📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 562
Сура Аль-Мульк

Сура Аль-Мульк

67:1
تَبَٰرَكَ ٱلَّذِي بِيَدِهِ ٱلۡمُلۡكُ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيۡءٍ قَدِيرٌ ١
Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу.
67:2
ٱلَّذِي خَلَقَ ٱلۡمَوۡتَ وَٱلۡحَيَوٰةَ لِيَبۡلُوَكُمۡ أَيُّكُمۡ أَحۡسَنُ عَمَلًاۚ وَهُوَ ٱلۡعَزِيزُ ٱلۡغَفُورُ ٢
Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вунō диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ т1ех гечдийриг а.
67:3
ٱلَّذِي خَلَقَ سَبۡعَ سَمَٰوَٰتٍ طِبَاقًاۖ مَّا تَرَىٰ فِي خَلۡقِ ٱلرَّحۡمَٰنِ مِن تَفَٰوُتٍۖ فَٱرۡجِعِ ٱلۡبَصَرَ هَلۡ تَرَىٰ مِن فُطُورٍ ٣
Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна /х1ай адам/ гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гой хьуна цхьа а яьдда меттиг?
67:4
ثُمَّ ٱرۡجِعِ ٱلۡبَصَرَ كَرَّتَيۡنِ يَنقَلِبۡ إِلَيۡكَ ٱلۡبَصَرُ خَاسِئًا وَهُوَ حَسِيرٌ ٤
ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг – хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ ша гIелделла долуш (Дала кхоьллинчу х1уманашкахь цхьа а цхьаьнацадар ца карош).
67:5
وَلَقَدۡ زَيَّنَّا ٱلسَّمَآءَ ٱلدُّنۡيَا بِمَصَٰبِيحَ وَجَعَلۡنَٰهَا رُجُومًا لِّلشَّيَٰطِينِۖ وَأَعۡتَدۡنَا لَهُمۡ عَذَابَ ٱلسَّعِيرِ ٥
Оха хазйина дуьненан стигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш . Оха кечдина царна (шайтIанашна) егачу цIеран Iазап.
67:6
وَلِلَّذِينَ كَفَرُواْ بِرَبِّهِمۡ عَذَابُ جَهَنَّمَۖ وَبِئۡسَ ٱلۡمَصِيرُ ٦
Шаьш Кхиош-Кхобучух (Делах) цатешначарна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
67:7
إِذَآ أُلۡقُواْ فِيهَا سَمِعُواْ لَهَا شَهِيقًا وَهِيَ تَفُورُ ٧
Шаьш цу чу кхиссича, царна хезар ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш,
67:8
تَكَادُ تَمَيَّزُ مِنَ ٱلۡغَيۡظِۖ كُلَّمَآ أُلۡقِيَ فِيهَا فَوۡجٌ سَأَلَهُمۡ خَزَنَتُهَآ أَلَمۡ يَأۡتِكُمۡ نَذِيرٌ ٨
Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош диначеран/ толгIа (тоба) моссаза кхоьссича а, цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: "Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?" – аьлла.
67:9
قَالُواْ بَلَىٰ قَدۡ جَآءَنَا نَذِيرٌ فَكَذَّبۡنَا وَقُلۡنَا مَا نَزَّلَ ٱللَّهُ مِن شَيۡءٍ إِنۡ أَنتُمۡ إِلَّا فِي ضَلَٰلٍ كَبِيرٍ ٩
Цара эр ду: "ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча – оха иза харцвира‚ оха элира: "Дала хIумма а ца доссора‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь".
67:10
وَقَالُواْ لَوۡ كُنَّا نَسۡمَعُ أَوۡ نَعۡقِلُ مَا كُنَّا فِيٓ أَصۡحَٰبِ ٱلسَّعِيرِ ١٠
Цара эр ду: "Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла йеш а – тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь".
67:11
فَٱعۡتَرَفُواْ بِذَنۢبِهِمۡ فَسُحۡقًا لِّأَصۡحَٰبِ ٱلسَّعِيرِ ١١
Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай!
67:12
إِنَّ ٱلَّذِينَ يَخۡشَوۡنَ رَبَّهُم بِٱلۡغَيۡبِ لَهُم مَّغۡفِرَةٌ وَأَجۡرٌ كَبِيرٌ ١٢
Баккъалла а, шайна гуш воццушехь, шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш – царна ду гечдар а‚ йоккха ял.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Monday, August 31, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







