Аль-Бакара · 135/286
Гочдар Дешар — Аль-Бакара
وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۝١٣٥
Wa qaaloo koonoo Hoodan aw Nasaaraa tahtadoo; qul bal Millata Ibraaheema Haneefanw wa maa kaana minal mushrikeen
📖 Нохчийн маьӀна
Цара (жайнин ох1лах болчара) элира: "Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахь āла: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех ".

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 133-137 — Аль-Бакара

133أَمْ كُنتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِن بَعْدِي قَالُوا نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ إِلَٰهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла еъча‚ цо шен кIенташка олуш: "Хьанна Iибадат дийр ду аш сол тIаьхьа?" Цара ма элира: "Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо".
134تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُم مَّا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
135وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Цара (жайнин ох1лах болчара) элира: "Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахь āла: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех ".
136قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِن رَّبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِّنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Аш āла: "Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-Кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтIахь ма ду".
137فَإِنْ آمَنُوا بِمِثْلِ مَا آمَنتُم بِهِ فَقَدِ اهْتَدَوا ۖ وَّإِن تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا هُمْ فِي شِقَاقٍ ۖ فَسَيَكْفِيكَهُمُ اللَّهُ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьал. Дала / церан зенах а, бохамах а 1алашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а.
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
135Аят

Гочдар — Аль-Бакара 135

Сура Аль-Бакара Аят 135 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Цара (жайнин ох1лах болчара) элира: "Хила жуьгтийн динехь я насараш‚…

Сура Аят 135/286 — Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Бакара ЛадоргӀа, Аль-Бакара Гочдар, Аль-Бакара mp3, Аль-Бакара pdf. Аят 133–137. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers