📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 367
Сура Аш-Шуъараъ

Сура Аш-Шуъараъ

26:3
لَعَلَّكَ بَٰخِعٌ نَّفۡسَكَ أَلَّا يَكُونُواْ مُؤۡمِنِينَ ٣
Ахь хьуо хIаллаквеш хила мега (г1айг1ане а хилла) уьш ца тешаш хиларна .
26:4
إِن نَّشَأۡ نُنَزِّلۡ عَلَيۡهِم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ ءَايَةً فَظَلَّتۡ أَعۡنَٰقُهُمۡ لَهَا خَٰضِعِينَ ٤
Тхайна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна (Делан аятана‚ делилна) муьтIахь хилла.
26:5
وَمَا يَأۡتِيهِم مِّن ذِكۡرٍ مِّنَ ٱلرَّحۡمَٰنِ مُحۡدَثٍ إِلَّا كَانُواْ عَنۡهُ مُعۡرِضِينَ ٥
Ца бог1у цаьрга Къинхетам- болчуьнгара цхьа а керла хьехам, уьш цунах дIабоьрзуш бен .
26:6
فَقَدۡ كَذَّبُواْ فَسَيَأۡتِيهِمۡ أَنۢبَٰٓؤُاْ مَا كَانُواْ بِهِۦ يَسۡتَهۡزِءُونَ ٦
Харцдира цара (мушрикаша) и (Къуръан) - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаамаш‚ уьш шайх ца бешаш хилла болу.
26:7
أَوَلَمۡ يَرَوۡاْ إِلَى ٱلۡأَرۡضِ كَمۡ أَنۢبَتۡنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوۡجٍ كَرِيمٍ ٧
Царна ца гора-те латта: мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цунна т1ехь шиш-шишша !
26:8
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَأٓيَةًۖ وَمَا كَانَ أَكۡثَرُهُم مُّؤۡمِنِينَ ٨
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш тешаш.
26:9
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلۡعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ ٩
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх, шеко йоццуш, веза верг а‚ къинхетаме верг а.
26:10
وَإِذۡ نَادَىٰ رَبُّكَ مُوسَىٰٓ أَنِ ٱئۡتِ ٱلۡقَوۡمَ ٱلظَّٰلِمِينَ ١٠
Хьахаде (х1ай Мухьаммад)! Кхайкхам бира хьан Кхиош-Кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламечу къома тIе,
26:11
قَوۡمَ فِرۡعَوۡنَۚ أَلَا يَتَّقُونَ ١١
ФирIавнан къома тIе. Уьш кхоьрур бацара-те (Делан та1зарах)?”
26:12
قَالَ رَبِّ إِنِّيٓ أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ ١٢
Цо (Мусас) элира: “Сан Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна (со Хьан элча хиларах цатешарна).
26:13
وَيَضِيقُ صَدۡرِي وَلَا يَنطَلِقُ لِسَانِي فَأَرۡسِلۡ إِلَىٰ هَٰرُونَ ١٣
Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунна тIе дахийтахь /Джибрил и соьца ваийта/.
26:14
وَلَهُمۡ عَلَيَّ ذَنۢبٌ فَأَخَافُ أَن يَقۡتُلُونِ ١٤
Церан суна тIехь къа ду (ч1ир ю) - со кхоьру цара со верна”.
26:15
قَالَ كـَلَّاۖ فَٱذۡهَبَا بِـَٔايَٰتِنَآۖ إِنَّا مَعَكُم مُّسۡتَمِعُونَ ١٥
Цо (Дала) элира: “ХIан-хIа (вуьйр вац)! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду, ладугIуш.
26:16
فَأۡتِيَا فِرۡعَوۡنَ فَقُولَآ إِنَّا رَسُولُ رَبِّ ٱلۡعَٰلَمِينَ ١٦
Шу ший а гIо ФирIавна тIе‚ аш шиммо дIаала: “Тхойшиннах х1ор а Iаламийн Ден элча ву.
26:18
قَالَ أَلَمۡ نُرَبِّكَ فِينَا وَلِيدًا وَلَبِثۡتَ فِينَا مِنۡ عُمُرِكَ سِنِينَ ١٨
Цо (ФирIавна) элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь бер долуш дуьйна‚ хьо ца 1ийра тхуна юккъехь хьайн дахаран шерашкахь?
26:19
وَفَعَلۡتَ فَعۡلَتَكَ ٱلَّتِي فَعَلۡتَ وَأَنتَ مِنَ ٱلۡكَٰفِرِينَ ١٩
Ахь ма дира хьайн гIуллакх‚ айхьа дина долу (тхох цхьа стаг вийр ахь – доккха къа латийра) - баркалла ца олучарах ву-кх хьо”.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Wednesday, August 26, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







