📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 20
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:127
وَإِذۡ يَرۡفَعُ إِبۡرَٰهِـۧمُ ٱلۡقَوَاعِدَ مِنَ ٱلۡبَيۡتِ وَإِسۡمَٰعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلۡ مِنَّآۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلسَّمِيعُ ٱلۡعَلِيمُ ١٢٧
ИбрахIима а‚ ИсмаIила а хьалаойбу цу цIийнан бух / Деле доьхуш/: "ХIай‚ тхан Кхиош-Кхобург! Къобалде Ахь /хIара г1уллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а .
2:128
رَبَّنَا وَٱجۡعَلۡنَا مُسۡلِمَيۡنِ لَكَ وَمِن ذُرِّيَّتِنَآ أُمَّةً مُّسۡلِمَةً لَّكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبۡ عَلَيۡنَآۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ ١٢٨
ХIай тхан Кхиош-Кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтIахь ‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
2:129
رَبَّنَا وَٱبۡعَثۡ فِيهِمۡ رَسُولًا مِّنۡهُمۡ يَتۡلُواْ عَلَيۡهِمۡ ءَايَٰتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ ٱلۡكِتَٰبَ وَٱلۡحِكۡمَةَ وَيُزَكِّيهِمۡۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلۡعَزِيزُ ٱلۡحَكِيمُ ١٢٩
ХIай тхан Кхиош-Кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ ‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш . Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а".
2:130
وَمَن يَرۡغَبُ عَن مِّلَّةِ إِبۡرَٰهِـۧمَ إِلَّا مَن سَفِهَ نَفۡسَهُۥۚ وَلَقَدِ ٱصۡطَفَيۡنَٰهُ فِي ٱلدُّنۡيَاۖ وَإِنَّهُۥ فِي ٱلۡأٓخِرَةِ لَمِنَ ٱلصَّٰلِحِينَ ١٣٠
Ткъа мила ву ИбрахIиман миллатах /букъ тоьхна/ д1авоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Iовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех.
2:131
إِذۡ قَالَ لَهُۥ رَبُّهُۥٓ أَسۡلِمۡۖ قَالَ أَسۡلَمۡتُ لِرَبِّ ٱلۡعَٰلَمِينَ ١٣١
Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-Кхобучо: "МуьтIахь хила!" Цо элира: "МуьтIахь ву со Iаламийн Дена (Далла)".
2:132
وَوَصَّىٰ بِهَآ إِبۡرَٰهِـۧمُ بَنِيهِ وَيَعۡقُوبُ يَٰبَنِيَّ إِنَّ ٱللَّهَ ٱصۡطَفَىٰ لَكُمُ ٱلدِّينَ فَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنتُم مُّسۡلِمُونَ ١٣٢
Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Я1къуба а дира: "ХIай сан кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтIахь долуш а бен ".
2:133
أَمۡ كُنتُمۡ شُهَدَآءَ إِذۡ حَضَرَ يَعۡقُوبَ ٱلۡمَوۡتُ إِذۡ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعۡبُدُونَ مِنۢ بَعۡدِيۖ قَالُواْ نَعۡبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ ءَابَآئِكَ إِبۡرَٰهِـۧمَ وَإِسۡمَٰعِيلَ وَإِسۡحَٰقَ إِلَٰهًا وَٰحِدًا وَنَحۡنُ لَهُۥ مُسۡلِمُونَ ١٣٣
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла еъча‚ цо шен кIенташка олуш: "Хьанна Iибадат дийр ду аш сол тIаьхьа?" Цара ма элира: "Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо".
2:134
تِلۡكَ أُمَّةٌ قَدۡ خَلَتۡۖ لَهَا مَا كَسَبَتۡ وَلَكُم مَّا كَسَبۡتُمۡۖ وَلَا تُسۡـَٔلُونَ عَمَّا كَانُواْ يَعۡمَلُونَ ١٣٤
И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







