📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 453
Сура Сад

Сура Сад

38:2
بَلِ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ فِي عِزَّةٍ وَشِقَاقٍ ٢
хIаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагIаллина чохь а бу-кх.
38:3
كَمۡ أَهۡلَكۡنَا مِن قَبۡلِهِم مِّن قَرۡنٍ فَنَادَواْ وَّلَاتَ حِينَ مَنَاصٍ ٣
Мел /дукха/ тIаьхье(-наш) хIаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/– яцара и /кIелхьарбевлла/ бовдаран хан.
38:4
وَعَجِبُوٓاْ أَن جَآءَهُم مُّنذِرٌ مِّنۡهُمۡۖ وَقَالَ ٱلۡكَٰفِرُونَ هَٰذَا سَٰحِرٌ كَذَّابٌ ٤
Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах. Цатешачара элира: "ХIара тIех харцволу бозбуунча ву.
38:5
أَجَعَلَ ٱلۡأٓلِهَةَ إِلَٰهًا وَٰحِدًاۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيۡءٌ عُجَابٌ ٥
Цо /дуккха деланийн метта/ цхьа дела хилийтина? И дукха тамаше хIума ду!"
38:6
وَٱنطَلَقَ ٱلۡمَلَأُ مِنۡهُمۡ أَنِ ٱمۡشُواْ وَٱصۡبِرُواْ عَلَىٰٓ ءَالِهَتِكُمۡۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيۡءٌ يُرَادُ ٦
Царах хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: "Д1аг1о‚ собар а де шайн деланашна тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума.
38:7
مَا سَمِعۡنَا بِهَٰذَا فِي ٱلۡمِلَّةِ ٱلۡأٓخِرَةِ إِنۡ هَٰذَآ إِلَّا ٱخۡتِلَٰقٌ ٧
Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь . Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац.
38:8
أَءُنزِلَ عَلَيۡهِ ٱلذِّكۡرُ مِنۢ بَيۡنِنَاۚ بَلۡ هُمۡ فِي شَكٍّ مِّن ذِكۡرِيۚ بَل لَّمَّا يَذُوقُواْ عَذَابِ ٨
Цуьнга боссийна хьехам вайна юккъера?" . ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iаьвшина Сан Iазап.
38:9
أَمۡ عِندَهُمۡ خَزَآئِنُ رَحۡمَةِ رَبِّكَ ٱلۡعَزِيزِ ٱلۡوَهَّابِ ٩
Ткъа цаьргахь ю веза волчу, /Ша Шен лешна ни1маташ/ шортта луш волчу хьан Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнаш?
38:10
أَمۡ لَهُم مُّلۡكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِ وَمَا بَيۡنَهُمَاۖ فَلۡيَرۡتَقُواْ فِي ٱلۡأَسۡبَٰبِ ١٠
Я церан ду стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигала/ гIирсашца .
38:11
جُندٌ مَّا هُنَالِكَ مَهۡزُومٌ مِّنَ ٱلۡأَحۡزَابِ ١١
/Пайхамарна дуьхьал вовшахтоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш – бохор бу хьуна иза.
38:12
كَذَّبَتۡ قَبۡلَهُمۡ قَوۡمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَفِرۡعَوۡنُ ذُو ٱلۡأَوۡتَادِ ١٢
Харцбира /пайхамарш/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Iадаша а‚ хьостамаш долчу ФирIавна а.
38:13
وَثَمُودُ وَقَوۡمُ لُوطٍ وَأَصۡحَٰبُ لۡـَٔيۡكَةِۚ أُوْلَٰٓئِكَ ٱلۡأَحۡزَابُ ١٣
Самудаша а‚ ЛутIан къомо а‚ Айкатан дайша а – цу /ерриг/ тобанаша.
38:14
إِن كُلٌّ إِلَّا كَذَّبَ ٱلرُّسُلَ فَحَقَّ عِقَابِ ١٤
Массара а харцбира элчанаш – бакъхилира Сан бекхам.
38:15
وَمَا يَنظُرُ هَٰٓؤُلَآءِ إِلَّا صَيۡحَةً وَٰحِدَةً مَّا لَهَا مِن فَوَاقٍ ١٥
Х1орш хьовсур ма бац цхьана мохье бен – цунна хан яхъяр хир дац. (И мохь тохар тIаьхьатоттур дац).
38:16
وَقَالُواْ رَبَّنَا عَجِّل لَّنَا قِطَّنَا قَبۡلَ يَوۡمِ ٱلۡحِسَابِ ١٦
Цара (Маккин ох1лано ца бешаш) элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ сихде тхуна тхан дāкъа хьесапан де дале".
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Friday, August 28, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







