Ат-Талакъ сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Ат-Талакъ сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (12 Аят — مدنية). Ат-Талакъ ЛадоргӀа, Ат-Талакъ Гочдар, Ат-Талакъ mp3, Ат-Талакъ pdf.Ат-Талакъ сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ فَطَلِّقُوهُنَّ لِعِدَّتِهِنَّ وَأَحْصُوا الْعِدَّةَ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ رَبَّكُمْ ۖ لَا تُخْرِجُوهُنَّ مِن بُيُوتِهِنَّ وَلَا يَخْرُجْنَ إِلَّا أَن يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُّبَيِّنَةٍ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۚ وَمَن يَتَعَدَّ حُدُودَ اللَّهِ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُ ۚ لَا تَدْرِي لَعَلَّ اللَّهَ يُحْدِثُ بَعْدَ ذَٰلِكَ أَمْرًا ١
📖 Гочдар
Аят 1
ХIай пайхамар! Шаьш зударий буьтуш, уьш бита Iиддатана . Аш дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах – шаьш Кхиош-Кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекхдалаза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара, цхьа билгала ирчаниг шаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гIуллакх хилийта тарло цул тIаьхьа.
فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ فَارِقُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ وَأَشْهِدُوا ذَوَيْ عَدْلٍ مِّنكُمْ وَأَقِيمُوا الشَّهَادَةَ لِلَّهِ ۚ ذَٰلِكُمْ يُوعَظُ بِهِ مَن كَانَ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَل لَّهُ مَخْرَجًا ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазачу гIиллакхца /шаьш цхьаьна даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазачу гIиллакхца /шайна, цхьаьна даха тарлур дац аьлла, хеталахь/. Аш шиъ теш хIоттаве /цхьаьнакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балех хьалхавала/,
وَيَرْزُقْهُ مِنْ حَيْثُ لَا يَحْتَسِبُ ۚ وَمَن يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَهُوَ حَسْبُهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بَالِغُ أَمْرِهِ ۚ قَدْ جَعَلَ اللَّهُ لِكُلِّ شَيْءٍ قَدْرًا ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг – иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо а хIуманна барам.
وَاللَّائِي يَئِسْنَ مِنَ الْمَحِيضِ مِن نِّسَائِكُمْ إِنِ ارْتَبْتُمْ فَعِدَّتُهُنَّ ثَلَاثَةُ أَشْهُرٍ وَاللَّائِي لَمْ يَحِضْنَ ۚ وَأُولَاتُ الْأَحْمَالِ أَجَلُهُنَّ أَن يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَل لَّهُ مِنْ أَمْرِهِ يُسْرًا ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Шун зударех шайн цIий дарах дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу ‚ и цIий дар хIинца а ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /1иддатан/ хан – бер дар ду. (Бер дича, чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь а, – Цо цунна шен гIуллакхах атталла хуьлуьйтур ю (цуьнан г1уллакх атта хуьлуьйтур ду).
ذَٰلِكَ أَمْرُ اللَّهِ أَنزَلَهُ إِلَيْكُمْ ۚ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُعْظِمْ لَهُ أَجْرًا ٥
📖 Гочдар
Аят 5
ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссийна долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял.
أَسْكِنُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ سَكَنتُم مِّن وُجْدِكُمْ وَلَا تُضَارُّوهُنَّ لِتُضَيِّقُوا عَلَيْهِنَّ ۚ وَإِن كُنَّ أُولَاتِ حَمْلٍ فَأَنفِقُوا عَلَيْهِنَّ حَتَّىٰ يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ فَإِنْ أَرْضَعْنَ لَكُمْ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۖ وَأْتَمِرُوا بَيْنَكُم بِمَعْرُوفٍ ۖ وَإِن تَعَاسَرْتُمْ فَسَتُرْضِعُ لَهُ أُخْرَىٰ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай марой/ Iаччохь, шайн тароне хьаьжжина . Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах белахь, харж йе царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь, – церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазачу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхадойла цунна.
لِيُنفِقْ ذُو سَعَةٍ مِّن سَعَتِهِ ۖ وَمَن قُدِرَ عَلَيْهِ رِزْقُهُ فَلْيُنفِقْ مِمَّا آتَاهُ اللَّهُ ۚ لَا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلَّا مَا آتَاهَا ۚ سَيَجْعَلُ اللَّهُ بَعْدَ عُسْرٍ يُسْرًا ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIеззиг рицкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанна а сина тIе ца дуьллу Ша цунна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атталла хуьлуьйтур ю.
وَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ عَتَتْ عَنْ أَمْرِ رَبِّهَا وَرُسُلِهِ فَحَاسَبْنَاهَا حِسَابًا شَدِيدًا وَعَذَّبْنَاهَا عَذَابًا نُّكْرًا ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-Кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омранна. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапца‚ Оха Iазап дира царна ирчачу Iазапца.
فَذَاقَتْ وَبَالَ أَمْرِهَا وَكَانَ عَاقِبَةُ أَمْرِهَا خُسْرًا ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Цара Iаьвшира шайн гIуллакхан бāла‚ церан гIуллакхах хилларг эшалла яра.
أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ قَدْ أَنزَلَ اللَّهُ إِلَيْكُمْ ذِكْرًا ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Шу кхера Делах‚ хIай хьекъал дерш‚ шаьш ийман диллина долу. Дала шуьга боссийна хьехам (Къуръан).
رَّسُولًا يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِ اللَّهِ مُبَيِّنَاتٍ لِّيُخْرِجَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ قَدْ أَحْسَنَ اللَّهُ لَهُ رِزْقًا ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна дуьйцуш Делан къегина аяташ ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш а боданашкара нуьре бахархьама. Делах а тийшина, дика Iамал йеш верг – Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цунна рицкъ.
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ وَمِنَ الْأَرْضِ مِثْلَهُنَّ يَتَنَزَّلُ الْأَمْرُ بَيْنَهُنَّ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ وَأَنَّ اللَّهَ قَدْ أَحَاطَ بِكُلِّ شَيْءٍ عِلْمًا ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Дела ву Ша кхоьллинарг ворхI стигал‚ лаьттах а цаьрга терра . /Делан/ омра охьадуссу царна юккъехула шуна хаархьама, и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла а‚ Цо чулаьцна юйла массо а хIума Шен Iилманца.
Деша Ат-Талакъ сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

