PDF —
24 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Хьашр pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Хьашр pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Хьашр Гочдар. Сура Аль-Хьашр (Medinan) 24 Аят.



24 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
59:1 Тасбихь дина Далла стигалшкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
59:2 Иза ву Ша арабаьхнарг жайнин охIлах цатешнарш хьалхарчу дIалахкарехь . Шуна ца моьттура уьш арабевр бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIепаша лардийр ду шаьш Делах. Дела т1екхиира царна шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо, - дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъма нехан куьйгашца а. Хьехам хилийта шайна цунах‚ хIай бIаьрсадерш!
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
59:3 Дала царна ца яздинехьара махкара арабахар, Iазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цIеран Iазап хир ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
59:4 Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчанна а. Милла велахь а Далла дуьхьало йеш верг - баккъалла а, Дела ч1ог1а ву-кх таIзар дарехь.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
59:5 Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг шен орамаш тIехь - Делан пурбанца ду‚ песикъ нах сийсазбарна а.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
59:6 Дала Шен элчанна /аш т1ом ца беш / елла цаьргара хIонс - шуна ца кхийтира цунна тIаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
59:7 Дала Шен элчанна яртийн нахера схьаяьккхина елла хIонс ю Далла ‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву-кх таIзар дарехь.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
59:8 МухIажирийн миска нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабаьхна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резахилар а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гIо дарна. Уьш бу бакъберш.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
59:9 Царал хьалха /Мадинат/ г1алахь баха хевжина хилларш‚ иймана чохь чIагIбелларш - безаш бу шайна тIе баьхкинарш ‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршна елла хIонс бахьанехь/ хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а . Шаьш бIаьрмецигаллах ларбинарш (саг1анаш луш) - уьш бу-кх баккхийбийр берш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
59:10 Царал тIаьхьа баьхкинарш а, олуш: "Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтIераволург а, къинхетаме верг а" /хьакъ бу шайна х1онсах дакъа кхача/.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
59:11 Хьуна гирий и мунепикъ нах, шаьш олуш жайнин охIлах ца тешаш хиллачу шайн вежаршка: "Шу арадаьхна хиллехьара‚ тхо а арадевр ма дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьанна а цкъа а муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара - шуна гIо дийр ма дара оха". Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу аьлла.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
59:12 Уьш арабаьхча‚ цаьрца арабевр а ма бацара уьш. Цаьрца тIом бича, - царна гIо дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дича а, юхабевр ма бара уьш (бовдур ма бара уьш)‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
59:13 Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
59:14 Цара шуьца тIом бийр бац массара а цхьана чIагIйина ярташкахь бен я пенашна тIехьара бен. Церан ницкъ вовшашна юкъахь чIогIа бу. Хьуна моьтту, уьш цхьаьна бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза уьш хьекъал доцу къам долу дела ду.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
59:15 Дукха хан йоцуш шайл хьалха хиллачарах тера бу уьш: шайн гIуллакхан бāла Iаьвшира цара. Царна хир ду лазош долу Iазап а /эхартахь/.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
59:16 ШайтIанах тера бу уьш, ша аьллачу адаме: "/Делах/ цатешарг хила!" Иза /Делах/ цатешарг хилча, цо элира: "Баккъалла а, со цIена ду хьох. Баккъалла а, со кхоьру Делах - Iаламийн Дех!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
59:17 Цу шиннан (шайт1анан а, цунна т1аьхьах1оьттинчу адаман а) жам1 хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а буьсуш. Иза бу зуламхойн бекхам.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
59:18 ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са ‚ ша хIун кечдина те кханенна. Шу кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
59:19 Шу ма хилалаш Дела вицвинчарах тера – тIаккха Цо бицбайтира цаьрга шаьш а. Уьш песикъ нах бу.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
59:20 Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай - уьш бу тоьлларш!
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
59:21 Оха хIара Къуръан доссийна хиллехьара ламане, хьуна гур ма бара иза д1атийна, баьдда Делах кхерабаларна. ХIара масалш Оха дāладо нахана, цара ойла яхьара аьлла.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
59:22 Иза АллахI (цхьа Дела) ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хуург ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
59:23 Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ /массо а боьхачу, кхоьллинчу сибатех, кхачамбацарех/ ц1ена верг ву‚ /Шен халкъана/ машар /луш/ верг ву‚ /Шен элчанашка цаьргахула Шен му1жизаташ гучудахарца нахе/ ийман дуьллуьйтуш верг ву‚ /массо а х1ума/1алашдийриг ву‚ веза верг ву‚ нуьцкъала верг ву‚ /вāла хьакъ долуш/ кура верг ву. ЦIена ву Иза /Шеца/ цара накъост лацарх.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
59:24 Иза АллахI ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ йоцучуьра хIуманаш хуьлуьйтург а ву Иза, сурт хIоттош верг а ву /Ша кхуллучу х1уманан/. Цуьнан хаза цIерш а ю. Цунна тасбихь деш ду стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers