Аль-Инсан сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Аль-Инсан сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (31 Аят — مدنية). Аль-Инсан ЛадоргӀа, Аль-Инсан Гочдар, Аль-Инсан mp3, Аль-Инсан pdf.Аль-Инсан сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
هَلْ أَتَىٰ عَلَى الْإِنسَانِ حِينٌ مِّنَ الدَّهْرِ لَمْ يَكُن شَيْئًا مَّذْكُورًا ١
📖 Гочдар
Аят 1
Еарий ткъа адамна тIе заманан цхьа киртиг , и ша хьехо хIума а йоцуш?
إِنَّا خَلَقْنَا الْإِنسَانَ مِن نُّطْفَةٍ أَمْشَاجٍ نَّبْتَلِيهِ فَجَعَلْنَاهُ سَمِيعًا بَصِيرًا ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Баккъалла а, Оха кхоьллира адам ийначу тIадамах ‚ Оха иза зуьйш ву /тIе декхарш дахкарца‚ бāланаш кхиссарца/. ТIаккха хилийтира иза хезаш а‚ гуш а.
إِنَّا هَدَيْنَاهُ السَّبِيلَ إِمَّا شَاكِرًا وَإِمَّا كَفُورًا ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Баккъалла а, Оха иза нисвира новкъа: я цо баркалла олуш ‚ я керстадеш.
إِنَّا أَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ سَلَاسِلَ وَأَغْلَالًا وَسَعِيرًا ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Баккъалла а, Оха кечйина цатешачарна зIенаш а‚ буржалш а‚/жоьжахатин/ цIе а.
إِنَّ الْأَبْرَارَ يَشْرَبُونَ مِن كَأْسٍ كَانَ مِزَاجُهَا كَافُورًا ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Баккъалла /Дала бохург деш/ дика хиллачара мер ду кеда чуьра /хаза маларш/, шех кафур (хаза хьожа йогIу хIума) тоьхна долу.
عَيْنًا يَشْرَبُ بِهَا عِبَادُ اللَّهِ يُفَجِّرُونَهَا تَفْجِيرًا ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Шовданан хи муьйлур ду Делан леша‚ шаьш и схьадоккхуш /шайна луучохь/ шортта схьадаккхарца.
يُوفُونَ بِالنَّذْرِ وَيَخَافُونَ يَوْمًا كَانَ شَرُّهُ مُسْتَطِيرًا ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Уьш кхочушдеш бу /Далла Iибадат дан/ делла дош‚ уьш кхоьруш бу /къемат/ дийнах‚ шен вон чIогIа даьржина хиллачу.
وَيُطْعِمُونَ الطَّعَامَ عَلَىٰ حُبِّهِ مِسْكِينًا وَيَتِيمًا وَأَسِيرًا ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Цара даадо даар, шайна деззашехь, мискачунна а‚ боберана а‚ йийсарна а,
إِنَّمَا نُطْعِمُكُمْ لِوَجْهِ اللَّهِ لَا نُرِيدُ مِنكُمْ جَزَاءً وَلَا شُكُورًا ٩
📖 Гочдар
Аят 9
/шаьш олуш/: "Оха даадо шуна Делан юьхьана (Делан дуьхьа)‚ тхуна ца оьшу шуьгара бекхам а‚ баркалла а.
إِنَّا نَخَافُ مِن رَّبِّنَا يَوْمًا عَبُوسًا قَمْطَرِيرًا ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Баккъалла а, тхо кхоьру тхан Кхиош-Кхобучуьнгара яххьаш чIогIа хебар йолчу дийнах ".
فَوَقَاهُمُ اللَّهُ شَرَّ ذَٰلِكَ الْيَوْمِ وَلَقَّاهُمْ نَضْرَةً وَسُرُورًا ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Дала ларийра уьш оцу дийнан вонах‚ диллира /церан яьххьаш т1е/ бослепар а‚ хазахетар а.
وَجَزَاهُم بِمَا صَبَرُوا جَنَّةً وَحَرِيرًا ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Бекхам бира царна шаьш /Далла йечу Iамална тIехь/ собар дарна бешций ‚ дариций.
مُّتَّكِئِينَ فِيهَا عَلَى الْأَرَائِكِ ۖ لَا يَرَوْنَ فِيهَا شَمْسًا وَلَا زَمْهَرِيرًا ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Цигахь уьш Iийр бу маьнганаш тIетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а ‚
وَدَانِيَةً عَلَيْهِمْ ظِلَالُهَا وَذُلِّلَتْ قُطُوفُهَا تَذْلِيلًا ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
гергахь хуьлуш царна /цу бешан/ IиндагIа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш охьакховдарх (аьтто хуьлуш шаьш бāха ирахIоьттина волчунна а‚ охьахиъна волчунна а‚ вижна волчунна а).
وَيُطَافُ عَلَيْهِم بِآنِيَةٍ مِّن فِضَّةٍ وَأَكْوَابٍ كَانَتْ قَوَارِيرَا ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Царна тIехьийзор бу дато пхьегIица‚ чохь са гучу кедаца /кегий нах/ –
قَوَارِيرَ مِن فِضَّةٍ قَدَّرُوهَا تَقْدِيرًا ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Дато, чохь са гучу кедаца (оцу тIехьийзачара хьуна мала бегIийла йолчу кепара а, барамехь а малар) дIалуш.
وَيُسْقَوْنَ فِيهَا كَأْسًا كَانَ مِزَاجُهَا زَنجَبِيلًا ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Цигахь малор бу чагIаран кад‚ шех занжабил тоьхна болу.
عَيْنًا فِيهَا تُسَمَّىٰ سَلْسَبِيلًا ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу.
۞ وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُّخَلَّدُونَ إِذَا رَأَيْتَهُمْ حَسِبْتَهُمْ لُؤْلُؤًا مَّنثُورًا ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Царна тIехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича, дIасадаьржина луълуъ ду моьттуш.
وَإِذَا رَأَيْتَ ثَمَّ رَأَيْتَ نَعِيمًا وَمُلْكًا كَبِيرًا ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Хьо хьаьжначу хенахь‚ цигахь хьуна гур ду ниIматаш а‚ доккха /чаккхе йоцуш/ мулк (ниIмат, Дала хьуна делла долу).
عَالِيَهُمْ ثِيَابُ سُندُسٍ خُضْرٌ وَإِسْتَبْرَقٌ ۖ وَحُلُّوا أَسَاوِرَ مِن فِضَّةٍ وَسَقَاهُمْ رَبُّهُمْ شَرَابًا طَهُورًا ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Царна тIедуьйхина хир ду дуткъачу баьццарчу дарин духар а‚ стоммачу дарин духар а‚ уьш хазбина хир бу дато чIагаршца‚ уьш Кхиош-Кхобучо царна малор ду цIена малар а.
إِنَّ هَٰذَا كَانَ لَكُمْ جَزَاءً وَكَانَ سَعْيُكُم مَّشْكُورًا ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
"Баккъалла а, хIара хили шуна /хазачу/ бекхамна /аш йина дика Iамалш бахьанехь/‚ шун /дуьненахь/ къахьегар хили /х1инца/ баркалле ".
إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ تَنزِيلًا ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
Баккъалла а, Оха доссора хьоьга Къуръан /кIез-кIеззиг/ доссорца.
فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تُطِعْ مِنْهُمْ آثِمًا أَوْ كَفُورًا ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Хьо собаре хила хьуо Кхиош-Кхобучун хьукманна‚ хьо муьтIахь ма хила царах къинош дечунна а‚ /дин/ керста дечунна .
وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ بُكْرَةً وَأَصِيلًا ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Ахь хьехае хьуо Кхиош-Кхобучун цIе Iуьйранна а‚ суьйранна а.(Ламазаш де, Iибадат де Далла).
وَمِنَ اللَّيْلِ فَاسْجُدْ لَهُ وَسَبِّحْهُ لَيْلًا طَوِيلًا ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбихь а де Цунна еххачу буьйсанна. (Буьйса денйе Далла Iибадат дарца).
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ يُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ وَيَذَرُونَ وَرَاءَهُمْ يَوْمًا ثَقِيلًا ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьн дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тIехьа деза (хала) де – /къематде/.
نَّحْنُ خَلَقْنَاهُمْ وَشَدَدْنَا أَسْرَهُمْ ۖ وَإِذَا شِئْنَا بَدَّلْنَا أَمْثَالَهُمْ تَبْدِيلًا ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хуьйцур бара царах терачаьрца хийцарца.
إِنَّ هَٰذِهِ تَذْكِرَةٌ ۖ فَمَن شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо т1елаьцна /иза/, ша Кхиош-Кхобучуьнга некъ бина.
وَمَا تَشَاءُونَ إِلَّا أَن يَشَاءَ اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
Шуна луур дац, Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
يُدْخِلُ مَن يَشَاءُ فِي رَحْمَتِهِ ۚ وَالظَّالِمِينَ أَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой – царна Цо кечдина лазош долу Iазап.
Деша Аль-Инсан сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

