📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 572
Сура Аль-Жинн

Сура Аль-Жинн

72:1
قُلۡ أُوحِيَ إِلَيَّ أَنَّهُ ٱسۡتَمَعَ نَفَرٌ مِّنَ ٱلۡجِنِّ فَقَالُوٓاْ إِنَّا سَمِعۡنَا قُرۡءَانًا عَجَبًا ١
Ахь āла /х1ай элча, хьан къоме/: "Соьга ваьхьица хаийтина: "ЛадуьйгIира /Къуръане/ жинийн цхьана тобано ‚ тIаккха цара элира: "Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар !
72:2
يَهۡدِيٓ إِلَى ٱلرُّشۡدِ فَـَٔامَنَّا بِهِۦۖ وَلَن نُّشۡرِكَ بِرَبِّنَآ أَحَدًا ٢
Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаьш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост.
72:3
وَأَنَّهُۥ تَعَٰلَىٰ جَدُّ رَبِّنَا مَا ٱتَّخَذَ صَٰحِبَةً وَلَا وَلَدًا ٣
Баккъалла а, лакхадели тхо кхиош-кхобуш волчу Делан возалла – ца леци Цо зуда-накъост а‚ доьзалхо а.
72:4
وَأَنَّهُۥ كَانَ يَقُولُ سَفِيهُنَا عَلَى ٱللَّهِ شَطَطًا ٤
Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг.
72:5
وَأَنَّا ظَنَنَّآ أَن لَّن تَقُولَ ٱلۡإِنسُ وَٱلۡجِنُّ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا ٥
Тхуна моьттура цкъа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг.
72:6
وَأَنَّهُۥ كَانَ رِجَالٌ مِّنَ ٱلۡإِنسِ يَعُوذُونَ بِرِجَالٍ مِّنَ ٱلۡجِنِّ فَزَادُوهُمۡ رَهَقًا ٦
Адамийн цхьа божарий бара ларлуш жинийн божаршца (цаьргара гIо лоьцуш) – цара совбехира уьш тиларца (Делан дозанех бовларца).
72:7
وَأَنَّهُمۡ ظَنُّواْ كَمَا ظَنَنتُمۡ أَن لَّن يَبۡعَثَ ٱللَّهُ أَحَدًا ٧
Баккъалла а, царна моьттура шуна моьттуш хилларг: "Цкъа а Дала цхьа а денвийр вац"‚ – аьлла.
72:8
وَأَنَّا لَمَسۡنَا ٱلسَّمَآءَ فَوَجَدۡنَٰهَا مُلِئَتۡ حَرَسًا شَدِيدًا وَشُهُبًا ٨
/Жинаша элира/: "Тхо хьакхаделира стигалах‚ тхуна иза карийра нуьцкъалчу гIаролех‚ цIе тухучу седарчех юьззина.
72:9
وَأَنَّا كُنَّا نَقۡعُدُ مِنۡهَا مَقَٰعِدَ لِلسَّمۡعِۖ فَمَن يَسۡتَمِعِ ٱلۡأٓنَ يَجِدۡ لَهُۥ شِهَابًا رَّصَدًا ٩
Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iаш болу цIе туху седа.
72:10
وَأَنَّا لَا نَدۡرِيٓ أَشَرٌّ أُرِيدَ بِمَن فِي ٱلۡأَرۡضِ أَمۡ أَرَادَ بِهِمۡ رَبُّهُمۡ رَشَدًا ١٠
Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш кхиош-кхобуш волу Дела царна нийса некъ лууш ву.
72:11
وَأَنَّا مِنَّا ٱلصَّٰلِحُونَ وَمِنَّا دُونَ ذَٰلِكَۖ كُنَّا طَرَآئِقَ قِدَدًا ١١
Тхох диканаш а ду‚ тхох уьш доцурш а ду‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш.
72:12
وَأَنَّا ظَنَنَّآ أَن لَّن نُّعۡجِزَ ٱللَّهَ فِي ٱلۡأَرۡضِ وَلَن نُّعۡجِزَهُۥ هَرَبًا ١٢
Тхуна хиира: тхан цкъа а ницкъ кхочур бац Дела (-н омранах довла) лаьттахь а‚ тхан цкъа а ницкъ кхочур бац девдда кIелхьардовла а.
72:13
وَأَنَّا لَمَّا سَمِعۡنَا ٱلۡهُدَىٰٓ ءَامَنَّا بِهِۦۖ فَمَن يُؤۡمِنۢ بِرَبِّهِۦ فَلَا يَخَافُ بَخۡسًا وَلَا رَهَقًا ١٣
Тхуна нийса некъ (Къуръан) хезча‚ тхо Цунах (Делах) тийшира. Ша кхиош-кхобуш волчу шен Делах тешаш верг – кхоьрур вац шен мела эшарх а‚ зулам хиларх а /къа сов даьлла/.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, September 1, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







