📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 10
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:62
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَٱلَّذِينَ هَادُواْ وَٱلنَّصَٰرَىٰ وَٱلصَّٰبِـِٔينَ مَنۡ ءَامَنَ بِٱللَّهِ وَٱلۡيَوۡمِ ٱلۡأٓخِرِ وَعَمِلَ صَٰلِحًا فَلَهُمۡ أَجۡرُهُمۡ عِندَ رَبِّهِمۡ وَلَا خَوۡفٌ عَلَيۡهِمۡ وَلَا هُمۡ يَحۡزَنُونَ ٦٢
Баккъалла а, /Мухьаммадна тIаьхьах1иттина/ ийман диллинарш а‚ /Мусана тIаьахьах1иттина хилла /жуьгтий а, /Iийсана таьахьах1иттина хилла/ насараш а‚ сабиаш а – /царах/ Делах а, т1аьххьарчу дийнах а тешаш берш а, дика 1амал йинарш а – царна шайн ял хир ю шайн Кхиош-Кхобучун гергахь, кхерам а хир ма бац царна /эхартан та1зарх/, уьш сингаттаме а хир ма бац /мела цахиларх кхоьруш/.
2:63
وَإِذۡ أَخَذۡنَا مِيثَٰقَكُمۡ وَرَفَعۡنَا فَوۡقَكُمُ ٱلطُّورَ خُذُواْ مَآ ءَاتَيۡنَٰكُم بِقُوَّةٍ وَٱذۡكُرُواْ مَا فِيهِ لَعَلَّكُمۡ تَتَّقُونَ ٦٣
Дагадаийта! Оха шуьга чIагIо яйтира, шуна тIехула лам х1оттийна. Ч1ог1а схьалаца Оха шайна делларг ‚ цу чохь дерг а дагадаийта шу хир дацара-те /дуьненахь х1аллакхиларх а, эхартахь 1азап хиларх а/ кхоьруш.
2:64
ثُمَّ تَوَلَّيۡتُم مِّنۢ بَعۡدِ ذَٰلِكَۖ فَلَوۡلَا فَضۡلُ ٱللَّهِ عَلَيۡكُمۡ وَرَحۡمَتُهُۥ لَكُنتُم مِّنَ ٱلۡخَٰسِرِينَ ٦٤
ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу юхадевлира /Тавратаца Iамал ярах/. Делан дозалла а‚ Цуьнан къинхетам а шуна ца хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех (шу хIаллакхир дара).
2:65
وَلَقَدۡ عَلِمۡتُمُ ٱلَّذِينَ ٱعۡتَدَوۡاْ مِنكُمۡ فِي ٱلسَّبۡتِ فَقُلۡنَا لَهُمۡ كُونُواْ قِرَدَةً خَٰسِـِٔينَ ٦٥
Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: "Хила шух сийсаздина маймалаш!".
2:66
فَجَعَلۡنَٰهَا نَكَٰلًا لِّمَا بَيۡنَ يَدَيۡهَا وَمَا خَلۡفَهَا وَمَوۡعِظَةً لِّلۡمُتَّقِينَ ٦٦
Оха иза хилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална а‚ /Делах/ кхоьручарна кхетамна а.
2:67
وَإِذۡ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوۡمِهِۦٓ إِنَّ ٱللَّهَ يَأۡمُرُكُمۡ أَن تَذۡبَحُواْ بَقَرَةًۖ قَالُوٓاْ أَتَتَّخِذُنَا هُزُوًاۖ قَالَ أَعُوذُ بِٱللَّهِ أَنۡ أَكُونَ مِنَ ٱلۡجَٰهِلِينَ ٦٧
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: "Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла". Цара элира: "Ахь хьийзор дара тхо?" Цо (Мусас) элира: "Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх".
2:68
قَالُواْ ٱدۡعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا هِيَۚ قَالَ إِنَّهُۥ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لَّا فَارِضٌ وَلَا بِكۡرٌ عَوَانُۢ بَيۡنَ ذَٰلِكَۖ فَٱفۡعَلُواْ مَا تُؤۡمَرُونَ ٦٨
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ āлий". Цо элира: "Цо (Дала) боху: "И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде".
2:69
قَالُواْ ٱدۡعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا لَوۡنُهَاۚ قَالَ إِنَّهُۥ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ صَفۡرَآءُ فَاقِعٌ لَّوۡنُهَا تَسُرُّ ٱلنَّٰظِرِينَ ٦٩
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ āлий". Цо элира: "Цо боху: "И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш".
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 19, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







