📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 499
Сура Аль-Джаси

Сура Аль-Джаси

45:2
تَنزِيلُ ٱلۡكِتَٰبِ مِنَ ٱللَّهِ ٱلۡعَزِيزِ ٱلۡحَكِيمِ ٢
Жайна доссар /ду хIара/ веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Делера.
45:3
إِنَّ فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِ لَأٓيَٰتٍ لِّلۡمُؤۡمِنِينَ ٣
Баккъалла а, стигалшкахь а‚ лаьттахь а делилаш ма ду муъма нахана.
45:4
وَفِي خَلۡقِكُمۡ وَمَا يَبُثُّ مِن دَآبَّةٍ ءَايَٰتٌ لِّقَوۡمٍ يُوقِنُونَ ٤
Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилаш ду ша /ч1ог1а/ тешаш болчу нахана.
45:5
وَٱخۡتِلَٰفِ ٱلَّيۡلِ وَٱلنَّهَارِ وَمَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مِن رِّزۡقٍ فَأَحۡيَا بِهِ ٱلۡأَرۡضَ بَعۡدَ مَوۡتِهَا وَتَصۡرِيفِ ٱلرِّيَٰحِ ءَايَٰتٌ لِّقَوۡمٍ يَعۡقِلُونَ ٥
Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стигалара охьадоссийнчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилаш ма ду хьекъале болчу нахана.
45:6
تِلۡكَ ءَايَٰتُ ٱللَّهِ نَتۡلُوهَا عَلَيۡكَ بِٱلۡحَقِّۖ فَبِأَيِّ حَدِيثِۭ بَعۡدَ ٱللَّهِ وَءَايَٰتِهِۦ يُؤۡمِنُونَ ٦
ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна /х1ай Мухьаммад/ бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарах Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш?
45:7
وَيۡلٌ لِّكُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ ٧
/Боккха/ бāла бу массо а къа латош, /чIогIа/ харцлуьйш волчунна,
45:8
يَسۡمَعُ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ تُتۡلَىٰ عَلَيۡهِ ثُمَّ يُصِرُّ مُسۡتَكۡبِرًا كَأَن لَّمۡ يَسۡمَعۡهَاۖ فَبَشِّرۡهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ ٨
ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка, тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хезачух /ца хезаш санна/ – ахь кхаъ баккха цунна лазош долчу Iазапца.
45:9
وَإِذَا عَلِمَ مِنۡ ءَايَٰتِنَا شَيۡـًٔا ٱتَّخَذَهَا هُزُوًاۚ أُوْلَٰٓئِكَ لَهُمۡ عَذَابٌ مُّهِينٌ ٩
Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча, – иза схьалоцу цо, белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна шаьш сийсазбохур болу Iазап хир дерш бу.
45:10
مِّن وَرَآئِهِمۡ جَهَنَّمُۖ وَلَا يُغۡنِي عَنۡهُم مَّا كَسَبُواْ شَيۡـًٔا وَلَا مَا ٱتَّخَذُواْ مِن دُونِ ٱللَّهِ أَوۡلِيَآءَۖ وَلَهُمۡ عَذَابٌ عَظِيمٌ ١٠
Церан хьалхахь жоьжахати хир ю. Царна карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Iазап хир ду.
45:11
هَٰذَا هُدًىۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُواْ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِمۡ لَهُمۡ عَذَابٌ مِّن رِّجۡزٍ أَلِيمٌ ١١
ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-Кхобучун аяташ керстадинарш – /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш.
45:12
۞ ٱللَّهُ ٱلَّذِي سَخَّرَ لَكُمُ ٱلۡبَحۡرَ لِتَجۡرِيَ ٱلۡفُلۡكُ فِيهِ بِأَمۡرِهِۦ وَلِتَبۡتَغُواْ مِن فَضۡلِهِۦ وَلَعَلَّكُمۡ تَشۡكُرُونَ ١٢
Дела ву Ша хIорд шуна муьтIахь бинарг: цу чухула кема лелийта а Шен омранца‚ шуьга лехийта а Цуьнан комаьршаллах /хIордан ниIматаш – чIара‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта а /Ша деллачу ниIматашна/.
45:13
وَسَخَّرَ لَكُم مَّا فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِي ٱلۡأَرۡضِ جَمِيعًا مِّنۡهُۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَأٓيَٰتٍ لِّقَوۡمٍ يَتَفَكَّرُونَ ١٣
Шуна муьтIахь дина Цо стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а – дерриге а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ойла еш болчу нахана.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Sunday, August 30, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







