📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 22
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:142
۞ سَيَقُولُ ٱلسُّفَهَآءُ مِنَ ٱلنَّاسِ مَا وَلَّىٰهُمۡ عَن قِبۡلَتِهِمُ ٱلَّتِي كَانُواْ عَلَيۡهَاۚ قُل لِّلَّهِ ٱلۡمَشۡرِقُ وَٱلۡمَغۡرِبُۚ يَهۡدِي مَن يَشَآءُ إِلَىٰ صِرَٰطٍ مُّسۡتَقِيمٍ ١٤٢
Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: "Стен дIаберзийна техьа уьш шаьш тIебоьрзуш хиллачу къилбанна тIера ?" Ахь āла: "Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа".
2:143
وَكَذَٰلِكَ جَعَلۡنَٰكُمۡ أُمَّةً وَسَطًا لِّتَكُونُواْ شُهَدَآءَ عَلَى ٱلنَّاسِ وَيَكُونَ ٱلرَّسُولُ عَلَيۡكُمۡ شَهِيدًاۗ وَمَا جَعَلۡنَا ٱلۡقِبۡلَةَ ٱلَّتِي كُنتَ عَلَيۡهَآ إِلَّا لِنَعۡلَمَ مَن يَتَّبِعُ ٱلرَّسُولَ مِمَّن يَنقَلِبُ عَلَىٰ عَقِبَيۡهِۚ وَإِن كَانَتۡ لَكَبِيرَةً إِلَّا عَلَى ٱلَّذِينَ هَدَى ٱللَّهُۗ وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيُضِيعَ إِيمَٰنَكُمۡۚ إِنَّ ٱللَّهَ بِٱلنَّاسِ لَرَءُوفٌ رَّحِيمٌ ١٤٣
Иштта Оха дира шух юкъара уммат‚ шу хилийта нахана тIехь тешаш‚ элча а хилийта шуна тIехь теш . Оха ма ца дира хьо шена тIевоьрзуш хилла къилба /Байт аль-Мукъаддас/ къасто бен элчанна тIаьхьавозург ша /керстаналлина т1е/ вухавоьрзучух. Баккъалла а, хиллера иза хала хIума Дала нисбиначарна доцуш. Дела ца хилла шун ийман эшор долуш . Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а.
2:144
قَدۡ نَرَىٰ تَقَلُّبَ وَجۡهِكَ فِي ٱلسَّمَآءِۖ فَلَنُوَلِّيَنَّكَ قِبۡلَةً تَرۡضَىٰهَاۚ فَوَلِّ وَجۡهَكَ شَطۡرَ ٱلۡمَسۡجِدِ ٱلۡحَرَامِۚ وَحَيۡثُ مَا كُنتُمۡ فَوَلُّواْ وُجُوهَكُمۡ شَطۡرَهُۥۗ وَإِنَّ ٱلَّذِينَ أُوتُواْ ٱلۡكِتَٰبَ لَيَعۡلَمُونَ أَنَّهُ ٱلۡحَقُّ مِن رَّبِّهِمۡۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا يَعۡمَلُونَ ١٤٤
Гира Тхуна /хIай Мухьаммад/ хьан юьхь стиглахьа хьийзар. Оха хьо тIевоьрзор ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьан юьхь Дезчу Маьждиган агIор. Шаьш миччахьа делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цу агIор. Жайнин охIланна хууш ма ду и шайн Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела цара дийриг тидамехь доцуш.
2:145
وَلَئِنۡ أَتَيۡتَ ٱلَّذِينَ أُوتُواْ ٱلۡكِتَٰبَ بِكُلِّ ءَايَةٍ مَّا تَبِعُواْ قِبۡلَتَكَۚ وَمَآ أَنتَ بِتَابِعٍ قِبۡلَتَهُمۡۚ وَمَا بَعۡضُهُم بِتَابِعٍ قِبۡلَةَ بَعۡضٍۚ وَلَئِنِ ٱتَّبَعۡتَ أَهۡوَآءَهُم مِّنۢ بَعۡدِ مَا جَآءَكَ مِنَ ٱلۡعِلۡمِ إِنَّكَ إِذًا لَّمِنَ ٱلظَّٰلِمِينَ ١٤٥
Жайнин охIланна муьлхха делил ахь далийча а‚ уьш тIебоьрзур бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма деъначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зуламхойх.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







