Ат-Тагъабун сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Ат-Тагъабун сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (18 Аят — مدنية). Ат-Тагъабун ЛадоргӀа, Ат-Тагъабун Гочдар, Ат-Тагъабун mp3, Ат-Тагъабун pdf.Ат-Тагъабун сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ ١
📖 Гочдар
Аят 1
Далла тасбихь деш ду стигалшкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цунна ду паччахьалла‚ Цунна бу хастам а. Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг.
هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ فَمِنكُمْ كَافِرٌ وَمِنكُم مُّؤْمِنٌ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву ца тешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш дийриг гуш верг ву.
خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Цо кхоьллира стигалш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттийра шун куц‚ тIаккха хаздира шун куьцаш. Цунна тIе ду /чаккхенан/ дIадерзар.
يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Цунна хаьа стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цунна хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг.
أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِن قَبْلُ فَذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Шуьга ца деара хьалха ца тешаш хиллачеран хабар? Цара Iаьвшира шайн гIуллакхийн бāла‚ царна лазош долу Iазап а хир ду /эхартахь/.
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُ كَانَت تَّأْتِيهِمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالُوا أَبَشَرٌ يَهْدُونَنَا فَكَفَرُوا وَتَوَلَّوا ۚ وَّاسْتَغْنَى اللَّهُ ۚ وَاللَّهُ غَنِيٌّ حَمِيدٌ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: "/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?" Цара керстадира /уьш Дала бахкийтар/‚ уьш дIабирзира /оцу элчанех а‚ бакъдолчу ийманах а/. Дела /церан Iибадат/ ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
زَعَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَن لَّن يُبْعَثُوا ۚ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّي لَتُبْعَثُنَّ ثُمَّ لَتُنَبَّؤُنَّ بِمَا عَمِلْتُمْ ۚ وَذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
/Делах/ цатешначарна моьттина шаьш дендийр дац. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "ХIаъ‚ со Кхиош-Кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду".
فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالنُّورِ الَّذِي أَنزَلْنَا ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссийнчу нуьрах а (Къуръанах). Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву.
يَوْمَ يَجْمَعُكُمْ لِيَوْمِ الْجَمْعِ ۖ ذَٰلِكَ يَوْمُ التَّغَابُنِ ۗ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/дийне. Иза ду вовшашна зенаш хиларан а, кхиамаш хиларан а де . Милла велахь Делах тешаш а, дика Iамалш йеш а, Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмаш чу‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу, цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а – уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
مَا أَصَابَ مِن مُّصِيبَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ يَهْدِ قَلْبَهُ ۚ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца бен. Милла велахь Делах тешаш – Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо а хIума хууш верг ву.
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۚ فَإِن تَوَلَّيْتُمْ فَإِنَّمَا عَلَىٰ رَسُولِنَا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
МуьтIахь хила Далла а‚ муьтIахь хила элчанна а. Шу дIадерзахь /ийманах/ – Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац.
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе тевжийла муъма нах.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ وَأَوْلَادِكُمْ عَدُوًّا لَّكُمْ فَاحْذَرُوهُمْ ۚ وَإِن تَعْفُوا وَتَصْفَحُوا وَتَغْفِرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалах а шуна мостагIий берш а бу‚ царах ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь – /и дика ду шуна/, баккъалла а, Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
إِنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلَادُكُمْ فِتْنَةٌ ۚ وَاللَّهُ عِندَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питана ду. Ткъа Дела – Цунна гергахь сийлахь-йоккха ял ю!
فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ وَاسْمَعُوا وَأَطِيعُوا وَأَنفِقُوا خَيْرًا لِّأَنفُسِكُمْ ۗ وَمَن يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Шу Делах кхералаш шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омране/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш йе /Делан новкъахь/ шуна шайна дика хилийтархьама. Шайн синойн бIаьрмецигаллах Iалаш хилларш – уьш бу баккхийбийр берш.
إِن تُقْرِضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعِفْهُ لَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ شَكُورٌ حَلِيمٌ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Аш /юхалург/ Далла лахь хаза декхар, – Цо маситтазза алсамдаьккхина юхадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву (Шех тешначарна оьгIазе воцуш).
عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву
Деша Ат-Тагъабун сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

