Ан-Нисаъ · 92/176
Гочдар Дешар — Ан-Нисаъ
وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ أَن يَقْتُلَ مُؤْمِنًا إِلَّا خَطَأً ۚ وَمَن قَتَلَ مُؤْمِنًا خَطَأً فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ وَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ إِلَّا أَن يَصَّدَّقُوا ۚ فَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ عَدُوٍّ لَّكُمْ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ ۖ وَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ فَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ وَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ ۖ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ تَوْبَةً مِّنَ اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا ۝٩٢
Wa maa kaana limu`minin ai yaqtula mu`minan illaa khata`aa; waman qatala mu`minan khata`an fatabreeru raqabatim mu`minatinw wa diyatum mmusallamatun ilaaa ahliheee illaaa ai yassaddaqoo; fa in kaana min qawmin `aduwwil lakum wa huwa mu`minun fatabreeru raqabatim mu`minah; wa in kaana min qawmim bainakum wa bainahum meesaaqun fadiyatum mmusallamatun ilaaa ahlihee wa tahreeru raqabatim mu`minatin famal lam yajid fa Siyaamu shahraini mutataabi`aini tawhatam minal laah; wa kaanal laahu `Aleeman hakeemaa
📖 Нохчийн маьӀна
Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъма стагана муъма стаг вēр, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъма стаг вēхь, муъма лай а паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна д1алуш долу дият а лур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъма а волуш – муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах – д1алуш долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъма лай а паргIатвоккхур ву. Шегахь (парг1атваккха лай) вацахь (я и эца таро а) яцахь, - тIеттIа шина баттахь марханаш кхобур ду цо‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукма /нийса/ деш а хилла.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 90-94 — Ан-Нисаъ

90إِلَّا الَّذِينَ يَصِلُونَ إِلَىٰ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ أَوْ جَاءُوكُمْ حَصِرَتْ صُدُورُهُمْ أَن يُقَاتِلُوكُمْ أَوْ يُقَاتِلُوا قَوْمَهُمْ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَسَلَّطَهُمْ عَلَيْكُمْ فَلَقَاتَلُوكُمْ ۚ فَإِنِ اعْتَزَلُوكُمْ فَلَمْ يُقَاتِلُوكُمْ وَأَلْقَوْا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ فَمَا جَعَلَ اللَّهُ لَكُمْ عَلَيْهِمْ سَبِيلًا
Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а, шайн дагахь доцуш шуьца я /шуна дуьхьал долчу шайн/ къомаца тIом бан г1ерташ боцурш а. /Шуьца а, шуна дуьхьал а боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш – цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь – цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (цаьрца т1ом бан бакъо яц шун).
91سَتَجِدُونَ آخَرِينَ يُرِيدُونَ أَن يَأْمَنُوكُمْ وَيَأْمَنُوا قَوْمَهُمْ كُلَّ مَا رُدُّوا إِلَى الْفِتْنَةِ أُرْكِسُوا فِيهَا ۚ فَإِن لَّمْ يَعْتَزِلُوكُمْ وَيُلْقُوا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ وَيَكُفُّوا أَيْدِيَهُمْ فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ ۚ وَأُولَٰئِكُمْ جَعَلْنَا لَكُمْ عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا مُّبِينًا
Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила а‚ шайн къомаца (керстанашца) тешаме хила а‚ шаьш питане ма-кхайккхина, цу чу булуш. Уьш шух дIа ца берзахь (шуьца т1ом ца беш)‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна /тIекхийдочух/ ца совцадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъ бина (цаьрца тIом бан мега шуна).
92وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ أَن يَقْتُلَ مُؤْمِنًا إِلَّا خَطَأً ۚ وَمَن قَتَلَ مُؤْمِنًا خَطَأً فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ وَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ إِلَّا أَن يَصَّدَّقُوا ۚ فَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ عَدُوٍّ لَّكُمْ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ ۖ وَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ فَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ وَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ ۖ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ تَوْبَةً مِّنَ اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъма стагана муъма стаг вēр, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъма стаг вēхь, муъма лай а паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна д1алуш долу дият а лур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъма а волуш – муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах – д1алуш долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъма лай а паргIатвоккхур ву. Шегахь (парг1атваккха лай) вацахь (я и эца таро а) яцахь, - тIеттIа шина баттахь марханаш кхобур ду цо‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукма /нийса/ деш а хилла.
93وَمَن يَقْتُلْ مُؤْمِنًا مُّتَعَمِّدًا فَجَزَاؤُهُ جَهَنَّمُ خَالِدًا فِيهَا وَغَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِ وَلَعَنَهُ وَأَعَدَّ لَهُ عَذَابًا عَظِيمًا
Цхьаммо, шена хуъушехь, муъма стаг вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а вахана цунна‚ неIалт а аьлла‚ Цо кечдина цунна деза-доккха Iазап.
94يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا ضَرَبْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَتَبَيَّنُوا وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ أَلْقَىٰ إِلَيْكُمُ السَّلَامَ لَسْتَ مُؤْمِنًا تَبْتَغُونَ عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَعِندَ اللَّهِ مَغَانِمُ كَثِيرَةٌ ۚ كَذَٰلِكَ كُنتُم مِّن قَبْلُ فَمَنَّ اللَّهُ عَلَيْكُمْ فَتَبَيَّنُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
ХIай ийман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аш билгалдаккха : шайга салам деллачуьнга ма āла: "Хьо муъма вац"‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш – Далла гергахь йоккха хIонс ю. Иштта хилла шу хьалха – Дала шуна ниIмат делла. Аш билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аш дийриг дика хууш.
Ан-НисаъКуръан индекс
176Аят
MedinanRevelation
92Аят

Гочдар — Ан-Нисаъ 92

Сура Ан-Нисаъ Аят 92 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъма стагана муъма стаг вēр,…

Сура Аят 92/176 — Ан-Нисаъ النساء (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Ан-Нисаъ ЛадоргӀа, Ан-Нисаъ Гочдар, Ан-Нисаъ mp3, Ан-Нисаъ pdf. Аят 90–94. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers