَالنَّخْلَ وَالزَّرْعَ مُخْتَلِفًا أُكُلُهُ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُتَشَابِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۚ كُلُوا مِن ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَآتُوا حَقَّهُ يَوْمَ حَصَادِهِ ۖ وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ ۝١٤١
📖 Гочдар Аят 141
И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозуш йолу а ‚ кхозуш йоцу а‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а – тера йолу а‚ тера йоцу а. Баа церан стоьмаш, уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. Кхоам ца беш ма дайа /шайгахь дерг/. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан кхоам ца беш берш.
وَمِنَ الْأَنْعَامِ حَمُولَةً وَفَرْشًا ۚ كُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ ۝١٤٢
📖 Гочдар Аят 142
Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ма ду.
ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۖ مِّنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ نَبِّئُونِي بِعِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝١٤٣
📖 Гочдар Аят 143
/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шишша. Āлал (хаттал цаьрга): "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь".
وَمِنَ الْإِبِلِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْبَقَرِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ أَمْ كُنتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ وَصَّاكُمُ اللَّهُ بِهَٰذَا ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا لِّيُضِلَّ النَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ ۝١٤٤
📖 Гочдар Аят 144
Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.
قُل لَّا أَجِدُ فِي مَا أُوحِيَ إِلَيَّ مُحَرَّمًا عَلَىٰ طَاعِمٍ يَطْعَمُهُ إِلَّا أَن يَكُونَ مَيْتَةً أَوْ دَمًا مَّسْفُوحًا أَوْ لَحْمَ خِنزِيرٍ فَإِنَّهُ رِجْسٌ أَوْ فِسْقًا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۚ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ رَبَّكَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ۝١٤٥
📖 Гочдар Аят 145
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Суна ца карадо сайга даийтинчу ваьхьийшкахь дуучунна даа хьарам динарг къеделларг доцург‚ я Iенаш долу цIий доцург, я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю, – я шена тIехь /урс хьокхуш/ Дела воцчун цIе яьккхина цIена йоцу хIума йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанех а ца волуш – /яа мега цунна хьарамниг мацалла ца валлал/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург гечдеш верг ма ву‚ къинхетаме верг а ма ву /ишттачунна/.
وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا كُلَّ ذِي ظُفُرٍ ۖ وَمِنَ الْبَقَرِ وَالْغَنَمِ حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ شُحُومَهُمَا إِلَّا مَا حَمَلَتْ ظُهُورُهُمَا أَوِ الْحَوَايَا أَوْ مَا اخْتَلَطَ بِعَظْمٍ ۚ ذَٰلِكَ جَزَيْنَاهُم بِبَغْيِهِمْ ۖ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ ۝١٤٦
📖 Гочдар Аят 146
Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо а (йекъаелла) берг йолу /дийнат/. Хьелех а‚ уьстагIех а, - Оха хьарам йира царна оцеран мохь, шайн букъах‚ я чокох летта йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилбалар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакъ ду /Тхан хьукмашкахь./
فَإِن كَذَّبُوكَ فَقُل رَّبُّكُمْ ذُو رَحْمَةٍ وَاسِعَةٍ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُهُ عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ ۝١٤٧
📖 Гочдар Аят 147
Хьо цара харцвахь‚ āла: "Шун Кхиош-Кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ бухатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу нахах".
سَيَقُولُ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا أَشْرَكْنَا وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِن شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ حَتَّىٰ ذَاقُوا بَأْسَنَا ۗ قُلْ هَلْ عِندَكُم مِّنْ عِلْمٍ فَتُخْرِجُوهُ لَنَا ۖ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ أَنتُمْ إِلَّا تَخْرُصُونَ ۝١٤٨
📖 Гочдар Аят 148
Делаца накъост лаьцначара эр ду: "Далла лиънехьара, Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха". Иштта харцдира /дин/ царал хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iовшшалц. Āлал (хаттал цаьрга): "Шуьгахь дуй Iилма? Делахь, аш и тхуна гучудаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттарна (шайна моьттуш долчунна) а бен‚ шу ма дац харцлуьйш а бен ".
قُلْ فَلِلَّهِ الْحُجَّةُ الْبَالِغَةُ ۖ فَلَوْ شَاءَ لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ ۝١٤٩
📖 Гочдар Аят 149
Āла: "Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара, шу дерриге а нисдийр дара Цо".
قُلْ هَلُمَّ شُهَدَاءَكُمُ الَّذِينَ يَشْهَدُونَ أَنَّ اللَّهَ حَرَّمَ هَٰذَا ۖ فَإِن شَهِدُوا فَلَا تَشْهَدْ مَعَهُمْ ۚ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَهُم بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ ۝١٥٠
📖 Гочдар Аят 150
Āла: "Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина"‚– аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахь ма делахь цаьрца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран а‚ эхартах цатешачеран а лааршна – уьш бу шайн Кхиош-Кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш (мушрикаш).
۞ قُلْ تَعَالَوْا أَتْلُ مَا حَرَّمَ رَبُّكُمْ عَلَيْكُمْ ۖ أَلَّا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا ۖ وَلَا تَقْتُلُوا أَوْلَادَكُم مِّنْ إِمْلَاقٍ ۖ نَّحْنُ نَرْزُقُكُمْ وَإِيَّاهُمْ ۖ وَلَا تَقْرَبُوا الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ ۖ وَلَا تَقْتُلُوا النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُم بِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ ۝١٥١
📖 Гочдар Аят 151
Āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Схьадуьйла‚ ас дуьйцур ду шун Кхиош-Кхобучо шуна хьарам динарг: (хьарам дина шуна) аш Цуьнца цхьана хIуманца накъост лацар а‚ (шу) деца-ненаца вон хилар а (цаьрца дика хилар т1едиллина шуна). Шайн доьзалш ма байа мацаллах /кхоьруш/- Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачунна герга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлаха долчух а. Са ма делаш , ша Дала хьарам дина долу‚ бакъонца бен . И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале.
وَلَا تَقْرَبُوا مَالَ الْيَتِيمِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُ ۖ وَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ ۖ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَإِذَا قُلْتُمْ فَاعْدِلُوا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۖ وَبِعَهْدِ اللَّهِ أَوْفُوا ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُم بِهِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ ۝١٥٢
📖 Гочдар Аят 152
Боберан даьхнина герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц . Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цунна ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь ‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш), гергара велахь а (цунна дуьхьал делахь а и бакъдерг). Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш.
وَأَنَّ هَٰذَا صِرَاطِي مُسْتَقِيمًا فَاتَّبِعُوهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعُوا السُّبُلَ فَتَفَرَّقَ بِكُمْ عَن سَبِيلِهِ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُم بِهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ ۝١٥٣
📖 Гочдар Аят 153
ХIара Сан некъ бу нийса берг – тIаьхьахIитта цунна‚ тIаьхьа ма хIитта кхечу некъашна – цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо (Дала) шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
ثُمَّ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ تَمَامًا عَلَى الَّذِي أَحْسَنَ وَتَفْصِيلًا لِّكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَّعَلَّهُم بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ ۝١٥٤
📖 Гочдар Аят 154
ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIор хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу- уьш шайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьаьнакхетарх тешаш хила ма мегара.
وَهَٰذَا كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ فَاتَّبِعُوهُ وَاتَّقُوا لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ ۝١٥٥
📖 Гочдар Аят 155
ХIара а жайна /Къуръан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIитта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара.
أَن تَقُولُوا إِنَّمَا أُنزِلَ الْكِتَابُ عَلَىٰ طَائِفَتَيْنِ مِن قَبْلِنَا وَإِن كُنَّا عَن دِرَاسَتِهِمْ لَغَافِلِينَ ۝١٥٦
📖 Гочдар Аят 156
Аш ца алархьама: "Тхол хьалха хиллачу шина тобане доссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIопал (тхуна ца 1ема уьш-тхан маттахь дац уьш".
أَوْ تَقُولُوا لَوْ أَنَّا أُنزِلَ عَلَيْنَا الْكِتَابُ لَكُنَّا أَهْدَىٰ مِنْهُمْ ۚ فَقَدْ جَاءَكُم بَيِّنَةٌ مِّن رَّبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَذَّبَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَصَدَفَ عَنْهَا ۗ سَنَجْزِي الَّذِينَ يَصْدِفُونَ عَنْ آيَاتِنَا سُوءَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يَصْدِفُونَ ۝١٥٧
📖 Гочдар Аят 157
Я аш ца алархьама: "Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царал а нийса хилла хир дара тхо". Еана шуьга билгало шун Кхиош-Кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву ткъа зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царах /нах/ дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха Тхан аятех /нах/ дIатилинчарна вочу Iазапца цара уьш тилош хилар бахьанехь .
هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا أَن تَأْتِيَهُمُ الْمَلَائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ رَبُّكَ أَوْ يَأْتِيَ بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ ۗ يَوْمَ يَأْتِي بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ لَا يَنفَعُ نَفْسًا إِيمَانُهَا لَمْ تَكُنْ آمَنَتْ مِن قَبْلُ أَوْ كَسَبَتْ فِي إِيمَانِهَا خَيْرًا ۗ قُلِ انتَظِرُوا إِنَّا مُنتَظِرُونَ ۝١٥٨
📖 Гочдар Аят 158
Хьовсур буй-те уьш шайга маликаш дахкаре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-Кхобучун цхьадолу аяташ дахкаре? Хьан Кхиош-Кхобучун цхьадолу аяташ даьхканчу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан иймано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь я шен ийман чохь гулдина диканиг дацахь. Ахь āла: "Хьовсуш Iе шу – тхо а хьовсуш ду".
إِنَّ الَّذِينَ فَرَّقُوا دِينَهُمْ وَكَانُوا شِيَعًا لَّسْتَ مِنْهُمْ فِي شَيْءٍ ۚ إِنَّمَا أَمْرُهُمْ إِلَى اللَّهِ ثُمَّ يُنَبِّئُهُم بِمَا كَانُوا يَفْعَلُونَ ۝١٥٩
📖 Гочдар Аят 159
Баккъалла а, шайн дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш – хьо царах ма вац хьуна цхьанна хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг.
مَن جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ عَشْرُ أَمْثَالِهَا ۖ وَمَن جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ ۝١٦٠
📖 Гочдар Аят 160
Диканиг деъначунна – цунна итт цунах тераниг ду . Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац.
قُلْ إِنَّنِي هَدَانِي رَبِّي إِلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ دِينًا قِيَمًا مِّلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۚ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۝١٦١
📖 Гочдар Аят 161
Ахь āла: "Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-Кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала (нийса) дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикех".
قُلْ إِنَّ صَلَاتِي وَنُسُكِي وَمَحْيَايَ وَمَمَاتِي لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ ۝١٦٢
📖 Гочдар Аят 162
Āла: "Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу.
لَا شَرِيكَ لَهُ ۖ وَبِذَٰلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُسْلِمِينَ ۝١٦٣
📖 Гочдар Аят 163
Декъахо вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со хьалхара муьтIахь верг ву ".
قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَبْغِي رَبًّا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَيْءٍ ۚ وَلَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ إِلَّا عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُم مَّرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ ۝١٦٤
📖 Гочдар Аят 164
Ахь āла: "АллахI воцург /кхин/ лоху ас Кхиош-Кхобург (Дела)? И ма ву массо а хIуманан Кхиош-Кхобург. Карор ма дац хIор синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь . ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-Кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг.
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ الْأَرْضِ وَرَفَعَ بَعْضَكُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِّيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۗ إِنَّ رَبَّكَ سَرِيعُ الْعِقَابِ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ ۝١٦٥
📖 Гочдар Аят 165
И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шух цхьаберш вукхарал даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург сиха ма ву таIзар дарехь‚ И гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву.
← 5 Аль-Анъам (6/114) 7 →
Деша Аль-Анъам сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

6الأنعام Al-An'am 📚 165 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Анъам сура — 165 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers