📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 11
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:70
قَالُواْ ٱدۡعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا هِيَ إِنَّ ٱلۡبَقَرَ تَشَٰبَهَ عَلَيۡنَا وَإِنَّآ إِن شَآءَ ٱللَّهُ لَمُهۡتَدُونَ ٧٠
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду".
2:71
قَالَ إِنَّهُۥ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَّا ذَلُولٌ تُثِيرُ ٱلۡأَرۡضَ وَلَا تَسۡقِي ٱلۡحَرۡثَ مُسَلَّمَةٌ لَّا شِيَةَ فِيهَاۚ قَالُواْ ٱلۡـَٰٔنَ جِئۡتَ بِٱلۡحَقِّۚ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُواْ يَفۡعَلُونَ ٧١
Цо элира: "Цо (Дала) боху: "И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Iамийна а боцуш, айпех цIена а болуш. ЧIама боцуш а бу иза". Цара элира: "ХIинца деана ахь бакъдерг". ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан.
2:72
وَإِذۡ قَتَلۡتُمۡ نَفۡسًا فَٱدَّٰرَٰٔتُمۡ فِيهَاۖ وَٱللَّهُ مُخۡرِجٌ مَّا كُنتُمۡ تَكۡتُمُونَ ٧٢
Дагадаийта /х1ай Исраилан к1ентий/: "Аш са (адам) ма дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу" . Дела ма ву гучудоккхург аш дIахьулдеш дерг.
2:73
فَقُلۡنَا ٱضۡرِبُوهُ بِبَعۡضِهَاۚ كَذَٰلِكَ يُحۡيِ ٱللَّهُ ٱلۡمَوۡتَىٰ وَيُرِيكُمۡ ءَايَٰتِهِۦ لَعَلَّكُمۡ تَعۡقِلُونَ ٧٣
ТIаккха Оха элира: "Цу докъах тоха /аьттан/ цхьа меже". Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ.
2:74
ثُمَّ قَسَتۡ قُلُوبُكُم مِّنۢ بَعۡدِ ذَٰلِكَ فَهِيَ كَٱلۡحِجَارَةِ أَوۡ أَشَدُّ قَسۡوَةًۚ وَإِنَّ مِنَ ٱلۡحِجَارَةِ لَمَا يَتَفَجَّرُ مِنۡهُ ٱلۡأَنۡهَٰرُۚ وَإِنَّ مِنۡهَا لَمَا يَشَّقَّقُ فَيَخۡرُجُ مِنۡهُ ٱلۡمَآءُۚ وَإِنَّ مِنۡهَا لَمَا يَهۡبِطُ مِنۡ خَشۡيَةِ ٱللَّهِۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعۡمَلُونَ ٧٤
ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ тIулг санна я цул а чIогIа шайн къизаллица. Баккъалла а, тIулгаш юккъера схьадуьйлу шовданаш. Царех (т1улгех) ду, шаьш лелха а лелхаш, шайх хи долурш а. Баккъалла а, царех ду Делах кхерарца оьгуш дерш. Дела ма вац тергал ца деш аш дийриг.
2:75
۞ أَفَتَطۡمَعُونَ أَن يُؤۡمِنُواْ لَكُمۡ وَقَدۡ كَانَ فَرِيقٌ مِّنۡهُمۡ يَسۡمَعُونَ كَلَٰمَ ٱللَّهِ ثُمَّ يُحَرِّفُونَهُۥ مِنۢ بَعۡدِ مَا عَقَلُوهُ وَهُمۡ يَعۡلَمُونَ ٧٥
Шу дог дохуш ду /хIай бусалбанаш/ уьш (жуьгтий) шайх тешаш хиларе? Хилла царах цхьаберш Делан дош хезаш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхеттачул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шайна хуъушехь.
2:76
وَإِذَا لَقُواْ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ قَالُوٓاْ ءَامَنَّا وَإِذَا خَلَا بَعۡضُهُمۡ إِلَىٰ بَعۡضٍ قَالُوٓاْ أَتُحَدِّثُونَهُم بِمَا فَتَحَ ٱللَّهُ عَلَيۡكُمۡ لِيُحَآجُّوكُم بِهِۦ عِندَ رَبِّكُمۡۚ أَفَلَا تَعۡقِلُونَ ٧٦
Шаьш ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Ийман диллина ду тхо"‚– ткъа шаьш вовшашца бисча, олу: "Аш цаьрга дуьйцур ду ткъа шайна Дала хаийтинарг цаьрга /бусулбанашка/ шайца шайн Далла гергахь долчуьнца къийсийта. Шу хIунда ца хуьлу хьекъале?"
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







