PDF —
37 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Джаси pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Джаси pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Джаси Гочдар. Сура Аль-Джаси (Meccan) 37 Аят.



37 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒ
45:1 Хьа-мūм .
ﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
45:2 Жайна доссар /ду хIара/ веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Делера.
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
45:3 Баккъалла а, стигалшкахь а‚ лаьттахь а делилаш ма ду муъма нахана.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
45:4 Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилаш ду ша /ч1ог1а/ тешаш болчу нахана.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
45:5 Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стигалара охьадоссийнчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилаш ма ду хьекъале болчу нахана.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
45:6 ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна /х1ай Мухьаммад/ бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарах Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш?
ﮎﮏﮐﮑﮒ
45:7 /Боккха/ бāла бу массо а къа латош, /чIогIа/ харцлуьйш волчунна,
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
45:8 ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка, тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хезачух /ца хезаш санна/ – ахь кхаъ баккха цунна лазош долчу Iазапца.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
45:9 Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча, – иза схьалоцу цо, белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна шаьш сийсазбохур болу Iазап хир дерш бу.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
45:10 Церан хьалхахь жоьжахати хир ю. Царна карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Iазап хир ду.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
45:11 ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-Кхобучун аяташ керстадинарш – /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
45:12 Дела ву Ша хIорд шуна муьтIахь бинарг: цу чухула кема лелийта а Шен омранца‚ шуьга лехийта а Цуьнан комаьршаллах /хIордан ниIматаш – чIара‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта а /Ша деллачу ниIматашна/.
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
45:13 Шуна муьтIахь дина Цо стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а – дерриге а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ойла еш болчу нахана.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
45:14 Ахь āла /х1ай элча/ ийман диллинчаьрга: гечдойла цара Делан деношка дог дохуш боцучарна Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
45:15 Милла велахь дика дина, – цунна шена ду иза‚ милла велахь вон дина, – цунна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучунна тIе дIадерзор ду шу.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
45:16 Оха делира Исраилан кIенташка жайна а ‚ хьукма а‚ пайхамаралла а‚ рицкъ делира царна цIена долчух‚ Оха базбийра уьш Iаламел .
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
45:17 Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш . Церан хилпало ма ца хилира, шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен, вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
45:18 ТIаккха хьо /х1ай Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь – цунна тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчеран дезаршна тIаьхьа ма хIотта.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
45:19 Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьардоккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой - церан цхьаберш вукхеран гIоьнчий (доладийраш) бу хьуна. Дела ву /Шех/ кхоьруш болчеран гIоьнча (доладийриг).
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
45:20 ХIара – билгалонаш ю /бIаьрг боьллуш/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу /ч1ог1а/ тешаш болчу нахана.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
45:21 Къинош летийначарна моьттина те Оха шаьш ийман диллинчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьатерра хуьлуьйтур бу – шайн денбалар а‚ балар а? Вон хили цара деш долу хьукма!
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
45:22 Дала кхоьллина стигалш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIор синна ша карадинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанна а цадинарг бахьанехь/ зулам дийр дац.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
45:23 Хьуна гой и шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тилавала витина иза шен хаарца ‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо?
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
45:24 Цара элира: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнен чу бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллакдийр ма дац замано бен". Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
45:25 Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира, цара алар бен: "Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
45:26 Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне ‚ шена чохь шеко йоцчу". Делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
45:27 Делан ду-кх стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хIоьттинчу дийнахь – оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
45:28 Хьуна гур ма ду /х1ай Мухьаммад/ массо а уммат горах1оьттина . ХIор уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе – тахана шуна бекхам бийр ма бу аш деш хиллачуьнца.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
45:29 ХIара ду Тхан жайна, тешалла дийр долуш шуна т1ехь бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аш деш хилларг.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
45:30 Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш бухкур бу шайн Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
45:31 Ткъа цатешнарш /цаьрга эр ду/: "Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Т1аккха аш куралла ма йира – шух къинош деш долу къам хилира".
ﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡﰢﰣ
45:32 /Шуьга/ аьлча: "Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь"‚ аш олура: "Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIун ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо /эхартах/".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
45:33 Гучуделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
45:34 Эр ду /цаьрга къематдийнахь/: "Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денна дуьхьалкхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна г1оьнчех цхьа а.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
45:35 Иза ду /шуна/ аш Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а". Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тōба дар а доьхур дац.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
45:36 Далла бу хастам /берриге а/‚ стигалийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
45:37 Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигалшкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers