📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 19
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:120
وَلَن تَرۡضَىٰ عَنكَ ٱلۡيَهُودُ وَلَا ٱلنَّصَٰرَىٰ حَتَّىٰ تَتَّبِعَ مِلَّتَهُمۡۗ قُلۡ إِنَّ هُدَى ٱللَّهِ هُوَ ٱلۡهُدَىٰۗ وَلَئِنِ ٱتَّبَعۡتَ أَهۡوَآءَهُم بَعۡدَ ٱلَّذِي جَآءَكَ مِنَ ٱلۡعِلۡمِ مَا لَكَ مِنَ ٱللَّهِ مِن وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ ١٢٠
Хиланне а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо церан динна т1аьхьах1оьттича бен. Ахь āла: "Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ"‚ хьо нагахь церан лаамашна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма (бакъдолу дин – ислам) деъначул тIаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а.
2:121
ٱلَّذِينَ ءَاتَيۡنَٰهُمُ ٱلۡكِتَٰبَ يَتۡلُونَهُۥ حَقَّ تِلَاوَتِهِۦٓ أُوْلَٰٓئِكَ يُؤۡمِنُونَ بِهِۦۗ وَمَن يَكۡفُرۡ بِهِۦ فَأُوْلَٰٓئِكَ هُمُ ٱلۡخَٰسِرُونَ ١٢١
Оха шайга жайна деллачарех и /Къуръан/ деша ма-деззара доьшуш берш бу ‚– уьш ма бу цунах/хьакъ-бакъ/ тешаш. Цунах ца тешаш берш – уьш ма бу эшамехь.
2:122
يَٰبَنِيٓ إِسۡرَٰٓءِيلَ ٱذۡكُرُواْ نِعۡمَتِيَ ٱلَّتِيٓ أَنۡعَمۡتُ عَلَيۡكُمۡ وَأَنِّي فَضَّلۡتُكُمۡ عَلَى ٱلۡعَٰلَمِينَ ١٢٢
ХIай Исраилан кIентий! Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шуна делла хилла долу‚ Ас даз ма дира шу Iаламел .
2:123
وَٱتَّقُواْ يَوۡمًا لَّا تَجۡزِي نَفۡسٌ عَن نَّفۡسٍ شَيۡـًٔا وَلَا يُقۡبَلُ مِنۡهَا عَدۡلٌ وَلَا تَنفَعُهَا شَفَٰعَةٌ وَلَا هُمۡ يُنصَرُونَ ١٢٣
Кхералаш дийнах, цхьанна сино кхечунна пайда бийр боцчу‚ шегара /Делан 1азапах к1елхьарвала/ мах къобалбийр боцчу‚ гIодаккхаро (шапаIато) шена пайда бийр боцчу а. Царна (цатешачарна) г1о дийр дац.
2:124
۞ وَإِذِ ٱبۡتَلَىٰٓ إِبۡرَٰهِـۧمَ رَبُّهُۥ بِكَلِمَٰتٍ فَأَتَمَّهُنَّۖ قَالَ إِنِّي جَاعِلُكَ لِلنَّاسِ إِمَامًاۖ قَالَ وَمِن ذُرِّيَّتِيۖ قَالَ لَا يَنَالُ عَهۡدِي ٱلظَّٰلِمِينَ ١٢٤
/Ахь хьахаде цаьрга‚ хIай Мухьаммад/: ИбрахIим ма зийра шен Кхиош-Кхобучо дешнашца ‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо (Дала) элира: "Ас хьох нахана имам веш ву". Цо (ИбрахIима) элира: "Ткъа сан тIаьхьенах?". Элира /Дала/: "Сан ваIда ца хьакхало зуламхойх".
2:125
وَإِذۡ جَعَلۡنَا ٱلۡبَيۡتَ مَثَابَةً لِّلنَّاسِ وَأَمۡنًا وَٱتَّخِذُواْ مِن مَّقَامِ إِبۡرَٰهِـۧمَ مُصَلًّىۖ وَعَهِدۡنَآ إِلَىٰٓ إِبۡرَٰهِـۧمَ وَإِسۡمَٰعِيلَ أَن طَهِّرَا بَيۡتِيَ لِلطَّآئِفِينَ وَٱلۡعَٰكِفِينَ وَٱلرُّكَّعِ ٱلسُّجُودِ ١٢٥
Хьахаде! Оха и цIа дира нахана т1ебоьрзу а‚ маьрша а меттиг хилийта: "Е ИбрахIиман меттиг ламаз ден меттиг". Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: "Аш шиммо цIанде Сан цIа (КаIба) го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат (и1тикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а".
2:126
وَإِذۡ قَالَ إِبۡرَٰهِـۧمُ رَبِّ ٱجۡعَلۡ هَٰذَا بَلَدًا ءَامِنًا وَٱرۡزُقۡ أَهۡلَهُۥ مِنَ ٱلثَّمَرَٰتِ مَنۡ ءَامَنَ مِنۡهُم بِٱللَّهِ وَٱلۡيَوۡمِ ٱلۡأٓخِرِۚ قَالَ وَمَن كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُۥ قَلِيلًا ثُمَّ أَضۡطَرُّهُۥٓ إِلَىٰ عَذَابِ ٱلنَّارِۖ وَبِئۡسَ ٱلۡمَصِيرُ ١٢٦
ИбрхIима аьллера: "ХIай сан Кхиош-Кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хIара /меттиг/ маьрша мохк ‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешначарна". Цо элира: "Ткъа /Делан ц1ен дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ни1матех цхьа к1еззиг‚ тIаккха дIахьавсор ма бу уьш цIеран Iазапе". Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







