Ан-Нахль сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Ан-Нахль сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (128 Аят — مكية). Ан-Нахль ЛадоргӀа, Ан-Нахль Гочдар, Ан-Нахль mp3, Ан-Нахль pdf.Ан-Нахль сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
أَتَىٰ أَمْرُ اللَّهِ فَلَا تَسْتَعْجِلُوهُ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ ١
📖 Гочдар
Аят 1
Делан омра кхаьчна (гергадеана къематде хIоттар)‚ и сихдар ма лехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.
يُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ بِالرُّوحِ مِنْ أَمْرِهِ عَلَىٰ مَن يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ أَنْ أَنذِرُوا أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاتَّقُونِ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Маликаш диссадо Цо сица Шегара омраца Шен лех Шена луучуьнга "Аш дIахьеде: Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш"‚– олий.
خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ تَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца. Лакхавели И цара /Шеца/ накъост лацарх.
خَلَقَ الْإِنسَانَ مِن نُّطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُّبِينٌ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггал мостагI ву-кх (керста, Далла инкарло еш волу).
وَالْأَنْعَامَ خَلَقَهَا ۗ لَكُمْ فِيهَا دِفْءٌ وَمَنَافِعُ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Даьхни а – Цо кхоьллина уьш. Цаьргахь шуна йовхо а ю, пайданаш а бу‚ царах аш доу.
وَلَكُمْ فِيهَا جَمَالٌ حِينَ تُرِيحُونَ وَحِينَ تَسْرَحُونَ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Шуна цаьргахь хазалла ю, аш /уьш/ чулохкучу хенахь а‚ аш дажа арадохуш а.
وَتَحْمِلُ أَثْقَالَكُمْ إِلَىٰ بَلَدٍ لَّمْ تَكُونُوا بَالِغِيهِ إِلَّا بِشِقِّ الْأَنفُسِ ۚ إِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَّحِيمٌ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Шун маххьаш дIакхоьхьу цара (даьхнино) шу чIогIа хала бен д1акхочур доцчу махка (меттигашка). Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву.
وَالْخَيْلَ وَالْبِغَالَ وَالْحَمِيرَ لِتَرْكَبُوهَا وَزِينَةً ۚ وَيَخْلُقُ مَا لَا تَعْلَمُونَ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Говраш а‚ бIаьрзанаш а‚ варраш а шу шайна тIехь лелийта а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а.
وَعَلَى اللَّهِ قَصْدُ السَّبِيلِ وَمِنْهَا جَائِرٌ ۚ وَلَوْ شَاءَ لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Далла тIехь ду /адам / нийсачу новкъа хьажор‚ цунах (некъах) бу /бакъдолчух/ дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа нисдина хир дара Цо.
هُوَ الَّذِي أَنزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً ۖ لَّكُم مِّنْهُ شَرَابٌ وَمِنْهُ شَجَرٌ فِيهِ تُسِيمُونَ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
И ву Ша стиглара хи (дог1а) даийтинарг‚ шуна цунах (хих) малар а ду (аш молуш долу хи)‚ цунах аш шен чохь бежнаш дажош долу буц а ю (дог1анца Дала йолуьйту буц шун бежнаш дажийта).
يُنبِتُ لَكُم بِهِ الزَّرْعَ وَالزَّيْتُونَ وَالنَّخِيلَ وَالْأَعْنَابَ وَمِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Цуьнца Цо шуна схьадолуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо а тайпа стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь Дела /цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а / делил ма ду ойла ечу нахана.
وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ وَالنُّجُومُ مُسَخَّرَاتٌ بِأَمْرِهِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Шуна муьтIахь дина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а /шуна буса некъ гойтуш/ муьтIахь дина Цуьнан омранца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъале болчу нахана .
وَمَا ذَرَأَ لَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Цо шуна лаьттахь тайп-тайпанан бесашкахь кхиийна хIуманаш (дийнаташ, ораматаш…) /муьтIахь йина шуна/. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх дагадойтуш болчу нахана.
وَهُوَ الَّذِي سَخَّرَ الْبَحْرَ لِتَأْكُلُوا مِنْهُ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُوا مِنْهُ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا وَتَرَى الْفُلْكَ مَوَاخِرَ فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
И ву /шуна/ муьтIахь бинарг хIорд, шуьга цу чуьра керла жижиг (ч1ерий…) даийта‚ шуьга цу чуьра аш шаьш тIеухкуш долу жовхIарш дахийта. Хьуна го кеманаш д1асалелаш цу чухула, Цуьнан комаьршаллех /хIуманаш/ шуьга лахийта а (х1ордан ни1маташ а, йохка-эцар лелорна а)‚ шу баркалла олуш хилийта а.
وَأَلْقَىٰ فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَن تَمِيدَ بِكُمْ وَأَنْهَارًا وَسُبُلًا لَّعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Лаьтта т1ехь лаьмнаш доьг1на Цо, иза шуьца цхьаьна ца лестийтархьама ‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нислур дацара те нийсачу новкъа (шайна Iалашонашна тIе).
وَعَلَامَاتٍ ۚ وَبِالنَّجْمِ هُمْ يَهْتَدُونَ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
(Кхин долу) Iаламаташ а /кхоьллина Цо шуна некъаш билгалдаха/‚ ткъа седанца (седарчашца) царна карабо нийса некъ /буса шаьш д1абаха безачу меттиге/.
أَفَمَن يَخْلُقُ كَمَن لَّا يَخْلُقُ ۗ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Ша кхуллург цакхуллучух тера ву те? Аш ойла ца йо те?
وَإِن تَعُدُّوا نِعْمَةَ اللَّهِ لَا تُحْصُوهَا ۗ إِنَّ اللَّهَ لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Аш Делан ниIмат дагардахь – хьесап далур дац шуьга цуьнан. Баккъалла а, Дела т1ех гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Далла хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а.
وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ لَا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Дела а витина, уьш шайга кхойкхуш берш – цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу .
أَمْوَاتٌ غَيْرُ أَحْيَاءٍ ۖ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ маца денбийр бу уьш (шайна 1ибадат деш хилларш).
إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ فَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ قُلُوبُهُم مُّنكِرَةٌ وَهُم مُّسْتَكْبِرُونَ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
Шун дела Ша цхьаъ волу Дела ву (Шена 1ибадат дан массо а хьакъ волу). Шаьш эхартах ца тешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла а бу уьш (бакъдерг т1е ца лоцуш).
لَا جَرَمَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْتَكْبِرِينَ ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
Шеко йоццуш, Далла ма хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цунна ца беза курабовллурш.
وَإِذَا قِيلَ لَهُم مَّاذَا أَنزَلَ رَبُّكُمْ ۙ قَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Цаьрга (мушрикашка) аьлча: "ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?"‚ цара олу: "Хьалхалерачийн (хьалха баьхначу нехан) туьйранаш ".
لِيَحْمِلُوا أَوْزَارَهُمْ كَامِلَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۙ وَمِنْ أَوْزَارِ الَّذِينَ يُضِلُّونَهُم بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийначеран мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!? /Хили!/
قَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَأَتَى اللَّهُ بُنْيَانَهُم مِّنَ الْقَوَاعِدِ فَخَرَّ عَلَيْهِمُ السَّقْفُ مِن فَوْقِهِمْ وَأَتَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Царал хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьккхира Дала церан гIишло (церан мекарло) баххашкара дуьйна‚ тхов тIебуьйжира царна тIехула. Iазап деара царна т1е, шайна хаа ца лучухула.
ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يُخْزِيهِمْ وَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنتُمْ تُشَاقُّونَ فِيهِمْ ۚ قَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ إِنَّ الْخِزْيَ الْيَوْمَ وَالسُّوءَ عَلَى الْكَافِرِينَ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
ТIаккха къематдийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр ду (цаьрга): "Мичахь бу Сан "накъостий" (аш Соьца нисбеш хилла болу харц деланаш)‚ шаьш бахьанехь аш /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?" Шайна Iилма деллачара эр: "Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚
الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ ظَالِمِي أَنفُسِهِمْ ۖ فَأَلْقَوُا السَّلَمَ مَا كُنَّا نَعْمَلُ مِن سُوءٍ ۚ بَلَىٰ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
маликаша болуьйтуш (шайн синош схьаоьцуш) болу шаьш шайна зулам дечу хьолехь". ТIаккха /шайн синош схьаоьцучу хенахь/ муьтIахь хилира уьш: "Тхо дацара вониг деш". ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аш деш хилларг.
فَادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَلَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
"Жоьжахати чу гIуо неIаршкахула‚ даима а цу чохь дуьсуш".Ма вон ю-кх курабовллучеран чугIойла!
۞ وَقِيلَ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا مَاذَا أَنزَلَ رَبُّكُمْ ۚ قَالُوا خَيْرًا ۗ لِّلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ ۚ وَلَدَارُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ ۚ وَلَنِعْمَ دَارُ الْمُتَّقِينَ ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
/Делах/ кхийринчаьрга элира: "ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?"‚ цара элира: "Диканиг". Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан х1усам тоьлуш ю. Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран х1усам !
جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْزِي اللَّهُ الْمُتَّقِينَ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Шайна бухахула хиш оьхуш йолу Iаднан бошмаш – царна чу гIур бу уьш. Царна цу чохь шайна (мел) езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна.
الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ طَيِّبِينَ ۙ يَقُولُونَ سَلَامٌ عَلَيْكُمُ ادْخُلُوا الْجَنَّةَ بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Шаьш маликаша (синош оьцуш), (къинойх) цIена а болуш, болуьйтуш болчу (Делах кхоьруш хиллачу муъма нахе), олу: "Маршалла ду шуьга! ЧугIуо ялсаманина, шаьш /дика/ Iамал еш хиларна".
هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا أَن تَأْتِيَهُمُ الْمَلَائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ أَمْرُ رَبِّكَ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ وَمَا ظَلَمَهُمُ اللَّهُ وَلَٰكِن كَانُوا أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ ٣٣
📖 Гочдар
Аят 33
Уьш (керстанаш) хьовсуш бу те шайга (синош иэца) маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-Кхобучун (шайна 1азап дан) омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а шаьш шайна зулам деш хилира уьш.
فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
Шаьш дина вонаш (бекхам хилла) шайх дахара царах‚ шаьш ца дēшаш хилларг шайх дахара царах.
وَقَالَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا عَبَدْنَا مِن دُونِهِ مِن شَيْءٍ نَّحْنُ وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِن دُونِهِ مِن شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ فَهَلْ عَلَى الرُّسُلِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
/Делаца/ накъост лаьцначара элира: "Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха". Иштта /хьукма/ дора царал хьалха хиллачара а. Элчанашна тIехь дуй ткъа (Дала делларг нахе) къеггина дIакхачор бен?
وَلَقَدْ بَعَثْنَا فِي كُلِّ أُمَّةٍ رَّسُولًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاجْتَنِبُوا الطَّاغُوتَ ۖ فَمِنْهُم مَّنْ هَدَى اللَّهُ وَمِنْهُم مَّنْ حَقَّتْ عَلَيْهِ الضَّلَالَةُ ۚ فَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
ХIор уммате Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ тIагIутах генадовла аьлла. Царах (оцу умматех) Дала нисбинарш а бу‚ царах шайна тIехь (нийсачу некъах) д1атилар кхочушхилларш а бу. Лела шу лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла /Делан цIена дин/ харцдиначеран чаккхе!
إِن تَحْرِصْ عَلَىٰ هُدَاهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَن يُضِلُّ ۖ وَمَا لَهُم مِّن نَّاصِرِينَ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Уьш нисбала хьуна мел ч1ог1а лиъчи а (х1ай Мухьаммад), Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна (Делан 1азапах к1елхьарабаха) гIоьнчий ма бац.
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ ۙ لَا يَبْعَثُ اللَّهُ مَن يَمُوتُ ۚ بَلَىٰ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Делах чIогIа дуйнаш ма биъна цара "Денвийр вац Дала велларг"‚– бохуш. Мелхо а, иза бакъ хилла йолу ваIда ю-кх Цуьнгара! Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх;
لِيُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي يَخْتَلِفُونَ فِيهِ وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ كَانُوا كَاذِبِينَ ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла .
إِنَّمَا قَوْلُنَا لِشَيْءٍ إِذَا أَرَدْنَاهُ أَن نَّقُولَ لَهُ كُن فَيَكُونُ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хIумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга "Хила!" алар. Т1аккха и хуьлу.
وَالَّذِينَ هَاجَرُوا فِي اللَّهِ مِن بَعْدِ مَا ظُلِمُوا لَنُبَوِّئَنَّهُمْ فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً ۖ وَلَأَجْرُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Шайна зулам динчул тIаьхьа Делан дуьхьа (кхечу махкашка) дIакхелхинарш – Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ царна (и) хууш хиллехь.
الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжинарш а.
وَمَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ إِلَّا رِجَالًا نُّوحِي إِلَيْهِمْ ۚ فَاسْأَلُوا أَهْلَ الذِّكْرِ إِن كُنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
Хьол хьалха а ца бахийтина Оха божарий бен, Оха шайга ваьхьий а луш. Аш хаттал хьехам (хаам) шегахь болчу охIлане , шаьш хиллехь ца хууш.
بِالْبَيِّنَاتِ وَالزُّبُرِ ۗ وَأَنزَلْنَا إِلَيْكَ الذِّكْرَ لِتُبَيِّنَ لِلنَّاسِ مَا نُزِّلَ إِلَيْهِمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Билгалонашца а‚ жайнашца а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта а цаьрга доссош хилларг (Делан хьукманаш)‚ уьш ойла еш хилийта а.
أَفَأَمِنَ الَّذِينَ مَكَرُوا السَّيِّئَاتِ أَن يَخْسِفَ اللَّهُ بِهِمُ الْأَرْضَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьтте д1а ца худабайтарх‚ я шайга Iазап догIур цахилрх, шайна хаа ца лучухула?
أَوْ يَأْخُذَهُمْ فِي تَقَلُّبِهِمْ فَمَا هُم بِمُعْجِزِينَ ٤٦
📖 Гочдар
Аят 46
Я Цо шаьш схьацалацарх шайн дIай-схьай идаршкахь? Цара кIелдуьтур ма дац /Делан гIуллакх/.
أَوْ يَأْخُذَهُمْ عَلَىٰ تَخَوُّفٍ فَإِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَّحِيمٌ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
Я Цо шаьш схьалоцург хиларх, шаьш кхерамехь а болуш? Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву.
أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَىٰ مَا خَلَقَ اللَّهُ مِن شَيْءٍ يَتَفَيَّأُ ظِلَالُهُ عَنِ الْيَمِينِ وَالشَّمَائِلِ سُجَّدًا لِّلَّهِ وَهُمْ دَاخِرُونَ ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
Уьш ца хьовсу-те Дала кхоьлличу хIуманашка, шайн IиндагI Далла сужуд дарций аьтту агIорхьа а‚ аьрру агIорхьа а теIаш йолчу, шаьш /Делан ницкъана/ муьтIахь а йолуш ?
وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ مِن دَابَّةٍ وَالْمَلَائِكَةُ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
Далла сужуд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ дийнатех /долчара а/‚ маликаша а, шаьш куралла а ца еш.
يَخَافُونَ رَبَّهُم مِّن فَوْقِهِمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ ۩ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-Кхобучух‚ деш ду шайга де бохург.
۞ وَقَالَ اللَّهُ لَا تَتَّخِذُوا إِلَٰهَيْنِ اثْنَيْنِ ۖ إِنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
/Дийца цаьрга, х1ай Мухьаммад/ Дала элира: "Аш ма леца ши дела. Иза цхьа Дела ву. Сох (цхьаннах) кхералаш!"
وَلَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَهُ الدِّينُ وَاصِبًا ۚ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَتَّقُونَ ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу?
وَمَا بِكُم مِّن نِّعْمَةٍ فَمِنَ اللَّهِ ۖ ثُمَّ إِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فَإِلَيْهِ تَجْأَرُونَ ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
Шуьца мел долу ниIмат Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана бохамо схьалаьцча – Цуьнга доьху аш, мохь бетташ .
ثُمَّ إِذَا كَشَفَ الضُّرَّ عَنكُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِّنكُم بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
ТIаккха Цо и бала шух дIабаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-Кхобучуьнца накъост лоцу
لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ٥٥
📖 Гочдар
Аят 55
Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТIаьхьа хуур ду шуна /шаьш динчух хиндерг/.
وَيَجْعَلُونَ لِمَا لَا يَعْلَمُونَ نَصِيبًا مِّمَّا رَزَقْنَاهُمْ ۗ تَاللَّهِ لَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنتُمْ تَفْتَرُونَ ٥٦
📖 Гочдар
Аят 56
Оха шайна деллачу рицкъанах шайна /х1ун ю/ ца хуучарна дāкъа до цара. ТаллахIи‚ шуьга хаттаза дуьтур ма дац аш /Далла дуьхьал/ харц кхуллуш хиллачух.
وَيَجْعَلُونَ لِلَّهِ الْبَنَاتِ سُبْحَانَهُ ۙ وَلَهُم مَّا يَشْتَهُونَ ٥٧
📖 Гочдар
Аят 57
Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цIена ву Иза - ткъа шайна – шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту.
وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُم بِالْأُنثَىٰ ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ ٥٨
📖 Гочдар
Аят 58
Царах цхьанна йоI хилла аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, кийрахь халла сецайо шен оьг1азло.
يَتَوَارَىٰ مِنَ الْقَوْمِ مِن سُوءِ مَا بُشِّرَ بِهِ ۚ أَيُمْسِكُهُ عَلَىٰ هُونٍ أَمْ يَدُسُّهُ فِي التُّرَابِ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ ٥٩
📖 Гочдар
Аят 59
И леч1къа нахах шега кхаъ баьккхина болу цатам бахьанехь. "Сийсазаллица т1елоцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулйо-те?" Ма вон ду-кх цара деш долу хьукма!
لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ مَثَلُ السَّوْءِ ۖ وَلِلَّهِ الْمَثَلُ الْأَعْلَىٰ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ٦٠
📖 Гочдар
Аят 60
Эхартах цатешачарна вон масал ду‚ ткъа Делехь ма ду вуно лакхара масал. Иза веза верг а‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву.
وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِظُلْمِهِم مَّا تَرَكَ عَلَيْهَا مِن دَابَّةٍ وَلَٰكِن يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُّسَمًّى ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ لَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ ٦١
📖 Гочдар
Аят 61
Дала нах шайн зулам бахьанехь /бāлане/ лоцуш хиллехьара‚ цунна (лаьтта) тIехь цхьа а дийнат (Делах тешаш воцу керста) дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а, тIаьхьатотту Цо уьш билгал яьккхина хан тIекхаччалц. Шайн /билгал яьккхина/ хан т1еъча – цхьа сахьт тIаьхьа а буьсур бац уьш‚ хьалха а бевр бац.
وَيَجْعَلُونَ لِلَّهِ مَا يَكْرَهُونَ وَتَصِفُ أَلْسِنَتُهُمُ الْكَذِبَ أَنَّ لَهُمُ الْحُسْنَىٰ ۖ لَا جَرَمَ أَنَّ لَهُمُ النَّارَ وَأَنَّهُم مُّفْرَطُونَ ٦٢
📖 Гочдар
Аят 62
Далла шайна цадезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш, царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чохь/ бицбийр бу .
تَاللَّهِ لَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِّن قَبْلِكَ فَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَهُوَ وَلِيُّهُمُ الْيَوْمَ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ٦٣
📖 Гочдар
Аят 63
ТаллахIи‚ хьол хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхайн элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна. Тахана а церан доладийриг (накъост) и ду‚ царна (кечдина) лазаме долу Iазап ду.
وَمَا أَنزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ إِلَّا لِتُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي اخْتَلَفُوا فِيهِ ۙ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ ٦٤
📖 Гочдар
Аят 64
Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахь царна билгалдаккха а бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш долчу къомана.
وَاللَّهُ أَنزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّقَوْمٍ يَسْمَعُونَ ٦٥
📖 Гочдар
Аят 65
Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь /Дела цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а/ делил ма ду ладугIучу нахана.
وَإِنَّ لَكُمْ فِي الْأَنْعَامِ لَعِبْرَةً ۖ نُّسْقِيكُم مِّمَّا فِي بُطُونِهِ مِن بَيْنِ فَرْثٍ وَدَمٍ لَّبَنًا خَالِصًا سَائِغًا لِّلشَّارِبِينَ ٦٦
📖 Гочдар
Аят 66
Баккъалла а, шуна хьайбанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух боьхаллина а‚ цIийна а юккъера шура‚ цIена а‚ чам болуш а йолуш молчарна.
وَمِن ثَمَرَاتِ النَّخِيلِ وَالْأَعْنَابِ تَتَّخِذُونَ مِنْهُ سَكَرًا وَرِزْقًا حَسَنًا ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ ٦٧
📖 Гочдар
Аят 67
Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аш доккху вахош долу малар а‚ хаза рицкъ а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду хьекъале болчу нахана.
وَأَوْحَىٰ رَبُّكَ إِلَى النَّحْلِ أَنِ اتَّخِذِي مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا وَمِنَ الشَّجَرِ وَمِمَّا يَعْرِشُونَ ٦٨
📖 Гочдар
Аят 68
Хьан Кхиош-Кхобучо накхармозан даг чу тесира: хьайна г1ишлош йе лаьмнашкахь а‚ дитташ т1ехь а‚ цара (наха) дечу ц1енош чохь а (тхевнашна т1ехь) аьлла.
ثُمَّ كُلِي مِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ فَاسْلُكِي سُبُلَ رَبِّكِ ذُلُلًا ۚ يَخْرُجُ مِن بُطُونِهَا شَرَابٌ مُّخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ فِيهِ شِفَاءٌ لِّلنَّاسِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ ٦٩
📖 Гочдар
Аят 69
ТIаккха даа хьайна массо а стоьмех рицкъ‚ хьайн Кхиош-Кхобучун, хьайна муьт1ахь динчу, некъашкахула лела, аьлла. Церан (накхармозийн) кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь /Делан ницкъ хиларан/ делил ду-кх шаьш ойла ечу нахана.
وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ ثُمَّ يَتَوَفَّاكُمْ ۚ وَمِنكُم مَّن يُرَدُّ إِلَىٰ أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْ لَا يَعْلَمَ بَعْدَ عِلْمٍ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ قَدِيرٌ ٧٠
📖 Гочдар
Аят 70
Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьоле верзош верг а, цунна /къона волуш/ хууш хиллачул тIаьхьа /кхин/ хIумма а ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву.
وَاللَّهُ فَضَّلَ بَعْضَكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ فِي الرِّزْقِ ۚ فَمَا الَّذِينَ فُضِّلُوا بِرَادِّي رِزْقِهِمْ عَلَىٰ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَهُمْ فِيهِ سَوَاءٌ ۚ أَفَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ ٧١
📖 Гочдар
Аят 71
Дала шух цхьаберш вуккхарал базбина /шайна/ рицкь даларехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъ лур долуш шайн аьтту куьйгаша доладиначарна (лешна‚ ялхошна), шаьш цу чохь (рицкъанехь), уьш шайца нис а беш. Делан ниIмат а харц до ткъа цара?
وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُم مِّنْ أَنفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَجَعَلَ لَكُم مِّنْ أَزْوَاجِكُم بَنِينَ وَحَفَدَةً وَرَزَقَكُم مِّنَ الطَّيِّبَاتِ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَتِ اللَّهِ هُمْ يَكْفُرُونَ ٧٢
📖 Гочдар
Аят 72
Дала шуна шух шайх а зударий бина‚ Цо шуна шун зударшкахула кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина. Цо шуна дикачух рицкъ делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?
وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَمْلِكُ لَهُمْ رِزْقًا مِّنَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ شَيْئًا وَلَا يَسْتَطِيعُونَ ٧٣
📖 Гочдар
Аят 73
Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкъех хIумма а йоцучарна‚/яла лиъча а/ ницкъ ца кхочучарна.
فَلَا تَضْرِبُوا لِلَّهِ الْأَمْثَالَ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ ٧٤
📖 Гочдар
Аят 74
Далла масалш ма даладе . Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.
۞ ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا عَبْدًا مَّمْلُوكًا لَّا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَمَن رَّزَقْنَاهُ مِنَّا رِزْقًا حَسَنًا فَهُوَ يُنفِقُ مِنْهُ سِرًّا وَجَهْرًا ۖ هَلْ يَسْتَوُونَ ۚ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ٧٥
📖 Гочдар
Аят 75
Дала далийна шуна масал: цхьаъ шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен хIуманна ницкъ а ца кхочуш волу‚ /важа/ Оха шена Тхайгара дика рицкъ делларг ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлаха а‚ гучахь а. Цхьатерра буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу.
وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا رَّجُلَيْنِ أَحَدُهُمَا أَبْكَمُ لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَهُوَ كَلٌّ عَلَىٰ مَوْلَاهُ أَيْنَمَا يُوَجِّههُّ لَا يَأْتِ بِخَيْرٍ ۖ هَلْ يَسْتَوِي هُوَ وَمَن يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ ۙ وَهُوَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ٧٦
📖 Гочдар
Аят 76
Дала /кхин/ масалина валийна ши стаг: оцу шиннах цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьанна а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен элан (шена т1ех1оьттинчу стеган) кōчахь ву‚ ша миччахьа а хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьатерра вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш ?
وَلِلَّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَا أَمْرُ السَّاعَةِ إِلَّا كَلَمْحِ الْبَصَرِ أَوْ هُوَ أَقْرَبُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ ٧٧
📖 Гочдар
Аят 77
Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтан гIуллакх (къематде х1оттар) бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
وَاللَّهُ أَخْرَجَكُم مِّن بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ لَا تَعْلَمُونَ شَيْئًا وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۙ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ ٧٨
📖 Гочдар
Аят 78
Дала схьадаьхна шу шайн нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шу. Цо шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира (делира)‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш.
أَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ مُسَخَّرَاتٍ فِي جَوِّ السَّمَاءِ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا اللَّهُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ ٧٩
📖 Гочдар
Аят 79
Царна ца го-те олхазарш ‚ стиглан хIаваэхь /т1емадовла Дала/ аьтто бина долу? Уьш ца сецадо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана.
وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُم مِّن بُيُوتِكُمْ سَكَنًا وَجَعَلَ لَكُم مِّن جُلُودِ الْأَنْعَامِ بُيُوتًا تَسْتَخِفُّونَهَا يَوْمَ ظَعْنِكُمْ وَيَوْمَ إِقَامَتِكُمْ ۙ وَمِنْ أَصْوَافِهَا وَأَوْبَارِهَا وَأَشْعَارِهَا أَثَاثًا وَمَتَاعًا إِلَىٰ حِينٍ ٨٠
📖 Гочдар
Аят 80
Дала шуна хилийтина шун г1ишлойх /парг1ат чохь 1ен/ хIусамаш‚ Цо хилийтина шуна хьайбанийн ц1оканех х1усамаш‚ шаьш шуна еза а йоцуш шу дIа-схьадоьлхучу дийнахь а‚ шу /сада1а/ севцинчу дийнахь а; церан (уьстаг1ийн) тIаргIанах а‚ /эмкалийн/ т1арг1анах а‚ /гезарийн/ чох (т1арг1анах) а шуна йийбар (салпал) а ю‚ цхьана ханна пайдаэца хIуманаш а ю.
وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُم مِّمَّا خَلَقَ ظِلَالًا وَجَعَلَ لَكُم مِّنَ الْجِبَالِ أَكْنَانًا وَجَعَلَ لَكُمْ سَرَابِيلَ تَقِيكُمُ الْحَرَّ وَسَرَابِيلَ تَقِيكُم بَأْسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْلِمُونَ ٨١
📖 Гочдар
Аят 81
Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагI‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла ‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах‚ хилийтина духар (т1еман духар) а шу лардеш вовшийн ницкъах (дераллах). Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама муьт1ахь хилла .
فَإِن تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ الْمُبِينُ ٨٢
📖 Гочдар
Аят 82
Уьш дIаберзахь – хьуна тIехь /х1ай Мухьаммад/ билгала дIакхачор ду /Тхан элчалалла/.
يَعْرِفُونَ نِعْمَتَ اللَّهِ ثُمَّ يُنكِرُونَهَا وَأَكْثَرُهُمُ الْكَافِرُونَ ٨٣
📖 Гочдар
Аят 83
Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха а инкарло йо цара цунна‚ царах дукхахберш керстанаш бу .
وَيَوْمَ نَبْعَثُ مِن كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا ثُمَّ لَا يُؤْذَنُ لِلَّذِينَ كَفَرُوا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ ٨٤
📖 Гочдар
Аят 84
Оцу (къемат) дийнахь Оха вохуьйтур ву хIор умматах теш‚ тIаккха керстанашна (дохкобовла) пурба лур дац‚ цаьрга бехказлонаш а ялайойтур яц.
وَإِذَا رَأَى الَّذِينَ ظَلَمُوا الْعَذَابَ فَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمْ وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ ٨٥
📖 Гочдар
Аят 85
Зуламхошна (Делах цатешначарна) Iазап гича‚ царна и дайдийр а дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш (цунах).
وَإِذَا رَأَى الَّذِينَ أَشْرَكُوا شُرَكَاءَهُمْ قَالُوا رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ شُرَكَاؤُنَا الَّذِينَ كُنَّا نَدْعُو مِن دُونِكَ ۖ فَأَلْقَوْا إِلَيْهِمُ الْقَوْلَ إِنَّكُمْ لَكَاذِبُونَ ٨٦
📖 Гочдар
Аят 86
/Делаца/ накъост лаьцначара шайн "накъостий" гича‚ эр ду: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга, Хьо а витина, кхойкхуш хилла болу". Цара цаьрга дош кхуссур ду: "Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх"‚– аьлла.
وَأَلْقَوْا إِلَى اللَّهِ يَوْمَئِذٍ السَّلَمَ ۖ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ ٨٧
📖 Гочдар
Аят 87
Деле кховдор ю цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIакъаьстар ду царах цара (харц) кхуллуш хилларг.
الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَن سَبِيلِ اللَّهِ زِدْنَاهُمْ عَذَابًا فَوْقَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يُفْسِدُونَ ٨٨
📖 Гочдар
Аят 88
Цатешначарна а‚ Делан некъах /нах/ д1атилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапа тIе а Iазап уьш телхина мел дерг деш хиларна.
وَيَوْمَ نَبْعَثُ فِي كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا عَلَيْهِم مِّنْ أَنفُسِهِمْ ۖ وَجِئْنَا بِكَ شَهِيدًا عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ تِبْيَانًا لِّكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ ٨٩
📖 Гочдар
Аят 89
Оцу дийнахь хIор умматна т1е Оха вохуьйтур ву (шайгахьа волу а-тешаш хиллачарна) шайна дуьхьал волу а – цатешачарна) теш царах шайх‚ хьо (х1ай Мухьаммад) валор ву Оха хIокхарна /шайгахьа волу а, шайна /дуьхьал волу а теш хилла. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусалбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу.
۞ إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ وَالْإِحْسَانِ وَإِيتَاءِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَيَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنكَرِ وَالْبَغْيِ ۚ يَعِظُكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ ٩٠
📖 Гочдар
Аят 90
Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг /леладе олий/ а‚ гергарчарна /сагIа/ далар а; ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо, хьехам тIелоцур бацара-те аш .
وَأَوْفُوا بِعَهْدِ اللَّهِ إِذَا عَاهَدتُّمْ وَلَا تَنقُضُوا الْأَيْمَانَ بَعْدَ تَوْكِيدِهَا وَقَدْ جَعَلْتُمُ اللَّهَ عَلَيْكُمْ كَفِيلًا ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ ٩١
📖 Гочдар
Аят 91
Делаца йина чIагIо кхочушъйе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аш Дела ма вина шайна тIехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг.
وَلَا تَكُونُوا كَالَّتِي نَقَضَتْ غَزْلَهَا مِن بَعْدِ قُوَّةٍ أَنكَاثًا تَتَّخِذُونَ أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ أَن تَكُونَ أُمَّةٌ هِيَ أَرْبَىٰ مِنْ أُمَّةٍ ۚ إِنَّمَا يَبْلُوكُمُ اللَّهُ بِهِ ۚ وَلَيُبَيِّنَنَّ لَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ ٩٢
📖 Гочдар
Аят 92
Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала бинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ва1да кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг.
وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِن يُضِلُّ مَن يَشَاءُ وَيَهْدِي مَن يَشَاءُ ۚ وَلَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ٩٣
📖 Гочдар
Аят 93
Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух.
وَلَا تَتَّخِذُوا أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ فَتَزِلَّ قَدَمٌ بَعْدَ ثُبُوتِهَا وَتَذُوقُوا السُّوءَ بِمَا صَدَدتُّمْ عَن سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلَكُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ ٩٤
📖 Гочдар
Аят 94
Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма йелаш – шайн ког ца шаршийта и чIагIбелла лаьтташ хиллачул тIаьхьа‚ /аш и х1уманаш дахь/ вониг Iовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Iазап а хир ду.
وَلَا تَشْتَرُوا بِعَهْدِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ إِنَّمَا عِندَ اللَّهِ هُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ ٩٥
📖 Гочдар
Аят 95
Ма эца Делан ваIданах кIеззиг мах ! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь.
مَا عِندَكُمْ يَنفَدُ ۖ وَمَا عِندَ اللَّهِ بَاقٍ ۗ وَلَنَجْزِيَنَّ الَّذِينَ صَبَرُوا أَجْرَهُم بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ٩٦
📖 Гочдар
Аят 96
Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Далла гергахь дерг бухадуьсур ду. Собаре хиллачарна дIаялаза юьтур ма яц Оха шайн ял цара деш хиллачух уггар хазачуьнца.
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِّن ذَكَرٍ أَوْ أُنثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَنُحْيِيَنَّهُ حَيَاةً طَيِّبَةً ۖ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَجْرَهُم بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ٩٧
📖 Гочдар
Аят 97
Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда йелахь а‚ шаьш муъма болуш – уьш денбийр ма бу Оха хазачу дāхарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачух уггар хазачуьнца.
فَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ ٩٨
📖 Гочдар
Аят 98
Айхьа Къуръан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь, тIулгаш кхуьссуш, эккхочу шайтIанах .
إِنَّهُ لَيْسَ لَهُ سُلْطَانٌ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ ٩٩
📖 Гочдар
Аят 99
Баккъалла а, цуьнан бакъо яц, ийман а диллина, шайн Кхиош-Кхобучунна тIетовжуш болчарна тIехь.
إِنَّمَا سُلْطَانُهُ عَلَى الَّذِينَ يَتَوَلَّوْنَهُ وَالَّذِينَ هُم بِهِ مُشْرِكُونَ ١٠٠
📖 Гочдар
Аят 100
Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ верасалла лелочарна тIехь а‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а.
وَإِذَا بَدَّلْنَا آيَةً مَّكَانَ آيَةٍ ۙ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُنَزِّلُ قَالُوا إِنَّمَا أَنتَ مُفْتَرٍ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ١٠١
📖 Гочдар
Аят 101
Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: "Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву" . ХIаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац.
قُلْ نَزَّلَهُ رُوحُ الْقُدُسِ مِن رَّبِّكَ بِالْحَقِّ لِيُثَبِّتَ الَّذِينَ آمَنُوا وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ ١٠٢
📖 Гочдар
Аят 102
Ахь āла: "И /Къуръанан аят/ доссийна дезачу сино хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, ша чIагIбархьама ийман диллинарш‚ ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана".
وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّهُمْ يَقُولُونَ إِنَّمَا يُعَلِّمُهُ بَشَرٌ ۗ لِّسَانُ الَّذِي يُلْحِدُونَ إِلَيْهِ أَعْجَمِيٌّ وَهَٰذَا لِسَانٌ عَرَبِيٌّ مُّبِينٌ ١٠٣
📖 Гочдар
Аят 103
Тхуна хууш ду‚ цара олу: "Иза Iамавеш ву адамо". Уьш шена тIекхийдаш берг Iажам мотт ма бу‚ ткъа хIара билгала Iаьрбийн мотт ма бу.
إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ لَا يَهْدِيهِمُ اللَّهُ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ١٠٤
📖 Гочдар
Аят 104
Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – Дала нисбийр бац уьш (нийсачу новкъа)‚ царна лазош долу Iазап хир ду.
إِنَّمَا يَفْتَرِي الْكَذِبَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَاذِبُونَ ١٠٥
📖 Гочдар
Аят 105
Баккъалла а, /Делан сибаташ т1ехь/ харцдерг кхуллу Делан аятех ца тешаш болчара - ткъа уьш ма бу харцлуьйш берш.
مَن كَفَرَ بِاللَّهِ مِن بَعْدِ إِيمَانِهِ إِلَّا مَنْ أُكْرِهَ وَقَلْبُهُ مُطْمَئِنٌّ بِالْإِيمَانِ وَلَٰكِن مَّن شَرَحَ بِالْكُفْرِ صَدْرًا فَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ مِّنَ اللَّهِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ ١٠٦
📖 Гочдар
Аят 106
Ша ийман диллинчул тIаьхьа Далла керстаналла динарг‚ шен дог ийманца чIагIделла а долуш, шена ницкъ бинарг воцуш ‚ керстаналлина шен дог д1аделлинарг – царна Делера оьгIазло а ю‚ царна деза-доккха Iазап а ду.
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمُ اسْتَحَبُّوا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الْآخِرَةِ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ ١٠٧
📖 Гочдар
Аят 107
Иза (1азап) - царна эхартал дуьненан дахар сов дезарна а ду‚ Дала керста къам (нийсачу новкъа) нисбеш цахиларна а ду.
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ طَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ ١٠٨
📖 Гочдар
Аят 108
Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсинна а мухIар тоьхнарш - уьш бу шаьш гIопал берш!
لَا جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْخَاسِرُونَ ١٠٩
📖 Гочдар
Аят 109
Шеко яц эхартахь уьш эшнарш хиларан.
ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ هَاجَرُوا مِن بَعْدِ مَا فُتِنُوا ثُمَّ جَاهَدُوا وَصَبَرُوا إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ ١١٠
📖 Гочдар
Аят 110
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, шаьш питане лаьцначул тIаьхьа къахьегна болчу‚ собар дина болчу , – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа сов гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
۞ يَوْمَ تَأْتِي كُلُّ نَفْسٍ تُجَادِلُ عَن نَّفْسِهَا وَتُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَّا عَمِلَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ ١١١
📖 Гочдар
Аят 111
Оцу /къемат/дийнахь х1ор са догIур ду ша къуьйсуш (шен болх балхош) ‚ массо а синна /кхоччуш/ лур ду цо ша /дуьненахь/ динарг. Царна зулам дийр дац (царна харцо йийр яц)!
وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا قَرْيَةً كَانَتْ آمِنَةً مُّطْمَئِنَّةً يَأْتِيهَا رِزْقُهَا رَغَدًا مِّن كُلِّ مَكَانٍ فَكَفَرَتْ بِأَنْعُمِ اللَّهِ فَأَذَاقَهَا اللَّهُ لِبَاسَ الْجُوعِ وَالْخَوْفِ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ ١١٢
📖 Гочдар
Аят 112
Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а ‚ паргIат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догIура массо а меттигера. ТIаккха цо (Маккин ох1лано) Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар цара деш хилларг бахьанехь.
وَلَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مِّنْهُمْ فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ وَهُمْ ظَالِمُونَ ١١٣
📖 Гочдар
Аят 113
Цаьрга веара элча , царах а волуш – цара иза харцвира. ТIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ шаьш зуламхой а болуш (харцонна т1ехь а болуш).
فَكُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ حَلَالًا طَيِّبًا وَاشْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ إِن كُنتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ ١١٤
📖 Гочдар
Аят 114
Аш даа Дала шайна деллачу рицкьих хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.
إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۖ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ١١٥
📖 Гочдар
Аят 115
Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIе яьккхинарг а (шена урс хьокхучу хенахь). Ша (яаза) ца ваьлларг/мацалла ца вала/‚ къа деш воцуш (и яар магош доцуш), барамал т1ех ца волуш (вуззалц а ца юуш)‚ – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву (ца ваьлла и хьарам йина х1ума йиъначунна).
وَلَا تَقُولُوا لِمَا تَصِفُ أَلْسِنَتُكُمُ الْكَذِبَ هَٰذَا حَلَالٌ وَهَٰذَا حَرَامٌ لِّتَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ ١١٦
📖 Гочдар
Аят 116
Аш ма āлалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдерг бахьанехь: "ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду"‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр болуш бац.
مَتَاعٌ قَلِيلٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ١١٧
📖 Гочдар
Аят 117
КIеззиг зовкх хьегар ду /и царна/ - лазош долу Iазап ду царна /кечдина/.
وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا مَا قَصَصْنَا عَلَيْكَ مِن قَبْلُ ۖ وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِن كَانُوا أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ ١١٨
📖 Гочдар
Аят 118
Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг. Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шаьш шайна зулам деш.
ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ عَمِلُوا السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابُوا مِن بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ ١١٩
📖 Гочдар
Аят 119
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба деш, дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву.
إِنَّ إِبْرَاهِيمَ كَانَ أُمَّةً قَانِتًا لِّلَّهِ حَنِيفًا وَلَمْ يَكُ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ١٢٠
📖 Гочдар
Аят 120
Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам ‚ цIена дин дерг ‚ и ца хилла ширк дечарах.
شَاكِرًا لِّأَنْعُمِهِ ۚ اجْتَبَاهُ وَهَدَاهُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ١٢١
📖 Гочдар
Аят 121
Цуьнан ниIматашна шукур дийриг а /хилла иза/. Цо (Дала) хаьржира иза‚ нис а вира нийсачу новкъа.
وَآتَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ ١٢٢
📖 Гочдар
Аят 122
Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза эхартахь а дикачарах ву.
ثُمَّ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ أَنِ اتَّبِعْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ١٢٣
📖 Гочдар
Аят 123
ТIаккха Оха хьоьга /х1ай Мухьаммад/ ваьхьица хаийтира цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатна тIаьхьахIотта аьлла. И (Ибрах1им) ца хилла ширк дечарах.
إِنَّمَا جُعِلَ السَّبْتُ عَلَى الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ ۚ وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَحْكُمُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ ١٢٤
📖 Гочдар
Аят 124
Шоьтан де /даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хьукма дийр долуш ву къематдийнахь царна юккъехь уьш хилпало йеш хиллачунна.
ادْعُ إِلَىٰ سَبِيلِ رَبِّكَ بِالْحِكْمَةِ وَالْمَوْعِظَةِ الْحَسَنَةِ ۖ وَجَادِلْهُم بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ ۚ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَن ضَلَّ عَن سَبِيلِهِ ۖ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ ١٢٥
📖 Гочдар
Аят 125
Ахь кхайкха хьан Кхиош-Кхобучун новкъа хьекъалций‚ хазачу хьехамций‚ цаьрца (хьайна дуьхьалболчаьрца) къийса хазачу кепара. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург вуно дика вевзаш ву Шен некъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а.
وَإِنْ عَاقَبْتُمْ فَعَاقِبُوا بِمِثْلِ مَا عُوقِبْتُم بِهِ ۖ وَلَئِن صَبَرْتُمْ لَهُوَ خَيْرٌ لِّلصَّابِرِينَ ١٢٦
📖 Гочдар
Аят 126
Нагахь санна аш /мостаг1чунна/ таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар динчух терра ‚ аш собар дахь – иза собар дечарна дика ду-кх.
وَاصْبِرْ وَمَا صَبْرُكَ إِلَّا بِاللَّهِ ۚ وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلَا تَكُ فِي ضَيْقٍ مِّمَّا يَمْكُرُونَ ١٢٧
📖 Гочдар
Аят 127
Ахь собар дēлахь /х1ай Мухьаммад/‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах.
إِنَّ اللَّهَ مَعَ الَّذِينَ اتَّقَوا وَّالَّذِينَ هُم مُّحْسِنُونَ ١٢٨
📖 Гочдар
Аят 128
Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца /уьш 1алаш а беш, терго а 1еш/.
Деша Ан-Нахль сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

