📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 593
Сура Аль-Фажр

Сура Аль-Фажр

89:5
هَلۡ فِي ذَٰلِكَ قَسَمٌ لِّذِي حِجۡرٍ ٥
Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/
89:6
أَلَمۡ تَرَ كَيۡفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ ٦
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ муха хилира хьо Кхиош-Кхобуш верг Iадашца ?
89:8
ٱلَّتِي لَمۡ يُخۡلَقۡ مِثۡلُهَا فِي ٱلۡبِلَٰدِ ٨
Ишттанаш бу уьш, шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш.
89:9
وَثَمُودَ ٱلَّذِينَ جَابُواْ ٱلصَّخۡرَ بِٱلۡوَادِ ٩
Самудашца а, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?
89:13
فَصَبَّ عَلَيۡهِمۡ رَبُّكَ سَوۡطَ عَذَابٍ ١٣
Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-Кхобучо тайп-тайпана Iазап.
89:14
إِنَّ رَبَّكَ لَبِٱلۡمِرۡصَادِ ١٤
Баккъалла а, хьо, Кхиош-Кхобург, /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/.
89:15
فَأَمَّا ٱلۡإِنسَٰنُ إِذَا مَا ٱبۡتَلَىٰهُ رَبُّهُۥ فَأَكۡرَمَهُۥ وَنَعَّمَهُۥ فَيَقُولُ رَبِّيٓ أَكۡرَمَنِ ١٥
Адамо, ша Кхиош-Кхобучо зийча‚ Цо шен сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: "Со Кхиош-Кхобучо сий дина сан".
89:16
وَأَمَّآ إِذَا مَا ٱبۡتَلَىٰهُ فَقَدَرَ عَلَيۡهِ رِزۡقَهُۥ فَيَقُولُ رَبِّيٓ أَهَٰنَنِ ١٦
Амма, Цо ша зийча‚ шена рицкъ кIеззиг делча‚ цо олу: "Со Кхиош-Кхобучо со сийсазаваьккхи ".
89:18
وَلَا تَحَٰٓضُّونَ عَلَىٰ طَعَامِ ٱلۡمِسۡكِينِ ١٨
Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш.
89:19
وَتَأۡكُلُونَ ٱلتُّرَاثَ أَكۡلًا لَّمًّا ١٩
/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIачу даарца.
89:21
كـَلَّآۖ إِذَا دُكَّتِ ٱلۡأَرۡضُ دَكًّا دَكًّا ٢١
Латта нисдича‚ нисдеш‚ нисдеш /цунах д1асаяьржина чан хуьлуш/.
89:22
وَجَآءَ رَبُّكَ وَٱلۡمَلَكُ صَفًّا صَفًّا ٢٢
ВогIур ву хьо Кхиош-Кхобург а‚ малик а могIанехь – могIанехь.
89:23
وَجِاْيٓءَ يَوۡمَئِذِۭ بِجَهَنَّمَۚ يَوۡمَئِذٍ يَتَذَكَّرُ ٱلۡإِنسَٰنُ وَأَنَّىٰ لَهُ ٱلذِّكۡرَىٰ ٢٣
Оцу /къемат/дийнахь ялор ю (гучуйоккхур ю) жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогIур ду адамна. Стенна ду цунна /хIинца/ и дагадар?!
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, September 1, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







