Ан-Нисаъ · 14/176
Гочдар Дешар — Ан-Нисаъ
وَمَن يَعۡصِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَيَتَعَدَّ حُدُودَهُۥ يُدۡخِلۡهُ نَارًا خَٰلِدًا فِيهَا وَلَهُۥ عَذَابٌ مُّهِينٌ  ۝١٤
Wa mai ya`sil laaha wa Rasoolahoo wa yata`adda hudoodahoo yudkhilhu Naaran khaalidan feehaa wa lahoo `azaabum muheen
📖 Нохчийн маьӀна
Далла а, Цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вохийтур ву Цо /жоьжахатин/ цIерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Iазап ду.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 12-16 — Ан-Нисаъ

12۞ وَلَكُمۡ نِصۡفُ مَا تَرَكَ أَزۡوَٰجُكُمۡ إِن لَّمۡ يَكُن لَّهُنَّ وَلَدٌۚ فَإِن كَانَ لَهُنَّ وَلَدٌ فَلَكُمُ ٱلرُّبُعُ مِمَّا تَرَكۡنَۚ مِنۢ بَعۡدِ وَصِيَّةٍ يُوصِينَ بِهَآ أَوۡ دَيۡنٍۚ وَلَهُنَّ ٱلرُّبُعُ مِمَّا تَرَكۡتُمۡ إِن لَّمۡ يَكُن لَّكُمۡ وَلَدٌۚ فَإِن كَانَ لَكُمۡ وَلَدٌ فَلَهُنَّ ٱلثُّمُنُ مِمَّا تَرَكۡتُمۚ مِّنۢ بَعۡدِ وَصِيَّةٍ تُوصُونَ بِهَآ أَوۡ دَيۡنٍۗ وَإِن كَانَ رَجُلٌ يُورَثُ كَلَٰلَةً أَوِ ٱمۡرَأَةٌ وَلَهُۥٓ أَخٌ أَوۡ أُخۡتٌ فَلِكُلِّ وَٰحِدٍ مِّنۡهُمَا ٱلسُّدُسُۚ فَإِن كَانُوٓاْ أَكۡثَرَ مِن ذَٰلِكَ فَهُمۡ شُرَكَآءُ فِي ٱلثُّلُثِۚ مِنۢ بَعۡدِ وَصِيَّةٍ يُوصَىٰ بِهَآ أَوۡ دَيۡنٍ غَيۡرَ مُضَآرٍّۚ وَصِيَّةً مِّنَ ٱللَّهِۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَلِيمٌ 
Шуна а кхочу ах шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь – шуна цара бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу церан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Царна (шу делла, бухабисина болу шун зударшна) – аш бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь – царна аш бухадитинчух, борхIалг1а дāкъа кхочу, шун весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь – цуьнан ваша‚ я йиша елахь – цу шиннах хIоранна а, йолхалг1а дāкъа лур ду. Нагахь уьш царал алсам белахь – уьш декъашхой хир бу кхоалг1ачу декъан‚ цуьнан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа‚ ша зен ца деш (цхьанна совдоккхуш‚ вукхунна эшош). Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ собаре а (дуьненахь сиха таIзар ца деш къинош динчарна).
13تِلۡكَ حُدُودُ ٱللَّهِۚ وَمَن يُطِعِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ يُدۡخِلۡهُ جَنَّٰتٍ تَجۡرِي مِن تَحۡتِهَا ٱلۡأَنۡهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَاۚ وَذَٰلِكَ ٱلۡفَوۡزُ ٱلۡعَظِيمُ 
Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – и вохуьйтур ву Цо ялсамане‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу‚ цу чохь уьш гуттар а хир бу. И сийлахь-боккха толам бу-кх.
14وَمَن يَعۡصِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَيَتَعَدَّ حُدُودَهُۥ يُدۡخِلۡهُ نَارًا خَٰلِدًا فِيهَا وَلَهُۥ عَذَابٌ مُّهِينٌ 
Далла а, Цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вохийтур ву Цо /жоьжахатин/ цIерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Iазап ду.
15وَٱلَّٰتِي يَأۡتِينَ ٱلۡفَٰحِشَةَ مِن نِّسَآئِكُمۡ فَٱسۡتَشۡهِدُواْ عَلَيۡهِنَّ أَرۡبَعَةً مِّنكُمۡۖ فَإِن شَهِدُواْ فَأَمۡسِكُوهُنَّ فِي ٱلۡبُيُوتِ حَتَّىٰ يَتَوَفَّىٰهُنَّ ٱلۡمَوۡتُ أَوۡ يَجۡعَلَ ٱللَّهُ لَهُنَّ سَبِيلًا 
Шун зударех боьханиг динарг – шух веаммо тешалла дойла цунна тIехь. Цара тешалла дахь – цIахь сацабе уьш баллалц ‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц.
16وَٱلَّذَانِ يَأۡتِيَٰنِهَا مِنكُمۡ فَـَٔاذُوهُمَاۖ فَإِن تَابَا وَأَصۡلَحَا فَأَعۡرِضُواْ عَنۡهُمَآۗ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ تَوَّابًا رَّحِيمًا 
Шух шиммо дахь и (боьханиг – зина) – та1зар де царна (човхорца а, бехк баккхарца а, иэхь хетийтарца а, мача тохарца а). Цара шиммо а тōба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовла царах. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а
Ан-НисаъКуръан индекс
176Аят
MedinanRevelation
14Аят

Гочдар — Ан-Нисаъ 14

Сура Аят 14/176 — Ан-Нисаъ النساء (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Ан-Нисаъ ЛадоргӀа, Ан-Нисаъ Гочдар, Ан-Нисаъ mp3, Ан-Нисаъ pdf. Аят 12–16. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers