Аль-Фуркъан сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Фуркъан сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (77 Аят — مكية). Аль-Фуркъан ЛадоргӀа, Аль-Фуркъан Гочдар, Аль-Фуркъан mp3, Аль-Фуркъан pdf.

Аль-Фуркъан сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
تَبَارَكَ الَّذِي نَزَّلَ الْفُرْقَانَ عَلَىٰ عَبْدِهِ لِيَكُونَ لِلْعَالَمِينَ نَذِيرًا ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Беркате хили Ша къастор доссош хилларг Шен лега и хилийтархьама Iаламашна кхерамча .
الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًا وَلَمْ يَكُن لَّهُ شَرِيكٌ فِي الْمُلْكِ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ فَقَدَّرَهُ تَقْدِيرًا ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь. Цо кхоьллина массо а хIума‚ барам бина цунна (массо а хIуманна) барамца.
وَاتَّخَذُوا مِن دُونِهِ آلِهَةً لَّا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ وَلَا يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا وَلَا يَمْلِكُونَ مَوْتًا وَلَا حَيَاةً وَلَا نُشُورًا ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Цара лецира‚ Иза а витина‚ деланаш‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а.
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا إِفْكٌ افْتَرَاهُ وَأَعَانَهُ عَلَيْهِ قَوْمٌ آخَرُونَ ۖ فَقَدْ جَاءُوا ظُلْمًا وَزُورًا ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Элира цатешачара: "ХIара /Къуръан/ харцдерг ду‚ ша цо (пайхамара) кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а". Цара деана зулам а ‚ харцдерг а.
وَقَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ اكْتَتَبَهَا فَهِيَ تُمْلَىٰ عَلَيْهِ بُكْرَةً وَأَصِيلًا ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Цара (цатешачара) элира: "Хьалхалеранчеран туьйранаш ду. Цо (Мухьаммада) яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а".
قُلْ أَنزَلَهُ الَّذِي يَعْلَمُ السِّرَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Иза /Къуръан/ доссийна Ша стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а".
وَقَالُوا مَالِ هَٰذَا الرَّسُولِ يَأْكُلُ الطَّعَامَ وَيَمْشِي فِي الْأَسْوَاقِ ۙ لَوْلَا أُنزِلَ إِلَيْهِ مَلَكٌ فَيَكُونَ مَعَهُ نَذِيرًا ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Цара элира /керстанаша Мухьаммад-пайхамарах, ца бешаш/: "ХIара х1ун элча хуьлу, даар а доуш, базаршкахула а лелаш? Доьссина хиллехьара цуьнга малик, т1аккха и хуьлуш цуьнца цхьаьна кхерамча.
أَوْ يُلْقَىٰ إِلَيْهِ كَنزٌ أَوْ تَكُونُ لَهُ جَنَّةٌ يَأْكُلُ مِنْهَا ۚ وَقَالَ الظَّالِمُونَ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًا مَّسْحُورًا ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Я йеллехьара цуьнга хазна‚ я хиллехьара цунна беш, цо цу чуьра юуш". Элира зуламхоша: "Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуунчалла динчу стагана".
انظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا لَكَ الْأَمْثَالَ فَضَلُّوا فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًا ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Хьажал /хьо, х1ай элча/‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ /бакъдолчунна тIе/ некъ /лаха/ ца мега царна.
تَبَارَكَ الَّذِي إِن شَاءَ جَعَلَ لَكَ خَيْرًا مِّن ذَٰلِكَ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَيَجْعَل لَّكَ قُصُورًا ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Беркате хили Иза‚ Шена лиъча, хуьлуьйтур йолу хьуна /х1окху дуьненахь а/ цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула хиш оьхуш‚ хуьлуьйтур йолу хьуна гIаланаш /хьан Далла лиъна хьуна уьш хилийта эхартахь/.
بَلْ كَذَّبُوا بِالسَّاعَةِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِمَن كَذَّبَ بِالسَّاعَةِ سَعِيرًا ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
ХIаъ‚ цара харцдира сахьт . Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе.
إِذَا رَأَتْهُم مِّن مَّكَانٍ بَعِيدٍ سَمِعُوا لَهَا تَغَيُّظًا وَزَفِيرًا ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Цунна (жоьжахатина) уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а.
وَإِذَا أُلْقُوا مِنْهَا مَكَانًا ضَيِّقًا مُّقَرَّنِينَ دَعَوْا هُنَالِكَ ثُبُورًا ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакхиларе .
لَّا تَدْعُوا الْيَوْمَ ثُبُورًا وَاحِدًا وَادْعُوا ثُبُورًا كَثِيرًا ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
/Эр ду цаьрга/: "Аш ма кхайкха тахана цхьана хIаллакхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакхиларшка!"
قُلْ أَذَٰلِكَ خَيْرٌ أَمْ جَنَّةُ الْخُلْدِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۚ كَانَتْ لَهُمْ جَزَاءً وَمَصِيرًا ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "ХIара тоьлу‚ я гуттаренна а йолу /ялсаманин/ беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг, ша хир йолу царна совг1атна а‚ /гуттаренна/ 1ен меттиг хилла а?"
لَّهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ وَعْدًا مَّسْئُولًا ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /шаьш цу чохь/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-Кхобучунна т1ехь жоьпаллин ваIда.
وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ فَيَقُولُ أَأَنتُمْ أَضْلَلْتُمْ عِبَادِي هَٰؤُلَاءِ أَمْ هُمْ ضَلُّوا السَّبِيلَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Ша уьш а‚ цара, И витина, шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: "Аш тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?"
قَالُوا سُبْحَانَكَ مَا كَانَ يَنبَغِي لَنَا أَن نَّتَّخِذَ مِن دُونِكَ مِنْ أَوْلِيَاءَ وَلَٰكِن مَّتَّعْتَهُمْ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ نَسُوا الذِّكْرَ وَكَانُوا قَوْمًا بُورًا ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Цара эр: "Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лийца‚ делахь а, Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакхилла къам".
فَقَدْ كَذَّبُوكُم بِمَا تَقُولُونَ فَمَا تَسْتَطِيعُونَ صَرْفًا وَلَا نَصْرًا ۚ وَمَن يَظْلِم مِّنكُمْ نُذِقْهُ عَذَابًا كَبِيرًا ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
/Эр ду Дала/: "Цара шу харцдира аш дуьйцучуьнца‚ шуна ца мега духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Шух милла велахь а зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап".
وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِي الْأَسْوَاقِ ۗ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ ۗ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًا ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Оха ца вахийтина хьол хьалха а элчанех /цхьа а/, цара кхача боуш а, уьш базаршкахула лелаш а бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана . Аш собар дой? Хилира хьан Кхиош-Кхобург гуш верг.
۞ وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا لَوْلَا أُنزِلَ عَلَيْنَا الْمَلَائِكَةُ أَوْ نَرَىٰ رَبَّنَا ۗ لَقَدِ اسْتَكْبَرُوا فِي أَنفُسِهِمْ وَعَتَوْا عُتُوًّا كَبِيرًا ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Элира Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара: "Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-Кхобург". Уьш курабевлира шаьшлахь‚ /Делан/ дозанех бевлира уьш бāларал а сов.
يَوْمَ يَرَوْنَ الْمَلَائِكَةَ لَا بُشْرَىٰ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًا مَّحْجُورًا ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара (маликаша) эр ду: "Хьарам бина хьарам бу" .
وَقَدِمْنَا إِلَىٰ مَا عَمِلُوا مِنْ عَمَلٍ فَجَعَلْنَاهُ هَبَاءً مَّنثُورًا ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Тхо тIедирзира цара (керстанаша дуьненахь) йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира Оха церан Iамалш).
أَصْحَابُ الْجَنَّةِ يَوْمَئِذٍ خَيْرٌ مُّسْتَقَرًّا وَأَحْسَنُ مَقِيلًا ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а.
وَيَوْمَ تَشَقَّقُ السَّمَاءُ بِالْغَمَامِ وَنُزِّلَ الْمَلَائِكَةُ تَنزِيلًا ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Цу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадоссор ду маликаш /могIаршца/ охьадоссорца.
الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ لِلرَّحْمَٰنِ ۚ وَكَانَ يَوْمًا عَلَى الْكَافِرِينَ عَسِيرًا ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Хьакъ-бакъ долу паччахьалла цу дийнахь Къинхетам болчунна (Далла) ду. И хилира цатешачарна хала /де/.
وَيَوْمَ يَعَضُّ الظَّالِمُ عَلَىٰ يَدَيْهِ يَقُولُ يَا لَيْتَنِي اتَّخَذْتُ مَعَ الرَّسُولِ سَبِيلًا ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Цу дийнахь зулам динчо цергаш юьхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма дакъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара ас.
يَا وَيْلَتَىٰ لَيْتَنِي لَمْ أَتَّخِذْ فُلَانًا خَلِيلًا ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара-кх ас хьенех доттагI.
لَّقَدْ أَضَلَّنِي عَنِ الذِّكْرِ بَعْدَ إِذْ جَاءَنِي ۗ وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِلْإِنسَانِ خَذُولًا ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо".
وَقَالَ الرَّسُولُ يَا رَبِّ إِنَّ قَوْمِي اتَّخَذُوا هَٰذَا الْقُرْآنَ مَهْجُورًا ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Элира элчано /Деле далхош шен г1уллакх/: "Сан Кхиош-Кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара Къуръан дIатесна ма дити!"
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا مِّنَ الْمُجْرِمِينَ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ هَادِيًا وَنَصِيرًا ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарах. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-Кхобург хилар нисвеш верг а‚ гIоьнча а.
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ الْقُرْآنُ جُمْلَةً وَاحِدَةً ۚ كَذَٰلِكَ لِنُثَبِّتَ بِهِ فُؤَادَكَ ۖ وَرَتَّلْنَاهُ تَرْتِيلًا ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Элира цатешачара: "Доьссинехьара цуьнга /хIара/ Къуръан цхьана тептарца". Иштта /доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа".
وَلَا يَأْتُونَكَ بِمَثَلٍ إِلَّا جِئْنَاكَ بِالْحَقِّ وَأَحْسَنَ تَفْسِيرًا ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Хьоьга дахьар дац цара цхьа а масал (хаттар), Оха хьуна луш /и духатухуш/ бакъдерг а, вунō хаза тидар а бен.
الَّذِينَ يُحْشَرُونَ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ إِلَىٰ جَهَنَّمَ أُولَٰئِكَ شَرٌّ مَّكَانًا وَأَضَلُّ سَبِيلًا ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Шаьш гулбийр берш шайн яххьаш т1ехь /текхош/ жоьжахатина тIе – уьш бу вон берш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца.
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَجَعَلْنَا مَعَهُ أَخَاهُ هَارُونَ وَزِيرًا ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.
فَقُلْنَا اذْهَبَا إِلَى الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَدَمَّرْنَاهُمْ تَدْمِيرًا ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Оха элира: "ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу /Фир1авнан/ къомана тIе". ТIаккха Оха уьш бохийра /ч1ог1ачу/ бохорца.
وَقَوْمَ نُوحٍ لَّمَّا كَذَّبُوا الرُّسُلَ أَغْرَقْنَاهُمْ وَجَعَلْنَاهُمْ لِلنَّاسِ آيَةً ۖ وَأَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ عَذَابًا أَلِيمًا ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Нухьан къам а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш. Оха хилийтира царах нахана делил. Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.
وَعَادًا وَثَمُودَ وَأَصْحَابَ الرَّسِّ وَقُرُونًا بَيْنَ ذَٰلِكَ كَثِيرًا ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Iадаш а ‚ Самудаш а ‚ Рассан дай а , царна юккъехь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/.
وَكُلًّا ضَرَبْنَا لَهُ الْأَمْثَالَ ۖ وَكُلًّا تَبَّرْنَا تَتْبِيرًا ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.
وَلَقَدْ أَتَوْا عَلَى الْقَرْيَةِ الَّتِي أُمْطِرَتْ مَطَرَ السَّوْءِ ۚ أَفَلَمْ يَكُونُوا يَرَوْنَهَا ۚ بَلْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ نُشُورًا ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Уьш (Маккин керстанаш) ма бахарий юьрта тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира юхадендаре дог ца дохуш.
وَإِذَا رَأَوْكَ إِن يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا الَّذِي بَعَثَ اللَّهُ رَسُولًا ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Хьо шайна гича‚ хьох белар до цара: "ХIара ву Дала ваийтинарг, элча вина?
إِن كَادَ لَيُضِلُّنَا عَنْ آلِهَتِنَا لَوْلَا أَن صَبَرْنَا عَلَيْهَا ۚ وَسَوْفَ يَعْلَمُونَ حِينَ يَرَوْنَ الْعَذَابَ مَنْ أَضَلُّ سَبِيلًا ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Вай вайн делех дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай царна тIехь собар ца дахь". ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.
أَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَٰهَهُ هَوَاهُ أَفَأَنتَ تَكُونُ عَلَيْهِ وَكِيلًا ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Хьуна гини-й /х1ай Мухьаммад/ и шен чIогIа дезачу хIуманах шена дēла лаьцнарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал? (Хьан ницкъ кхочур ма бац и нисван).
أَمْ تَحْسَبُ أَنَّ أَكْثَرَهُمْ يَسْمَعُونَ أَوْ يَعْقِلُونَ ۚ إِنْ هُمْ إِلَّا كَالْأَنْعَامِ ۖ بَلْ هُمْ أَضَلُّ سَبِيلًا ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Я хьуна моьтту царах дукхах берш хезаш я ойла еш бу? Уьш-м бежнаш санна а бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.
أَلَمْ تَرَ إِلَىٰ رَبِّكَ كَيْفَ مَدَّ الظِّلَّ وَلَوْ شَاءَ لَجَعَلَهُ سَاكِنًا ثُمَّ جَعَلْنَا الشَّمْسَ عَلَيْهِ دَلِيلًا ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Хьо ца хьожу хьан Кхиош-Кхобучуьнга‚ муха даржина Цо IиндагI? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цунна тIехь делил .
ثُمَّ قَبَضْنَاهُ إِلَيْنَا قَبْضًا يَسِيرًا ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и (IиндагI) дайн озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагI, тIаккха кIез-кIеззиг юхахуьлуьйту) .
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِبَاسًا وَالنَّوْمَ سُبَاتًا وَجَعَلَ النَّهَارَ نُشُورًا ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйса духар хилла‚ наб – синтем хилла. Цо хилийтина де юхадендалар хилла.
وَهُوَ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۚ وَأَنزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً طَهُورًا ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара т1ех цIена хи .
لِّنُحْيِيَ بِهِ بَلْدَةً مَّيْتًا وَنُسْقِيَهُ مِمَّا خَلَقْنَا أَنْعَامًا وَأَنَاسِيَّ كَثِيرًا ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а.
وَلَقَدْ صَرَّفْنَاهُ بَيْنَهُمْ لِيَذَّكَّرُوا فَأَبَىٰ أَكْثَرُ النَّاسِ إِلَّا كُفُورًا ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
И (дог1ин хи) даржийра Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Т1аккха а нахах дукхахберш дуьхьал хилира керстаналла доцучунна .
وَلَوْ شِئْنَا لَبَعَثْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ نَّذِيرًا ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIор юртахь кхерамча .
فَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَجَاهِدْهُم بِهِ جِهَادًا كَبِيرًا ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачарна‚ къийсам латтабе цаьрца цуьнца (Къуръанца) боккха къийсам.
۞ وَهُوَ الَّذِي مَرَجَ الْبَحْرَيْنِ هَٰذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ وَجَعَلَ بَيْنَهُمَا بَرْزَخًا وَحِجْرًا مَّحْجُورًا ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Иза ву ши хIорд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара: теза – мерза‚ хIара: дуьра-чемаза. Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /доккха/ пардо а‚ чIогIа дуьхьало а уьш /вовшах ца эн /.
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ مِنَ الْمَاءِ بَشَرًا فَجَعَلَهُ نَسَبًا وَصِهْرًا ۗ وَكَانَ رَبُّكَ قَدِيرًا ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цунна хилийтина шен тайпан агIорхьара гергарло а, зударийн агIорхьара (захаллин) гергарло а. Хилира хьан Кхиош-Кхобург ницкъ кхочуш.
وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنفَعُهُمْ وَلَا يَضُرُّهُمْ ۗ وَكَانَ الْكَافِرُ عَلَىٰ رَبِّهِ ظَهِيرًا ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна пайда а‚ зен а ца дечунна. Хили цатешарг шен Кхиош-Кхобучунна дуьхьал гIоьнча.
وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا مُبَشِّرًا وَنَذِيرًا ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Хьо ца вахийтина Оха кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла а бен.
قُلْ مَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِلَّا مَن شَاءَ أَن يَتَّخِذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
Ахь āла /х1ай элча/: "Ас шуьга ца боьху цунах цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-Кхобучуьнга некъ лацар бен".
وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لَا يَمُوتُ وَسَبِّحْ بِحَمْدِهِ ۚ وَكَفَىٰ بِهِ بِذُنُوبِ عِبَادِهِ خَبِيرًا ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна (Далла)‚ лийриг воцучу‚ тасбихь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лейн къинош дика довзарца.
الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۚ الرَّحْمَٰنُ فَاسْأَلْ بِهِ خَبِيرًا ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iарша тIехь. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах дика хууш волчуьнга.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اسْجُدُوا لِلرَّحْمَٰنِ قَالُوا وَمَا الرَّحْمَٰنُ أَنَسْجُدُ لِمَا تَأْمُرُنَا وَزَادَهُمْ نُفُورًا ۩ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
Шайга аьлча: "Сужуд де Къинхетаме волчунна"‚ цара элира: "Х1ун ду и Къинхетаме верг бохург? Ткъа оха сужуд до ахь тхуна омра дечунна?" Цо совбехира уьш /Делан некъах/ дог даларца.
تَبَارَكَ الَّذِي جَعَلَ فِي السَّمَاءِ بُرُوجًا وَجَعَلَ فِيهَا سِرَاجًا وَقَمَرًا مُّنِيرًا ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
Беркате ву /Дела/, Ша стиглахь /седарчийн/ г1аланаш йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а ‚ нуьре болу бутт а.
وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ خِلْفَةً لِّمَنْ أَرَادَ أَن يَذَّكَّرَ أَوْ أَرَادَ شُكُورًا ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла āла.
وَعِبَادُ الرَّحْمَٰنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехIал наха къамел деш‚ олуш берш: "Салам! "
وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
/Далла/ суждане баханчу хьолехь а, ирах1оьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/.
وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
Олуш берш /а бу/: "Тхан Кхиош-Кхобург! ДIадаккхалахь тхох жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ).
إِنَّهَا سَاءَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
Баккъалла а, ма вон хили-кх иза (жоьжахате) /чохь/ 1арна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а".
وَالَّذِينَ إِذَا أَنفَقُوا لَمْ يُسْرِفُوا وَلَمْ يَقْتُرُوا وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًا ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
ШIаьш /сагIа доккхуш, кхин йолу/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу (шина) юккъехь нисбелла берш а /бу Цу Делан дика леш/.
وَالَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ ۚ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ يَلْقَ أَثَامًا ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш а /бу Делан дика леш/. Цара ца доь са (са мел долу х1ума), Дала ша /ден/ бехкаме дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен. Зина ца до цара. И деш верг къинна дуьхьалкхетар ву (къематдийнахь, цуьнца шена бекхам а хир болуш).
يُضَاعَفْ لَهُ الْعَذَابُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَيَخْلُدْ فِيهِ مُهَانًا ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
Шозза алсам доккхур ду цунна (Делаца накъост лаьцначунна) Iазап къематдийнахь‚ гуттаренна а вуьсур ву иза цу чохь, сийсаза хилла.
إِلَّا مَن تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ عَمَلًا صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ يُبَدِّلُ اللَّهُ سَيِّئَاتِهِمْ حَسَنَاتٍ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
Шаьш тōба динарш а‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а боцурш – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцуьр дерш. Дела т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву .
وَمَن تَابَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَإِنَّهُ يَتُوبُ إِلَى اللَّهِ مَتَابًا ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Тōба динарг а‚ дика Iамал йинарг а – баккъалла а, цо тōба до Деле /къиношна/ дохко валарца (цунна Дала гечдийр ду).
وَالَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ الزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا بِاللَّغْوِ مَرُّوا كِرَامًا ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
Харц тешалла ца деш берш а‚ шаьш даьссачу хабарна уллохула т1ехбовлуш – (ца совцуш) оьзда чекхбовлуш берш а /бу царах/.
وَالَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَمْ يَخِرُّوا عَلَيْهَا صُمًّا وَعُمْيَانًا ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
Шайн Кхиош-Кхобучун аяташ шайна хьехийча, къора хуьлий а, б1аьрзе хуьлий а ца оьгу уьш .
وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَاجِنَا وَذُرِّيَّاتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍ وَاجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
Уьш бу /шайн до1анашкахь/ олуш берш а: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ лōлахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар (хазахетар а, синтем а)‚ тхох хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш тхуна тIаьхьабозуш)".
أُولَٰئِكَ يُجْزَوْنَ الْغُرْفَةَ بِمَا صَبَرُوا وَيُلَقَّوْنَ فِيهَا تَحِيَّةً وَسَلَامًا ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
Царна ял лур ю /ялсаманин/ хIусамца уьш /ийманехь/ собаре хиларна. Цигахь царна дуьхьалдогIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.
خَالِدِينَ فِيهَا ۚ حَسُنَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Гуттаренна а буьсур бу уьш цу чохь. Ма хаза хили и сацавала меттиг хиларца а, /хьошалг1а/ восса меттиг хиларца а /ша Делах кхоьручунна/!
قُلْ مَا يَعْبَأُ بِكُمْ رَبِّي لَوْلَا دُعَاؤُكُمْ ۖ فَقَدْ كَذَّبْتُمْ فَسَوْفَ يَكُونُ لِزَامًا ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Ахь āла (х1ай Мухьаммад, цу мушрикашка): "Шуьца бала хир бацара сан Кхиош – Кхобучун шун /халонашкахь а, баланашкахь а Шега/ кхайкхар ца хиллехьара. Аш харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна ша хилаза ца дōлуш дерг(бекхам)".
← 24 Аль-Фуркъан (25/114) 26 →
Деша Аль-Фуркъан сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

25الفرقان Al-Furqan 📚 77 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Фуркъан сура — 77 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers