📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 128
Аль-Анъам

Аль-Анъам

6:1
ٱلۡحَمۡدُ لِلَّهِ ٱلَّذِي خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ وَجَعَلَ ٱلظُّلُمَٰتِ وَٱلنُّورَۖ ثُمَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ بِرَبِّهِمۡ يَعۡدِلُونَ ١
Хастам бу Далла‚ Ша стигалш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша боданаш а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-Кхобучуьнца нисбо /кхиберш/ .
6:2
هُوَ ٱلَّذِي خَلَقَكُم مِّن طِينٍ ثُمَّ قَضَىٰٓ أَجَلًاۖ وَأَجَلٌ مُّسَمًّى عِندَهُۥۖ ثُمَّ أَنتُمۡ تَمۡتَرُونَ ٢
И ву шу кхоьллинарг поппарх ‚ тIаккха 1ожалла хIоттийна /шуна дала/. /Кхин/ 1ожалла ю хан тоьхна Цунна гергахь /шу гIовто/. ТIаккха а шу шеко еш ду.
6:3
وَهُوَ ٱللَّهُ فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَفِي ٱلۡأَرۡضِ يَعۡلَمُ سِرَّكُمۡ وَجَهۡرَكُمۡ وَيَعۡلَمُ مَا تَكۡسِبُونَ ٣
И – АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) ву‚ Ша стигалшкахь а ву‚ лаьттахь а ву . Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гуш дерг а. Цунна хаьа аш карадеш дерг а.
6:4
وَمَا تَأۡتِيهِم مِّنۡ ءَايَةٍ مِّنۡ ءَايَٰتِ رَبِّهِمۡ إِلَّا كَانُواْ عَنۡهَا مُعۡرِضِينَ ٤
Шайн Кхиош-Кхобучун аятех цхьа а аят ца деана цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен.
6:5
فَقَدۡ كَذَّبُواْ بِٱلۡحَقِّ لَمَّا جَآءَهُمۡ فَسَوۡفَ يَأۡتِيهِمۡ أَنۢبَٰٓؤُاْ مَا كَانُواْ بِهِۦ يَسۡتَهۡزِءُونَ ٥
Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх ца бешаш хилла долу.
6:6
أَلَمۡ يَرَوۡاْ كَمۡ أَهۡلَكۡنَا مِن قَبۡلِهِم مِّن قَرۡنٍ مَّكَّنَّٰهُمۡ فِي ٱلۡأَرۡضِ مَا لَمۡ نُمَكِّن لَّكُمۡ وَأَرۡسَلۡنَا ٱلسَّمَآءَ عَلَيۡهِم مِّدۡرَارًا وَجَعَلۡنَا ٱلۡأَنۡهَٰرَ تَجۡرِي مِن تَحۡتِهِمۡ فَأَهۡلَكۡنَٰهُم بِذُنُوبِهِمۡ وَأَنشَأۡنَا مِنۢ بَعۡدِهِمۡ قَرۡنًا ءَاخَرِينَ ٦
Царна ца го-техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигал йоссийра Оха царна тIе догIица ‚ церан бухахула лелаш хиш хилийтира Оха ‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царал тIаьхьа кхечаран т1аьхье кхиийра Оха.
6:7
وَلَوۡ نَزَّلۡنَا عَلَيۡكَ كِتَٰبًا فِي قِرۡطَاسٍ فَلَمَسُوهُ بِأَيۡدِيهِمۡ لَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓاْ إِنۡ هَٰذَآ إِلَّا سِحۡرٌ مُّبِينٌ ٧
Оха доссош делхьара жайна (Къуръан) хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: "Билггала бозбуунчалла ду-кх хIара".
6:8
وَقَالُواْ لَوۡلَآ أُنزِلَ عَلَيۡهِ مَلَكٌۖ وَلَوۡ أَنزَلۡنَا مَلَكًا لَّقُضِيَ ٱلۡأَمۡرُ ثُمَّ لَا يُنظَرُونَ ٨
Ма элира цара: "Малик доссийна хиллехьара цунна тIе". Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара .
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Saturday, August 22, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







