📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 542
Сура Аль-Муджадила

Сура Аль-Муджадила

58:1
قَدۡ سَمِعَ ٱللَّهُ قَوۡلَ ٱلَّتِي تُجَٰدِلُكَ فِي زَوۡجِهَا وَتَشۡتَكِيٓ إِلَى ٱللَّهِ وَٱللَّهُ يَسۡمَعُ تَحَاوُرَكُمَآۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعُۢ بَصِيرٌ ١
Хезна-кх Далла шен майрачух лаьцна хьоьга юх-юха а дуьйцуш йолчун дош ‚ цо Деле далхадо шен г1уллакх‚ и Дела хезаш ма ву шу шиннан къамел. Баккъалла а, и Дела хезаш верг а ма ву‚ гуш верг а ма ву.
58:2
ٱلَّذِينَ يُظَٰهِرُونَ مِنكُم مِّن نِّسَآئِهِم مَّا هُنَّ أُمَّهَٰتِهِمۡۖ إِنۡ أُمَّهَٰتُهُمۡ إِلَّا ٱلَّٰٓـِٔي وَلَدۡنَهُمۡۚ وَإِنَّهُمۡ لَيَقُولُونَ مُنكَرًا مِّنَ ٱلۡقَوۡلِ وَزُورًاۚ وَإِنَّ ٱللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ ٢
Шух шайн зударшка "шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду" бохурш – уьш церан наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш бинарш бен бац. Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела /уьш дохкобевлла, и къа дитча/ бехк цабуьллург а ву‚ гечдийриг а ву.
58:3
وَٱلَّذِينَ يُظَٰهِرُونَ مِن نِّسَآئِهِمۡ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا قَالُواْ فَتَحۡرِيرُ رَقَبَةٍ مِّن قَبۡلِ أَن يَتَمَآسَّاۚ ذَٰلِكُمۡ تُوعَظُونَ بِهِۦۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعۡمَلُونَ خَبِيرٌ ٣
И шайн зударшка "шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду" олурш‚ тIаккха шаьш аьллачунна тIе юхабоьрзуш берш – цхьа лай азатваккха веза цара шаьш /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика хууш ву.
58:4
فَمَن لَّمۡ يَجِدۡ فَصِيَامُ شَهۡرَيۡنِ مُتَتَابِعَيۡنِ مِن قَبۡلِ أَن يَتَمَآسَّاۖ فَمَن لَّمۡ يَسۡتَطِعۡ فَإِطۡعَامُ سِتِّينَ مِسۡكِينًاۚ ذَٰلِكَ لِتُؤۡمِنُواْ بِٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦۚ وَتِلۡكَ حُدُودُ ٱللَّهِۗ وَلِلۡكَٰفِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ ٤
И цакарийначо марха кхобур ду шина баттахь тIеттIа, шаьшшиъ /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. И ца магахь - кхузткъа мискачунна даа хIума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тIех ма довла царна/. /Делах/ цатешачарна лазош долу Iазап ду.
58:5
إِنَّ ٱلَّذِينَ يُحَآدُّونَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ كُبِتُواْ كَمَا كُبِتَ ٱلَّذِينَ مِن قَبۡلِهِمۡۚ وَقَدۡ أَنزَلۡنَآ ءَايَٰتِۭ بَيِّنَٰتٍۚ وَلِلۡكَٰفِرِينَ عَذَابٌ مُّهِينٌ ٥
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагIаллица/ дуьхьалбовлуш берш сийсазбийр болуш бу‚ царал хьалха хилларш сийсазбарх терра. Оха доссийна билгала долу аяташ. Цатешачарна /уьш/ сийсазбеш долу Iазап хир ма ду.
58:6
يَوۡمَ يَبۡعَثُهُمُ ٱللَّهُ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُوٓاْۚ أَحۡصَىٰهُ ٱللَّهُ وَنَسُوهُۚ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيۡءٍ شَهِيدٌ ٦
Оцу дийнахь Дала гIовтор бу уьш берриге /кешнаш чуьра/‚ Цо дуьйцур ду цаьрга цара дина хилларг /дуьненахь/. Дала тидам бина цунах‚ цара дицдина. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ву-кх.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Monday, August 31, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







