Ат-Талакъ · 6/12
Гочдар Дешар — Ат-Талакъ
أَسْكِنُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ سَكَنتُم مِّن وُجْدِكُمْ وَلَا تُضَارُّوهُنَّ لِتُضَيِّقُوا عَلَيْهِنَّ ۚ وَإِن كُنَّ أُولَاتِ حَمْلٍ فَأَنفِقُوا عَلَيْهِنَّ حَتَّىٰ يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ فَإِنْ أَرْضَعْنَ لَكُمْ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۖ وَأْتَمِرُوا بَيْنَكُم بِمَعْرُوفٍ ۖ وَإِن تَعَاسَرْتُمْ فَسَتُرْضِعُ لَهُ أُخْرَىٰ ۝٦
Askinoohunna min haisu sakantum minw wujdikum wa laa tudaaarroohunna litudaiyiqoo `alaihinn; wa in kunna ulaati hamlin fa anfiqoo `alihinna hattaa yada`na hamlahunn; fain arda`na lakum fa aatoo hunna ujoorahunna waatamiroo bainakum bima`roofinw wa in ta`aasartum fasaturdi`u lahooo ukhraa
📖 Нохчийн маьӀна
Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай марой/ Iаччохь, шайн тароне хьаьжжина . Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах белахь, харж йе царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь, – церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазачу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхадойла цунна.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 4-8 — Ат-Талакъ

4وَاللَّائِي يَئِسْنَ مِنَ الْمَحِيضِ مِن نِّسَائِكُمْ إِنِ ارْتَبْتُمْ فَعِدَّتُهُنَّ ثَلَاثَةُ أَشْهُرٍ وَاللَّائِي لَمْ يَحِضْنَ ۚ وَأُولَاتُ الْأَحْمَالِ أَجَلُهُنَّ أَن يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَل لَّهُ مِنْ أَمْرِهِ يُسْرًا
Шун зударех шайн цIий дарах дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу ‚ и цIий дар хIинца а ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /1иддатан/ хан – бер дар ду. (Бер дича, чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь а, – Цо цунна шен гIуллакхах атталла хуьлуьйтур ю (цуьнан г1уллакх атта хуьлуьйтур ду).
5ذَٰلِكَ أَمْرُ اللَّهِ أَنزَلَهُ إِلَيْكُمْ ۚ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُعْظِمْ لَهُ أَجْرًا
ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссийна долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял.
6أَسْكِنُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ سَكَنتُم مِّن وُجْدِكُمْ وَلَا تُضَارُّوهُنَّ لِتُضَيِّقُوا عَلَيْهِنَّ ۚ وَإِن كُنَّ أُولَاتِ حَمْلٍ فَأَنفِقُوا عَلَيْهِنَّ حَتَّىٰ يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ فَإِنْ أَرْضَعْنَ لَكُمْ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۖ وَأْتَمِرُوا بَيْنَكُم بِمَعْرُوفٍ ۖ وَإِن تَعَاسَرْتُمْ فَسَتُرْضِعُ لَهُ أُخْرَىٰ
Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай марой/ Iаччохь, шайн тароне хьаьжжина . Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах белахь, харж йе царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь, – церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазачу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхадойла цунна.
7لِيُنفِقْ ذُو سَعَةٍ مِّن سَعَتِهِ ۖ وَمَن قُدِرَ عَلَيْهِ رِزْقُهُ فَلْيُنفِقْ مِمَّا آتَاهُ اللَّهُ ۚ لَا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلَّا مَا آتَاهَا ۚ سَيَجْعَلُ اللَّهُ بَعْدَ عُسْرٍ يُسْرًا
Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIеззиг рицкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанна а сина тIе ца дуьллу Ша цунна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атталла хуьлуьйтур ю.
8وَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ عَتَتْ عَنْ أَمْرِ رَبِّهَا وَرُسُلِهِ فَحَاسَبْنَاهَا حِسَابًا شَدِيدًا وَعَذَّبْنَاهَا عَذَابًا نُّكْرًا
Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-Кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омранна. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапца‚ Оха Iазап дира царна ирчачу Iазапца.
Ат-ТалакъКуръан индекс
12Аят
MedinanRevelation
6Аят

Гочдар — Ат-Талакъ 6

Сура Ат-Талакъ Аят 6 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай…

Сура Аят 6/12 — Ат-Талакъ الطلاق (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Ат-Талакъ ЛадоргӀа, Ат-Талакъ Гочдар, Ат-Талакъ mp3, Ат-Талакъ pdf. Аят 4–8. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers