📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 9
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:58
وَإِذۡ قُلۡنَا ٱدۡخُلُواْ هَٰذِهِ ٱلۡقَرۡيَةَ فَكُلُواْ مِنۡهَا حَيۡثُ شِئۡتُمۡ رَغَدًا وَٱدۡخُلُواْ ٱلۡبَابَ سُجَّدًا وَقُولُواْ حِطَّةٌ نَّغۡفِرۡ لَكُمۡ خَطَٰيَٰكُمۡۚ وَسَنَزِيدُ ٱلۡمُحۡسِنِينَ ٥٨
Дагадаийта! Оха элира: "ЧугIо цу шахьара ‚ даа цу чуьра шайна луъург шортта. Кевнехула чоьхьадовла, сужуд а деш. Аш āла: "Гечде тхуна!" – Оха гечдийр ду шун гIалаташна‚ тIаккха алсамбохур бу диканиг деш берш.
2:59
فَبَدَّلَ ٱلَّذِينَ ظَلَمُواْ قَوۡلًا غَيۡرَ ٱلَّذِي قِيلَ لَهُمۡ فَأَنزَلۡنَا عَلَى ٱلَّذِينَ ظَلَمُواْ رِجۡزًا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ بِمَا كَانُواْ يَفۡسُقُونَ ٥٩
Зуламхоша хийцира шайга аьлла долу дош аьлла доцчуьнца ‚ тIаккха зуламхошна Оха стиглара рижс доссийра‚ уьш песакъ хиларна.
2:60
۞ وَإِذِ ٱسۡتَسۡقَىٰ مُوسَىٰ لِقَوۡمِهِۦ فَقُلۡنَا ٱضۡرِب بِّعَصَاكَ ٱلۡحَجَرَۖ فَٱنفَجَرَتۡ مِنۡهُ ٱثۡنَتَا عَشۡرَةَ عَيۡنًاۖ قَدۡ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَّشۡرَبَهُمۡۖ كُلُواْ وَٱشۡرَبُواْ مِن رِّزۡقِ ٱللَّهِ وَلَا تَعۡثَوۡاْ فِي ٱلۡأَرۡضِ مُفۡسِدِينَ ٦٠
Дагадаийта! Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи / уьш, хьагбелла, “Тих1”олучу боьрахь болуш/. ТIаккха Оха элира: "ДIатоха хьайн Iаса тIулгах". ТIаккха цунах делира шийтта хьоста. Берриге а нахана евзира шайн-шайн хи молу меттиг. Даа а даа‚ мала а мала Делан рицкъанах – ма де лаьтта тIехь вониг, боьханиг даржош.
2:61
وَإِذۡ قُلۡتُمۡ يَٰمُوسَىٰ لَن نَّصۡبِرَ عَلَىٰ طَعَامٍ وَٰحِدٍ فَٱدۡعُ لَنَا رَبَّكَ يُخۡرِجۡ لَنَا مِمَّا تُنۢبِتُ ٱلۡأَرۡضُ مِنۢ بَقۡلِهَا وَقِثَّآئِهَا وَفُومِهَا وَعَدَسِهَا وَبَصَلِهَاۖ قَالَ أَتَسۡتَبۡدِلُونَ ٱلَّذِي هُوَ أَدۡنَىٰ بِٱلَّذِي هُوَ خَيۡرٌۚ ٱهۡبِطُواْ مِصۡرًا فَإِنَّ لَكُم مَّا سَأَلۡتُمۡۗ وَضُرِبَتۡ عَلَيۡهِمُ ٱلذِّلَّةُ وَٱلۡمَسۡكَنَةُ وَبَآءُو بِغَضَبٍ مِّنَ ٱللَّهِۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمۡ كَانُواْ يَكۡفُرُونَ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَيَقۡتُلُونَ ٱلنَّبِيِّـۧنَ بِغَيۡرِ ٱلۡحَقِّۚ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَواْ وَّكَانُواْ يَعۡتَدُونَ ٦١
Аш аьллера: "ХIай Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана тайпана даарх. Хьайн Кхиош-Кхобучуьнга деха‚ Цо йолийтуьйла тхуна лаьтта тIехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ ехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьэх‚ хохех цхьацца хIума. Цо элира: "Ткъа аш хуьйцу диканиг /цул/ лахарчух ? Охьадисса Мисра ‚ шуна хир ду аш дехнарг". Царна тIетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгIазло хилира царна. Иза – уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза – цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







