Аль-Хьашр сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Хьашр сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (24 Аят — مدنية). Аль-Хьашр ЛадоргӀа, Аль-Хьашр Гочдар, Аль-Хьашр mp3, Аль-Хьашр pdf.

Аль-Хьашр сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Тасбихь дина Далла стигалшкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
هُوَ الَّذِي أَخْرَجَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِن دِيَارِهِمْ لِأَوَّلِ الْحَشْرِ ۚ مَا ظَنَنتُمْ أَن يَخْرُجُوا ۖ وَظَنُّوا أَنَّهُم مَّانِعَتُهُمْ حُصُونُهُم مِّنَ اللَّهِ فَأَتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ حَيْثُ لَمْ يَحْتَسِبُوا ۖ وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ ۚ يُخْرِبُونَ بُيُوتَهُم بِأَيْدِيهِمْ وَأَيْدِي الْمُؤْمِنِينَ فَاعْتَبِرُوا يَا أُولِي الْأَبْصَارِ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Иза ву Ша арабаьхнарг жайнин охIлах цатешнарш хьалхарчу дIалахкарехь . Шуна ца моьттура уьш арабевр бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIепаша лардийр ду шаьш Делах. Дела т1екхиира царна шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо, - дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъма нехан куьйгашца а. Хьехам хилийта шайна цунах‚ хIай бIаьрсадерш!
وَلَوْلَا أَن كَتَبَ اللَّهُ عَلَيْهِمُ الْجَلَاءَ لَعَذَّبَهُمْ فِي الدُّنْيَا ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابُ النَّارِ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Дала царна ца яздинехьара махкара арабахар, Iазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цIеран Iазап хир ду.
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَاقُّوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۖ وَمَن يُشَاقِّ اللَّهَ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчанна а. Милла велахь а Далла дуьхьало йеш верг - баккъалла а, Дела ч1ог1а ву-кх таIзар дарехь.
مَا قَطَعْتُم مِّن لِّينَةٍ أَوْ تَرَكْتُمُوهَا قَائِمَةً عَلَىٰ أُصُولِهَا فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيُخْزِيَ الْفَاسِقِينَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг шен орамаш тIехь - Делан пурбанца ду‚ песикъ нах сийсазбарна а.
وَمَا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْهُمْ فَمَا أَوْجَفْتُمْ عَلَيْهِ مِنْ خَيْلٍ وَلَا رِكَابٍ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يُسَلِّطُ رُسُلَهُ عَلَىٰ مَن يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Дала Шен элчанна /аш т1ом ца беш / елла цаьргара хIонс - шуна ца кхийтира цунна тIаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
مَّا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْ أَهْلِ الْقُرَىٰ فَلِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ كَيْ لَا يَكُونَ دُولَةً بَيْنَ الْأَغْنِيَاءِ مِنكُمْ ۚ وَمَا آتَاكُمُ الرَّسُولُ فَخُذُوهُ وَمَا نَهَاكُمْ عَنْهُ فَانتَهُوا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Дала Шен элчанна яртийн нахера схьаяьккхина елла хIонс ю Далла ‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву-кх таIзар дарехь.
لِلْفُقَرَاءِ الْمُهَاجِرِينَ الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِن دِيَارِهِمْ وَأَمْوَالِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِّنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا وَيَنصُرُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
МухIажирийн миска нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабаьхна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резахилар а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гIо дарна. Уьш бу бакъберш.
وَالَّذِينَ تَبَوَّءُوا الدَّارَ وَالْإِيمَانَ مِن قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِي صُدُورِهِمْ حَاجَةً مِّمَّا أُوتُوا وَيُؤْثِرُونَ عَلَىٰ أَنفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌ ۚ وَمَن يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Царал хьалха /Мадинат/ г1алахь баха хевжина хилларш‚ иймана чохь чIагIбелларш - безаш бу шайна тIе баьхкинарш ‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршна елла хIонс бахьанехь/ хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а . Шаьш бIаьрмецигаллах ларбинарш (саг1анаш луш) - уьш бу-кх баккхийбийр берш.
وَالَّذِينَ جَاءُوا مِن بَعْدِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَانِنَا الَّذِينَ سَبَقُونَا بِالْإِيمَانِ وَلَا تَجْعَلْ فِي قُلُوبِنَا غِلًّا لِّلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا إِنَّكَ رَءُوفٌ رَّحِيمٌ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Царал тIаьхьа баьхкинарш а, олуш: "Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтIераволург а, къинхетаме верг а" /хьакъ бу шайна х1онсах дакъа кхача/.
۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ نَافَقُوا يَقُولُونَ لِإِخْوَانِهِمُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَئِنْ أُخْرِجْتُمْ لَنَخْرُجَنَّ مَعَكُمْ وَلَا نُطِيعُ فِيكُمْ أَحَدًا أَبَدًا وَإِن قُوتِلْتُمْ لَنَنصُرَنَّكُمْ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Хьуна гирий и мунепикъ нах, шаьш олуш жайнин охIлах ца тешаш хиллачу шайн вежаршка: "Шу арадаьхна хиллехьара‚ тхо а арадевр ма дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьанна а цкъа а муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара - шуна гIо дийр ма дара оха". Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу аьлла.
لَئِنْ أُخْرِجُوا لَا يَخْرُجُونَ مَعَهُمْ وَلَئِن قُوتِلُوا لَا يَنصُرُونَهُمْ وَلَئِن نَّصَرُوهُمْ لَيُوَلُّنَّ الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يُنصَرُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Уьш арабаьхча‚ цаьрца арабевр а ма бацара уьш. Цаьрца тIом бича, - царна гIо дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дича а, юхабевр ма бара уьш (бовдур ма бара уьш)‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара.
لَأَنتُمْ أَشَدُّ رَهْبَةً فِي صُدُورِهِم مِّنَ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَّا يَفْقَهُونَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду.
لَا يُقَاتِلُونَكُمْ جَمِيعًا إِلَّا فِي قُرًى مُّحَصَّنَةٍ أَوْ مِن وَرَاءِ جُدُرٍ ۚ بَأْسُهُم بَيْنَهُمْ شَدِيدٌ ۚ تَحْسَبُهُمْ جَمِيعًا وَقُلُوبُهُمْ شَتَّىٰ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَّا يَعْقِلُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Цара шуьца тIом бийр бац массара а цхьана чIагIйина ярташкахь бен я пенашна тIехьара бен. Церан ницкъ вовшашна юкъахь чIогIа бу. Хьуна моьтту, уьш цхьаьна бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза уьш хьекъал доцу къам долу дела ду.
كَمَثَلِ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ قَرِيبًا ۖ ذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Дукха хан йоцуш шайл хьалха хиллачарах тера бу уьш: шайн гIуллакхан бāла Iаьвшира цара. Царна хир ду лазош долу Iазап а /эхартахь/.
كَمَثَلِ الشَّيْطَانِ إِذْ قَالَ لِلْإِنسَانِ اكْفُرْ فَلَمَّا كَفَرَ قَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِّنكَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
ШайтIанах тера бу уьш, ша аьллачу адаме: "/Делах/ цатешарг хила!" Иза /Делах/ цатешарг хилча, цо элира: "Баккъалла а, со цIена ду хьох. Баккъалла а, со кхоьру Делах - Iаламийн Дех!"
فَكَانَ عَاقِبَتَهُمَا أَنَّهُمَا فِي النَّارِ خَالِدَيْنِ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الظَّالِمِينَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Цу шиннан (шайт1анан а, цунна т1аьхьах1оьттинчу адаман а) жам1 хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а буьсуш. Иза бу зуламхойн бекхам.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَلْتَنظُرْ نَفْسٌ مَّا قَدَّمَتْ لِغَدٍ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са ‚ ша хIун кечдина те кханенна. Шу кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг.
وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ نَسُوا اللَّهَ فَأَنسَاهُمْ أَنفُسَهُمْ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Шу ма хилалаш Дела вицвинчарах тера – тIаккха Цо бицбайтира цаьрга шаьш а. Уьш песикъ нах бу.
لَا يَسْتَوِي أَصْحَابُ النَّارِ وَأَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۚ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ هُمُ الْفَائِزُونَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай - уьш бу тоьлларш!
لَوْ أَنزَلْنَا هَٰذَا الْقُرْآنَ عَلَىٰ جَبَلٍ لَّرَأَيْتَهُ خَاشِعًا مُّتَصَدِّعًا مِّنْ خَشْيَةِ اللَّهِ ۚ وَتِلْكَ الْأَمْثَالُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Оха хIара Къуръан доссийна хиллехьара ламане, хьуна гур ма бара иза д1атийна, баьдда Делах кхерабаларна. ХIара масалш Оха дāладо нахана, цара ойла яхьара аьлла.
هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ ۖ هُوَ الرَّحْمَٰنُ الرَّحِيمُ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Иза АллахI (цхьа Дела) ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хуург ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетаме верг а ву.
هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْمَلِكُ الْقُدُّوسُ السَّلَامُ الْمُؤْمِنُ الْمُهَيْمِنُ الْعَزِيزُ الْجَبَّارُ الْمُتَكَبِّرُ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ /массо а боьхачу, кхоьллинчу сибатех, кхачамбацарех/ ц1ена верг ву‚ /Шен халкъана/ машар /луш/ верг ву‚ /Шен элчанашка цаьргахула Шен му1жизаташ гучудахарца нахе/ ийман дуьллуьйтуш верг ву‚ /массо а х1ума/1алашдийриг ву‚ веза верг ву‚ нуьцкъала верг ву‚ /вāла хьакъ долуш/ кура верг ву. ЦIена ву Иза /Шеца/ цара накъост лацарх.
هُوَ اللَّهُ الْخَالِقُ الْبَارِئُ الْمُصَوِّرُ ۖ لَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ ۚ يُسَبِّحُ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Иза АллахI ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ йоцучуьра хIуманаш хуьлуьйтург а ву Иза, сурт хIоттош верг а ву /Ша кхуллучу х1уманан/. Цуьнан хаза цIерш а ю. Цунна тасбихь деш ду стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
← 58 Аль-Хьашр (59/114) 60 →
Деша Аль-Хьашр сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

59الحشر Al-Hashr 📚 24 Аят مدنية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers