📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 15
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:94
قُلۡ إِن كَانَتۡ لَكُمُ ٱلدَّارُ ٱلۡأٓخِرَةُ عِندَ ٱللَّهِ خَالِصَةً مِّن دُونِ ٱلنَّاسِ فَتَمَنَّوُاْ ٱلۡمَوۡتَ إِن كُنتُمۡ صَٰدِقِينَ ٩٤
Ахь āла: "ТIаьххьара х1усам Далла гергахь‚ нахана а йоцуш‚ еккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь".
2:95
وَلَن يَتَمَنَّوۡهُ أَبَدَۢا بِمَا قَدَّمَتۡ أَيۡدِيهِمۡۚ وَٱللَّهُ عَلِيمُۢ بِٱلظَّٰلِمِينَ ٩٥
Царна цкъа а дезанне а дезар дац шайна иза шайн куьйгашца хьалхадаьккхинчуьнца . Дела ма ву бевзаш и зуламхой.
2:96
وَلَتَجِدَنَّهُمۡ أَحۡرَصَ ٱلنَّاسِ عَلَىٰ حَيَوٰةٍ وَمِنَ ٱلَّذِينَ أَشۡرَكُواْۚ يَوَدُّ أَحَدُهُمۡ لَوۡ يُعَمَّرُ أَلۡفَ سَنَةٍ وَمَا هُوَ بِمُزَحۡزِحِهِۦ مِنَ ٱلۡعَذَابِ أَن يُعَمَّرَۗ وَٱللَّهُ بَصِيرُۢ بِمَا يَعۡمَلُونَ ٩٦
Хьуна карор ма бу уьш (жуьгтий) массо а нахал /дуьненан/ дахарна сутара‚ Делаца накъост лаьцначарел а. Царах хIоранна а луур дара эзар шарахь вāха. Ма вац-кха и Iазапах гена валалур волуш ша /мел дукха/ вāхарх. Дела гуш ма ву цара дийриг.
2:97
قُلۡ مَن كَانَ عَدُوًّا لِّـجِبۡرِيلَ فَإِنَّهُۥ نَزَّلَهُۥ عَلَىٰ قَلۡبِكَ بِإِذۡنِ ٱللَّهِ مُصَدِّقًا لِّمَا بَيۡنَ يَدَيۡهِ وَهُدًى وَبُشۡرَىٰ لِلۡمُؤۡمِنِينَ ٩٧
Ахь āла: "Мила хилла Джибрилана мостагI? Цо ма доссадора и /Къуръан/ хьан даг чу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца нийса а догIуш, тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу".
2:98
مَن كَانَ عَدُوًّا لِّلَّهِ وَمَلَٰٓئِكَتِهِۦ وَرُسُلِهِۦ وَجِبۡرِيلَ وَمِيكَىٰلَ فَإِنَّ ٱللَّهَ عَدُوٌّ لِّلۡكَٰفِرِينَ ٩٨
Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Мийкална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачеран.
2:99
وَلَقَدۡ أَنزَلۡنَآ إِلَيۡكَ ءَايَٰتِۭ بَيِّنَٰتٍۖ وَمَا يَكۡفُرُ بِهَآ إِلَّا ٱلۡفَٰسِقُونَ ٩٩
Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр ма дац песакъ наха а бен.
2:100
أَوَكُلَّمَا عَٰهَدُواْ عَهۡدًا نَّبَذَهُۥ فَرِيقٌ مِّنۡهُمۚ بَلۡ أَكۡثَرُهُمۡ لَا يُؤۡمِنُونَ ١٠٠
Шаьш ваIда мел йи а‚ царах (жуьгтех) цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царах дукхахберш тешаш ма бац /Тавратах/.
2:101
وَلَمَّا جَآءَهُمۡ رَسُولٌ مِّنۡ عِندِ ٱللَّهِ مُصَدِّقٌ لِّمَا مَعَهُمۡ نَبَذَ فَرِيقٌ مِّنَ ٱلَّذِينَ أُوتُواْ ٱلۡكِتَٰبَ كِتَٰبَ ٱللَّهِ وَرَآءَ ظُهُورِهِمۡ كَأَنَّهُمۡ لَا يَعۡلَمُونَ ١٠١
Шайга Делера элча веъча‚ шайгахь дерг бакъдеш хилла волу‚ жайна деллачарех цхьана тобано дIатесира Делан жайна шайн баккъашна тIēхьа‚ шайна ца хууш санна.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







