Аль-Хьижр сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Хьижр сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (99 Аят — مكية). Аль-Хьижр ЛадоргӀа, Аль-Хьижр Гочдар, Аль-Хьижр mp3, Аль-Хьижр pdf.

Аль-Хьижр сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ وَقُرْآنٍ مُّبِينٍ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Алиф-лам-ра . Уьш /Делан/ жайнин а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду.
رُّبَمَا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ كَانُوا مُسْلِمِينَ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла .
ذَرْهُمْ يَأْكُلُوا وَيَتَمَتَّعُوا وَيُلْهِهِمُ الْأَمَلُ ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТIаьхьа хуур ду царна.
وَمَا أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ إِلَّا وَلَهَا كِتَابٌ مَّعْلُومٌ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Цхьа а юрт /хьалха а/ хIаллак ца йина Оха цунна /хIаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен.
مَّا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тIаьхьадуьсур а ма дац.
وَقَالُوا يَا أَيُّهَا الَّذِي نُزِّلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ إِنَّكَ لَمَجْنُونٌ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Цара элира: "ХIай хьайга дагадаийтар доссош хилларг ! Хьо жинех ма ву!
لَّوْ مَا تَأْتِينَا بِالْمَلَائِكَةِ إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Маликаш хIунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?"
مَا نُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ إِلَّا بِالْحَقِّ وَمَا كَانُوا إِذًا مُّنظَرِينَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /цатешаш берш Iазапах/ тIаьахьатеттинарш хир бац.
إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا الذِّكْرَ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Iалашбийр а бу .
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ فِي شِيَعِ الْأَوَّلِينَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.
وَمَا يَأْتِيهِم مِّن رَّسُولٍ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен.
كَذَٰلِكَ نَسْلُكُهُ فِي قُلُوبِ الْمُجْرِمِينَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Иштта дуьллу Оха иза къинош деш болчеран дегнашка.
لَا يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَقَدْ خَلَتْ سُنَّةُ الْأَوَّلِينَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.
وَلَوْ فَتَحْنَا عَلَيْهِم بَابًا مِّنَ السَّمَاءِ فَظَلُّوا فِيهِ يَعْرُجُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш,
لَقَالُوا إِنَّمَا سُكِّرَتْ أَبْصَارُنَا بَلْ نَحْنُ قَوْمٌ مَّسْحُورُونَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду".
وَلَقَدْ جَعَلْنَا فِي السَّمَاءِ بُرُوجًا وَزَيَّنَّاهَا لِلنَّاظِرِينَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Стиглахь гIаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна.
وَحَفِظْنَاهَا مِن كُلِّ شَيْطَانٍ رَّجِيمٍ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Массо а тIулгашца эккхош долчу шайтIанах и 1алаш а йина Оха.
إِلَّا مَنِ اسْتَرَقَ السَّمْعَ فَأَتْبَعَهُ شِهَابٌ مُّبِينٌ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Ша къайлах ладугIуш доцучух – цунна а тIаьхьаболу билгал болу седа .
وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ شَيْءٍ مَّوْزُونٍ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Латта а даржина Оха‚ цунна т1ехь чIогIа лаьмнаш а доьг1на, цунна т1ехь далийтина Оха хIор барам бинчу хIуманах .
وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَايِشَ وَمَن لَّسْتُمْ لَهُ بِرَازِقِينَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Оха цунна т1ехь бахам хилийтина шуна а‚ аш шайна рицкъ ца луш хиллачарна а /аккхарой, олхазарш.../
وَإِن مِّن شَيْءٍ إِلَّا عِندَنَا خَزَائِنُهُ وَمَا نُنَزِّلُهُ إِلَّا بِقَدَرٍ مَّعْلُومٍ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Цхьа а хIума яц Тхоьгахь шен хазна йолуш бен‚ Оха и охьа ца йоссайо хууш болчу барамца а бен .
وَأَرْسَلْنَا الرِّيَاحَ لَوَاقِحَ فَأَنزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَسْقَيْنَاكُمُوهُ وَمَا أَنتُمْ لَهُ بِخَازِنِينَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Оха дахийтина ялта хьоькъуьйту мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу дац и /дIадиллина/ латтош.
وَإِنَّا لَنَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَنَحْنُ الْوَارِثُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Баккъалла а, Оха ден а до‚ Оха дала а долуьйту‚ Тхо ду верасаш .
وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَقْدِمِينَ مِنكُمْ وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَأْخِرِينَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Шух хьалха д1абевлларш а бевзина Тхуна, тIаьхьабуьсуберш а бевзина.
وَإِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَحْشُرُهُمْ ۚ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза Шегахь хьекъалалла дерг а ‚ хууш верг а ву /Шен халкъехь дерг/.
وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنسَانَ مِن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Оха адам кхоьллира бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу.
وَالْجَانَّ خَلَقْنَاهُ مِن قَبْلُ مِن نَّارِ السَّمُومِ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Жинаш кхоьллира Оха кхин а /Āдамал/ хьалха т1ех йовхачу цIарах.
وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِّن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Дагадаийта: хьан Кхиош-Кхобучо маликашка аьллера: "Со воллу адам кхолла бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу.
فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِن رُّوحِي فَقَعُوا لَهُ سَاجِدِينَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Ас и нисдича‚ Сайгара сих цунна чу са а диллича, шу иэгалаш цунна сужуде".
فَسَجَدَ الْمَلَائِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Маликаша массара а сужуд дира.
إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ أَن يَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила.
قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا لَكَ أَلَّا تَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Цо (Дала) элира: "Х1ай Иблис, хьуна хIун ду сужуд дечаьрца ца хила?"
قَالَ لَمْ أَكُن لِّأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Цо (Иблисо) элира: "Со ца хилла сужуд дан адамна ‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу».
قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсамани/ чуьра! Хьо тIулгаш детташ эккхо дезарг ду.
وَإِنَّ عَلَيْكَ اللَّعْنَةَ إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де кхаччалц".
قَالَ رَبِّ فَأَنظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Цо (Иблисо) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц".
قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنظَرِينَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, хьо (даларх) тIаьхьатеттинчарах ду
إِلَىٰ يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Хууш йолчу хенан де тIекхаччалц".
قَالَ رَبِّ بِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَلَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман т1аьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а
إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
царах Хьан къастийна леш боцурш".
قَالَ هَٰذَا صِرَاطٌ عَلَيَّ مُسْتَقِيمٌ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Цо (Дала) элира: "ХIара бу Суна тIебог1у нийса некъ .
إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ إِلَّا مَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْغَاوِينَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Баккъалла а, Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен.
وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمَوْعِدُهُمْ أَجْمَعِينَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг.
لَهَا سَبْعَةُ أَبْوَابٍ لِّكُلِّ بَابٍ مِّنْهُمْ جُزْءٌ مَّقْسُومٌ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Цуьнан ворхI неI ю‚ хIор неIарна царах къастийна дāкъа ду / чу баха/.
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу".
ادْخُلُوهَا بِسَلَامٍ آمِنِينَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
"ЧугIо цу (ялсамани) чу саламца ‚ кхерам боцуш!"
وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِم مِّنْ غِلٍّ إِخْوَانًا عَلَىٰ سُرُرٍ مُّتَقَابِلِينَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Церан дегнашкахь йолу къизалла дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ меттанашна тIехь вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/.
لَا يَمَسُّهُمْ فِيهَا نَصَبٌ وَمَا هُم مِّنْهَا بِمُخْرَجِينَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Царах хьакхалур яц цу чохь хало‚ уьш цу чуьра арабохур бац.
۞ نَبِّئْ عِبَادِي أَنِّي أَنَا الْغَفُورُ الرَّحِيمُ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Д1ахаийта Сан лешка: "Баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
وَأَنَّ عَذَابِي هُوَ الْعَذَابُ الْأَلِيمُ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду".
وَنَبِّئْهُمْ عَن ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Дийца царна ИбрахIиман хьешах /лаьцна/:
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا قَالَ إِنَّا مِنكُمْ وَجِلُونَ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
И волчу баьхкира уьш ‚ элира: "Маршалла" . Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду".
قَالُوا لَا تَوْجَلْ إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Цара элира: "Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кIантаца ".
قَالَ أَبَشَّرْتُمُونِي عَلَىٰ أَن مَّسَّنِيَ الْكِبَرُ فَبِمَ تُبَشِّرُونَ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
Цо элира: "Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?"
قَالُوا بَشَّرْنَاكَ بِالْحَقِّ فَلَا تَكُن مِّنَ الْقَانِطِينَ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Цара элира: "Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь".
قَالَ وَمَن يَقْنَطُ مِن رَّحْمَةِ رَبِّهِ إِلَّا الضَّالُّونَ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Цо элира: "Муьлш бу ткъа шайн Кхиош-Кхобучун къинхетамах дог дуьллу берш, шаьш тилабелларш бен? "
قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
Элира /ИбрахIима маликашка/: "ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш ? (Х1ун г1уллакх дахьаш дахкийтина шу Дала?"
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُّجْرِمِينَ ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
Цара элира: "Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе /царна 1азап дан/,
إِلَّا آلَ لُوطٍ إِنَّا لَمُنَجُّوهُمْ أَجْمَعِينَ ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
ЛутIин доьзал боцург – уьш берриге а Оха к1елхьарбохур болуш бу,
إِلَّا امْرَأَتَهُ قَدَّرْنَا ۙ إِنَّهَا لَمِنَ الْغَابِرِينَ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
цуьнан цхьа зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухабуьсучарах (х1аллакбен болчарах хир) ю".
فَلَمَّا جَاءَ آلَ لُوطٍ الْمُرْسَلُونَ ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
И бахкийтинарш ЛутIин нахана тIе баьхкича,
قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ مُّنكَرُونَ ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
цо (ЛутIас) элира: "Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх".
قَالُوا بَلْ جِئْنَاكَ بِمَا كَانُوا فِيهِ يَمْتَرُونَ ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
Цара элира: "Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьш шайн шеко хиллачуьнца.
وَأَتَيْنَاكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду.
فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِّنَ اللَّيْلِ وَاتَّبِعْ أَدْبَارَهُمْ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنكُمْ أَحَدٌ وَامْضُوا حَيْثُ تُؤْمَرُونَ ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гIуо царна тIаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу 1азап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчу дIагIуо".
وَقَضَيْنَا إِلَيْهِ ذَٰلِكَ الْأَمْرَ أَنَّ دَابِرَ هَٰؤُلَاءِ مَقْطُوعٌ مُّصْبِحِينَ ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
И гIуллакх (Тхан кхиэл) цунна (Лут1ина) д1ахаийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйренга бовларца (уьш берриге а х1аллакбийр болуш бу 1уьйранна).
وَجَاءَ أَهْلُ الْمَدِينَةِ يَسْتَبْشِرُونَ ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
ГIалара нах баьхкира баккхийбеш.
قَالَ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ ضَيْفِي فَلَا تَفْضَحُونِ ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
Цо (ЛутIас) элира: "ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш.
وَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш".
قَالُوا أَوَلَمْ نَنْهَكَ عَنِ الْعَالَمِينَ ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
Цара элира:"Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т1е ма лаца, аьлла ?" .
قَالَ هَٰؤُلَاءِ بَنَاتِي إِن كُنتُمْ فَاعِلِينَ ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Цо элира: "Х1орш сан йо1арий бу шуна‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь /уьш балабейш шайна, сан хьеший а битий/".
لَعَمْرُكَ إِنَّهُمْ لَفِي سَكْرَتِهِمْ يَعْمَهُونَ ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бехна хиларехь дIай-схьай уьйдуш ма бу .
فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُشْرِقِينَ ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
Малх кхеташ, цIогIано схьалецира уьш (ч1ог1ачу г1овг1ано х1аллакбира уьш).
فَجَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِّن سِجِّيلٍ ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
Цуьнан лакхенах лахе йира Оха‚ царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш /дог1а санна/ делхийтира Оха.
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِّلْمُتَوَسِّمِينَ ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш, хьоьжучарна.
وَإِنَّهَا لَبِسَبِيلٍ مُّقِيمٍ ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Баккъалла а, и ма ю /нийсса Маккара Шама боьдучу/ новкъахь.
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّلْمُؤْمِنِينَ ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Баккъалла а, цу чохь (Лут1ин къам х1аллакдарехь) делил ма ду муъма нахана.
وَإِن كَانَ أَصْحَابُ الْأَيْكَةِ لَظَالِمِينَ ۝٧٨
📖 Гочдар Аят 78
Айкатан бахархой ма хилира зуламхой.
فَانتَقَمْنَا مِنْهُمْ وَإِنَّهُمَا لَبِإِمَامٍ مُّبِينٍ ۝٧٩
📖 Гочдар Аят 79
Царна бекхам бира Оха‚ баккъалла а, и шиъ билгалчу меттигехь ма ю.
وَلَقَدْ كَذَّبَ أَصْحَابُ الْحِجْرِ الْمُرْسَلِينَ ۝٨٠
📖 Гочдар Аят 80
Хьижран бахархоша а харц ма бира элчанаш.
وَآتَيْنَاهُمْ آيَاتِنَا فَكَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ ۝٨١
📖 Гочдар Аят 81
Оха Тхайн аяташ далийра царна‚ ткъа уьш царах дIабоьрзуш хуьлура.
وَكَانُوا يَنْحِتُونَ مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا آمِنِينَ ۝٨٢
📖 Гочдар Аят 82
Уьш хилла, лаьмнаш огуш, цIенош деш, шаьш кхерамазаллехь а болуш /царна чохь баха/.
فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُصْبِحِينَ ۝٨٣
📖 Гочдар Аят 83
Ц1ог1ано схьалецира уьш, Iуьйренга бовлуш.
فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَكْسِبُونَ ۝٨٤
📖 Гочдар Аят 84
Шайна карадеш хиллачо уьш к1елхьара ца бехира /Делан 1азапах/.
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ ۗ وَإِنَّ السَّاعَةَ لَآتِيَةٌ ۖ فَاصْفَحِ الصَّفْحَ الْجَمِيلَ ۝٨٥
📖 Гочдар Аят 85
Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь мел дерг а бакъдолчуьнца бен. Сахьт /шеко йоццуш/ догIур долуш ду. Хьо хазачу кепара къинт1еравалалахь /царна/ .
إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْخَلَّاقُ الْعَلِيمُ ۝٨٦
📖 Гочдар Аят 86
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ву хууш волу /дерриге а/ кхоллархо.
وَلَقَدْ آتَيْنَاكَ سَبْعًا مِّنَ الْمَثَانِي وَالْقُرْآنَ الْعَظِيمَ ۝٨٧
📖 Гочдар Аят 87
Оха делира хьоьга кест-кеста далочарах ворхI /аят/ а‚ сийлахь-деза долу Къуръан а.
لَا تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَىٰ مَا مَتَّعْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِّنْهُمْ وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَاخْفِضْ جَنَاحَكَ لِلْمُؤْمِنِينَ ۝٨٨
📖 Гочдар Аят 88
Хьайн бIаьргаш ма хьежабе Оха царах (керста нахах) тайп-тайпана болчарна деллачу ни1маташка‚ царна тIехь са а ма гатта де‚ хьайн /къинхетаман/ тIам т1етовжабе муъма нахана .
وَقُلْ إِنِّي أَنَا النَّذِيرُ الْمُبِينُ ۝٨٩
📖 Гочдар Аят 89
Ахь āла: "Баккъалла а, со билггал волу кхерамча ву".
كَمَا أَنزَلْنَا عَلَى الْمُقْتَسِمِينَ ۝٩٠
📖 Гочдар Аят 90
Оха /хоьга/ доссийна /Къуръан, хIай Мухьаммад, жайнаш диссорах/ терра /дин/ доькъучаьрга .
الَّذِينَ جَعَلُوا الْقُرْآنَ عِضِينَ ۝٩١
📖 Гочдар Аят 91
Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (Къуръанах) дāкъош дина болу .
فَوَرَبِّكَ لَنَسْأَلَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ ۝٩٢
📖 Гочдар Аят 92
Хьан кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттаза дуьтур ма дац цаьрга массаьрга а
عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝٩٣
📖 Гочдар Аят 93
цара шаьш деш хиллачух.
فَاصْدَعْ بِمَا تُؤْمَرُ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ ۝٩٤
📖 Гочдар Аят 94
ДIакхайкхаде /хозуьйтуш/ хьайга омра динарг‚ /Делаца/ накъост лоцучарах дIаверза.
إِنَّا كَفَيْنَاكَ الْمُسْتَهْزِئِينَ ۝٩٥
📖 Гочдар Аят 95
Баккъалла а, Оха к1елхьарваьккхира хьо /хьох/ кхаьрдачарах ‚
الَّذِينَ يَجْعَلُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۚ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ ۝٩٦
📖 Гочдар Аят 96
Шаьш Делаца кхин дела а хуьлуьйтуш болчу. Кеста хуур ду царна /шаьш деш хиллачун жам1/.
وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّكَ يَضِيقُ صَدْرُكَ بِمَا يَقُولُونَ ۝٩٧
📖 Гочдар Аят 97
Тхо хууш ду хьан дог 1аьвдаш хилар цара /мушрикаша хьан динах лаьцна/ дуьйцучух.
فَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ وَكُن مِّنَ السَّاجِدِينَ ۝٩٨
📖 Гочдар Аят 98
Тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ сужуд дечарах хила.
وَاعْبُدْ رَبَّكَ حَتَّىٰ يَأْتِيَكَ الْيَقِينُ ۝٩٩
📖 Гочдар Аят 99
Хьайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг кхаччалц .
← 14 Аль-Хьижр (15/114) 16 →
Деша Аль-Хьижр сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

15الحجر Al-Hijr 📚 99 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers