PDF —
12 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ат-Талакъ pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ат-Талакъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Талакъ Гочдар. Сура Ат-Талакъ (Medinan) 12 Аят.



12 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
65:1 ХIай пайхамар! Шаьш зударий буьтуш, уьш бита Iиддатана . Аш дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах – шаьш Кхиош-Кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекхдалаза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара, цхьа билгала ирчаниг шаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гIуллакх хилийта тарло цул тIаьхьа.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
65:2 Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазачу гIиллакхца /шаьш цхьаьна даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазачу гIиллакхца /шайна, цхьаьна даха тарлур дац аьлла, хеталахь/. Аш шиъ теш хIоттаве /цхьаьнакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балех хьалхавала/,
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
65:3 Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг – иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо а хIуманна барам.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
65:4 Шун зударех шайн цIий дарах дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу ‚ и цIий дар хIинца а ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /1иддатан/ хан – бер дар ду. (Бер дича, чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь а, – Цо цунна шен гIуллакхах атталла хуьлуьйтур ю (цуьнан г1уллакх атта хуьлуьйтур ду).
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
65:5 ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссийна долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
65:6 Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай марой/ Iаччохь, шайн тароне хьаьжжина . Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах белахь, харж йе царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь, – церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазачу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхадойла цунна.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
65:7 Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIеззиг рицкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанна а сина тIе ца дуьллу Ша цунна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атталла хуьлуьйтур ю.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
65:8 Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-Кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омранна. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапца‚ Оха Iазап дира царна ирчачу Iазапца.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
65:9 Цара Iаьвшира шайн гIуллакхан бāла‚ церан гIуллакхах хилларг эшалла яра.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
65:10 Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Шу кхера Делах‚ хIай хьекъал дерш‚ шаьш ийман диллина долу. Дала шуьга боссийна хьехам (Къуръан).
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
65:11 Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна дуьйцуш Делан къегина аяташ ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш а боданашкара нуьре бахархьама. Делах а тийшина, дика Iамал йеш верг – Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цунна рицкъ.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜ
65:12 Дела ву Ша кхоьллинарг ворхI стигал‚ лаьттах а цаьрга терра . /Делан/ омра охьадуссу царна юккъехула шуна хаархьама, и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла а‚ Цо чулаьцна юйла массо а хIума Шен Iилманца.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers