📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 21
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:135
وَقَالُواْ كُونُواْ هُودًا أَوۡ نَصَٰرَىٰ تَهۡتَدُواْۗ قُلۡ بَلۡ مِلَّةَ إِبۡرَٰهِـۧمَ حَنِيفًاۖ وَمَا كَانَ مِنَ ٱلۡمُشۡرِكِينَ ١٣٥
Цара (жайнин ох1лах болчара) элира: "Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахь āла: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех ".
2:136
قُولُوٓاْ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَمَآ أُنزِلَ إِلَيۡنَا وَمَآ أُنزِلَ إِلَىٰٓ إِبۡرَٰهِـۧمَ وَإِسۡمَٰعِيلَ وَإِسۡحَٰقَ وَيَعۡقُوبَ وَٱلۡأَسۡبَاطِ وَمَآ أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَآ أُوتِيَ ٱلنَّبِيُّونَ مِن رَّبِّهِمۡ لَا نُفَرِّقُ بَيۡنَ أَحَدٍ مِّنۡهُمۡ وَنَحۡنُ لَهُۥ مُسۡلِمُونَ ١٣٦
Аш āла: "Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-Кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтIахь ма ду".
2:137
فَإِنۡ ءَامَنُواْ بِمِثۡلِ مَآ ءَامَنتُم بِهِۦ فَقَدِ ٱهۡتَدَواْۖ وَّإِن تَوَلَّوۡاْ فَإِنَّمَا هُمۡ فِي شِقَاقٍۖ فَسَيَكۡفِيكَهُمُ ٱللَّهُۚ وَهُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلۡعَلِيمُ ١٣٧
Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьал. Дала / церан зенах а, бохамах а 1алашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а.
2:138
صِبۡغَةَ ٱللَّهِ وَمَنۡ أَحۡسَنُ مِنَ ٱللَّهِ صِبۡغَةًۖ وَنَحۡنُ لَهُۥ عَٰبِدُونَ ١٣٨
/Ала жуьгташка а, насарашка а: тхо къастийна/Делан динан хазаллин басарца . Мила ву ткъа Делачул дин хаза долуш? /Аш āла/: “Цунна Iибадат до оха.”
2:139
قُلۡ أَتُحَآجُّونَنَا فِي ٱللَّهِ وَهُوَ رَبُّنَا وَرَبُّكُمۡ وَلَنَآ أَعۡمَٰلُنَا وَلَكُمۡ أَعۡمَٰلُكُمۡ وَنَحۡنُ لَهُۥ مُخۡلِصُونَ ١٣٩
Ахь āла: "Тхоьца къуьйсу аш Делан хьокъехь? И ма ву тхан Кхиош-Кхобург а‚ шун Кхиош-Кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна (Далла) тешаме ду".
2:140
أَمۡ تَقُولُونَ إِنَّ إِبۡرَٰهِـۧمَ وَإِسۡمَٰعِيلَ وَإِسۡحَٰقَ وَيَعۡقُوبَ وَٱلۡأَسۡبَاطَ كَانُواْ هُودًا أَوۡ نَصَٰرَىٰۗ قُلۡ ءَأَنتُمۡ أَعۡلَمُ أَمِ ٱللَّهُۗ وَمَنۡ أَظۡلَمُ مِمَّن كَتَمَ شَهَٰدَةً عِندَهُۥ مِنَ ٱللَّهِۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعۡمَلُونَ ١٤٠
Я аш боху: ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан (Я1къубан) тIаьхье а хилла жуьгтий я насараш? Ахь āла: "Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тешалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела терго ца еш аш дийриг".
2:141
تِلۡكَ أُمَّةٌ قَدۡ خَلَتۡۖ لَهَا مَا كَسَبَتۡ وَلَكُم مَّا كَسَبۡتُمۡۖ وَلَا تُسۡـَٔلُونَ عَمَّا كَانُواْ يَعۡمَلُونَ ١٤١
И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







