📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 187
Ат-Товба
Ат-Товба
9:1
بَرَآءَةٌ مِّنَ ٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦٓ إِلَى ٱلَّذِينَ عَٰهَدتُّم مِّنَ ٱلۡمُشۡرِكِينَ ١
Делера а‚ Цуьнан элчанера а, аш шаьш барт бина хилла болчу мушрикашца декъехь цахилар, хаам бу.
9:2
فَسِيحُواْ فِي ٱلۡأَرۡضِ أَرۡبَعَةَ أَشۡهُرٍ وَٱعۡلَمُوٓاْ أَنَّكُمۡ غَيۡرُ مُعۡجِزِي ٱللَّهِ وَأَنَّ ٱللَّهَ مُخۡزِي ٱلۡكَٰفِرِينَ ٢
Лела лаьттахула беа баттахь ‚ тIаккха шуна хаалаш, Дела г1орасиз ван шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш.
9:3
وَأَذَٰنٌ مِّنَ ٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦٓ إِلَى ٱلنَّاسِ يَوۡمَ ٱلۡحَجِّ ٱلۡأَكۡبَرِ أَنَّ ٱللَّهَ بَرِيٓءٌ مِّنَ ٱلۡمُشۡرِكِينَ وَرَسُولُهُۥۚ فَإِن تُبۡتُمۡ فَهُوَ خَيۡرٌ لَّكُمۡۖ وَإِن تَوَلَّيۡتُمۡ فَٱعۡلَمُوٓاْ أَنَّكُمۡ غَيۡرُ مُعۡجِزِي ٱللَّهِۗ وَبَشِّرِ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ ٣
Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаж доьхкучу дийнахь: И Дела цIена ву мушрикех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву. Аш тōба дахь – и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь, шуна хаалаш, Дела г1орасиз ван шайн ницкъ кхочур- боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца ,
9:4
إِلَّا ٱلَّذِينَ عَٰهَدتُّم مِّنَ ٱلۡمُشۡرِكِينَ ثُمَّ لَمۡ يَنقُصُوكُمۡ شَيۡـًٔا وَلَمۡ يُظَٰهِرُواْ عَلَيۡكُمۡ أَحَدًا فَأَتِمُّوٓاْ إِلَيۡهِمۡ عَهۡدَهُمۡ إِلَىٰ مُدَّتِهِمۡۚ إِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلۡمُتَّقِينَ ٤
Аш шайца барт бина хилла берш боцчарна‚ тIаккха шуна цхьанна а хIуманца эшам бина хилла боцчу‚ шуна тIехь цхьанна а гIо дина хилла боцчарна – цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш.
9:5
فَإِذَا ٱنسَلَخَ ٱلۡأَشۡهُرُ ٱلۡحُرُمُ فَٱقۡتُلُواْ ٱلۡمُشۡرِكِينَ حَيۡثُ وَجَدتُّمُوهُمۡ وَخُذُوهُمۡ وَٱحۡصُرُوهُمۡ وَٱقۡعُدُواْ لَهُمۡ كُلَّ مَرۡصَدٍۚ فَإِن تَابُواْ وَأَقَامُواْ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَوُاْ ٱلزَّكَوٰةَ فَخَلُّواْ سَبِيلَهُمۡۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ٥
Деза /хьаж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца машаре ца богIу, тешнабехк беш болу/ мушрикаш байа, шайна уьш карабаьхкинчохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ к1елонна охьаховша царна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
9:6
وَإِنۡ أَحَدٌ مِّنَ ٱلۡمُشۡرِكِينَ ٱسۡتَجَارَكَ فَأَجِرۡهُ حَتَّىٰ يَسۡمَعَ كَلَٰمَ ٱللَّهِ ثُمَّ أَبۡلِغۡهُ مَأۡمَنَهُۥۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمۡ قَوۡمٌ لَّا يَعۡلَمُونَ ٦
Мушрикех цхьаммо хьоьга шена маршо ехахь – кхочушъе иза, цунна Делан дош хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцчу меттиге (шен даймахка‚ цунна лаахь), – иза уьш ца хууш къам хиларна ду.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Sunday, August 23, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







