Аш-Шуъараъ сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Аш-Шуъараъ сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (227 Аят — مكية). Аш-Шуъараъ ЛадоргӀа, Аш-Шуъараъ Гочдар, Аш-Шуъараъ mp3, Аш-Шуъараъ pdf.Аш-Шуъараъ сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
ХIорш билгала долчу жайнин (Къуръанан) аяташ ду.
لَعَلَّكَ بَاخِعٌ نَّفْسَكَ أَلَّا يَكُونُوا مُؤْمِنِينَ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Ахь хьуо хIаллаквеш хила мега (г1айг1ане а хилла) уьш ца тешаш хиларна .
إِن نَّشَأْ نُنَزِّلْ عَلَيْهِم مِّنَ السَّمَاءِ آيَةً فَظَلَّتْ أَعْنَاقُهُمْ لَهَا خَاضِعِينَ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Тхайна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна (Делан аятана‚ делилна) муьтIахь хилла.
وَمَا يَأْتِيهِم مِّن ذِكْرٍ مِّنَ الرَّحْمَٰنِ مُحْدَثٍ إِلَّا كَانُوا عَنْهُ مُعْرِضِينَ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Ца бог1у цаьрга Къинхетам- болчуьнгара цхьа а керла хьехам, уьш цунах дIабоьрзуш бен .
فَقَدْ كَذَّبُوا فَسَيَأْتِيهِمْ أَنبَاءُ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Харцдира цара (мушрикаша) и (Къуръан) - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаамаш‚ уьш шайх ца бешаш хилла болу.
أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الْأَرْضِ كَمْ أَنبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍ كَرِيمٍ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Царна ца гора-те латта: мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цунна т1ехь шиш-шишша !
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш тешаш.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх, шеко йоццуш, веза верг а‚ къинхетаме верг а.
وَإِذْ نَادَىٰ رَبُّكَ مُوسَىٰ أَنِ ائْتِ الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Хьахаде (х1ай Мухьаммад)! Кхайкхам бира хьан Кхиош-Кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламечу къома тIе,
قَوْمَ فِرْعَوْنَ ۚ أَلَا يَتَّقُونَ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
ФирIавнан къома тIе. Уьш кхоьрур бацара-те (Делан та1зарах)?”
قَالَ رَبِّ إِنِّي أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Цо (Мусас) элира: “Сан Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна (со Хьан элча хиларах цатешарна).
وَيَضِيقُ صَدْرِي وَلَا يَنطَلِقُ لِسَانِي فَأَرْسِلْ إِلَىٰ هَارُونَ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунна тIе дахийтахь /Джибрил и соьца ваийта/.
وَلَهُمْ عَلَيَّ ذَنبٌ فَأَخَافُ أَن يَقْتُلُونِ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
Церан суна тIехь къа ду (ч1ир ю) - со кхоьру цара со верна”.
قَالَ كَلَّا ۖ فَاذْهَبَا بِآيَاتِنَا ۖ إِنَّا مَعَكُم مُّسْتَمِعُونَ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Цо (Дала) элира: “ХIан-хIа (вуьйр вац)! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду, ладугIуш.
فَأْتِيَا فِرْعَوْنَ فَقُولَا إِنَّا رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Шу ший а гIо ФирIавна тIе‚ аш шиммо дIаала: “Тхойшиннах х1ор а Iаламийн Ден элча ву.
قَالَ أَلَمْ نُرَبِّكَ فِينَا وَلِيدًا وَلَبِثْتَ فِينَا مِنْ عُمُرِكَ سِنِينَ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Цо (ФирIавна) элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь бер долуш дуьйна‚ хьо ца 1ийра тхуна юккъехь хьайн дахаран шерашкахь?
وَفَعَلْتَ فَعْلَتَكَ الَّتِي فَعَلْتَ وَأَنتَ مِنَ الْكَافِرِينَ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Ахь ма дира хьайн гIуллакх‚ айхьа дина долу (тхох цхьа стаг вийр ахь – доккха къа латийра) - баркалла ца олучарах ву-кх хьо”.
قَالَ فَعَلْتُهَا إِذًا وَأَنَا مِنَ الضَّالِّينَ ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Цо (Мусас) элира: “И дира ас суо тилабеллачарах волчу хенахь.
فَفَرَرْتُ مِنكُمْ لَمَّا خِفْتُكُمْ فَوَهَبَ لِي رَبِّي حُكْمًا وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُرْسَلِينَ ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Со ведира шух (Мадйане)‚ суо шух кхеравелча /аш верна/. ТIаккха делира суна сан Кхиош-Кхобучо хьекъалалла (пайхамаралла а, 1илма а)‚ Цо хилийтира со элчанех.
وَتِلْكَ نِعْمَةٌ تَمُنُّهَا عَلَيَّ أَنْ عَبَّدتَّ بَنِي إِسْرَائِيلَ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
ХIара ниIмат (беркат) ду-кх ахь суна тIехдетташ, айхьа Исраилан кIентех, леш бина, бацорна”
قَالَ فِرْعَوْنُ وَمَا رَبُّ الْعَالَمِينَ ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
ФирIавна элира: “Х1ун ду Iаламийн да бохург? ”
قَالَ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِن كُنتُم مُّوقِنِينَ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Цо (Мусас) элира: “Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь мел долчун а Да ву-кх ‚ шу /бакъдолчух/ тешаш делахь”.
قَالَ لِمَنْ حَوْلَهُ أَلَا تَسْتَمِعُونَ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Цо (ФирIавна) элира шена гонахь болчаьрга: “Шу ладугIуш дац?”
قَالَ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Цо (Мусас) элира: “Шун Дела а ву И‚ шун хьалхарчу дайн а Дела а ву”.
قَالَ إِنَّ رَسُولَكُمُ الَّذِي أُرْسِلَ إِلَيْكُمْ لَمَجْنُونٌ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Цо (ФирIавна) элира: “Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваийтина волу‚ жинех ма ву”.
قَالَ رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِن كُنتُمْ تَعْقِلُونَ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Цо (Мусас) элира: “Малхбален а‚ малхбузен а цу шинна юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу кхетаме делахь”.
قَالَ لَئِنِ اتَّخَذْتَ إِلَٰهًا غَيْرِي لَأَجْعَلَنَّكَ مِنَ الْمَسْجُونِينَ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Цо (ФирIавна) элира: “Ахь со воцург /кхин/ дела лацахь‚ ас хьо набахти чохь болчаьрца валлора ма ву”. (“Ас хьо набахти чу вуллур ма ву”).
قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكَ بِشَيْءٍ مُّبِينٍ ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
Цо (Мусас) элира: “Со хьуна цхьа билгала долуш дерг дахьаш веънеххьий?”
قَالَ فَأْتِ بِهِ إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Элира /ФирIавна/: “Схьало и /айхьа деънарг/, хьуо хиллехь бакълуьйчарах”.
فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُّبِينٌ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
ТIаккха цо (Мусас) шен Iаса кхоьссира - цунах къегна лаьхьа хилира.
وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاءُ لِلنَّاظِرِينَ ٣٣
📖 Гочдар
Аят 33
Цо арадаьккхира шен куьг /чоьхьара/ - иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна.
قَالَ لِلْمَلَإِ حَوْلَهُ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
Цо (ФирIавна) элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хIара говза волу бозбуунча ву.
يُرِيدُ أَن يُخْرِجَكُم مِّنْ أَرْضِكُم بِسِحْرِهِ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
Лууш ву и шу арадаха шун лаьттара шен бозбуунчаллца - аш хIун омра до?”
قَالُوا أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَابْعَثْ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Цара элира: “Хан ло цунна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш.
يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَحَّارٍ عَلِيمٍ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Хьуна тIе богIийла уьш массо а говза волчу бозбуунчица”.
فَجُمِعَ السَّحَرَةُ لِمِيقَاتِ يَوْمٍ مَّعْلُومٍ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
ТIаккха гулбийра бозбуунчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь.
لَعَلَّنَا نَتَّبِعُ السَّحَرَةَ إِن كَانُوا هُمُ الْغَالِبِينَ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна , нагахь уьш хилахь тоьлларш”.
فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالُوا لِفِرْعَوْنَ أَئِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِن كُنَّا نَحْنُ الْغَالِبِينَ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Бозбуунчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: “Тхуна, баккъалла а, мах хир буй, тхо хилахь тоьлларш?”
قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ إِذًا لَّمِنَ الْمُقَرَّبِينَ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга- далийначарах хир ду”.
قَالَ لَهُم مُّوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنتُم مُّلْقُونَ ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
Элира цаьрга Мусас: “Кхисса шаьш кхуьссуш ерг”.
فَأَلْقَوْا حِبَالَهُمْ وَعِصِيَّهُمْ وَقَالُوا بِعِزَّةِ فِرْعَوْنَ إِنَّا لَنَحْنُ الْغَالِبُونَ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Цара кхиссира шайн мушаш а‚ Iáсанаш а‚ элира: “ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ма ду”.
فَأَلْقَىٰ مُوسَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iáса - цо юду (кхоллу) цара мел кхуллург .
قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
Цара элира: “Оха ийман диллина Iаламийн Кхиош-Кхобучуьнга‚
قَالَ آمَنتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ فَلَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ۚ لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُم مِّنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
Цо (ФирIавнас) элира: “Ийман дилли аш ас шайна пурба а далале? Баккъалла а, иза (Муса) шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна. Ас хаддане а д1ахадор ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирхъухкур ма ду шу дерриге а”.
قَالُوا لَا ضَيْرَ ۖ إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا مُنقَلِبُونَ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Цара элира: “Бохаме дац. Баккъалла а, тхо тхайн Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур ду.
إِنَّا نَطْمَعُ أَن يَغْفِرَ لَنَا رَبُّنَا خَطَايَانَا أَن كُنَّا أَوَّلَ الْمُؤْمِنِينَ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду тхаьш Кхиош–Кхобучо (Дала) тхуна гечдан тхан гIалаташна тхо хиларна хьалха ийман диллинарш”.
۞ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِي إِنَّكُم مُّتَّبَعُونَ ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
Оха Мусага хаам бира ваьхьица: “Сан лешца буьйсана аравала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьбевр болуш ма бу” .
فَأَرْسَلَ فِرْعَوْنُ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
Бахийтира ФирIавна гIалашкахула гуламчаш .
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَشِرْذِمَةٌ قَلِيلُونَ ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
/Олуш/: “ХIорш-м (Исраилан кIентий) кIеззиг йолу цхьа ледара тоба ю.
وَإِنَّا لَجَمِيعٌ حَاذِرُونَ ٥٦
📖 Гочдар
Аят 56
Баккъалла а, вай дерриге а сема хила дезаш ма ду”.
فَأَخْرَجْنَاهُم مِّن جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ ٥٧
📖 Гочдар
Аят 57
Оха арабехира уьш (Фир1авн а, цуьнан эскар а) бошмашкара а‚ шовданашкара а.
كَذَٰلِكَ وَأَوْرَثْنَاهَا بَنِي إِسْرَائِيلَ ٥٩
📖 Гочдар
Аят 59
Иштта Оха и (бахамаш) ирсана белира Исраилан кIенташна.
فَأَتْبَعُوهُم مُّشْرِقِينَ ٦٠
📖 Гочдар
Аят 60
Уьш (Фир1авн а, цуьнан эскар а) царна тIаьхьабевлира малх кхеташ (малх кхетачу хенахь).
فَلَمَّا تَرَاءَى الْجَمْعَانِ قَالَ أَصْحَابُ مُوسَىٰ إِنَّا لَمُدْرَكُونَ ٦١
📖 Гочдар
Аят 61
Шина тобанна вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирIавнан эскар/ вайна тIаьхьакхуьуш ду”.
قَالَ كَلَّا ۖ إِنَّ مَعِيَ رَبِّي سَيَهْدِينِ ٦٢
📖 Гочдар
Аят 62
Цо (Мусас) элира: “ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-Кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со” .
فَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنِ اضْرِب بِّعَصَاكَ الْبَحْرَ ۖ فَانفَلَقَ فَكَانَ كُلُّ فِرْقٍ كَالطَّوْدِ الْعَظِيمِ ٦٣
📖 Гочдар
Аят 63
Оха ваьхьица хаийтира Мусага хьайн Iаса тоха хIордах‚ аьлла. ТIаккха иза бекъабелира ‚ хилира хIор дāкъа боккхачу ламанах тера.
وَأَنجَيْنَا مُوسَىٰ وَمَن مَّعَهُ أَجْمَعِينَ ٦٥
📖 Гочдар
Аят 65
Оха кIелхьарваьккхира Муса а‚ цуьнца берш а – берриге а.
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ٦٧
📖 Гочдар
Аят 67
Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах (Фир1вна т1аьхьх1иттинчарах) дукхахберш ийман диллина.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ٦٨
📖 Гочдар
Аят 68
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а.
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا تَعْبُدُونَ ٧٠
📖 Гочдар
Аят 70
Цо ма аьллера шен дега а‚ шен къоме а: “Стенна Iибадат деш ду шу?”
قَالُوا نَعْبُدُ أَصْنَامًا فَنَظَلُّ لَهَا عَاكِفِينَ ٧١
📖 Гочдар
Аят 71
Цара элира: “Тхо Iибадат деш ду тхайн цIушна , церан даима сий деш 1а тхо".
قَالَ هَلْ يَسْمَعُونَكُمْ إِذْ تَدْعُونَ ٧٢
📖 Гочдар
Аят 72
Цо (Ибрах1има) элира: “Царна (ц1ушна) хезий аш шайга кхойкхуш?
قَالُوا بَلْ وَجَدْنَا آبَاءَنَا كَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ ٧٤
📖 Гочдар
Аят 74
Цара элира: “Делахь а, тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш”.
قَالَ أَفَرَأَيْتُم مَّا كُنتُمْ تَعْبُدُونَ ٧٥
📖 Гочдар
Аят 75
Цо (Ибрах1има) элира: “Шуна ца гина‚ шаьш стенна Iибадат деш хилла‚
فَإِنَّهُمْ عَدُوٌّ لِّي إِلَّا رَبَّ الْعَالَمِينَ ٧٧
📖 Гочдар
Аят 77
Баккъалла а, уьш (шун деланаш) мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Да воцург,
الَّذِي خَلَقَنِي فَهُوَ يَهْدِينِ ٧٨
📖 Гочдар
Аят 78
Ша со кхоьллина волу‚ Цо со нийсачу новкъа а вуьгу.
وَالَّذِي أَطْمَعُ أَن يَغْفِرَ لِي خَطِيئَتِي يَوْمَ الدِّينِ ٨٢
📖 Гочдар
Аят 82
Иза ву, суна чIогIа лууш верг, Цо сан гIалаташна гечдойла бекхаман дийнахь .
رَبِّ هَبْ لِي حُكْمًا وَأَلْحِقْنِي بِالصَّالِحِينَ ٨٣
📖 Гочдар
Аят 83
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла (пайхамаралла а, кхетам а)‚ тоха со бакъона т1ехь болчарах.
وَاجْعَل لِّي لِسَانَ صِدْقٍ فِي الْآخِرِينَ ٨٤
📖 Гочдар
Аят 84
Со бакъдолчунна т1ехь хьехавар хилийталахь тIаьхьабог1учаьргахь.
وَاجْعَلْنِي مِن وَرَثَةِ جَنَّةِ النَّعِيمِ ٨٥
📖 Гочдар
Аят 85
Со хилийталахь ниIматийн ялсаманин ирсоьцучарах.
وَاغْفِرْ لِأَبِي إِنَّهُ كَانَ مِنَ الضَّالِّينَ ٨٦
📖 Гочдар
Аят 86
Ахь гечделахь сан дена ‚ баккъалла а, иза хилла-кх тилабеллачарах.
وَلَا تُخْزِنِي يَوْمَ يُبْعَثُونَ ٨٧
📖 Гочдар
Аят 87
Сийсаза ма велахь со /Хьан та1зарца/ уьш (нах) денбийр болчу дийнахь,
يَوْمَ لَا يَنفَعُ مَالٌ وَلَا بَنُونَ ٨٨
📖 Гочдар
Аят 88
хьоло а‚ кIенташа (доьзало) а пайда бийр боцчу дийнахь
إِلَّا مَنْ أَتَى اللَّهَ بِقَلْبٍ سَلِيمٍ ٨٩
📖 Гочдар
Аят 89
ша цIенчу дагца Далла тIе веънарг воцучунна”.
وَأُزْلِفَتِ الْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ ٩٠
📖 Гочдар
Аят 90
Ялсамане герга ялор ю /Делах/ кхоьручарна.
وَقِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ تَعْبُدُونَ ٩٢
📖 Гочдар
Аят 92
Эр ду цаьрга: “Мичахь ю уьш шу шена Iибадат деш хилларш‚
مِن دُونِ اللَّهِ هَلْ يَنصُرُونَكُمْ أَوْ يَنتَصِرُونَ ٩٣
📖 Гочдар
Аят 93
Дела витина? Шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?”
فَكُبْكِبُوا فِيهَا هُمْ وَالْغَاوُونَ ٩٤
📖 Гочдар
Аят 94
Кхуьссур бу уьш цу (жоьжахати) чу, уьш а‚ тилабаьлларш а‚
وَجُنُودُ إِبْلِيسَ أَجْمَعُونَ ٩٥
📖 Гочдар
Аят 95
Иблисан эскар а – берриге а (жоьжахате баха хьакъ мел берш).
قَالُوا وَهُمْ فِيهَا يَخْتَصِمُونَ ٩٦
📖 Гочдар
Аят 96
Эр ду цара‚ шаьш цу чохь къийсамехь а болуш:
تَاللَّهِ إِن كُنَّا لَفِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ٩٧
📖 Гочдар
Аят 97
“ТаллахIи‚ тхо ма хилла билгалчу тилар чохь‚
فَلَوْ أَنَّ لَنَا كَرَّةً فَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ١٠٢
📖 Гочдар
Аят 102
Тхо юха /дуьнен чу/ довлуьйтуш хилча - тхо хир ма дара ийман диллинчарах”.
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ١٠٣
📖 Гочдар
Аят 103
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Царах дукхахберш ца хилира муъма нах (тешаш берш).
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ١٠٤
📖 Гочдар
Аят 104
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а.
إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ نُوحٌ أَلَا تَتَّقُونَ ١٠٦
📖 Гочдар
Аят 106
Церан вашас Нухьас ма аьллера цаьрга: “Шу ца кхоьру /Делах/?
إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ ١٠٧
📖 Гочдар
Аят 107
Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ тешаме элча ма ву.
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٠٩
📖 Гочдар
Аят 109
Ас шуьга цунах мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац.
۞ قَالُوا أَنُؤْمِنُ لَكَ وَاتَّبَعَكَ الْأَرْذَلُونَ ١١١
📖 Гочдар
Аят 111
Цара элира: “Тхо муха тешар ду хьох‚ хьуна тIаьхьахIиттина /тхох/ уггаре а ледарнаш хилча”.
قَالَ وَمَا عِلْمِي بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ١١٢
📖 Гочдар
Аят 112
Цо элира: “Суна хаац, уьш хIун лелош хилла .
إِنْ حِسَابُهُمْ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّي ۖ لَوْ تَشْعُرُونَ ١١٣
📖 Гочдар
Аят 113
Церан (цара лелош хиллачун) хьесап (дар) сан Кхиош-Кхобучуьнгахь ду‚ шу кхеташ делахь.
إِنْ أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ مُّبِينٌ ١١٥
📖 Гочдар
Аят 115
Со (Делера) кхераме дерг кхетош д1ахоуьйтург бен вац”.
قَالُوا لَئِن لَّمْ تَنتَهِ يَا نُوحُ لَتَكُونَنَّ مِنَ الْمَرْجُومِينَ ١١٦
📖 Гочдар
Аят 116
Цара элира: “Хьо ца сацахь (айхьа бечу кхайкхамах)‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна /оха/ тIулгаш диттинчарах ”.
قَالَ رَبِّ إِنَّ قَوْمِي كَذَّبُونِ ١١٧
📖 Гочдар
Аят 117
Цо элира /Деле до1а деш/: “Сан Кхиош-Кхобург‚ сан къомо со харц ма вина.
فَافْتَحْ بَيْنِي وَبَيْنَهُمْ فَتْحًا وَنَجِّنِي وَمَن مَّعِيَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ١١٨
📖 Гочдар
Аят 118
Ахь кхиэл ехьа суна а‚ царна а юккъехь‚ кIелхьарваккхалахь со а‚ тешаш болчарах соьца мел верг а”.
فَأَنجَيْنَاهُ وَمَن مَّعَهُ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ ١١٩
📖 Гочдар
Аят 119
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг а дуьззинчу кеманахь.
ثُمَّ أَغْرَقْنَا بَعْدُ الْبَاقِينَ ١٢٠
📖 Гочдар
Аят 120
ТIаккха Оха /хIорда/ буха- бахийтира биснарш (ца тешаш хилларш).
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ١٢١
📖 Гочдар
Аят 121
Баккъалла а, цу чохь (Нухьах лаьцна дийцарехь) делил ма ду. Ца хили-кх царах (оцу дийцарах ладуг1уш болчарах) дукхахболчех муъма нах.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ١٢٢
📖 Гочдар
Аят 122
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ма ву Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ هُودٌ أَلَا تَتَّقُونَ ١٢٤
📖 Гочдар
Аят 124
Цаьрга ма элира церан вашас ХIудас: “Шу ца кхоьру /Делах/?
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٢٧
📖 Гочдар
Аят 127
Ас ца боьху шуьга цунах мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
أَتَبْنُونَ بِكُلِّ رِيعٍ آيَةً تَعْبَثُونَ ١٢٨
📖 Гочдар
Аят 128
Шу беш ду хIор айеллачу меттигехь эрна гIирс /дозаллина, кураллина билгало хуьлу/?
وَتَتَّخِذُونَ مَصَانِعَ لَعَلَّكُمْ تَخْلُدُونَ ١٢٩
📖 Гочдар
Аят 129
Шу йеш ду /якхий/ г1аланаш а, ч1аг1онаш а , шаьш (дуьненахь) даиманна дуьсур ду моьттуш.
وَإِذَا بَطَشْتُم بَطَشْتُمْ جَبَّارِينَ ١٣٠
📖 Гочдар
Аят 130
Шаьш (нахана) та1зар деш, аш та1зар до, къинхетамза болчара санна.
وَاتَّقُوا الَّذِي أَمَدَّكُم بِمَا تَعْلَمُونَ ١٣٢
📖 Гочдар
Аят 132
Шу кхера Ша шуна хууш дерг (рицкъ а, ницкъ а) шортта деллачух.
أَمَدَّكُم بِأَنْعَامٍ وَبَنِينَ ١٣٣
📖 Гочдар
Аят 133
Цо шуна дуккха даьхни а делла‚ кIентий (доьзалш) а белла,
إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ ١٣٥
📖 Гочдар
Аят 135
Баккъалла а, со кхоьру шуна Дезачу дийнан Iазапах”.
قَالُوا سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَوَعَظْتَ أَمْ لَمْ تَكُن مِّنَ الْوَاعِظِينَ ١٣٦
📖 Гочдар
Аят 136
Цара (Х1удин къоман цатешачара) элира: “Цхьабосса ду тхуна, ахь хьехам бича а‚ я хьо хьехам бечарах ца хилча а.
إِنْ هَٰذَا إِلَّا خُلُقُ الْأَوَّلِينَ ١٣٧
📖 Гочдар
Аят 137
ХIара (оха лелош дерг) хьалхалерачийн гIиллакх бен дац.
فَكَذَّبُوهُ فَأَهْلَكْنَاهُمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ١٣٩
📖 Гочдар
Аят 139
Цара иза (Х1уд) харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах, дукхах берш, муъма нах.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ١٤٠
📖 Гочдар
Аят 140
Баккъалла а, хьан КхиошКхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ صَالِحٌ أَلَا تَتَّقُونَ ١٤٢
📖 Гочдар
Аят 142
Церан вашас Салихьа ма элира цаьрга: “Шу ца кхоьру?
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٤٥
📖 Гочдар
Аят 145
Ас ца боьху шуьга цунах мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
أَتُتْرَكُونَ فِي مَا هَاهُنَا آمِنِينَ ١٤٦
📖 Гочдар
Аят 146
Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь, шаьш долччохь (х1окху дуьненахь гуттар ни1маташкахь), кхерам а боцуш,
وَزُرُوعٍ وَنَخْلٍ طَلْعُهَا هَضِيمٌ ١٤٨
📖 Гочдар
Аят 148
ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом к1еда-мерза болчу?
وَتَنْحِتُونَ مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا فَارِهِينَ ١٤٩
📖 Гочдар
Аят 149
Аш лаьмнаш а огуш г1ишлош йо, кура а довлуш .
وَلَا تُطِيعُوا أَمْرَ الْمُسْرِفِينَ ١٥١
📖 Гочдар
Аят 151
Шу муьтIахь ма хилалаш /Делан дозанех/ т1ехбуьйлучеран омрана,
الَّذِينَ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ ١٥٢
📖 Гочдар
Аят 152
шаьш лаьтта т1ехь боьханиг даржош болчу - цхьа а диканиг деш бац уьш".
قَالُوا إِنَّمَا أَنتَ مِنَ الْمُسَحَّرِينَ ١٥٣
📖 Гочдар
Аят 153
Цара (Самудаша шайн пайхамаре Салихье) элира: “Баккъалла а, хьо хьайна нуьцкъала бозбуунчалла динчарах ву-кх.
مَا أَنتَ إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُنَا فَأْتِ بِآيَةٍ إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ ١٥٤
📖 Гочдар
Аят 154
Хьо ма дац тхо санна адам а бен. Дāладе делил , хьуо велахь бакълуьйчарах (цхьаъ)”.
قَالَ هَٰذِهِ نَاقَةٌ لَّهَا شِرْبٌ وَلَكُمْ شِرْبُ يَوْمٍ مَّعْلُومٍ ١٥٥
📖 Гочдар
Аят 155
Цо (Салихь-пайхамара) элира: “ХIара стен эмкал ю (аш ехна йолу). Цунна хи малар (хир) ду‚ шуна а хи малар (хир) ду билгалдинчу дийнахь .
وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَظِيمٍ ١٥٦
📖 Гочдар
Аят 156
Ма хьакхалолаш цунах (эмкалах) вониг дарца, (аш цунна вониг дахь), Сийлахь - деза долчу дийнан Iазапо схьалоьцур ду шу”.
فَعَقَرُوهَا فَأَصْبَحُوا نَادِمِينَ ١٥٧
📖 Гочдар
Аят 157
Цара цунна урс хьаькхира – уьш, дохко а бевлла, Iуьйранга бевлира.
فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ١٥٨
📖 Гочдар
Аят 158
Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилла-кх царах дукхахберш муъма нах.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ١٥٩
📖 Гочдар
Аят 159
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ لُوطٌ أَلَا تَتَّقُونَ ١٦١
📖 Гочдар
Аят 161
Церан вашас Лут1ас ма элира цаьрга: “Шу ца кхоьру?
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٦٤
📖 Гочдар
Аят 164
Ас ца боьху шуьга цунах цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
أَتَأْتُونَ الذُّكْرَانَ مِنَ الْعَالَمِينَ ١٦٥
📖 Гочдар
Аят 165
Шу лела ткъа божаршна тIе дерриге а Iаламашкара?
وَتَذَرُونَ مَا خَلَقَ لَكُمْ رَبُّكُم مِّنْ أَزْوَاجِكُم ۚ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ عَادُونَ ١٦٦
📖 Гочдар
Аят 166
Аш дIатесна дуьту и шаьш Кхиош-Кхобучо шуна шайн зударшца кхоьллинарг? ХIаъ‚ шу ду-кх (Делан) дозанех т1ехдаьлла къам”.
قَالُوا لَئِن لَّمْ تَنتَهِ يَا لُوطُ لَتَكُونَنَّ مِنَ الْمُخْرَجِينَ ١٦٧
📖 Гочдар
Аят 167
Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хир ма ву арабаьхначарах (цхьаъ)”. (“Оха махках воккхур ву хьо”.)
قَالَ إِنِّي لِعَمَلِكُم مِّنَ الْقَالِينَ ١٦٨
📖 Гочдар
Аят 168
Цо элира: “Баккъалла а, со аш лелош дерг чIогIа йемалдечарах ву-кх.
رَبِّ نَجِّنِي وَأَهْلِي مِمَّا يَعْمَلُونَ ١٦٩
📖 Гочдар
Аят 169
Со Кхиош-Кхобург‚ кIелхIарваккхахь со а‚ сан доьзал а цара дечух”.
فَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ أَجْمَعِينَ ١٧٠
📖 Гочдар
Аят 170
Оха кIелхьарбаьхира иза а, цуьнан доьзал а – уьш берриге а,
إِلَّا عَجُوزًا فِي الْغَابِرِينَ ١٧١
📖 Гочдар
Аят 171
цхьа къена (Лут1ин) зуда йоцург бухабисинчарах йолу .
وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِم مَّطَرًا ۖ فَسَاءَ مَطَرُ الْمُنذَرِينَ ١٧٣
📖 Гочдар
Аят 173
Оха делхира царна тIе (т1улгийн) догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначарна и догIа!
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ١٧٤
📖 Гочдар
Аят 174
Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхах берш муъма нах.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ١٧٥
📖 Гочдар
Аят 175
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
كَذَّبَ أَصْحَابُ الْأَيْكَةِ الْمُرْسَلِينَ ١٧٦
📖 Гочдар
Аят 176
Харцбира Айкатин дайша а элчанаш.
إِذْ قَالَ لَهُمْ شُعَيْبٌ أَلَا تَتَّقُونَ ١٧٧
📖 Гочдар
Аят 177
Элира ткъа цаьрга ШуIайба (пайхамара): “Шу ца кхоьру?
إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ ١٧٨
📖 Гочдар
Аят 178
Баккъалла а, со шуна (ваийтина) тешаме элча ма ву.
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٨٠
📖 Гочдар
Аят 180
Ас ца боьху шуьга цунах (и бакъдерг шуьга д1акхачорах) цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
۞ أَوْفُوا الْكَيْلَ وَلَا تَكُونُوا مِنَ الْمُخْسِرِينَ ١٨١
📖 Гочдар
Аят 181
Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарах.
وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ ١٨٣
📖 Гочдар
Аят 183
Аш ма эшаелаш нахана церан хIуманаш‚ ма лелалаш лаьтта тIехь, боьханиг даржадеш.
وَاتَّقُوا الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالْجِبِلَّةَ الْأَوَّلِينَ ١٨٤
📖 Гочдар
Аят 184
Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ /шул/ хьалхалерачийн умматаш а кхоьллинчух".
قَالُوا إِنَّمَا أَنتَ مِنَ الْمُسَحَّرِينَ ١٨٥
📖 Гочдар
Аят 185
Цара (Шу1айбан къомо) элира: “Хьо хьайна бозбуунчалла диначарах (цхьаъ) ву-кх.
وَمَا أَنتَ إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُنَا وَإِن نَّظُنُّكَ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ ١٨٦
📖 Гочдар
Аят 186
Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарах ву аьлла.
فَأَسْقِطْ عَلَيْنَا كِسَفًا مِّنَ السَّمَاءِ إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ ١٨٧
📖 Гочдар
Аят 187
Ахь эгае тхуна кескаш стиглара‚ хьо хиллехь бакълуьйчарах”.
قَالَ رَبِّي أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ ١٨٨
📖 Гочдар
Аят 188
Цо элира: “Сан Кхиош-Кхобург дика хууш ву-кх аш дийриг”.
فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمْ عَذَابُ يَوْمِ الظُّلَّةِ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ ١٨٩
📖 Гочдар
Аят 189
Цара иза (Шу1айб) харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира боданан дийнан Iазапо. Баккъалла а, иза хилира деза – доккхачу дийнан Iазап.
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ ١٩٠
📖 Гочдар
Аят 190
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царах дукхах берш муъма нах.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ ١٩١
📖 Гочдар
Аят 191
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а.
وَإِنَّهُ لَتَنزِيلُ رَبِّ الْعَالَمِينَ ١٩٢
📖 Гочдар
Аят 192
Баккъалла а, иза (Къуръан) - Iаламийн Дегара доссар ду.
عَلَىٰ قَلْبِكَ لِتَكُونَ مِنَ الْمُنذِرِينَ ١٩٤
📖 Гочдар
Аят 194
Хьан даг чу хьо хилийтархьама кхерам тосучарах .
وَإِنَّهُ لَفِي زُبُرِ الْأَوَّلِينَ ١٩٦
📖 Гочдар
Аят 196
Баккъалла а, иза хьалха хиллачеран жайнийн (Таврат, Забур, Инжил…) чохь а ду.
أَوَلَمْ يَكُن لَّهُمْ آيَةً أَن يَعْلَمَهُ عُلَمَاءُ بَنِي إِسْرَائِيلَ ١٩٧
📖 Гочдар
Аят 197
Царна ца хилла-те делил и (Къуръан Делан жайна хилар а, Мухьаммад Цуьнан элча хилар а) хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана?
وَلَوْ نَزَّلْنَاهُ عَلَىٰ بَعْضِ الْأَعْجَمِينَ ١٩٨
📖 Гочдар
Аят 198
Оха иза /Къуръан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга ‚
فَقَرَأَهُ عَلَيْهِم مَّا كَانُوا بِهِ مُؤْمِنِينَ ١٩٩
📖 Гочдар
Аят 199
Цара (1аьрбий боцучара) иза царна (къурайшашна) доьшура дара - хир бацара уьш цунах (Къуръанах) а тешаш.
كَذَٰلِكَ سَلَكْنَاهُ فِي قُلُوبِ الْمُجْرِمِينَ ٢٠٠
📖 Гочдар
Аят 200
Иштта диллина Оха и (Къуръан харцдар) къиношдечеран дегнашка.
لَا يُؤْمِنُونَ بِهِ حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ ٢٠١
📖 Гочдар
Аят 201
Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галлац.
فَيَأْتِيَهُم بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ ٢٠٢
📖 Гочдар
Аят 202
Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шайна хаа ца луш.
فَيَقُولُوا هَلْ نَحْنُ مُنظَرُونَ ٢٠٣
📖 Гочдар
Аят 203
Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?”
أَفَبِعَذَابِنَا يَسْتَعْجِلُونَ ٢٠٤
📖 Гочдар
Аят 204
Тхан Iазапаца сихло уьш? (Оха 1азап сихдар доьху цара?)
أَفَرَأَيْتَ إِن مَّتَّعْنَاهُمْ سِنِينَ ٢٠٥
📖 Гочдар
Аят 205
Хьуна ца хаьа, Оха уьш шерашкахь /дуьненан ни1маташкахь/ бāхийтича а,
ثُمَّ جَاءَهُم مَّا كَانُوا يُوعَدُونَ ٢٠٦
📖 Гочдар
Аят 206
тIаккха цаьрга деъча цаьрга доуьйтур ду аьлларг ,
مَا أَغْنَىٰ عَنْهُم مَّا كَانُوا يُمَتَّعُونَ ٢٠٧
📖 Гочдар
Аят 207
кIелхьарбохур ма бац уьш /Делан Iазапах/ царна белла хиллачу бахамо .
وَمَا أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ إِلَّا لَهَا مُنذِرُونَ ٢٠٨
📖 Гочдар
Аят 208
Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш
ذِكْرَىٰ وَمَا كُنَّا ظَالِمِينَ ٢٠٩
📖 Гочдар
Аят 209
/царна/ хаам бан (шайна, пайхамар харцвича, 1азап хирг хилар). Тхо ца хилира зуламхой (хаам ца беш нах х1аллакбеш).
وَمَا تَنَزَّلَتْ بِهِ الشَّيَاطِينُ ٢١٠
📖 Гочдар
Аят 210
Ца диссира цуьнца (Къуръанца Мухьаммаде) шайтIанаш (цхьаболчу керстанаша ма бохху).
وَمَا يَنبَغِي لَهُمْ وَمَا يَسْتَطِيعُونَ ٢١١
📖 Гочдар
Аят 211
Тарлуш дац царна (шайтIанашна бакъдерг дахьаш дахка)‚ церан ницкъ ца кхочу (и дан).
إِنَّهُمْ عَنِ السَّمْعِ لَمَعْزُولُونَ ٢١٢
📖 Гочдар
Аят 212
Уьш /шайтIанаш/ (Къуръане стиглахь) ладогIарах херадаьхна ду.
فَلَا تَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَتَكُونَ مِنَ الْمُعَذَّبِينَ ٢١٣
📖 Гочдар
Аят 213
Ма кхайкха /х1ай Мухьаммад/ Аллах1-Делаца кхечу деле - тIаккха хьо хир ву хьайна Iазап дийрдолчарах.
وَأَنذِرْ عَشِيرَتَكَ الْأَقْرَبِينَ ٢١٤
📖 Гочдар
Аят 214
Ахь ларбе (Делан та1зарх) хьайн юххера гергара нах.
وَاخْفِضْ جَنَاحَكَ لِمَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ٢١٥
📖 Гочдар
Аят 215
Хьайн тIам охьабахийта муъма нахах хьайна тIехьахIиттинчарна (кIеда-мерза хила цаьрца).
فَإِنْ عَصَوْكَ فَقُلْ إِنِّي بَرِيءٌ مِّمَّا تَعْمَلُونَ ٢١٦
📖 Гочдар
Аят 216
Цара хьайна Iесалла яхь‚ ахь āла: “Со цIена ву-кх аш дечух”.
وَتَوَكَّلْ عَلَى الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ ٢١٧
📖 Гочдар
Аят 217
Хьо тIетовжа Ша Веза волчунна а‚ Къинхетаме волчунна а,
الَّذِي يَرَاكَ حِينَ تَقُومُ ٢١٨
📖 Гочдар
Аят 218
Шена хьо гуш волчунна хьо (буьйсанан ламазашна) хIуттучу хенахь а,
وَتَقَلُّبَكَ فِي السَّاجِدِينَ ٢١٩
📖 Гочдар
Аят 219
сужуд дечеран юккъехь ахь ламаз техь лелош дерг а.
إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ٢٢٠
📖 Гочдар
Аят 220
Баккъалла а, Иза ву-кх хезаш верг а‚ хууш верг а.
هَلْ أُنَبِّئُكُمْ عَلَىٰ مَن تَنَزَّلُ الشَّيَاطِينُ ٢٢١
📖 Гочдар
Аят 221
Ас дийций шуна /хIай Маккин керстанаш/‚ шена тIе шайтIанаш дуьссучух?
تَنَزَّلُ عَلَىٰ كُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ ٢٢٢
📖 Гочдар
Аят 222
Уьш дуьссу хIор харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе.
يُلْقُونَ السَّمْعَ وَأَكْثَرُهُمْ كَاذِبُونَ ٢٢٣
📖 Гочдар
Аят 223
Цара /шайтIанаша стиглахь шайна/ хезнарг /бозбуунчашка/ кхуьссу‚ царах (бозбуунчех) дукхах берш харцлуьйш бу .
وَالشُّعَرَاءُ يَتَّبِعُهُمُ الْغَاوُونَ ٢٢٤
📖 Гочдар
Аят 224
Ткъа назманчаш – царна (назманчашна) тIаьхьахIуьтту тилабелларш.
أَلَمْ تَرَ أَنَّهُمْ فِي كُلِّ وَادٍ يَهِيمُونَ ٢٢٥
📖 Гочдар
Аят 225
Хьуна ца гина уьш массо а тог1енашкахула кхерсташ (д1аса - уьдуш)? /Муьлххачу а х1уманах лаьцна байташ йоху цара/.
إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَذَكَرُوا اللَّهَ كَثِيرًا وَانتَصَرُوا مِن بَعْدِ مَا ظُلِمُوا ۗ وَسَيَعْلَمُ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَيَّ مُنقَلَبٍ يَنقَلِبُونَ ٢٢٧
📖 Гочдар
Аят 227
Ийман диллина‚ дика Iамалш йина‚ дуккха Дела хьехийна (шайн байташкахь), шайна зуламаш дина хилла болчу (бусалбанашна) г1о дина берш боцурш (уьш бац цу харц назманчех). ТIаьхьа хуур ду зулам диначарна‚ стенга шаьш кхочур ду.
Деша Аш-Шуъараъ сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

