📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 13
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:84
وَإِذۡ أَخَذۡنَا مِيثَٰقَكُمۡ لَا تَسۡفِكُونَ دِمَآءَكُمۡ وَلَا تُخۡرِجُونَ أَنفُسَكُم مِّن دِيَٰرِكُمۡ ثُمَّ أَقۡرَرۡتُمۡ وَأَنتُمۡ تَشۡهَدُونَ ٨٤
Барт бинера Оха шуьца: "Аш вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара ара а дохур дац"‚ – аьлла‚ тIаккха аш чIагIдира /и/‚ шаьш тешаш а долуш.
2:85
ثُمَّ أَنتُمۡ هَٰٓؤُلَآءِ تَقۡتُلُونَ أَنفُسَكُمۡ وَتُخۡرِجُونَ فَرِيقًا مِّنكُم مِّن دِيَٰرِهِمۡ تَظَٰهَرُونَ عَلَيۡهِم بِٱلۡإِثۡمِ وَٱلۡعُدۡوَٰنِ وَإِن يَأۡتُوكُمۡ أُسَٰرَىٰ تُفَٰدُوهُمۡ وَهُوَ مُحَرَّمٌ عَلَيۡكُمۡ إِخۡرَاجُهُمۡۚ أَفَتُؤۡمِنُونَ بِبَعۡضِ ٱلۡكِتَٰبِ وَتَكۡفُرُونَ بِبَعۡضٍۚ فَمَا جَزَآءُ مَن يَفۡعَلُ ذَٰلِكَ مِنكُمۡ إِلَّا خِزۡيٌ فِي ٱلۡحَيَوٰةِ ٱلدُّنۡيَاۖ وَيَوۡمَ ٱلۡقِيَٰمَةِ يُرَدُّونَ إِلَىٰٓ أَشَدِّ ٱلۡعَذَابِۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعۡمَلُونَ ٨٥
ТIаккха, цул т1аьхьа, шу ду хIорш: шаьш шайн дойуш‚ шайх цхьаберш шайн х1усамашкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна (мушрикашна) гIо а деш . Уьш йийсарш хилча‚ мехах паргIатбоху аш. Шуна хьарам ду уьш (шайн жуьгтийн вежарий шайн ц1еношкара) арабахар. Ткъа жайнан цхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аш? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь сисазалла бен‚ ткъа къематдийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚ ма вац и Дела тергал ца деш аш дийриг.
2:86
أُوْلَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ ٱشۡتَرَوُاْ ٱلۡحَيَوٰةَ ٱلدُّنۡيَا بِٱلۡأٓخِرَةِۖ فَلَا يُخَفَّفُ عَنۡهُمُ ٱلۡعَذَابُ وَلَا هُمۡ يُنصَرُونَ ٨٦
Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцнарш. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо а дийр ма дац.
2:87
وَلَقَدۡ ءَاتَيۡنَا مُوسَى ٱلۡكِتَٰبَ وَقَفَّيۡنَا مِنۢ بَعۡدِهِۦ بِٱلرُّسُلِۖ وَءَاتَيۡنَا عِيسَى ٱبۡنَ مَرۡيَمَ ٱلۡبَيِّنَٰتِ وَأَيَّدۡنَٰهُ بِرُوحِ ٱلۡقُدُسِۗ أَفَكُلَّمَا جَآءَكُمۡ رَسُولُۢ بِمَا لَا تَهۡوَىٰٓ أَنفُسُكُمُ ٱسۡتَكۡبَرۡتُمۡ فَفَرِيقًا كَذَّبۡتُمۡ وَفَرِيقًا تَقۡتُلُونَ ٨٧
Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа а бахийтира элчанаш‚ Марьяман кIанте Iийсага делира кхоччуш тешаллаш (Инжил)‚ чIагIвира и Дезачу сица ‚ ткъа мелла а шайн догIмашна цадезарг дохьуш шуьга элча веъча‚ шу курадовлура /х1ай Исраилан к1ентий/‚ /элчанех/ цхьаберш харцбора аш‚ цхьаберш бойура аш.
2:88
وَقَالُواْ قُلُوبُنَا غُلۡفُۢۚ بَل لَّعَنَهُمُ ٱللَّهُ بِكُفۡرِهِمۡ فَقَلِيلًا مَّا يُؤۡمِنُونَ ٨٨
Цара (Исраилан кIенташа) элира: "Тхан дегнаш мужалт ду (дIакъевлина ду)” . ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кIеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







