📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 16
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:102
وَٱتَّبَعُواْ مَا تَتۡلُواْ ٱلشَّيَٰطِينُ عَلَىٰ مُلۡكِ سُلَيۡمَٰنَۖ وَمَا كَفَرَ سُلَيۡمَٰنُ وَلَٰكِنَّ ٱلشَّيَٰطِينَ كَفَرُواْ يُعَلِّمُونَ ٱلنَّاسَ ٱلسِّحۡرَ وَمَآ أُنزِلَ عَلَى ٱلۡمَلَكَيۡنِ بِبَابِلَ هَٰرُوتَ وَمَٰرُوتَۚ وَمَا يُعَلِّمَانِ مِنۡ أَحَدٍ حَتَّىٰ يَقُولَآ إِنَّمَا نَحۡنُ فِتۡنَةٌ فَلَا تَكۡفُرۡۖ فَيَتَعَلَّمُونَ مِنۡهُمَا مَا يُفَرِّقُونَ بِهِۦ بَيۡنَ ٱلۡمَرۡءِ وَزَوۡجِهِۦۚ وَمَا هُم بِضَآرِّينَ بِهِۦ مِنۡ أَحَدٍ إِلَّا بِإِذۡنِ ٱللَّهِۚ وَيَتَعَلَّمُونَ مَا يَضُرُّهُمۡ وَلَا يَنفَعُهُمۡۚ وَلَقَدۡ عَلِمُواْ لَمَنِ ٱشۡتَرَىٰهُ مَا لَهُۥ فِي ٱلۡأٓخِرَةِ مِنۡ خَلَٰقٍۚ وَلَبِئۡسَ مَا شَرَوۡاْ بِهِۦٓ أَنفُسَهُمۡۚ لَوۡ كَانُواْ يَعۡلَمُونَ ١٠٢
Уьш тIаьхьа ма хIиттира Сулейманан паччахьаллехь шайтIанаша шайна дуьйцаш долчу бозбуунчаллина. Сулеймана керста ца дира‚ амма шайтIанаша керстадира‚ цара нахана Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехь шина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: "Баккъалла а, тхо цхьа питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь ". ТIаккха цара цу шингара (ХIарутера а‚ Марутера а) Iама ма дора мар а‚ зуда а вовшахдаккхар. Цара ма ца до цуьнца (бозбуунчаллица) зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна (жуьгташна) хиира и эцначарна эхартахь цхьа а дакъа цахилар. Ма вон хIума ду-кх и, цара шайн синойх эцнарг‚ царна хууш хиллехьара.
2:103
وَلَوۡ أَنَّهُمۡ ءَامَنُواْ وَٱتَّقَوۡاْ لَمَثُوبَةٌ مِّنۡ عِندِ ٱللَّهِ خَيۡرٌۚ لَّوۡ كَانُواْ يَعۡلَمُونَ ١٠٣
Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера мēла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара.
2:104
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ لَا تَقُولُواْ رَٰعِنَا وَقُولُواْ ٱنظُرۡنَا وَٱسۡمَعُواْۗ وَلِلۡكَٰفِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ ١٠٤
ХIай ийман диллинарш! Аш ма āла /пайхамаре/: "Тхан г1айг1а бе ". Аш āла: "Тхоьга хьажа"‚ ла а догIа. Цатешачарна лазош долу Iазап /хир/ ду.
2:105
مَّا يَوَدُّ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ مِنۡ أَهۡلِ ٱلۡكِتَٰبِ وَلَا ٱلۡمُشۡرِكِينَ أَن يُنَزَّلَ عَلَيۡكُم مِّنۡ خَيۡرٍ مِّن رَّبِّكُمۡۚ وَٱللَّهُ يَخۡتَصُّ بِرَحۡمَتِهِۦ مَن يَشَآءُۚ وَٱللَّهُ ذُو ٱلۡفَضۡلِ ٱلۡعَظِيمِ ١٠٥
Жайнин ох1лах а‚ мушрикех а болчу цатешначарна ма ца деза шуна шаьш Кхиош-Кхобучуьнгара /цхьа а/ диканиг досса. Дала къаставо /пайхамар хила а, кхин диканиг дала а/ Шен къинхетамца Шена луург. И Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







