📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 415
Сура Ас-Сажда

Сура Ас-Сажда

32:2
تَنزِيلُ ٱلۡكِتَٰبِ لَا رَيۡبَ فِيهِ مِن رَّبِّ ٱلۡعَٰلَمِينَ ٢
/Х1окху/ жайнин (Къуръанан) доссадар, шена чохь шеко йоццуш‚ Iаламийн Дегара ду.
32:3
أَمۡ يَقُولُونَ ٱفۡتَرَىٰهُۚ بَلۡ هُوَ ٱلۡحَقُّ مِن رَّبِّكَ لِتُنذِرَ قَوۡمًا مَّآ أَتَىٰهُم مِّن نَّذِيرٍ مِّن قَبۡلِكَ لَعَلَّهُمۡ يَهۡتَدُونَ ٣
Я цара (мушрикаша) олу: "Цо (Мухьаммада) кхоьллина /харцдерг/ ду иза"? ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга нахана (Къурайшашна а, кхечарна а) кхерам тасийтархьама‚ хьол хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцучарна‚ уьш нийсачу новкъа бевр бацара-те?
32:4
ٱللَّهُ ٱلَّذِي خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ وَمَا بَيۡنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِۖ مَا لَكُم مِّن دُونِهِۦ مِن وَلِيٍّ وَلَا شَفِيعٍۚ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ ٤
Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а, цу шинна юккъехь мел дерг а кхоьллинарг ялх дийнахь ‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIодаккхархо а - аш ойла ца йо-те?
32:5
يُدَبِّرُ ٱلۡأَمۡرَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ إِلَى ٱلۡأَرۡضِ ثُمَّ يَعۡرُجُ إِلَيۡهِ فِي يَوۡمٍ كَانَ مِقۡدَارُهُۥٓ أَلۡفَ سَنَةٍ مِّمَّا تَعُدُّونَ ٥
Цо /дерриге а/ г1уллакхашна т1ехь урхалла до стиглара лаьтта тIе‚ тIаккха уьш (г1уллакхаш) Цунна тIе юха хьалакхочу /цхьана/ дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аш (адмаша) дагардечу кепара.
32:6
ذَٰلِكَ عَٰلِمُ ٱلۡغَيۡبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ ٱلۡعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ ٦
Иза ву хьуламехь дерг а, гучахь дерг а хууш верг. Веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/.
32:7
ٱلَّذِيٓ أَحۡسَنَ كُلَّ شَيۡءٍ خَلَقَهُۥۖ وَبَدَأَ خَلۡقَ ٱلۡإِنسَٰنِ مِن طِينٍ ٧
Иза ву Ша мел кхоьллинарг исбаьхьа йина, адам кхолла волавелла Иза поппарах.
32:8
ثُمَّ جَعَلَ نَسۡلَهُۥ مِن سُلَٰلَةٍ مِّن مَّآءٍ مَّهِينٍ ٨
ТIаккха цуьнан (Ẳдаман) т1аьхье хилийтира Цо ладам боцчу (цхьа к1еззигчу) хинан тIадамах .
32:9
ثُمَّ سَوَّىٰهُ وَنَفَخَ فِيهِ مِن رُّوحِهِۦۖ وَجَعَلَ لَكُمُ ٱلسَّمۡعَ وَٱلۡأَبۡصَٰرَ وَٱلۡأَفۡـِٔدَةَۚ قَلِيلًا مَّا تَشۡكُرُونَ ٩
ТIаккха Цо иза нисвира (х1ор меже шен-шенан метте а х1оттош)‚ Цо Шен сих /са/ диллира цу (Ẳдаман дег1а) чу, Цо делира шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аш шукур дийриг!
32:10
وَقَالُوٓاْ أَءِذَا ضَلَلۡنَا فِي ٱلۡأَرۡضِ أَءِنَّا لَفِي خَلۡقٍ جَدِيدِۭۚ بَلۡ هُم بِلِقَآءِ رَبِّهِمۡ كَٰفِرُونَ ١٠
Цара (мушрикаша) элира: "Тхо дайча лаьтта чохь ‚ тхо керлачу кхолларехь хир дуй (юхадендийр дуй)?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьаьнакхетарх ца теша.
32:11
۞ قُلۡ يَتَوَفَّىٰكُم مَّلَكُ ٱلۡمَوۡتِ ٱلَّذِي وُكِّلَ بِكُمۡ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمۡ تُرۡجَعُونَ ١١
Ахь āла /х1ай Мухьаммад, оцу мушрикашка/: "Долуьйтур ду шу са эцаран малико ‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-Кхобучунна тIе шу дIадерзор ду.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Thursday, August 27, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







