📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 12
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:77
أَوَلَا يَعۡلَمُونَ أَنَّ ٱللَّهَ يَعۡلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعۡلِنُونَ ٧٧
Царна (жуьгташна) ца хаьа-те, и Дела цара хьулдийриг а, цара гучудоккхург а хууш вуйла?
2:78
وَمِنۡهُمۡ أُمِّيُّونَ لَا يَعۡلَمُونَ ٱلۡكِتَٰبَ إِلَّآ أَمَانِيَّ وَإِنۡ هُمۡ إِلَّا يَظُنُّونَ ٧٨
Царах бу бодане берш‚ шайна жайна (Таврат) ца хууш‚ беккъа беса сатийсамаш бен - уьш ма бац шайна хетарш деш бен .
2:79
فَوَيۡلٌ لِّلَّذِينَ يَكۡتُبُونَ ٱلۡكِتَٰبَ بِأَيۡدِيهِمۡ ثُمَّ يَقُولُونَ هَٰذَا مِنۡ عِندِ ٱللَّهِ لِيَشۡتَرُواْ بِهِۦ ثَمَنًا قَلِيلًاۖ فَوَيۡلٌ لَّهُم مِّمَّا كَتَبَتۡ أَيۡدِيهِمۡ وَوَيۡلٌ لَّهُم مِّمَّا يَكۡسِبُونَ ٧٩
Бала бу шайн куьйгашца жайна яздечарна ‚ тIаккха цара олу: "ХIара ду Делера"‚– шайна цунах пайдабоццу мах эцархьама. ТIаккха бала бу царна шайн куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карадерзочух.
2:80
وَقَالُواْ لَن تَمَسَّنَا ٱلنَّارُ إِلَّآ أَيَّامًا مَّعۡدُودَةًۚ قُلۡ أَتَّخَذۡتُمۡ عِندَ ٱللَّهِ عَهۡدًا فَلَن يُخۡلِفَ ٱللَّهُ عَهۡدَهُۥٓۖ أَمۡ تَقُولُونَ عَلَى ٱللَّهِ مَا لَا تَعۡلَمُونَ ٨٠
Цара элира: "Тхох кхетанне а кхетар яц /жоьжахатин/ цIе‚ цхьа масийтта дийнахь бен" . Ахь āла /я Мухьаммад/: "Делера ваIда эцна аш? – Дала цкъа а ца йохайо Шен ваIда – я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна цахуург?"
2:81
بَلَىٰۚ مَن كَسَبَ سَيِّئَةً وَأَحَٰطَتۡ بِهِۦ خَطِيٓـَٔتُهُۥ فَأُوْلَٰٓئِكَ أَصۡحَٰبُ ٱلنَّارِۖ هُمۡ فِيهَا خَٰلِدُونَ ٨١
Х1аъ, вониг динарш а, шайн г1алаташ шайх хьаьрчинарш а – уьш бу жоьжахатин дай, шаьш цу чохь гуттар хир болуш.
2:82
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَعَمِلُواْ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أُوْلَٰٓئِكَ أَصۡحَٰبُ ٱلۡجَنَّةِۖ هُمۡ فِيهَا خَٰلِدُونَ ٨٢
Ткъа ийман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманин дай‚ шаьш цу чохь гуттар хир болуш.
2:83
وَإِذۡ أَخَذۡنَا مِيثَٰقَ بَنِيٓ إِسۡرَٰٓءِيلَ لَا تَعۡبُدُونَ إِلَّا ٱللَّهَ وَبِٱلۡوَٰلِدَيۡنِ إِحۡسَانًا وَذِي ٱلۡقُرۡبَىٰ وَٱلۡيَتَٰمَىٰ وَٱلۡمَسَٰكِينِ وَقُولُواْ لِلنَّاسِ حُسۡنًا وَأَقِيمُواْ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُواْ ٱلزَّكَوٰةَ ثُمَّ تَوَلَّيۡتُمۡ إِلَّا قَلِيلًا مِّنكُمۡ وَأَنتُم مُّعۡرِضُونَ ٨٣
/Дагадаийта царна‚ хIай Мухьаммад/ Исраилан кIенташца чIагIо йира Оха: "Далла бен Iибадат дийр дац аш‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчаьрца а‚ боберашца а /жималлехь дай белла бисинчу/‚ мискачаьрца а /дика хир ду/‚ аьлла; аш āла нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло". ТIаккха шу юхадевлира ‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шаьш дуьхьал а хуьлуш.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







