PDF —
11 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Мунафикъун pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Мунафикъун pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Мунафикъун Гочдар. Сура Аль-Мунафикъун (Medinan) 11 Аят.

← Аль-ДжумугӀаСура Аль-Мунафикъун Ат-Тагъабун →


11 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
63:1 Хьуна тIе мунепикъаш баьхкича, цара элира: "Оха тешалла до: баккъалла а, хьо Делан элча ма ву." Далла хууш ду хьо, баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепикъаш харцлуьйш ма бу.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
63:2 Шайн дуйнаш шайна /бусалбанашкара зен ца хилийта/ турс хилла лийцира цара – /иштта/ цара дIатилийна /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг!
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
63:3 Иза ду цара ийман диллина хиларна тIаккха керстадарна. Церан дегнех мухIар тоьхна – уьш ца кхета.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
63:4 Хьуна уьш гича, хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш, ахь ладугIу церан даше. ГIортийна бIогIамаш санна бу уьш (шаьш хIоьттина Iа ца луш). Массо а мохь шайна дуьхьал бу моьтту царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царах. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевлла уьш /ийманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
63:5 Цаьрга элча: "Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна"‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /ийманах/, шаьш кура а бовлий.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
63:6 Царна цхьатерра ду: ахь царна гечдар дехча а‚ ца дехча а. Данне а Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца бо песикъ нах.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
63:7 Уьш бу олуш: "Харжаш ма йе Делан элчанна гергахь болчарна – дIасабаржийта уьш /Мадинатера/". Делан ю стигалийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепикъаш кхеташ бац-кх.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
63:8 Цара (мунепикъаша) олу: "Тхо Мадинате юхадирзича , сийлахь болчара сийсаза берш арабохур бу цу (Мадината) чуьра". Делан ду сий‚ Цуьнан элчанан а ду‚ муъма нехан а ду‚ делахь а мунепикъашна ца хаьа-кх.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
63:9 ХIай ийман диллинарш! Шу юкъах ма дохийла шун бахамо а‚ шун доьзало а Дела хьехорах (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах). И деш берш – уьш бу эшнарш.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
63:10 Харжаш йе /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: "Веза Дела‚ Ахь со тIаьхьатеттинехьара цхьа кIеззиг заманна, ас сагIа доккхур дара‚ со хир вара дика Iамалш йечарах".
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
63:11 ТIаьхьатоттур дац Дала цхьа а са , цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers