Аль-Мунафикъун сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Мунафикъун сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (11 Аят — مدنية). Аль-Мунафикъун ЛадоргӀа, Аль-Мунафикъун Гочдар, Аль-Мунафикъун mp3, Аль-Мунафикъун pdf.

Аль-Мунафикъун сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
إِذَا جَاءَكَ الْمُنَافِقُونَ قَالُوا نَشْهَدُ إِنَّكَ لَرَسُولُ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِنَّكَ لَرَسُولُهُ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَكَاذِبُونَ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Хьуна тIе мунепикъаш баьхкича, цара элира: "Оха тешалла до: баккъалла а, хьо Делан элча ма ву." Далла хууш ду хьо, баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепикъаш харцлуьйш ма бу.
اتَّخَذُوا أَيْمَانَهُمْ جُنَّةً فَصَدُّوا عَن سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Шайн дуйнаш шайна /бусалбанашкара зен ца хилийта/ турс хилла лийцира цара – /иштта/ цара дIатилийна /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг!
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا فَطُبِعَ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَفْقَهُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Иза ду цара ийман диллина хиларна тIаккха керстадарна. Церан дегнех мухIар тоьхна – уьш ца кхета.
۞ وَإِذَا رَأَيْتَهُمْ تُعْجِبُكَ أَجْسَامُهُمْ ۖ وَإِن يَقُولُوا تَسْمَعْ لِقَوْلِهِمْ ۖ كَأَنَّهُمْ خُشُبٌ مُّسَنَّدَةٌ ۖ يَحْسَبُونَ كُلَّ صَيْحَةٍ عَلَيْهِمْ ۚ هُمُ الْعَدُوُّ فَاحْذَرْهُمْ ۚ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ ۖ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Хьуна уьш гича, хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш, ахь ладугIу церан даше. ГIортийна бIогIамаш санна бу уьш (шаьш хIоьттина Iа ца луш). Массо а мохь шайна дуьхьал бу моьтту царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царах. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевлла уьш /ийманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?!
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا يَسْتَغْفِرْ لَكُمْ رَسُولُ اللَّهِ لَوَّوْا رُءُوسَهُمْ وَرَأَيْتَهُمْ يَصُدُّونَ وَهُم مُّسْتَكْبِرُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Цаьрга элча: "Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна"‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /ийманах/, шаьш кура а бовлий.
سَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَسْتَغْفَرْتَ لَهُمْ أَمْ لَمْ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ لَن يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Царна цхьатерра ду: ахь царна гечдар дехча а‚ ца дехча а. Данне а Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца бо песикъ нах.
هُمُ الَّذِينَ يَقُولُونَ لَا تُنفِقُوا عَلَىٰ مَنْ عِندَ رَسُولِ اللَّهِ حَتَّىٰ يَنفَضُّوا ۗ وَلِلَّهِ خَزَائِنُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَٰكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَفْقَهُونَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Уьш бу олуш: "Харжаш ма йе Делан элчанна гергахь болчарна – дIасабаржийта уьш /Мадинатера/". Делан ю стигалийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепикъаш кхеташ бац-кх.
يَقُولُونَ لَئِن رَّجَعْنَا إِلَى الْمَدِينَةِ لَيُخْرِجَنَّ الْأَعَزُّ مِنْهَا الْأَذَلَّ ۚ وَلِلَّهِ الْعِزَّةُ وَلِرَسُولِهِ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَلَٰكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَعْلَمُونَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Цара (мунепикъаша) олу: "Тхо Мадинате юхадирзича , сийлахь болчара сийсаза берш арабохур бу цу (Мадината) чуьра". Делан ду сий‚ Цуьнан элчанан а ду‚ муъма нехан а ду‚ делахь а мунепикъашна ца хаьа-кх.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُلْهِكُمْ أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ عَن ذِكْرِ اللَّهِ ۚ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
ХIай ийман диллинарш! Шу юкъах ма дохийла шун бахамо а‚ шун доьзало а Дела хьехорах (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах). И деш берш – уьш бу эшнарш.
وَأَنفِقُوا مِن مَّا رَزَقْنَاكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ فَيَقُولَ رَبِّ لَوْلَا أَخَّرْتَنِي إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ فَأَصَّدَّقَ وَأَكُن مِّنَ الصَّالِحِينَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Харжаш йе /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: "Веза Дела‚ Ахь со тIаьхьатеттинехьара цхьа кIеззиг заманна, ас сагIа доккхур дара‚ со хир вара дика Iамалш йечарах".
وَلَن يُؤَخِّرَ اللَّهُ نَفْسًا إِذَا جَاءَ أَجَلُهَا ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
ТIаьхьатоттур дац Дала цхьа а са , цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг.
← 62 Аль-Мунафикъун (63/114) 64 →
Деша Аль-Мунафикъун сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

63المنافقون Al-Munafiqun 📚 11 Аят مدنية

Аят-аяташ – Аль-Мунафикъун сура — 11 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers