Аль-Джаси сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Джаси сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (37 Аят — مكية). Аль-Джаси ЛадоргӀа, Аль-Джаси Гочдар, Аль-Джаси mp3, Аль-Джаси pdf.

Аль-Джаси сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
حم ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Хьа-мūм .
تَنزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Жайна доссар /ду хIара/ веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Делера.
إِنَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِّلْمُؤْمِنِينَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Баккъалла а, стигалшкахь а‚ лаьттахь а делилаш ма ду муъма нахана.
وَفِي خَلْقِكُمْ وَمَا يَبُثُّ مِن دَابَّةٍ آيَاتٌ لِّقَوْمٍ يُوقِنُونَ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилаш ду ша /ч1ог1а/ тешаш болчу нахана.
وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا أَنزَلَ اللَّهُ مِنَ السَّمَاءِ مِن رِّزْقٍ فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ آيَاتٌ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стигалара охьадоссийнчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилаш ма ду хьекъале болчу нахана.
تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۖ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَ اللَّهِ وَآيَاتِهِ يُؤْمِنُونَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна /х1ай Мухьаммад/ бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарах Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш?
وَيْلٌ لِّكُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
/Боккха/ бāла бу массо а къа латош, /чIогIа/ харцлуьйш волчунна,
يَسْمَعُ آيَاتِ اللَّهِ تُتْلَىٰ عَلَيْهِ ثُمَّ يُصِرُّ مُسْتَكْبِرًا كَأَن لَّمْ يَسْمَعْهَا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка, тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хезачух /ца хезаш санна/ – ахь кхаъ баккха цунна лазош долчу Iазапца.
وَإِذَا عَلِمَ مِنْ آيَاتِنَا شَيْئًا اتَّخَذَهَا هُزُوًا ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُّهِينٌ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча, – иза схьалоцу цо, белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна шаьш сийсазбохур болу Iазап хир дерш бу.
مِّن وَرَائِهِمْ جَهَنَّمُ ۖ وَلَا يُغْنِي عَنْهُم مَّا كَسَبُوا شَيْئًا وَلَا مَا اتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاءَ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Церан хьалхахь жоьжахати хир ю. Царна карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Iазап хир ду.
هَٰذَا هُدًى ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَهُمْ عَذَابٌ مِّن رِّجْزٍ أَلِيمٌ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-Кхобучун аяташ керстадинарш – /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш.
۞ اللَّهُ الَّذِي سَخَّرَ لَكُمُ الْبَحْرَ لِتَجْرِيَ الْفُلْكُ فِيهِ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Дела ву Ша хIорд шуна муьтIахь бинарг: цу чухула кема лелийта а Шен омранца‚ шуьга лехийта а Цуьнан комаьршаллах /хIордан ниIматаш – чIара‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта а /Ша деллачу ниIматашна/.
وَسَخَّرَ لَكُم مَّا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا مِّنْهُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Шуна муьтIахь дина Цо стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а – дерриге а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ойла еш болчу нахана.
قُل لِّلَّذِينَ آمَنُوا يَغْفِرُوا لِلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ أَيَّامَ اللَّهِ لِيَجْزِيَ قَوْمًا بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Ахь āла /х1ай элча/ ийман диллинчаьрга: гечдойла цара Делан деношка дог дохуш боцучарна Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца.
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَسَاءَ فَعَلَيْهَا ۖ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Милла велахь дика дина, – цунна шена ду иза‚ милла велахь вон дина, – цунна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучунна тIе дIадерзор ду шу.
وَلَقَدْ آتَيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ وَرَزَقْنَاهُم مِّنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Оха делира Исраилан кIенташка жайна а ‚ хьукма а‚ пайхамаралла а‚ рицкъ делира царна цIена долчух‚ Оха базбийра уьш Iаламел .
وَآتَيْنَاهُم بَيِّنَاتٍ مِّنَ الْأَمْرِ ۖ فَمَا اخْتَلَفُوا إِلَّا مِن بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш . Церан хилпало ма ца хилира, шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен, вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь.
ثُمَّ جَعَلْنَاكَ عَلَىٰ شَرِيعَةٍ مِّنَ الْأَمْرِ فَاتَّبِعْهَا وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
ТIаккха хьо /х1ай Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь – цунна тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчеран дезаршна тIаьхьа ма хIотта.
إِنَّهُمْ لَن يُغْنُوا عَنكَ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۖ وَاللَّهُ وَلِيُّ الْمُتَّقِينَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьардоккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой - церан цхьаберш вукхеран гIоьнчий (доладийраш) бу хьуна. Дела ву /Шех/ кхоьруш болчеран гIоьнча (доладийриг).
هَٰذَا بَصَائِرُ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِّقَوْمٍ يُوقِنُونَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
ХIара – билгалонаш ю /бIаьрг боьллуш/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу /ч1ог1а/ тешаш болчу нахана.
أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ اجْتَرَحُوا السَّيِّئَاتِ أَن نَّجْعَلَهُمْ كَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَوَاءً مَّحْيَاهُمْ وَمَمَاتُهُمْ ۚ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Къинош летийначарна моьттина те Оха шаьш ийман диллинчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьатерра хуьлуьйтур бу – шайн денбалар а‚ балар а? Вон хили цара деш долу хьукма!
وَخَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَلِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Дала кхоьллина стигалш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIор синна ша карадинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанна а цадинарг бахьанехь/ зулам дийр дац.
أَفَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَٰهَهُ هَوَاهُ وَأَضَلَّهُ اللَّهُ عَلَىٰ عِلْمٍ وَخَتَمَ عَلَىٰ سَمْعِهِ وَقَلْبِهِ وَجَعَلَ عَلَىٰ بَصَرِهِ غِشَاوَةً فَمَن يَهْدِيهِ مِن بَعْدِ اللَّهِ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Хьуна гой и шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тилавала витина иза шен хаарца ‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо?
وَقَالُوا مَا هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا يُهْلِكُنَا إِلَّا الدَّهْرُ ۚ وَمَا لَهُم بِذَٰلِكَ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Цара элира: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнен чу бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллакдийр ма дац замано бен". Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу.
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ مَّا كَانَ حُجَّتَهُمْ إِلَّا أَن قَالُوا ائْتُوا بِآبَائِنَا إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира, цара алар бен: "Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь".
قُلِ اللَّهُ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يَجْمَعُكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне ‚ шена чохь шеко йоцчу". Делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَخْسَرُ الْمُبْطِلُونَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Делан ду-кх стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хIоьттинчу дийнахь – оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш.
وَتَرَىٰ كُلَّ أُمَّةٍ جَاثِيَةً ۚ كُلُّ أُمَّةٍ تُدْعَىٰ إِلَىٰ كِتَابِهَا الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Хьуна гур ма ду /х1ай Мухьаммад/ массо а уммат горах1оьттина . ХIор уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе – тахана шуна бекхам бийр ма бу аш деш хиллачуьнца.
هَٰذَا كِتَابُنَا يَنطِقُ عَلَيْكُم بِالْحَقِّ ۚ إِنَّا كُنَّا نَسْتَنسِخُ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
ХIара ду Тхан жайна, тешалла дийр долуш шуна т1ехь бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аш деш хилларг.
فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُدْخِلُهُمْ رَبُّهُمْ فِي رَحْمَتِهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш бухкур бу шайн Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!
وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا أَفَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَاسْتَكْبَرْتُمْ وَكُنتُمْ قَوْمًا مُّجْرِمِينَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Ткъа цатешнарш /цаьрга эр ду/: "Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Т1аккха аш куралла ма йира – шух къинош деш долу къам хилира".
وَإِذَا قِيلَ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَالسَّاعَةُ لَا رَيْبَ فِيهَا قُلْتُم مَّا نَدْرِي مَا السَّاعَةُ إِن نَّظُنُّ إِلَّا ظَنًّا وَمَا نَحْنُ بِمُسْتَيْقِنِينَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
/Шуьга/ аьлча: "Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь"‚ аш олура: "Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIун ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо /эхартах/".
وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Гучуделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг.
وَقِيلَ الْيَوْمَ نَنسَاكُمْ كَمَا نَسِيتُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا وَمَأْوَاكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُم مِّن نَّاصِرِينَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Эр ду /цаьрга къематдийнахь/: "Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денна дуьхьалкхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна г1оьнчех цхьа а.
ذَٰلِكُم بِأَنَّكُمُ اتَّخَذْتُمْ آيَاتِ اللَّهِ هُزُوًا وَغَرَّتْكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ فَالْيَوْمَ لَا يُخْرَجُونَ مِنْهَا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Иза ду /шуна/ аш Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а". Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тōба дар а доьхур дац.
فَلِلَّهِ الْحَمْدُ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَرَبِّ الْأَرْضِ رَبِّ الْعَالَمِينَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Далла бу хастам /берриге а/‚ стигалийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу.
وَلَهُ الْكِبْرِيَاءُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигалшкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
← 44 Аль-Джаси (45/114) 46 →
Деша Аль-Джаси сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

45الجاثية Al-Jathiyah 📚 37 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers