📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 18
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:113
وَقَالَتِ ٱلۡيَهُودُ لَيۡسَتِ ٱلنَّصَٰرَىٰ عَلَىٰ شَيۡءٍ وَقَالَتِ ٱلنَّصَٰرَىٰ لَيۡسَتِ ٱلۡيَهُودُ عَلَىٰ شَيۡءٍ وَهُمۡ يَتۡلُونَ ٱلۡكِتَٰبَۗ كَذَٰلِكَ قَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَعۡلَمُونَ مِثۡلَ قَوۡلِهِمۡۚ فَٱللَّهُ يَحۡكُمُ بَيۡنَهُمۡ يَوۡمَ ٱلۡقِيَٰمَةِ فِيمَا كَانُواْ فِيهِ يَخۡتَلِفُونَ ١١٣
Жуьгташа элира: "Насараш цхьанна а хIуманна тIехь бац ". Насараша элира: "Жуьгтий цхьанна а хIуманна тIехь бац ". Ткъа уьш ма бу жайна доьшуш. Иштта элира хIумма ца хууш болчара ‚ церан дашах терра. И Дела ма ву хьукам дийр долуш царна юккъехь къематдийнахь цара хилпало ечу хIуманехь.
2:114
وَمَنۡ أَظۡلَمُ مِمَّن مَّنَعَ مَسَٰجِدَ ٱللَّهِ أَن يُذۡكَرَ فِيهَا ٱسۡمُهُۥ وَسَعَىٰ فِي خَرَابِهَآۚ أُوْلَٰٓئِكَ مَا كَانَ لَهُمۡ أَن يَدۡخُلُوهَآ إِلَّا خَآئِفِينَۚ لَهُمۡ فِي ٱلدُّنۡيَا خِزۡيٌ وَلَهُمۡ فِي ٱلۡأٓخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ ١١٤
Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚ уьш дохо г1ерташ волчул? Уьш (и нах, маьждигаш дохош болу) - царна баха мегар ма дацара цу /маьждигашна/ чу‚ /Делах/ кхоьруш бен. Царна ю дуьненахь сийсазалла‚ ткъа эхартахь-м царна ма ду деза- доккха Iазап.
2:115
وَلِلَّهِ ٱلۡمَشۡرِقُ وَٱلۡمَغۡرِبُۚ فَأَيۡنَمَا تُوَلُّواْ فَثَمَّ وَجۡهُ ٱللَّهِۚ إِنَّ ٱللَّهَ وَٰسِعٌ عَلِيمٌ ١١٥
Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. Шу миччахьа дирзича а – цигахь ю Делан юьхь. И Дела ма ву дерриге а чулоцуш верг а‚ дика хууш верг а.
2:116
وَقَالُواْ ٱتَّخَذَ ٱللَّهُ وَلَدًاۗ سُبۡحَٰنَهُۥۖ بَل لَّهُۥ مَا فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِۖ كُلٌّ لَّهُۥ قَٰنِتُونَ ١١٦
Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна ". Вонах цIена ву Иза. Ткъа Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву.
2:117
بَدِيعُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِۖ وَإِذَا قَضَىٰٓ أَمۡرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُۥ كُن فَيَكُونُ ١١٧
Ша стигланаш а, латта а юьхьанца кхоьллинарг ву И. Цхьана гIуллакха тIехь Ша цхьа сацам бича‚ Цо олу цуьнга /Шена хила луучу х1умане/: "Хила!" – и хуьлу.
2:118
وَقَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَعۡلَمُونَ لَوۡلَا يُكَلِّمُنَا ٱللَّهُ أَوۡ تَأۡتِينَآ ءَايَةٌۗ كَذَٰلِكَ قَالَ ٱلَّذِينَ مِن قَبۡلِهِم مِّثۡلَ قَوۡلِهِمۡۘ تَشَٰبَهَتۡ قُلُوبُهُمۡۗ قَدۡ بَيَّنَّا ٱلۡأٓيَٰتِ لِقَوۡمٍ يُوقِنُونَ ١١٨
Шайгахь 1илма доцчара элира: "Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делил деана хиллехьара". Иштта олура царал хьалха баханчара а‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ ч1ог1а тешаш болчу нахана.
2:119
إِنَّآ أَرۡسَلۡنَٰكَ بِٱلۡحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًاۖ وَلَا تُسۡـَٔلُ عَنۡ أَصۡحَٰبِ ٱلۡجَحِيمِ ١١٩
Баккъалла а, Оха хьо ваийтина бакъдолчуьнца /кхаъ баккха/ хаамча хилла а‚ /Iазапан/ кхерамча хилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатин охIланна тIера.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







